Шен пайхамаре (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) омра дина Аллах1а
- Цунна гергахь халкъах уггаре сийлахь верг ву иза - нахе д1акхайкхаде аьлла: царна,
та1зар а деш, хир ду аьлла долу 1азап мича хенахь хир ду хьайна хууш цахилар. Бен
а дац, къематдийнахь хин долу та1зар делахь а, лечу хенахь хин долу та1зар делахь
а, я цул хьалха хин долу та1зар делахь а.
Х1унда аьлча, цунна (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хууш дац,
къематде мича хенахь х1уттур ду а, нах маца лийр болуш бу а, кхана х1ун хир ду
а. Боккъалаъ, и хаар - къайлах дерг а, гуш дерг а Хууш волучуьнгахь ду,
1аламийн Дела волчу.
Амма Хастамечу Аллах1а цкъацкъа Шен
цхьайолчу къайленашна т1екхиабо Шен халкъах Ша реза хилла болу Шен элчанаш,
цаьрга шайн Делера хаамаш д1акхача байтархьамма.
Цундела Аллах1а Шен пайхамарна Мухьаммадана
(Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна) схьайиллина дуккха а цунна ца хууш хилла йолу къайленаш - Ша
цуьнга доссийначу Къур1ан чохь а, Суннатехь а.
Пайхамар (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) къайленаш хууш
вац, Аллах1а шега доссийначу Къур1ан чохь ерш бен.
Ткъа Цо цунна хаийтинчу а, схьайиллинчу а
къайленех ду Бухарис а, Муслима а Абу Х1урайратера (Аллах1 реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна) дийцира аьлла:
((لا تقوم الساعة حتى تقتتل
فئتان عظيمتان’ تكون بينهما مقتلةٌ عظيمة’ دعوتهما واحدة’ وحتى يبعث دجالون كذابون
قريبٌ من ثلاثين’ كلهم يزعم أنه رسول الله’ وحتى يقبض العلم’ وتكثر الزلازل’
ويتقارب الزمان’ وتظهر الفتن’ ويكثر الهرج - وهو القتل - وحتى يكثر فيكم المال فيفيض’ حتى يهم رب
المال من يقبض صدقته’ وحتى يعرضه - أي يعرض المال - فيقول الذي يعرضه عليه:
لا إرب لي به’ وحتى يتطاول الناس في البنيان’ وحتى يمر الرجل بقبر الرجل فيقول: يا
ليتني مكانه’ وحتى تطلع الشمس من مغربها’ فإذا طلعت ورآها الناس آمنوا أجمعون’
فذلك حين لا ينفع نفساً إيمانها لم تكن آمنت من قبل أو كسبت في إيمانها خيراً’
ولتقومن الساعة وقد نشر الرجلان ثوبهما بينهما فلا يتبايعانه ولا يطويناه’ ولتقومن
الساعة وقد إنصرف الرجل بلبن لقحته فلا يطمعه’ ولتقومن الساعة وهو يليق حوضه فلا
يسقي فيه’ ولتقومن الساعة وقد رفع أكلته إلى فمه فلا يطعمه)) رواه
البخاري ومسلم واحمد.
«Къематде х1уттур дац йоккхачу
шина тобано вовшашца т1ом баллалц, царна юкъахь дуккха а байъарш хир ду,
цаьршинна кхайкхам цхьаъ хир бу. Аьшпаш бутту
Дажалш гучубийлалц а, ткъе итт гергга, х1орама а ша Аллах1ан элча ву а бохуш.
Юкъара 1илма д1аэццалц а. Мехкаш дегор
алсам даллалц а. Зама яц яллалц а. Питанаш даржалца а. Байъарш алсам даллалц а.
Царна юкъахь даьхний совдаллалц а, дукхаллина 1ана а дахана, даьхний долчо са а
гатдеш шен саг1а схьаоьцу долучуьнан (мила карор вара техьа и схьаэца бохуш). Цо
д1акховдор ду и, ткъа цо и шена кховдочо эра ду: «Хьашт дац сан цуьнга». Нах
г1ишлош лекха ян къийсабала х1итталц а. Къонаха цхьана стеган кошана уллоха
волуш, цо аллалц а: «Со велар-кха хьан метта». Чубузучу аг1онгара малх схьакхетталц
а. Цигара и схьакхетча, нахана и ган а гича, массара а иман дуьллур ду, амма оцу
хенахь диллинчу имано пайда бийр боцуш хан ю и, цул хьалха диллина дацахь, я оцу
хенахь иман диллина дина дика дацахь. Къематде х1уттур ма ду, ши стаг шаьшшиннан
духуш долу духар я к1ади шайна юкъахь д1адаржийна волуш, ткъа йохка-эцар ян а
ца ларош, я и д1ахьарчо а ца ларош. Къематде х1уттур ма ду, къонаха шен
эмкалера яьккхина шура эцна чувоьрзуш волуш, ткъа и молийла а ца хуьлуш.
Къематде х1уттур ма ду, иза шен ной тоеш а волуш, ткъа оцу чохь хи мала а ца
ларош. Къематде х1уттур ма ду, юург шен бета бете хьалаайъина а йолуш, ткъа и
кхалла а ца ларош»
Бухарис а, Муслима а, Ахьмада а дийцина
и.
Х1ай бусалба нах! Х1окху хьадисехь
пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцина шийтта
билгалонех, къематде х1оттале хьалха хин йолчу.
Пайхмара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцина: къематде
х1отта йиш яц, шиннен а кхайкхам цхьаъ а болуш, йоккхачу шина тобано вовшашца
т1ом баллалц, аьлла.
Вуьшта аьлча: х1ораммо т1ом баран бахьана
цхьаъ долуш, х1ораннан 1алашо цхьаъ йолуш.
1елимнаха кхетийна, дийцина х1ара: Аби
Т1алибан к1антана 1елина а, Аби Суфйанан к1антана Му1авийна а (Аллах1 реза хуьлда цу шине а) юкъахь
иккхина т1ом бу и аьлла.
Шайна гуш долчу бакъ долчуьнга кхойкхуш
хилла и шиъ. Оцу шина а тобанах байъиначийн, эгначийн терахь кхузткъе итт эзар
хилла.
Пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцина: къематде
х1отта йиш яц, нах 1ехош, аьшпаш буьттуш Дажжалш бовллалц, аьлла, х1орама а ша
пайхамар ву а бохуш. Ткъа царех дукха бу х1инцале гучабевлла а, хилла а.
Амма цхьа а элча вог1ур волуш вац Мухьаммад
элчанал (Аллах1ера къинхетам а, маршо
а хуьлда цунна) т1аьхьа,
я цхьа а пайхамар а вац вера волуш а, хир волуш а Мухьаммад пайхамарал (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна) т1ахьа.
Сийлахь-Везачу Аллах1а ма-аллара:
(مَا كَانَ
مُحَمَّدٌ أَبَا أَحَدٍ مِنْ رِجَالِكُمْ وَلَكِنْ رَسُولُ اللهِ وَخَاتَمَ
النَّبِيِّينَ) (الأحزاب:40)
«Мухьаммад шух цхьаьнне стеган да
вац, ткъа Аллах1ан элча а, пайхамарех т1аьххьарниг а ву иза» («ал-Ахьзаб»: 40).
Пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцина: къематде
х1уттур дац 1илма юкъара д1аэццалц, аьлла.
Цигахь дуьйцург а, кхетош дерг а Шари1атан
1илма ду - Аллах1ан жайнера Къур1анера а, Аллах1ан элчанан (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна) Суннатера а 1илма ду и. 1илма юкъара д1аэцаран а, д1адаккхаран а,
д1аайдаран а кеп а, некъ а - 1елимнах д1аэцар ду.
في صحيح البخاري عن عبد الله بن عمر بن العاص رضي الله عنهما قال سمعت
النبي صلى الله عليه وسلم يقول: (إن الله لا يقبض
العلم انتزاعا ينتزعه من العباد’ ولكن يقبض العلم بقبض العلماء’ حتى إذا لم يبقى
عالما اتخذ الناس رؤساء جهالا’ فسئلوا فأفتوا بغير علم فضلوا وأضلوا) متفق
عليه.
Бухарин «Сахьихь» ц1е йолчу жайнахь хьадис
ду. 1абдуллах1а бин 1умар бин ал-1ас (Аллах1
реза хуьлда царна) дийцина, пайхамара (Аллах1ера къинхетам а маршо а хуьлда цунна) олуш хезира суна
аьлла:
«Боккъалаъ, Аллах1а 1илма
д1аоьцур дац, адамашкара д1а а даьккхина, амма 1илма д1аоьцур ду 1елимнах д1а а
эцна. Цо цхьа а 1елимстаг ца витча, бодане (жех1ила) хьаькамаш (куьйгалхой)
х1иттор бу наха. Т1аккха цаьрга хаттарш а лур ду, ткъа цара, шайгахь 1илма а
доцуш, жоьпаш лур ду, (нийсачу
некъах) шаьш а тир бу уьш, (шайна т1аьхьа х1иттинарш) а тилор
бу цара».
Барт хилла ду хьадис ду.
Пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцина: къематде
х1уттийла дац мехкаш дегор алсам даллалц, аьлла.
Мехкаш дегор шина тайпана ду:
Цхьаъ: гуш долу латта
дегор, латта ластор ду, ярташ а, х1усамаш а, г1аланаш а йохош, отуш, х1аллакъеш,
нах бойъуш, хьайбанаш а, дийнаташ а х1аллакдеш.
Шолг1а: синош а,
оьздангалла а дегор ду - иман а, деган тешам (1акъидат) а, г1иллакхаш а лестош
долу, оьздангаллаш йохош долу. Нахана кегарий х1уттуш, шайн 1акъидаташкахь а, г1иллакхашкахь
а, оьздангаллехь а собарениг а, эсалниг а хьере веш.
И ший а маь1на дала тарлуш ду оцу хьадисах,
амма хьалхара маь1на сов даьржинарг а, г1арадаьлларг а, алсам нийса дерг а ду.
Пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцина: къематде
х1уттур дац зама яц яллалц, аьлла.
Цуьнан а бу шиъ чулацам, я тидар хила а, я
шиъ маь1на хила а тарлуш.
Хьалхара маь1на: сонталлаш алсам йовлар
ду, бала цахиларш а, т1алам бацарш а, г1айг1а яцарш а алсам довлар ду; г1уллакхаш
к1елдиссарш а, хенаш алсам яйъарш а, белхаш кхиамза хиларш а даржар ду;
тидамалла а, тергамалла а д1аялар ду; хенаш чехка яхар а ду, дуккха а зама
д1аяхча, т1акха адам ша диначуьнга ладог1а доьлча, к1еззиг х1ума бен дина а ца
карош.
Шолг1а маь1на: цуьнан чулацам -
г1уллакхаш сиха а, чехка а идар ду, йоккхачу а, еххачу а заманахь бен чекх
дахалуш доцуш долу, тахана вайна гуш ма-хиллара д1асалеларан г1ирсашкахь а,
хаамийн г1ирсашкахь а.
Аллах1 ву сов дика хуург - Шен элчанна (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна) лиънарг х1ун ду а, цо аьллачуьнан чулацам муха бу а.
Пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцина: къематде
х1уттург цахилар, питанаш даржалц - динан питанаш а, дуьненан питанаш а.
Динан питанех дерг дийцича: Аллах1аца иман
дилларх вухатухуш долу дерриге х1ума а, Цуьнан омра кхочуш дарх вухатухуш долу
дерриге х1ума а, Цуьнан пайхамаран (Аллах1ера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) нийсонна т1аьхьа вазарна дуьхьало еш
долу дерриге х1ума а ду уьш. Оцу чу дог1у: нийса йоцу 1акъидаташ а, бохаме
ойланаш а, телхина г1иллакхаш а, оьзда йоцу амалш а. Иштта Аллах1 хьехорна а,
ламаз дарна а йолу новкъарлонаш а, дег1ан лаамаш кхочуш барна а, хьарамчу марзонашна
а т1е берзарца. Аллах1ан лаьшна юкъахь Аллах1ан доцчу х1укманашца (законашца)
куьйгалла дар.
Дуьненан питанех дерг дийцича: денна хуьлуш
лаьтта байъарш а, кхерамаш а, талораш а, т1елатарш а ду уьш. Питанаш даржаран
билгало ю - нийса 1илма а, догц1ена иман а, 1едалан урхалла а г1елделла хилар.
Пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцина: къематде
х1уттург цахилар байъарш алсам даллалц, аьлла.
Башхалла а яц и байъарш - къиза т1емаш
г1иттарца делахь а, зуламаш дарца делахь а, тешнабехкаш дарца делахь а,
ямарталонаш ярца делахь а, к1иллоне байъаршца делахь а, адамаша вовшийн
къинхетамза х1аллакдеш делахь а. Иза хила а хилла, карарчу хенахь лелаш а ду.
Коьрта дерг а, шеко йоцург а, пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна) дийцина хилар ду: байъарш сов даллалц къематде х1уттург цахилар.
Пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцина: къематде
х1уттург цахилар даьхний а, бахамаш а, 1анадахана, алсам даллалц, аьлла.
Ткъа бахамаш х1инцале а сов бевлла, кхин а дукха
сов бевр болуш а бу. Нехан хьелаш 1аламат дукха, 1ана а дахана, дебар ду, стага
са а гатдеш, шен закат а, саг1а а схьаоьцундерг мила хир вара техьа бохуш.
Вуьшта аьлча: стага ойла еш шегара саг1а д1аоьцу долучуьнан.
И толлуш, лоьхуш, кара ца веш хьийзар ву
иза, х1унда аьлча: оцу хенахь берриге нах хьоладай хир бу, хьоло букъийна хир бу
уьш, хьал 1анадахана хир ду церан. Цхьана стага шен бахам кхечу стаге,
совг1атана я саг1ийна д1акховдийча, ткъа оцу стага ала а олуш: «Эшац суна,
хьашт дац сан оцу бахаме!».
Пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцина: къематде
х1уттург цахилар нах, г1ишлош лекха ян г1ерташ, нах къийса баллалц, ша-ша лекха
айъа г1ерташ, къийса х1итталц.
Г1ишлош лекха ян г1ерташ, къийсабаларан а
ши аг1о ю.
Хьалхара аг1о: г1ишлош хазъяр, кечъяр,
царна г1айг1а яр, царна терго алсам яккхар ю.
Шолг1а аг1о: г1ишлош а,
х1усамаш а т1урнене хьала йоттар, лекха ян г1ертар ду. Иза билгало ю: халкъ а,
адамаш а шайн дуьненан хьелашна а, дуьненан аьттонашна а т1ебоьрзур хиларан,
динан хьелаш нисдарна т1еберзар д1а а тесна, эхартан г1айг1а бар 1адда а
дитина. Дуьненан х1уманна алсам саготта хилар а, эхартана к1езиг саготта хилар
а ду и. Х1унда аьлча, х1усамаш лекха ян къийса балар - дог а, дег1 а шайн динерчу
марзонех хийра доккхуш, юхадоккхуш ду, т1аккха шен динан масла1ате дерг т1аламза
д1атосий дуьту цо.
Пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцина: къематде
х1уттург цахилар, стага ша кхечу стеган кошана уллохула волучу хенахь аллалц: «Со
велар-кха хьан метта».
1елимнаха дийцина:
«Цо эра ду и, шена гича инзаре даккхийра
х1уманаш, уьш гучул а, царна юкъахь вехачул а валар г1олехь долу: баккхийра
баланаш; кхетаме боцу а, сонта болу а, жех1ила болу а нах урхалле, коьрте
х1иттар; 1еламнаха деш х1ума цахилар; бен доцуш 1ар; доьналла цахилар;
хьукмашкахь харцо т1ехула ялар; берриге к1аже а, массо метте а зуламаш даржар;
хьарамлонаш хьаналле ерзор.
Ткъа и даккхийра питанаш а, бохамаш а шена
гича, валар дезалур ду цунна, велла хилар тоьлуш лорур ду цо, стеган кошана
уллоха волуш, ала а олуш: «Дависса! Со велар-кха хьан метта».
Пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцина: къематде
х1уттург цахилар малх схьакхетталц, 1адатехь д1абузучу аг1онгара цуьнан леларан
низам доххалц.
Ткъа оцу хенахь дерриге адамашна хуур ду:
иза Аллах1ан лаамца а, Цуьнан пурбанца а лелаш хилар. Т1аккха Аллах1е иман
дуьллур ду цара массара а. Амма оцу хенахь диллинчу имано цхьа а пада бийр бац
царна, хьалххе иман диллина волчунна бен.
Оцу хенахь динчу дикано бан а хир бац цхьа а
пайда. Хьалхе дуьйнна иманехь а волуш, дика диначуьнан дикано бен бийр бац
пайда.
Цул т1аьхьа дийцина пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо хуьлда цунна):
къематде ц1еххьана х1уттург хилар. Диъ масал а далош, дийцина цо и:
Хьалхара масал: къематде х1уттур
ду, шина стаганна юкъахь д1аяржийна бедар а йолуш, оцу т1ехь йохка-эцар ян
хьоьжуш а волуш и шиъ. Амма йохка-эцар ян ларор вац и шиъ, я и духар д1ахьарчо
а кхуьур вац и шиъ.
Шолг1а масал: къематде х1уттур
ду, стага шен эмкалера шура а яьккхина, и шура а эцна, мала чуваха воьлча, амма
и молийла ца хуьлуш «лап» аьлла х1оьттинчу къематан денна.
Кхоалг1а масал: къематде х1уттур
ду, стаг шен эмкалийн ной тоеш а волуш, эмкалашна оцу чохь хи малон дагахь. Амма
оцу чохь царна хи мало ларор вац иза «лап» аьлла х1оьттинчу къематан денна.
Доьалг1а масал: къематде х1уттур
ду стага, баьпкан юьхк, кхалла дагахь, шен бете хьала айина а йолуш, амма и
кхалла а ца ларош.
Аллах1а (лекха ву И) ма-аллара:
(لاَ تَأْتِيكُمْ
إِلاَّ بَغْتَةً) (الأعراف:187)
«Дог1ур дац и шуна ц1еххьана
бен»
(«ал-А1раф»: 187).
Х1ай бусалба нах! Х1ара санна долу хьадис
а, кхуьнах терра кхидолу питанаш дуьйцуш долу элчано (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцина хьадисаш а
дешначунна хуур ю Аллах1а Шен пайхамарна гучуяьхна йолу къайленаш. Бакъ муъмин
стаг велахь, лар а лур ву иза питанаш схьадовлучу г1уллакхех.
Ладог1а! Эгначу даккхийрачу питанех бу шуна
вайн махкахь иккхина т1ом а, тахана иссалг1ачу шаре баьлла болу. Леккхачу,
Сийлахьчу Аллах1е доьху вай оцу бохамна бахьана хилларг х1аллаквар. Аллах1е
доьху вай бусалба нахана вониг лиъна эскар х1аллакдар.
Веза-Сийлахь Аллах1! Бусалба нахана вониг
лиънарг - цуьнан шен герзаца х1аллакве Ахьа. Бусалба нахана дуьхьал х1илла а,
мекарло а эцна араваьллачуьнан - цуьнан мекарлонаш а, х1илланаш а цунна шенна
дуьхьала даха Ахьа. Барт бохабе Ахьа церан. Церан зуламе тоба д1асаяржае Ахьа.
Эскар дохаде Ахьа церан. Герз х1аллакде Ахьа церан. Болх бохабе Ахьа церан.
Къинхьегам тилабе Ахьа церан. 1алашо йохае Ахьа церан. Дахар балехьа дерзаде
Ахьа церан. 1ар-вахар хьере де Ахьа церан. Шайн сатийсарех безам баккха Ахьа
церан. Церан балхах декъаза йист ялийта Ахьа.
Веза Аллах1! Сийсазалла 1овшийта Ахьа
цаьрга, Пир1уне, Х1амане, Къароне, Абу Жах1ле Айхьа 1овшийтина йолу. Ницкъал т1аьхьа г1орасизалла 1овшийта Ахьа
цаьрга. Кураллел т1аьхьа г1ело 1овшийта Ахьа цаьрга.
Я Аллах1! Хьо г1орасиз ван вац-кха цхьа а!
Я Аллах1! Хьайн 1азап досса дехьа царна
т1е, зуламе къам цуьнах к1елхьара даккха цхьа воцуш долу.
Я Аллах1! Хьайн 1азап ч1аг1де Ахьа царна т1ехь.
Я Аллах1! 1алашдар доьху Хьоьга церан
вонах.
Я Аллах1! Доьху Хьоьга церан пхерчий церан
шайн некъах дахийтар. Дерригенна ницкъ болуш ву-кха Хьо.
Я Аллах1! Бусалба нахана х1окху питанех
хьалхабовлар а, синтем а, сада1ар а лохьа. Церан мехкашкара кхерамаш д1абахий,
кхерамзалла яржа ехьа, динехь нисбалар лохьа царна - куьйгалхошна а, халкъашна а
цхьатерра, х1ай 1аламан Эла!
Я Аллах1! Т1аьхьа йог1у т1аьхье бусалбанашна
диканна ехьа.
Я Аллах1! Хиллачух масал-хьехам оьцучех а,
Хьайн омрашна муьт1ахь хуьлучех а бе Ахьа уьш а, тхо а. Шайн дегнашца а, 1амалшца
а Хьайга боьрзучех бе Ахьа уьш а, тхо а. Дерригенна ницкъ кхочург ву-кха Хьо.
Я Аллах1! Къинхетам а, маршо а, беркат а
лохьа - Хьайн лай а, элча а волчу Мухьаммадана а, цуьнан доьзална а, цуьнан
асхьабашна а, массо бусалба нахана а.

