Хьадийсехь ду:
"أفضل الجهاد كلمة حق عند سلطان جائر" أخرجه أحمد والنسائي عن طارق بن شهاب رضي الله عنه بسند صحيح.
«Урхаллахочуьнга (я урхалче) бакъдерг дIаалар, уггар дезах джихIад ду»(3).
Диканца омар дар, хьарамлонаш ехкар - бусалба нехан дин хьехамийн (даIватан) некъашха цхьа некъ бу. Иштта, джихIад а ду, муъма нах ларбаран некъашха а, могIарерачу керисташна а, мушрикашна а даIават дар лехаран некъашха а цхьа некъ.
ДегIаца а, хьолаца а деш долу жихIад, хаддаза лаьттар долуш ду Къематан де даллалца. И парз хиларна инкар хилар, и дацаре дар – динехь чIогIа оьшуш, чIогIа девзаш долчунна инкар хилар ду. ДжихIад дIадаьккхина ду бохуш притензеш (яппарш) яр а, цуьнан меттана дашаца ден джихIад хийцина бахар а – динехь бидIат, тилар, хьекъал цатоар, хьекъалах эшар ду, сонталла а ю, долуш долу бакъдолучунна бала боцуш хилар а, жохIлалла а ю.
ДегIаца а, хьолаца а АллахIан новкъахь джихIад дар, адамаш дине кхайкха а, ерриг дуьхьалонаш а, новкъарлонаш а дIаяха а – Исламанна чу бахка новкъарло еш йолу – кипаят парз ду, массо умматна тIехь. Цхьадолчу хьелашкахь хIоранна парз хуьлий тIедужу; Имама ша къастиначу стагана, имама вовшах кхетаре кхайкхиначу куьпашна, ши тоба вавшех летча, бусалба йийсархой керистанан керара кIелхьара баха, иштта дIа кхин а.
АллахIан новкъахь тIелатаран жихIад дуолош, - важиб, я суннат ду – имаман пурба хилар. Бакъо йоцучо юкъа а гIоьртина цуьнан бакъонаш талхор яц, цуьнан бакъо йолучохь цул хьалха а лелхар вац, хьайн бакъо йоцучу а гIертар вац. Ибн Къудамата аьлла: «ЖихIадан гIуллакхаш, имаман бакъенах ду. Цуьнан хьежамашка а, талламашка а хьаьжжина лелош ду, цу хьокъехь цунна хетачунна тIехь муьтIахь хила дезаш ду халкъ» Ибн Къудаматан «ал-мугIни» жайна (10/368).
Нагахь и воцуш зама, я меттиг йагIахь, Iилманан некъ нийса болучу, беркате нийса къинхьегам болучу, иштта царна гIоьнча долучу Iедалха а, ницкъашха а болучу «ОхIлул-хьалли ва ал-Iакъдангара» пурбане ладухур ду .
Амма, мостагIчо бусулба махкашха цхьана мохка тIехь толам баккхуш хилахь, караберзош хилахь, тIелатардина хилахь, и мохк шена схьабаккха, шен дола берзо, я цигара халкъ АллахIан шарI доцуш кхечу законан (Iедал, низам) кIел таIо ницкъ беш хилахь; - ткъа цу хьелашкахь дуьцийла а йоцуш– цу махкахь мел волучу хьуьнаречунна а, ницкъ болучунна а декхар хуьлий тIедужу джихIаде аравалар. Цул тIаьхьа, царна гонаха, лулахь болучу бусулба наханна декхар хуьлий тIедужу царна гIоьнна джихIаде бахар;- бусулба нехан територийн дийналла (латтанаш долахь хилар) ларъян а, бусулба нехан корта-мукъалла ларъян а, динан олалла Iалашдан а.
Жих1адан уггаре йоккхаха а, ладаме а Iалашо:
Нах имане нисбар а, царех Ша цхьаъ бен воцучу Кхелахочуьнан лайш бар а, лаьшна лолла дечуьра лайнийн Далла лолла даран новкъа бахар а, Iалам бохамех дIацIандар а, АллахIа, лекха ву И, аьлла:
(وقاتلوهم حتى لا تكون فتنة ويكون الدين لله) [البقرة:193]
(ТIом бе цаьрца, питана дайна дIадаллалца а, дерриге дин АллахIана хьажийна хиллалца а)(4).
Цу Iалашонна юкъа йогIу:
Агрессоран (бусулба мехкашна тIелатар а деш, нуьцкъаша шайн Iедална караберзо гIерташ болучи ницкъийн) мостагIалла а, тIелатар а юхатохар, дине берзо шайна динан хьехамаш беш болучу нахана тIера питана дIаайдар, динан мостагIий кхерор, бусулба нехан пачхьалкхе чIагIйар, мунепкхаш Iорабахар, мужахIидийн могIа мунепкхин деган боьхаллех а, моданех а, аьшпех а, эладитанех а дIацIанбар. Бусулба нах къиношха а цIанбеш, литта а луьттуш, уьш - собарна а, доьналлина а тIехь бахча а беш. Иштта, царна, кхидолу АллахIан совгIаташ а, Делан даларш а луш.
Амма, джихIад тесна дитар а, цунах юхадовлар а, дуьненахь а, эхартахь а хIаллакьхиларан а, зенан а, дакъазаллонан а некъ бу. Сийсаздаларан а, кхардаман а, юьхьIаржонан а, сий даран а бахьана а ду. Баланан а, Iазапан а бахьана а ду. Бусулба умматан юкъара дикнаш хIаллакбен бахьана а ду и.
АллахIан новкъахь деш долу джихIад оццул лакхара, мехала, деза, ладаме хилча, ткъа и нийса новкъа даккха а, нийса доьдуш хилийта а, и деш болчарна даггара хьехар луш а, цуьнан хьукманаш нисдеш, цуьнан пайданаш билгалдохуш, цунах юхадовла йиш йоцуш хийцалуш доцурш а, къуьйсийла йоцу талламан бакъо йитина хьосташ (иджтихIад) вовшех къастош къахьегар - чIогIа ладаме а, боккха а болх бу.
Къаьсттина, умматна дог лазарнаъ, цуьнан кIентарша дин гIулкхана хьажийна къинхьегамах пайда эцаъ, юкъара пайданаш хилийтаъ, вонаш а, юкъара бохамаш а юхатохаъ, - махкашкахь а, лайшкахь а долчу чолгIечу хьоле хьажар а, ладохар а, таллар а цунна тIетоьхча.
Важиб долу шарIан хьукманаш лело ца тигначуьнцаъ, салафийн а, имамийн а тIехь барт хиллачуьнца Iамал яр дитинчуьнца а джихIад дар законе дерзийнаъ хилча, хIара болх шарI законе (низаме) берзина хилар - къепе латтош йолучу бакъенех хьалхара бакъе ю. Цундела, йиш йоцуш ду шарIера магаран хьукма хилар а, умматна бохам беш ца хилар а, латтош болу къийсам къасттийна умматан мостагIашна дуьхьала дозатоьхна хилар а, цуьнан хьалхаралла дикка дIанисъяр а, тIеман (джихIадан) байракх – жохIлаллин доттагIаллашха а, бIаьрзечу лозунгашха а цIена хилар а.
Цу дерригенал хьалха а, тIаьхьа а лоьхуш болу пайда кхочуш хуьлуш хилар - дин чIагIдаларца, гIийланаш кIелхьара бахарца, гаурийн хIуьттаре а, зе а сацорца.
ТIамаца дуьхь-дуьхьала хIиттаран маслахьат масех хIуманца къастало:
Толаме догдохийла хилар – цу толаман шен хеннахь кечдина бахьанаш а долуш. Уммато къобул даре догдохийла хилар. Нийса зама а, меттиг а къастор. Хилларг, Исламан гIуллакхна юкъадилла таро хир йолуш хилар. ХIумаллин (материалин) кечамаш барца а, дуьненан гIор гулдарана тIе къинхьегам хьажорца а, боллу ницкъ гулбарана тIебахийтарца а. Адамийн таронийн дозанашка хьаьжжина, йист яьлча хиндолчуьнан а, тIаьхьенийн а чот яр. Ткъа хIара, умматах (охIлул-хьалли вал-Iакъдан) керахь ду, цера бакъенах а ду. Цу дерригенал хьалха а, тIаьхьа а болх лекхачу АллахIан кара а луш.
Цхьана ханчохь АллахIан новкъахь деш долу джихIад дIахIоттахь, шарIан законно (низамо) тIедоьхучу суьртехь умматан и дан ца тарлуш, таро йоцуш, ткъа ишттачу хьолехь нийса агIо – цу тIе кхача а, и кхочушьдан а, уммат а, тIекхуьу тIаьхье а цу тIехь кхион а, царна чохь и чIагIдан а къахьогар ду. ДаIватан дошам тIера дуьззина дIа а ца доккхуш, нехан хьал нисдаран программан тIера дерриг чу а цатосуш. Нагахь и дар тIаьхьа таттаделлехь, гIорасизаллин бараме хьаьжжина хила деза, амма цуьнга кхача чIоггIа оьшуш дерг лелош, цунна кечамаш а беш. Элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, аьлла:
"من مات ولم يغز ولم يحدث به نفسه مات على شعبة من نفاق" أخرجه مسلم وأبوداود والنسائي من حديث أبي هريرة رضي الله عنه.
«Нагахь стаг веллехь, гIазот дина а воцуш, я и дан дагахь хилла а воцуш, юьхьдегаллеха (мунепкхаллеха) хьалхаваланза велла и»(5).
Шайхул-Ислама аьлла: «…ДжихIадан кечам бабезаш бу, ницкъ кечьбарца, тIеман говраш кечьярца, гIор ца кхаьчна и (джихIад) тIера даьлла еаначу хенахь. Шегахула бен важиб кхочуш цадалуш дерг кхочуш дар – важиб ду»(6).
Пайда эцар диках хир ду, юьхьанца джихIад законе (низаме) далоран муьрашха, юьххьера бусулба нах цунах чекхбевлла болу, иштта шарIан политикан хьукманашха а, цуьнан тергамца билгалдолуш долучу маслаIатаца, мушрик нахаца лоцу агIо къастош долу – машар белахь а, тIом белахь а. Пайхамара а, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, бина машар, Къурайшашца, итт шаранна, цаьрца тIом бар тIаьхьа а тетна цо, ткъа шайца бина машар боцучу кхечаьрца тIом бина цо, цхьаболчаьрца бина машар а боццушехь цаьрца тIом бар а дитна цо. Ткъа цу дерригенгахь а, бусулба наханна маслахьате дерг къастор а, церан таронаш тидаме эцар а ду.
Хьалха дийцинчо новкъарло цайо, шеко йоцуш мостагIчунна дуьхьала хIоттарна сихо ца еш чIоггIа ларвала везаш хиларна, питанашна (провокацешна) реакции (терго ца яш дитар) ца яр, тайп-тайпанара ницкъаш а, бахьанаш а кечдале реакцийн Iаткъамна шовкъен чуцахахкадалар, кхачам боллуш кечам а кечбалле; цунах хьалхарниг, ницкъ кхачаран барамехь эскар а, буьйранчаш а нисбалар, цара шайн иман чIагIдар, АллахIера гIонах тешна хилар, - шайна толам бала хьакъ хила. Иштта, ларлуш хила деза, мостагIчунан ницкъан ледара мах хадорах, я шайн дукхаллех Iехадалар. Иштта, терго яр, синойн доьналла хийцалуш хиларан, бахамечу а, кхермазаллечу а, паргIатачу а хьелехь гушдолчуьнгара, баккъалчу тIаме а, кхераме а даьлча. ХIара тергаме эца дезар гуш долчух ду, хIунда аьлча; тIом болор, джихIад тIедилларан бахьананна нийсса бIостамехьа цадерзийта, и тIедилларан бахьана - цуьнца кхочуш хуьлуш долу дин чIагIдар а, бусулба нехан ницкъ чIагIбар а ду.
ТIемаш, АллахIан гергарчанна а, Цуьнан мостагIашна а юкъахь хийцалуш ду, доккхачу хьикматана, Лекхачу АллахIан дашо гайтина долу :
(وَلَوْ يشاء الله لانتصر منهم ولكن ليبلوا بعضكم ببعض) محمد: 4.
(АллахIана лиънехьара, толам боккхур бара Цо царна тIехь (я бекхам оьцур бара Цо цаьргара), делахь а шух цхьаберш вукхаьрца зен лиъна Цунна) (7).
Ткъа, бакъ долуш, толаман йист, тIаьххьара пачхьалкх – муъмин нахах йолчу АллахIан тобана а, толамечу АллахIан эскарна а хир ю. Лекхачу АллахIа аьлла:
(ولقد سبقت كلمتنا لعبادنا المرسلين. إنهم لهم المنصورون. وإن جندنا لهم الغالبون) الصافات: 171-173.
«Тхан (толам лур бу аьллачу) дашо хьалхе яьккхина, Тхан лайшна, элчанашна. Ткъа, баккъалла а, уьш ма бу (керсташна тIехь) шайна гIо ден берш. Баккъалла а, Тхан эскар тоьлан дерг ма-ду» (8).
Чаьккхенехь, хIара безаме ваIда а, толам а, бусулба, мужахIид долчу умматана тIе буссур болуш бу, шайн доьзал бакъхьа кхиийначу, МуIаз бин Iамр бин Джамухь (АллахI реза хуьлда цунна) кхиийначу новкъа тIехь. Шайн кегийрахой бакъхьа кхиийначу, Мухьаммад бин ал-Къасим ас-Сакъафий (АллахIа къинхетам бойла цунах) кхиийначу новкъа тIехь. Шайн зударий кхиийначу, Хансаъ (АллахI реза хуьлда цунна) кхиийначу новкъа техь.
Iибадате, имане кхиор ду и: хIунда аьлча ламазе дуьйла бохучу кхайкхамна ямарта хилларг, джихIаде дуьйла бохучу кхайкхамна а хир ву ямарта.
Лелар иманехь а, оьзда а долуш кхиор ду и: хIунда аьлча Iосаллашна а, Iожаллечу къиношна а хьалха охьаветталург, мостагIашна хьалха а, тIемашкахь а муххал ветталур ву охьа.
Сийлахь АллахI бакъ ву, Шен къамелехь:
سورة محمد:آية 7. ((يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِنْ تَنْصُرُوا اللهَ يَنْصُرْكُمْ وَيُثَبِّتْ أَقْدَامَكُمْ
«ХIай Делах тешнарш! Нагахь аша АллахIана гIо дахь, Цо шуна а дийр ду гIо, шун когаш а чIагIдийр ду»(9).
(وَلَيَنْصُرَنَّ اللَّهُ مَنْ يَنْصُرُهُ إِنَّ اللَّهَ لَقَوِيٌّ عَزِيزٌ) الحج: آية 40.
«АллахIа билггал гIо дийр ду Шена гIо дечунна. Боккъаллаъ, АллахI – доллучунна ницкъ кхочуш, тоьлла ву»(10).
__________________________
(1) («Товбат» сурат, 111 аят).
(2) Бухари 3123. Муслим 1876. Абу ХIурайратан, АллахI реза хуьлда цунна, хьадис.
(3) Ахьмад 18349, 18351. Насаи 4209, ТIарикъ бин ШихIаба, АллахI реза хуьлда цунна, дийцира аьлла, иснад нийса йолуш ду.
(4) («ал-бакъарат» сурат, 193(.
(5) Муслим (1910), Абу Давуд (2502), ан-Насаи (3097), Абу ХIурайратан, АллахI реза хуьлда цунна, хьадис.
(6) (мажмуIу-л-фатава, 27/259).
(7) («Мухьаммад» сурат, 4 аят).
(8) («ас-Саффат» сурат, 171-173 аяташ).
(9) («Мухьаммад» сурат, 7 аят).
(10) («Хьадж» сурат, 40 аята).
Бух «МаIалиму усулид-даIвати» автор: доктар Мухьаммад Йусри.
Гочдинарг – Турпалан кIант Фарукъ.