Аса тоьшалла до: дела цахиларца, АллахI воцург. Ша цхьаъ ву И, Шеца накъост а воцуш, Шен дош бакъ долуш волу. Зурманна чу хIуп олучу дийнахь Цуьнан хир ду паччахьалла.
Юха а тоьшалла до аса: Мухьаммад Цуьнан лай а, Цуьнан элча а хиларца. Далла муьтIахь хиларехь нахах уггаре ша нисвелла хилла волу - шега омра динарг дарца а, цамагийнарг дитарца а. АллахIа къинхетам бойла цуьнах а, цуьнан цIийнан охIланах а, цуьнан асхьабех а, диканца царна тIаьхьа мел баьзначарех а нах дIагулбен де а, къематде а кхаччалц! Маршо а хуьлда царна!
Цул тIаьхьа:
ХIай нах, Лекхачу АллахIах кхера! Ойла е шайн дуьненан а, эхартан а, шайн дахаран а, шайн даларан а, карарчу хенан а, тIейогIучу хенан а. Ойла е хIокху дуьненан, оцу чуьра хьалха дIабаханачеран а, тIаьхьа тIебаханачеран а. Цаьргахь ду шуна масал а, хьехам а – тергам бечунна а, хьехам лоьхучунна а. ХIокху дуненахь баьхна уьш – и то а дина цара шайн. Вайнчул дукха хилла церан бахамаш а, доьзалаш а. Вайл андий хилла уьш – ницкъехь а, гIишлонашкахь а. Диноша х1аллакбина дIабаьхьна уьш – цкъа а ца хилча санна. «Хилла бах» бохучу дийцарех дийцар а хилла дIахIиттина уьш.
Шу а ду уьш бирзиначу доьрзуш, цара леллийнарг лелош, уьш бахханчу доьлхуш. ХIокху дуьненан гIаланаш чуьра кешнашка девр ду шу. Шайн доьзалашца а, самукъанца а цхьаьна Iийначул тIаьхьа шаьш дуьссур ду шу кешнашкахь. Шаьш дуьссур ду шу шайн Iамалашца: уьш дика хиллехь – диканехь, уьш вон хиллехь – вонехь, къематде кхаччалц.
Оцу хенахь зурманна чу хIуп эра ду, ткъа нах гIуьттур бу шайн кешнаш чуьра Iаламийн Далла хьалха дIа: когашIуьйра – тIехь мачаш йоцуш, берзина – тIехь духар доцуш, суннат банза – хадийна боцуш.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцина хIара хьадис. ТIаккха Iайшата аьлла:
««ХIай АллахIан элча, стегарий а, зударий а цхьаьний, вовшашка а хьоьжуш?». Цо (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «ХIай Iайшат, вовшашка хьежа дагадогIур доцуш, буьрса хир ду хьал»».
Бухарис, Муслима дийцина.
Элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) бакъ лийна-кха шен къамелехь. Боккъалаъ, буьрса хир долуш ду и де, луьра хир долуш ду и де - вовшашка хьежарал а. Цуьнан буьрсаллина, луьраллина, хала хилараллина стегарий хьоьжур бац зударшка, я зударий а хьоьжур бац стегаршка. Доккха де хир ду и, хала де хир ду и, нанас шен доьзалхочух хилларг а ца хоьттуш, кIанта шен дех дерг а ца хоьттуш:
«МаIа лакха йоьллачу дийнахь гергаралонаш лелош хир дац царна юккъехь, вовшашка хоьттур а дац цара» («ал-Муъминун»: 101).
«Бакъ долуш, къематде (улло деъча), латта дегадар къемате, ирча хIума ду. Шуна и гучу дийнахь, берана накха лучу нанас диц дийр ду ша накха белла долу бер, ткъа х1ора берах йолу зуда оста ера ю. Нах гур бу хьуна бехна, амма бехна хир бац уьш, делахь а АллахIан Iазап хала хир ду» («ал-Хьадж»: 1-2).
Дегнаш хир ду цигахь, кхера делла, детталуш, кхоьлина бIаьргаш хир бу. Эццахь дIадаржор ду Iамалийн таьптарш. Муъма стага шен таьптар схьаоьцур ду аьтту куьйга, гауро схьаоьцур ду шен таьптар аьрру куйьга я букъа тIехьашхула.
Шен таьптар аьтту куьйга шена схьаделлачо, хазахетта, самукъадаьлла, воккхавеш, эра ду:
«ХIан! ДIадеша сан таьптар!» («ал-Хьаккъат»: 19).
Шен таьптар аьрру куьйга я букъа тIехьашхула деллачо, гIайгIане хилла, сингаттаме воьжна, воьхна эра ду:
«Сайн таьптар соьга схьадаланза делар-кха, тоьлуш дар-кха и суна» («ал-Хьаккъат»: 25).
Оцу дийнахь дIахIоттор ду мизан терза, цу тIехь узур ю лайн Iамалаш - дика ерш а, вон ерш а:
«Мискъалан заррат дика диначунна – гур ду и. Мискъалан заррат вониг диначунна – гур ду и» («Залзалат»: 7-8).
Лекхачу АллахIа боху:
«Къематдийнахь дIахIиттор ду Оха нийсонан терзанаш, цхьаьнца а харц юкъаметтиг а лелор яц. Нагахь цхьа кIоллин буьртиггал хIума караяхь, иза а схьайохьур ю Оха» («Анбийаъ»: 47).
Оцу дийнахь: карзахбаьлла хIорд санна, хьийзар бу нах, тIетта авголаш санна. Бала а, гIайгIа а, сингаттам а богIур бу цаьрга – ца лалуш болу, са ца тохалуш болу. ТIаккха наха эра ду: «Шайн Деле шапаIат дан юкъа вала мила хир вара хIунда ца хьовсу шу?».
Адамна тIебогIур бу уьш, цул тIаьхьа Нухьана, цул тIаьхьа ИбрахIимна, цул тIаьхьа Мусана (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда царна). Ткъа царех хIораммо бехказло хьалхатоттур ю.
Цул тIаьхьа Iисана (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIебогIур бу уьш. Цо эра ду цаьрга: «И бакъо яц сан, Мухьаммадана тIе гIо – АллахIа гечдина лай ву иза хьалха диначу а, тIаьхьа дийр долучу а къиношна.
Пайхамарна (АллахIера къинхетам а, машо а хуьлда цунна) тIебогIур бу уьш. ТIаккха цо эра ду, АллахIа шена деллачу ниIматах дозалла деш: «Сан бакъо ю и». Шен Сийлахь-Везачу Делера пурба а даьккхина, Цунна сужуде гIур ву иза. АллахIа дагчу тосур ду цунна Шена хастам барш а, Ша хестораш а, цул хьалха цхьаннаъ дагчу тесна доцу. Цул тIаьхьа доьхур ду цо АллахIера - АллахIана цо шегара деха лиъна дерг. Цул тIаьхьа эра ду: «ХIай Мухьаммад, хьалаайбе хьайн корта, ала – ладугIуш ду хьоьга, шапаIат дайтар деха – шапаIат дойтур ду хьоьга, луург деха – лур ду хьуна».
Оцу дийнахь: АллахI охьавуссур ву Шен лаьшна юккъехь кхиэл ян а, церан хьесап дан а. Ткъа Шен муъма лайца Ша вера ву И. Цунна къайла воккхуш дуьхьал кирхьа а хIоттийна, юкъахь гочдархо а воцуш, цуьнга къамел дийр ду Цо. Ткъа Цо дIадовзуьйтур ду цуна цо мел дина къинош. Шен бехках кхетар ву иза, къера а хир ву оцу шен къиношна. ТIаккха гучубоккхур бу АллахIа цунна - Ша цуьнах бина а, беш болу а къинхетам: «Дуьненахь а дехира Аса хьан уьш къайла, тахана а гечдо Аса хьуна уьш».
Оцу дийнахь: Хьовд татол хир ду Мухьаммадана (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), шен хи шуьрал кIайн долуш, мазал мерза долуш, мисканчул хаза хьожа йолуш. Цуьнан дахалла а, шоралла а баттахь бен некъ санна хир ю, цуьнан пхьегIаш стиглара седарчий санна хир ю – дукхаллехь а, серладаккхарехь а. Оцу тIе вогIур вац муъма стаг бен - пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIаьхьавоьзна волу. Цуьнан цхьа къурд бинарг - цул тIаьхьа цкъа а хьаглур вац. Дуьххьара цу тIебог1ун берш – мухIаджирех болу къенах бу.
Оцу дийнахь: малх герга балор бу халкъанна, цIоцкъамашна тIе басар хьокхуш болчу къоламан барамехь, я эзар дол барамехь. Шайн Iамалашка хьаьжжина нах хир бу хьацаршлахь: коган шина хьоркане кхаччалц хинверг ву, шина гоьле кхаччалц хинверг ву, гIодаюккъе кхаччалц хинверг ву, бага кхаьчнарг хир ву. Амма АллахIа Шен IиндагIах IиндагI дийр ду, Шениг бен IиндагI хир доцучу оцу дийнахь.
Оцу дийнахь: АллахIа эра ду: «ХIай Адам!». Жоп лур ду цо: «ХIан, Хьуна хьалха ву со, Хьуна муьтIахь ву со, дерриге дика Хьан карахь ду». ТIаккха эра ду Цо: «Хьайн тIаьхьенах жоьжагIатин тоба схьакъаста е». Цо хоттур ду: «Муьлха ю жоьжагIатин тоба?». Цо эра ду: «ХIора эзарнах исс б1е везткъе ткъесна ву». Эццахь къежлур бу кегийранаш.
Оцу дийнахь: сурт тIай тосур ду жоьжагIатин букъа тIехула дIа, чонал дуткъа а, туьрал ира а долуш. Аманат а, гергарло а дохуьйтур ду, ткъа и шиъ дIахIуттур ду сурт тIайн аьтту а, аьрру а - шина а агIорхула. Нах тIехула бевр бу цунна шайн Iамалашка хьаьжжина. Цаьрца лелаш хир ю церан и Iамалаш. Царна юккъехь хир ву: бIаьрган негIар тухучу юкъанна дехьа ваьн верг, ткъес тухучу юкъанна дехьа ваьн верг, текхаш дехьа ваьн верг а хир ву.
Шун пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), дехьа а ваьлла, сурт тIайн йисттехь х1оьттина лаьтташ хир ву, ша бохуш: «ХIай сан Дела, кIелхьара ваккха Ахьа, кIелхьара ваккха Ахьа».
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Шайн умматашца цхьаьна болчу элчанех со хир ву дуьххьара тIехула дехьа ваьн верг сайн умматца, оцу дийнахь къамелаш дийр дац элчанаша бен, оцу дийнахь элчанийн хир долу къамелаш: «Я АллахI, кIелхьара ваккха Ахьа, кIелхьара ваккха Ахьа» хир ду».
Бухарис дийцина.
Сурт тIайн шина йистехь хир ду тIекхозаделла аьчкан мIерий - шайга омра динарг лоцуш долу. Шайх мIерий тийсалуш кIелхьара ваьн верг а ву, жоьжагIатин цIерга озон берш а бу.
Оцу дийнахь: шина тобане бекъалур бу нах: цхьа тоба ялсамане гIур ю, ткъа важа тоба жоьжагIате гIур ю:
«Къематде хIуттучу дийнахь бекъалур бу уьш. АллахIах тешна, дика Iамалш йина берш - ялсаманин бешахь баккхийбеш (я лоькхучу эшаре ладоьгIуш) хир бу. Керстаналла а дина, Тхан аяташ а, эхартан дуьхьалкхетар а харц лериначара - Iазап ловр ду» («ар-Рум»: 14-16).
ХIай АллахIан лаьш! Ткъа АллахIах кхера, оцу денна ошуьн болу кечам а бе. Шу доьрзу меттиг ю и, шеко а йоцуш. Шуна ваIда йинарг ю и, шеко а йоцуш. Амма ша оццул доккха а, хала а, балане а, деза а, къемате а доллушехь, АллахIах кхийриначу муъма нахана атта а, дай а хир ду и, х1унда аьлча АллахIа боху:
«Хала де хир ду и керстанашна» («ал-Фуркъан»: 26).
Ткъа АллахIах теша, Цуьнах кхера а кхера. Шуна хаийла АллахIана шайн дегнашкахь дерг хууш хилар, цундела ларлойла шу Цуьнах.
Я АллахI - стигланаш а, латта а кхоьллина верг, къайлах дерг а, къайлах доцург а хууш верг! Оха доьху Хьоьга, тхаьш Хьуна деш долчу тоьшаллица: Хьо АллахI хилар, кхин дела воцуш, Хьо цхьаъ бен - Хьайх тоам болу, Хьайх ваьлларг воцуш, Хьо цхьаьннах ваьлла а воцуш, Хьайца нисвала цхьа а хилла а воцуш волу.
ХIай сийлаллин, воккхаллин Да! Х1ай дийна а, даима лаьтташ а верг! Яй е Ахьа тхуна оцу дийнан халонаш. Оцу дийнахь ирсе хиллачарех а де Ахьа тхо. Дикачу нахах дIа а тоха Ахьа тхо, хIай Iаламийн Дела!
АллахIа къинхетам а, маршо а йойла вайн пайхамарах Мухьаммадах, цуьнан доьзалах а, цуьнан берриге асхьабех а.
Хьехам хIоттийнарг: Ибн Iусаймин
Гочбинарг: Турпалан кIант Фарукъ

