КЪИНОЙН БОХАМЕ ТIАЬХЬЕНАШ
«Делера гIо доцуш висар, ойла талхар, бакъдолчух цакхетар, дог бехдалар, вуьйцу ца хезаш вар, пусар доцуш хан яйар, нехан дог далар, цунний-Далний юкъа хийро йолар, доIана жоп цадалар, дог дакъадалар, рицкъера а, хенера а беркат дIадаккхар,Iилманах ваккхар, сийсазалла хьарчар, мостагIчунна хьалха юьхьIаьржа хIоттар, некхехь хорам латтар, дог а талхош, хан а йойуш болчу накъосташца бале лацар, хаддаза сингаттам а, гIайгIа а латтар, хала дахар а, бодане кхоллам а – ткъа и дерриг хих дегI хоьцу ялта санна, цIаро йохку цIераш санна, схьадуьйлуш ду Аллах1ан Iеса хиларх а, АллахI хьехорах херваларх а. Ткъа цу дагардинчунна дуьхьал мел дерг схьадолуш ду - АллахIана муьтIахь хиларх а, Цо бохург дарх а».
(Хьажа. «ал-Фаваид» агIо: 67. Ибн ал-Къаййим)
31-ГlА ДАКЪА
[ЗАКАТ ДАККХАР ДУЬЙЦУ ДАКЪА]
Закат даккхар тIехь ду пхеа тайпа бахамна тIера:
1. Хьайбанаш.
2. Мехала бахам (в.аь. деши, дети).
3. Ялташ.
4. Стоьмаш.
5. Механ лело товараш.
Ткъа хьайбанашха дерг аьлча, царех кхаа тайпанна тIера закат дала деза:
1. Эмкалш.
2. Хьелий (бежнаш).
3. УьстагIий.
30-ГlА ДАКЪА
[ВЕЛЛАРГ ВЕРЗОР]
Велларг кечвеш
диъ хIума дан деза:
1. (Дакъа)
лийчадар,
2. (Докъана)
марчо хьарчор,
3. Докъа ламаз
дар,
4. ДIаволлар.
Ши стаг лийчон
везаш вац, я докъа ламаз дан дезаш дац цаьршинна:
1. Керстанашца тIом беш кхелхина шахIид а.
2. Хеназа бер а, (дуьнен чу даьлча) аз даьлла доцу.
Дакъа шалза
терахьашкахь лийчор ду. Ткъа дуьххьара хих доккхуш сидранца доккхур ду.
ТIаьххьара хих доккхучу хенахь камфара тухур
ю.
Ткъа (стагана)
кIайн кхо чкъор марчо хьарчор ду. Коч а, чалба а (цу кхаа
чкъуран) юкъа йогIуш яц. Ткъа зударшна кIайн пхиъ чкъор хьарчор ду марчо.
29-ГlА ДАКЪА
[ДУХАРАХ ХЬАРАМ ДЕРГ]
Божаршна хьарам
ду дарин духар а, дешин мухIар а леладар. Ткъа зударшна хьанал ду. Бен а дац
(деши) кIеззиг делахь а, дуккха делахь а цхьатерра хьарам ду. Нагахь духаран кIадех цхьа дакъа дарин а, важа бамбин я ветанан кIадех далахь, и лелон магийна ду (божаршна). Дари алсамха
цахилчахьана.
28-ГlА ДАКЪА
[КХЕРАМАН ЛАМАЗАН КУЦ-КЕП]
Кхераман ламаз
(хьелашка хьаьжжина) кхаа кепара деш ду:
Хьалхарниг: Нагахь мостагI къилба долчу агIор вацахь: хIета имамо шина
тобане доькъур ду (эскар). Ткъа цхьа тоба мостагIчунна дуьхьала (гIаролехь) соцур ю, ткъа шолагIа тоба имаман тIаьхьа хIуттур ю. Ткъа оцу шена тIаьхьа хIоьттинчу тобанца цхьа ракаIат
ламаз дийра ду цо, цул тIаьхьа (дисина ламаз) ша-шаш тIе а дина, мостагIчунна дуьхьал (гIароле хIитта) дIагIур бу уьш.
ТIаккха (гIаролехь сецна хилла) тоба тIейогIур ю, ткъа (имамо) цаьрца а цхьа
ракаIат дича, цара шайн диснарг ша-шаш тIедийра ду, тIаккха (имамо) цаьрца цхьана салам луш, ламаз дерзор ду.
ШолгIаниг: Нагахь мостагI къилбехьа валахь: ткъа имамо шина могIаре
дIа а хIиттийна, царна хьалха ваьлла, ламаз доьхкур ду. Имам суждане охьавоьдучу
хенахь, шиннах цхьа могIа цуьнца цхьана суждане гIура бу. Ткъа важа могIа - ирахь, царна гIаролехь лаьттар бу. Имам сужданера хьала нисвелча, (гIаролехь лаьттинарш) сужда а дина, шайн имамана тIаьхьакхуьур бу.
КхоалгIаниг: Нагахь уьш чIогIачу кхерамехь балахь: боьдуш тIом болуш: хIоранно а шен тароне хьаьжжина дийра ду ламаз,
гIаш а, дойшкахь а, къилбехьа вирзина а, цига верзанза а.
Страница 464 из 467