АллахIа, Лекха ву И, аьлла:
قال تعالى : (وقدمنا إلى ما عملوا من عمل فجعلناه هباء منثورا) الفرقان:23.
«Цара диначу гIуллакхашна (Iамалшна) тIедулур ду Тхо, дIасаяьржина чан йийр ю Оха царех» («Фуркъан»: 23).
Нагахь цо шен Iамал цIеначу даггара, АллахIана хьажийна йина хилахь, амма пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) нийсонца ца хилахь, ткъа и Iамал юхатоьхна хир ю, къобал йийр яц.
قال رسول الله صلى الله عليه وسلم: ((من عمل عملا ليس عليه أمرنا فهو رد)) رواه مسلم
Элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Нагахь цхьамма Iамал йинехь, Тхан омра доцу, ткъа иза юхатоьхна ю».
Муслима дийцина и.
Нагахь Iамал цIеначу даггара а, нийса а йина хилахь, къобал йийр ю и, хастаме а хир ю и.
قال تعالى: (إن الذين آمنوا وعملوا الصالحات كانت لهم جنات الفردوس نزلا) الكهف: 107
АллахIа, Лекха ву И, аьлла:
«Баккъалла а, иман диллина, дика Iамалш йиначеран Iан меттиг Фирдовсан бошмаш хир ю» («ал-КахIф»:107).
Дерриге дин керстадарна а, бакъдарна а тIехь лаьтташ ду. Стеган бусалбалла мегаш яц оцу шинца бен. Вуьшта аьлча, гаурийн деланех, царех тешаш болучарех дIахадарна а, цхьана АллахIан лолла бакъдарна а тIедоьгIна ду дин.
قال تعالى: (فمن يكفر بالطاغوت ويؤمن بالله فقد استمسك بالعروة الوثقى لا انفصام لها) البقرة: 256.
АллахIа, Лекха ву И, аьлла:
«ТIагIутаца керстадина‚ АллахIах тешначо – тешаме мукъ лаьцна, цкъа а хедан боцу» («ал-Бакъарат»:256).
قال عليه الصلاة والسلام : ((من قال لا إله إلا الله وكفر بما يعبد من دون الله’ حرم ماله ودمه’ وحسابه على الله عز وجل)) متفق عليه.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
««Дела вац, АллахI бен» аьлла, АллахI воцучу доллучунна Iибадат дар охьатесначуьнан бахам ( даьхний ) а, ц1ий а хьарам ду. Цуьнан хьесап Сийлахь-Везачу а, доллучунна ницкъ кхочучу а АллахIан крахь ду».
Барт хилла хьадис ду и.
Ислам динехь диначу омрех уггаре доккханиг - тавхьид ларде аьлла дина омра ду. Исламехь дихкиначух уггаре доккханиг - тавхьид дохош долу хIуманаш (ширкаш) дехкар ду.
سئل النبي صلى الله عليه وسلم: ((أي الذنب أعظم؟ قال: أن تجعل لله ندا وقد خلقك)) متفق عليه.
«Пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттина: «Уггаре доккха къа муьлханиг ду?». Цо аьлла: «АллахIаца нисвина накъост ларар ду, хьо кхоьллинарг И воллушехь»».
Барт хилла хьадис ду и.
Берриге пайхамарийн даIават цхьаьна догIуш ду - Iибадат цхьана АллахIана де аьлла омра деш, ширках а, цуьнан дозанашна чу эгарах а лардаларе кхойкхуш.
قال تعالى: (ولقد بعثنا فى كل أمة رسولا أن اعبدوا الله واجتنبوا الطاغوت) النحل: 36.
АллахIа, Лекха ву И, аьлла:
«ХIора къоме элча вахийтина Оха: «АллахIана лолла (Iибадат) де аьлла, тIагIутах пе тоха»» («ан-Нахьл»: 36).
Доллучунна ницкъ кхочуш а, Сийлахь-Воккха а волучу АллахIана Iибадат дарна тIера цаваьлларг маьршонехь а, кхерамазаллехь а хир ву – шен дегIехь а, шен бахамехь а, шен хIусамехь а. Маьршонехь а, кхерамазаллехь а хир ву иза – коша чохь а, махьшаран майдана дIагулбечу дийнахь а, барт хоттучу хенахь а.
قال تعالى: (الذين آمنوا ولم يلبسوا إيمانهم بظلم أولئك لهم الأمن وهم مهتدون) الأنعام: 82.
АллахIа, Лекха ву И, аьлла:
«Делах тешна, шайн тешар ширках э цадинарш - кхерамазаллехь бу, нийсачу новкъа нисбелла а бу» («ал-АнIам»: 82).
Бакъ долу тавхьид къинойх а, гIалатлонех а дIацIанвеш ду, жоьжагIате вахарха хьалха воккхуш а ду.
قال عليه الصلاة والسلام: ((فإن الله حرم على النار من قال: لا إله إلا الله يبتغي بذلك وجه الله)) متفق عليه.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Баккъалла а, АллахIа жоьжагIатах хьалха воккху, ша аьлла верг: «Дела вац, АллахI бен», цуьнца АллахIан юьхь (реза ян) а гIерташ».
Барт хилла хьадис ду и.
Ваджиб долу тавхьид кхоччуш лардинарг, иза милла велахь а, барт ца хоттуш, хьесап доцуш ялсамани чу гIур ву. Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцина церан куьцаш:
((هم الذين لا يسترقون’ ولا يكتوون’ ولا يتطيرون’ وعلى ربهم يتوكلون)) متفق عليه.
«Уьш – шайна доIанаш дешар ца лоьхуш берш а бу ( шайха цамгар кхетча ), цомгуш йолу меттиг яга ца йийриш а бу, ( олхазарийн т1емадовларца ) харц хьесапех, харц хьукманех, ца тешаш берш а бу, шайн Далла тIе болх буьллуш берш а бу».
Барт хилла хьадис ду и.
Ткъа ойланаш церан дIахоттаелла ю АллахIах, дегнаш церан шайн берриге болх биллина ду Цуьнга.
Ширкан тIаьхьенаш зене, хIаллакдеш ю. Iамалш йохош а ю, Дела оьгIаз вохуьйтуш а ю.
АллахIа, Лекха ву И, боху:
(ولقد أوحى إليك وإلى الذين من قبلك لئن أشركت ليحبطن عملك ولتكونن من الخاسرين) الزمر:65.
«Хьоьга а, хьоьл хьалхарачаьрга а хьехамаш бахкийтина: «Нагахь санна ахьа ширк дахь, хьан ерриге Iамал эрна хир ю, билггал дакъаза бевллачарех а хир ву хьо» («аз-Зумар»: 65).
Пайхамара (АллахIера къинхетам, маршо хуьлда цунна) аьлла:
«АллахI воцучуьнга кхойкхуш а волуш велларг - жоьжагIате гIур ву».
Бухарис дийцина и.
Цул совнаха, абаделлац жоьжагIати чу вохуьйту цо, АллахIа, Лекха ву И, ма-аллара:
«Баккъалла а, АллахIа геч ца до Шеца накъостий нисбарна, дисиначу (я цул а лахарачу) къиношна гечдо Цо, Шена лиъначунна» («ан-Нисаъ»: 48).
ХIунда аьлча, ширк - дуьненахь а, эхартахь а дакъаза воккхуш бахьана ду. Делан доттагI волучу ИбрахIима (АллахIера маршо хуьлда цунна) доIа дина:
(واجنبنى وبني أن نعبد الأصنام) إبراهيم: 35.
ИбрахIима аьлла: «Со а, сан кIентий а ларбе Ахьа цIушна (истукан, идол) лолла дарха» («ИбрахIим»: 35).
قال ابراهيم التيمي – رحمه الله -: (ومن يامن الشرك على نفسه بعد إبراهيم).
ИбрахIим ат-Таймис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Шегара ширк даларха кхерамазаллехь мила ву ИбрахIимал тIаьхьа?».
Делан дине кхойкхучо тIекхойкхучух уггаре диканиг - тавхьидан дош а, тавхьидан чулацам бовзуьйтуш дерг а ду.
قال النبي صلى الله عليه وسلم لمعاذ بن جبل رضي الله عنه: ((إنك تأتي قوما من أهل الكتاب؛ فليكن أول ما تدعوهم إليه شهادة أن لا إله إلا الله)) متفق عليه.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла МуIаз бин Жабале (АллахI реза хуьлда цунна):
«Баккъалла а, китабан охIлунах болчу нахана тIевоьдуш ву хьо. Дуьххьара ахьа уьш тIекхойкхуш дерг хуьлийла шах1адат далор: «КХИН ДЕЛА ВАЦ, АЛЛАХI БЕН»».
Барт хилла хьадис ду и.
АллахI воцучуьнга кхайкхиначо ша-шена зулам дина.
(ولا تدع من دون الله ما لا ينفعك ولا يضرك فإن فعلت فإنك إذا من الظالمين) يونس:106.
«АллахIан метта ма кхайкха хьайна я пайда цабохьучуьнга, я хьайна зен цадечуьнга. Нагахь ахьа и дахь, зуламхойха хир ву хьо» («Юнус»: 106).
Цунна хьалха горавахнарг, иза милла велахь а, я кошанна уллохь корта таIийнарг, цуьнгарачу пайдане сатуьйсуш, - хила йиш йоцург лехна цо. Йилбаз-гIаланах хи а тарделла цунна.
(ومن أضل ممن يدعوا من دون الله من لا يستجيب له إلى يوم القيامة وهم عن دعائهم غافلون . وإذا حشر الناس كانوا لهم أعداء وكانوا بعبادتهم كافرين) الأحقاف: 5-6.
«Сов тилларг мила хир ву АллахI воцучуьнга кхойкхучул, къематде кхаччалц шайна жоп а лур доцучу, шайн доIанийн терго еш а боцучу? Нах (махьшаре) дIагулбича, царна мостагIий хир бу царех, шайна Iибадат дарна дуьхьал а хир бу уьш» («ал-Ахькъаф»: 5-6).
Беллачаьрга кхайкхар а, цаьрга хьашташ кхочуш дар дехар а - хезаш доцу кхайкхар ду, тIера дIаайбер боцу баланаш а бу.
АллахIа, Лекха ву И, аьлла:
(والذين تدعون من دونه ما يملكون من قطمير . إن تدعوهم لا يسمعوا دعاءكم ولو سمعوا ما استجابوا لكم ويوم القيامة يكفرون بشرككم ولا ينبئك مثل خبير) فاطر: 13-14.
«Цуьнга (АллахIе) доцуш аша шайга кхойкхуш берш - шайн карахь хурманан логан чкъурал хIума долуш бац. Аша цаьрга кхайкхахь - шун кхайкхар царна хезаш дац, хезнехьара а шуна жоп лур дацара, къематдийнахь цара шун ширк тIеоьцур дац. Хуучо санна хьуна цхьаммо а дуьйцур дац» («ФатIир»: 13-14).
Белларш а, дика нах а базбар - Адáман тIаьхьено керстаналла даран а, шайн дин дитаран а бахьана ду. Цунах лардалар тIедиллина вайна АллахIа хаьржина ваийтиначу пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна):
((إياكم والغلو في الدين’ فإنما أهلك من كان قبلكم الغلو في الدين)) رواه النسائي.
«Динехь барамал тIех (хIума) даздарах ларлойла шу. Баккъалла а, шул хьалха хилларш х1аллак бина динехь барамал тIех (хIума) даздаро».
Насáийс дийцина и.
Халкъах уггаре вониш бу - кешнашна тIебирзинарш а, АллахIе кхайкха дезачу метта цаьрга кхойкхуш берш а.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла Умму Саламате (АллахI реза хуьлда цунна):
((أولئك إذا مات فيهم الرجل الصالح’ بنوا على قبره مسجدا وصوروا فيه تلك الصور’ أولئك شرار الخلق عند الله)) متفق عليه.
«Цара шайна юккъера цхьа дика стаг велча, цуьнан коша тIехь къубб ( ц1а ) югIура, оцу чохь цуьнан суьрташ а дохкура. Ткъа уьш - АллахIана гергахь уггаре вон адамаш ду».
Барт хилла хьадис ду и.
Бозбуунчалло иманан нур дIадойъу, бусалбаналла а дохадо.
(ولقد علموا لَمَنِ اشتراه ما له في الآخرة من خللاقٍ ) البقرة: 102.
«Цу тIе, царна хаара и Iамийначунна - эхартахь (диканан) дакъа доцийла» («ал-Бакъара»: 102).
Хиндерг хаьа бохучарна тIевахар - динехь бохам а, хьекъалехь эшам а бу.
АллахIа, Лекха ву И, аьлла:
(قل لا يعلم من في السماوات والأرض الغيب إلا الله) النمل: 65.
«Ала, ( х1ай Мухьаммад ) : «Къайле ца хаьа стигланашкахь а, лаьтта т1ехь а болучарна цхьанна Аллах1ана бен»» («ан-Намл»: 65).
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
((من أتى كاهنا أو عرافا فسأله عن شيئ فصدقه؛ فقد كفر بما أنزل على محمد)) رواه أحمد.
«Мозг1арна ( священник ) я пал туьйсачунна тIевахана, тIаккха цо хьехначух, аьллачух иза тешахь, цо керстаналла дина Мухьаммадана (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIе доссийначуьнга».
Ахьмада дийцина и.
Лагжайнаш а, хIайкалш а, чIагарш а, хIазарш а, лахьорчаш а, чкъуьйригаш а тIеоьхкина берш - гIелонехь бен, болх АллахIана тIе гIийла билларехь бен сов бевр бац.
((رأى النبي صلى الله عليه وسلم رجلا في يده حلقة من صُفر فقال: ما هذه ؟ قال: من الواهنة’ فقال: انزعها فإنها لا تزيدك إلا وهنا’ فإنك لو مت وهي عليك ما أفلحت أبدا)) رواه أحمد.
«Цкъа цхьа стаг гина пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), куьйгахь можа чIуг а йолуш. Цо хаьттина цуьнга: «ХIун ю хIара?». Оцу стага жоп делла: «Лазар ца хилийта лелош ю аса хIара». Пайхамара аьлла: «Хьем боцуш дIаяккха и, муххале а цо лазарехь соввокххур ву хьо. Нагахь и чIуг куьйгахь йолуш хьо лахь, цкъа а декъал хир вац хьо»».
Ахьмада дийцина и.
Лагжайнаш а, хIайкалш а охкар, уьш лелор - АллахIаца ширк дар ду.
قال عليه الصلاة والسلام: ((من علق تميمة فقد أشرك)) رواه أحمد.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Шена тIе хIайкал (лагжайна) оьллиначо ширк дина».
Ахьмада дийцина и.
Логах, я куьйгах, я пхьаьрсах хIума оьллинарг - оцу хIуманах тешна вуьтур ву.
قال عليه الصلاة والسلام: ((من علق شيئا وكل إليه)) رواه أحمد والترمذي.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«ХIума оьллинарг - цуьнах тешна вуьтур ву».
Ахьмада а, Тирмизис а дийцина и.
Дитташкара а, тIулгашкара а беркате тийса са дац. АллахIа кхоьллина х1уманаш бен йац уьш, зен а ца деш, я пайда а ца беш.
СагIанаш дахар а, гIурбанаш дайъар а, урс хьакхар а хила йиш йолуш дац АллахIан дуьхьа бен. АллахI воцучуьнан дуьхьа урс хьаькхна верг - ширкан боьхаллина чувоьжна.
قال عليه الصلاة والسلام: ((لعن الله من ذبح لغير الله’ ولعن الله من لعن والديه’ ولعن الله من آوى محدثا’ ولعن الله من غير منار الأرض)) رواه مسلم.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«АллахIа не1алт аьлла АллахI воцучуьнан дуьхьа (я цIарца) урс хьаькхначунна. АллахIа неIалт аьлла шен дена-нанна неIалт аьллачунна. АллахIа неIалт аьлла динехь керла хIума юкъадаьккхинарг (я зулам динарг) чувитиначунна. АллахIа неIалт аьлла декъначу латтанийн дозанаш хийциначунна».
Муслима дийцина и.
Нузар дар ( Аллах1ан дуьхьа цхьа дика х1ума дан т1елацар - обет) - Iибадат ду, АллахI воцучунна дан йиш йоцуш.
قال عليه الصلاة والسلام: ((من نذر أن يطيع الله فليطعه’ ومن نذر أن يعصيه فلا يعصه)) رواه البخاري.
Аллах1ан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«АллахIана муьтIахь хила нузар динарг - муьтIахь хуьлийла Цунна. Цунна 1еса хила нузар динарг - 1еса ма хуьлийла Цунна».
Бухарис дийцина и.
АллахIе ларвар лехнарг - Цо ларвийр ву иза. И воцучуьнгахь кIелхьара волийла лехна верг - сийсаз вийр ву Цо.
قال النبي صلى الله عليه وسلم: ((من نزل منزلا فقال: أعوذ بكلمات الله التامات من شر ما خلق’ لم يضره شيء حتى يرتحل من منزله ذلك)) رواه مسلم.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
Ша цхьана меттехь сецча, аьллачуна: «Со ларло АллахIан кхачамечу дешнашца Цо кхоьллина долучу вонах» - цунна цхьанá тайпана зен кхетар дац, иза оцу меттехь мел ву».
Муслима дийцина и.
Хьайна тIе кхолламан баланаш хьаьвдича, заманан вонаш диссича, орца ма доьхийла ахьа АллахI воцучуьнга, ма кхойкхийла хьо И воцучуьнга, коша чохь волчу веллачунна хьеста ма лойла хьо, шен лахьти чохь долчу докъе ма кхойкхийла хьо. Хьайна лууш дерг айде ахьа стиглахь волучуьнга, ткъа Цигахь ду хьуна доIанна луш жоп.
(أمن يجيب المضطر إذا دعاه) النمل: 62.
«Мила ву хьашт долучунна жоп луш верг, иза Шега кхайкхича?» («ан-Намл»: 62).
(أحسب الناس أن يتركوا أن يقولوا ءامنا وهم لا يفتنون) العنكبوت:2.
«Нахана шаьш зен ца зуьйш буьтур бу моьтту-те, деккъа шаьш аларх: «Тхо тешна ду АллахIах»?»» («ал-Iанкабут»: 2)
Хьайга цхьа бохам боьссича, хало еача, гIайгIа-бала хьаьвзича, реза хилий, муьтIахьаллийца тIеэца ахьа и.
АллахIа, Лекха ву И, аьлла:
(ومن يؤمن بالله يهد قلبه) التغابن:11.
«АллахIах тешнарг - Цо нийсачу новкъа тIе нисдо цуьнан дог» («ат-ТагIабун»: 11).
قال علقمة: ((هو الرجل تصيبه المصيبة فيعلم أنها من عند الله فيرضى ويسلم)).
Iалкъамата аьлла:
«Иза – шега цхьа бохам беана стаг ву - иза АллахIера буй а хаьий, цунна реза а хуьлий, муьтIахь хуьлуш волу».
Хьайна доьгIначунна оьгIаз ма эха, оьгIаз вахаро сацор дац и, я гена а доккхур дац. АллахIан кхиэл лелале хьалха кIезиг ларваларна дохко вийларх ларло хьо, иштта дина хиллехьара, я вуьшта дина хиллехьара бохуш. ШайтIанера ду хьуна и.
قال رسول الله صلى الله عليه وسلم: ((احرص على ما ينفعك’ واستعن بالله ولا تعجز’ وإن أصابك شيء فلا تقل: لو أني فعلت كذا لكان كذا وكذا’ ولكن قل: قدر الله وماشاء فعل’ فإن لو تفتح عمل الشيطان)) رواه مسلم.
АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Къар ца луш хила хьайна пайда бохьучу хIуманехь, АллахIера гIо а деха, эша а ма эша. Нагахь хьайна цхьаъ хиллехь, ткъа ала а ма ала: «Нагахь хIара-хIара динехьара, иштта а, иштта а хир ма дара». Амма «АллахIа хила яздина хилла, Цо дан а ди, Шена ма-лаъара (ала)», - хIунда аьлча «нагахь санна…» бохучу дашо шайтIанан хIуьмалгашна аьттонаш схьабоьллу».
Цундела хьайн белхаш а, гIуллакхаш а дахка АллахIан кара, дуьненара хьоьга кхочур дац хьуна дакъа динарг бен.
(قل لن يصيبنا إلا ما كتب الله لنا) التوبة:51.
«Ала: «Тхуна хир дац - АллахIа тхуна хила яздиннарг бен»» («ат-Товбат»: 51).
قال عبادة بن الصامت رضي الله عنه لإبنه: ((يا بني إنك لن تجد طعم الإيمان حتى تعلم أن ما أصابك لم يكن ليخطئك’ وما أخطأك لم يكن ليصيبك)).
Iубадат бин ас-Самита (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла:
«ХIай сан кIант! Иманан чам хаалур бац хьуна хьо тешна хиллалц - хьайга кхаьчнарг хьайга кхачанза дуьссург цахиларх а, хьайна хиланза диснарг хьайна хила доьгIна цахиларх а».
Дагца а, меженашца а бахьанашна тIетийжар - тавхьийдана новкъарло ечарех ду, лелочуьра бахьанаш сацор - кIелвиссарха ду. Ткъа ваджиб дерг - хьанал долу бахьанаш лелор ду, дог АллахIах дIахIотта делла а долуш. Болх Цунна тIебиллича, дезаниг дайло, халаниг аттало, рицкъанехь шорто а, токхо а хуьлу, гIайгIанаш а, баланаш а дIаайъало.
Ша АллахIан хIилланах кхерамазаллехь хетар а, гар а - Iехавалар ду:
(أفأمنوا مكر الله فلا يأمن مكر الله إلا القوم الخاسرون) الأعراف:99.
«АллахIан хIилланах кхера стенна ца кхийри-техьа уьш? АллахIан хIилланах ца кхоьруш берш ма бац дуьххьал д1а дакъаза бевлла нах бен» («ал-АIраф»: 99).
АллахIан къинхетамах дог диллар - дакъазалла ю.
АллахIа, Лекха ву И, аьлла:
(ومن يقنطُ من رحمة ربه إلا الضالون) الحجر:56.
«Мила хир ву дог дуьллуш верг шен Делан къинхетамах, тилларш бен?!» («ал-Хьиджр»: 56).
Юккъера болу нийса некъ - АллахI везарца, Цуьнан дикане дог дахар а, Iазапах кхерар а ду.
Ширкан къайлах неIарш ю, шайтIано къахьоьгуш, АллахIан леш царна чухула баха:
قال عليه الصلاة والسلام: ((أخوف ما أخاف عليكم الشرك الأصغر’ فسئل عنه فقال: الرياء)) رواه أحمد.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Шуьгара со кхоьруш долу уггаре кхерамениг - жима ширк ду. И хIун ду аьлла шега хаьттича, жоп делира цо: «МоттаргIа ю»».
Ткъа моттаргIа - Iамалш ечийн лазар ду, Iамал йохош а, Дела оьгIаз вохуьйтуш а, дикачу нахана гергахь Дажаллал кхераме а йолуш.
قال عليه الصلاة والسلام: ((ألا أخبركم بما هو أخوف عليكم عندي من المسيح الدجال؟ قالوا: بلى. قال: الشرك الخفي’ يقوم الرجل فيصلي فيزين صلاته لما يرى من نظر الرجل إليه)) رواه ابن ماجة.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
««Аса дийца шуна шуна сов кхераме дерг, Масихь Дажаллал а?». Наха элира: «Дийцахьа!». Цо элира: «Иза – къайлах долу ширк ду: стаг ламазе хIуттучу хенахь, шега цхьаъ хьоьжуш гича, леррина и хаздеш»».
Ибн Маджата дийцина и.
Еккъа дика Iамал бен яц цунна дуьхьал, АллахIера ял хиларе сатийса йиш йолуш, цуьнца дуьненан хазалла лехна а йоцуш. Иза милла велахь а, дика Iамал ечу хенахь шен дагца дуьненан дахаран хазне сатесна верг - ткъа цуьнан Iамал йоьхна ю, эхартахь дакъаза ваьлла а хир ву иза.
(من كان يريد الحياة الدنيا وزينتها نوف إليهم أعمالهم فيها وهم فيها لا يُبْخَسُونَ . أولئك الذين ليس لهم في الآخرة إلا النار وحبط ما صنعوا فيها وباطل ما كانوا يعملون) هود:15 - 16.
«Дуьненан дахар а, цуьнан хазалла а езачарна - Оха дуьззина цара диначунна дуьхьал хIокху дуьненахь дIалур ду дика, хьакъ долучу декъах а бохур бац уьш. Уьш бу - эхартахь шайна цхьа а хIума лун доцурш, жоьжагIати йоцург. ХIокху дуьненахь цара хьегна къа эрна хир ду, пайденна доцуш хир ду церан къахьегар» («ХIуд»:15-16).
Бусалба стеган дагчохь АллахIал сов дукха везаш цхьа а хила йиш яц. Бусалба стеган дагчохь Сийлахь-Воккха хила везаш верг АллахI ву, цунна даггара веза везаш верг а ву И. Цуьнан ц1арца бен дуй ца бууш. И а воцуш, кхечуьнан цIарах дуй баар: хьаж-цIийнах, пайхамарах, валех (эвлаяах) - Дела цхьаъ вар дохош долу ширк ду.
قال عليه الصلاة والسلام: ((من حلف بغير الله فقد كفر أو أشرك)) رواه الترمذي.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршала а хуьлда цунна) аьлла:
«АллахI воцучуьнца дуй биъначо керстаналла дина, я ширк дина».
Тирмизис дийцина и.
Дуйнаш дукха даар - дегнаш чохь АллахIе хила безаш болучу ларамца цхьаьна догIуш дац. Дуйнаш даарх ларло хьо, айхьа уьш бакъ дууш делахь а.
Лекха волучу АллахIа аьлла:
(واحفظوا أيمانكم) المائدة: 89.
«Шайн дуйнаш ларбойла Аша» («ал-Маидат»: 89).
Хьо харц волучу хенахь дуйбаарха чIоггIа ларлойла хьо - харц дуй баар ду хьуна и.
АллахIан ларам барха а, сий дарха а ду - Цуьнан цIарца дуй биъча реза хилар, ладугIучунна цо харц дуй бууш хилар хууш делахь а.
قال النبي صلى الله عليه وسلم: ((لا تحلفوا بآبائكم’ من حلف بالله فليصدق’ ومن حُلِفَ له بالله فليرض’ ومن لم يرض بالله فليس من الله)) رواه ابن ماجة.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Шайн дайх дуйнаш ма даа. АллахIах дуй буучунна бакъ дерг алар т1ехь ду. Кхечо шена АллахIах дуй биъначунна тIехь ду цунах кхачам хилар. Нагахь цунах цунна кхачам ца хилахь, иза Аллах1аца цхьа з1е йолуш вац…».
Ибн Мажата дийцина и.
АллахIан цIарца ехнарг вуха цатохар - АллахIан ларам бар а, сий дар а ду.
قال النبي صلى الله عليه وسلم: ((من استعاذ بالله فأعيذوه’ ومن سأل بالله فأعطوه’ ومن دعاكم فأجيبوه)) رواه أبو داود.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Нагахь шуьга цхьамма АллахIан цIарца ларвар дехахь – иза ларвелаш; нагахь шуьга цхьамма АллахIан цIарца ехахь - лолаш цунна; нагахь шуьга цхьамма кхайкхахь - жоп лолаш цунна (я гIолаш цо кхайкхиначе)».
Абу Давуда дийцина и.
Заманна а, цуьнан хьелаш хийцадаларна а (йовхалла, шийлалла) лер - Iаламийн Дела волучу АллахIана халахоьтуьйтуш долучух ду.
قال النبي صلى الله عليه وسلم: ((قال الله عز وجل: يؤذيني ابن آدم يسب الدهر’ وأنا الدهر بيدي الأمر’ أقلب الليل والنهار)) رواه البخاري.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла: «Адамо халахетар до Суна, заманна луьйш, хIунда аьлча зама кхоьллинарг Со ма ву. Болх Сан карахь ма бу. Со ву и буьйса а, де а хийцадолуьйтуш верг»».
Бухарис дийцина и.
Дин бахьана долуш дIахIиттина ю стигланаш а, латта а. Кечйина ю ялсамане а, жоьжагIате а.
Динах кхардаро а, я цуьнан хьукманех кхардаро а, я и лелочарех кхардаро а - стаг Ислам дин чуьра аравоккху.
(ولئن سألتهم ليقولن إنما كنا نخوض ونلعب قل أبالله وءاياته ورسوله كنتم تستهزءون . لا تعتذروا قد كفرتم بعد إيمانكم) التوبة:65-66.
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Ахьа цаьрга хаьттича, дера, цара-м эра ду: «Къамел деш а, бегаш беш а дара тхо-м». Ала: «АллахIах а, Цуьнан билгалонех (аятех) а, Цуьнан элчанах а кхаьрдаш дара шу?». Бехказа ма дийла. Керста хили шу, имане даьхкиначул т1аьхьа…» («Товбат»: 65-66).
АллахIах йолу хьайн ойла тое ахьа, хьайн ойла Цунах вон хиларха а ларло хьо. Иза - хьайна деллачул сов долучунна хьо хьакъ хетар а, АллахIа кхечунна деллачу диканах цавашар а ду хьуна. Ткъа уьш – жехIаллин ( цакхетаран ) ойланаш ю хьуна. ХIунда аьлча дуьненчохь мел дерг Аллах1ан омрица а, Цуьнан хьикматца а лелаш ду хьуна.
(يظنون بالله غير الحق ظن الجاهلية يقولون هل لنا من الأمر من شيء قل إن الأمر كله لله) آل عمران:154.
«АллахIан хьокъехь нийса йоцу ойла йира цара, делахойн (жехIала нехан) ойла, олуш: «Вайн карахь дуй ткъа хIокху гIулллакхах цхьа сацам бар, (я хIокху гIулллакхах цхьа хIума хиллий вайна)?». Ала: «Дерриге гIуллакх (я сацам бар) АллахIан карахь ду»» («Алу-Iимран»: 154).
Суьрташ дахкар - даккхийрачу къинойх ду, уьш дохкуш верг щена жоьжагIатийца ваIда йина ву.
قال النبي صلى الله عليه وسلم: ((كل مصور في النار’ يجعل له بكل صورة صورها نفس يعذب بها في جهنم)) متفق عليه.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«ХIора сурт дуьллуш верг жоьжагIатехь хир ву. Цо диллиначу хIора суьртан цIарах са кхуллур ду цунна, и бахьанехь жоьжагIатехь цунна Iазап дала».
Хьайн Дела вазве вазван ма-веззара. Шен паччахьаллехь Сийлахь-Воккханиг ву И. Шен Iаьрша тIехь дIанисвелларг ву И. Шен Iедалехь хьикмате верг ву И. Цундела тидамца ларде ахьа Цо хьайна тIедехкина парз ламазаш, шайн-шайн хенашкахь деш. Баккъалла а, ларлойла хьо цаьргахь ледарло айхьа яраха, динан гIортор ю хьуна уьш, динан бIогIам бу хьуна уьш.
قال النبي صلى الله عليه وسلم: ((العهد الذي بيننا وبينهم الصلاة’ فمن تركها فقد كفر)) رواه الترمذي.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Уьш а, вай а вовшех къастош йолу билгало - ламаз ю, ткъа и ламаз дитиначо керстаналла дина».
Хьайн Далла тIевирзина хила хьо хьайн дерриге а хьелашкахь, Iамалш толур ю хьан тIаккха.
أعوذ بالله من الشيطان الرجيم
(قل إن صلاتى ونسكى ومحياى ومماتى لله رب العلمين . لا شريك له وبذلك أمرت وأنا أول المسلمين) الأنعام:162-163.
«Ала: «Баккъалла а, сан ламаз, сан сагIадаккхар (я гIурба дер, я Iибадат), сан дахар, сан Iожалла - АллахIана хьажийна ду, Iаламан Дела волучу. Накъостий бац Цуьнца. Суна тIе диллина и, бусалбанех хьалхараниг а ву со»» («ал-АнIам»:162-163).
АллахIа беркат дойла суна а, шуна а сийлахь долучу КъурIанехь…
Турпалан кIант Фарукъ

