Рамадан баттаца къамел
15.09.2008 г.

Рамадан баттаца къамел

Ассаламу Iалайкум, хIай нах! ВарахьматуллахIи вабаракатухI

- ВаIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

Буьззина юхабогIу со шуна, боцуш ехха хан яьллачул тIаьхьа.

- Ткъа мила ву хьо, хIай лараме хьаша?

Со - шун дIавахана волу хьаша ву, цхьана ханна тIевуссуш волу хьаша ву, кIеззигчу ханна чухIуттуш волу зихIартхо ву, шуьца даггара тешаме юкъаметтиг лелориг ву. Со – Исламан арканех цхьа рукна ю, иманан нуьран хаьштиг ду.

- Марша вогIийла хьо! ЦIе хIун ю хьан, хIай сийлахь хьаша?

Сан цIе Рамадан ю. Заманан кIант ву со, денойн кIентан кIант ву со, ШаIбан беттан ваша а ву со.

- Хьан мел хан ю?

Сан хан – эзар диъ бIе ткъе диъ (1424) шо ду..

- Мичахьара схьабеъна хьо?

Рахьманна гергара беъна - адам кхоллина волучу, цунна довзар делла волучу.

- Iар-дахар мичахь ду хьан, хIай хьоме, лераме эла?

Сан Iар-дахар - муъма нехан дегнашчохь а, Делах кхоьручийн хIусамашкахь а, диканахойн лулахь а ду.

- ХIусаман къоьлла хIотта а хIуттий хьоьга - тIаьхьарчу заманахь тхоьга ма-хIоттара?

ХIаъ. ХIора хIусамна тIехбелира со, хIора хIусамна чу а хIоьттира со, уггаре дезаха мехаш дIа а кховдийра аса цаьрга. Амма эхь доцучу бIаьрмецигаша эккхий со, ямартчу хьолахоша ларамаза бити со. Со гича, яххьаш чIичкъашка а яхана, кхоьлина, буьрса хьаьвсира соьга бодане декъазаниш. Цхьа бакъ ду, аса дог диллац: аса лехира со безаш болу муъма нах - Далла муьтIахь берш, Делах кхоьруш берш. Уьш карий суна - со ларбеш Iаш, со тIеэца кечамаш беш, суна дуьхьал кхета шовкъе болуш.

- Мелла ханна саца дагахь бу хьо тхо долчохь хьошалгIахь?

КIеззиг деношкахь - ткъе исс я ткъе итт.

- ХIун говзалла ю хьан - ахьа бусалба мехкашкахь лелош ерг?

Сан говзалла - латталелор, сурсаташ арахецар, лоьралла, дешар-серло ю… Ткъа латталелорах лаьцна аьлча: дегнаш чу иман дугIу аса, синош чу безар доь аса, амалшна тIе гIиллакхийн хIу тосу аса. Оцу дерригена а тIе дегIан цIоналлин, деган цIоналлин хи а туху аса. Оцу тIе дикаллин улхан моз а худадо аса. ТIаккха хьалакхуьу массо беркатан, диканан, синтеман маьIнаш. ТIаккха схьалахьабо зовкхан а, аьттонан а, кхиаман а стоьмаш. И дина а ца Iа со-м. Аса дIацIандо дегнаш хIуьттаренан а, хьогIан а, оьгIазлонан а, ачонан а, гамонан а кIохцалгех. Оцу дерригена а тIе синойн кIоргенашкара бохаман а, хIилланийн а, харцонийн а, Iехоран а, хьогIан а, цабезаман а орамаш буххара бухадоху аса. ТIаккха безаман а, ийна хиларан а, вежараллин а дохкана схьагуча долу.

- Ма хаза ду-кха хьан и ялтадер, ма беркате а ду-кха хьан и. Ткъа хIун сурсаташ ду техьа и ахьа арахоьцуш дерш?

Аса, кеч а дой, арахоьцу андий догIмаш, гIиллакхе, кIеда-мерза адамаш, цIена, зуламе доцу, дагахь вониг доцу синош. Нахана юккъера хедда йолу гергарлонан уьйраш дIахуьтту аса, гергарлонаш тодо аса церан. Барт боьхна баьржина дIасабаханарш берта буьгу аса. Нийсонца а, бакъонца а захало тосу аса массарна а юккъехь. ГIоране турпалохой бо аса, шайна юкъахь къинхетаме а, мостагIашца луьра а болу къонахий кечбо аса. 

- Ма хаза хIума ду-кха ахьа кечдийриг, ахьа арахоьцург - уммат ЖихIаде тоттуш долу, цуьнца дерриге Iалам дикане дигийта. Ткъа хьан сойдагалла (йохка-эцар) хIун ю-те?

Сан сойдагалла (йохка-эцар) мехаза, эрна йовш яц, ткъа аса диканаш ло, къинойх дIацIанво. Соьца юкъаметтиг, гергарло лелийначо билггал са йоккху – ялсамани а, кхиаме, декъала дахар а. Соьца харцахьара, ледара юкъаметтиг лелийнарг – беркатах а, диканех а волу, цуьнан Iамалш а юхур ю, нийсонна дуьхьал хийцина тилар эцначарех а хир ву иза. Ткъа царна са ца хилла шайн сойдагаллехь(йохка-эцарехь), нийсачу новкъа нисбеллачарех а ца хилла уьш.

- Хьан лоьралла хIун ду?

Аса дарба до: цомгашчу догIмашна а, сакхтечу адамашна а, телхинчу синошна а, тиладеллачу хьекъалшна а… Аса гена доккху царех: ледаралла а, дегI доьжна хилар а, бIаьрмецигалла а, ширк а… Ас дIацIандо уьш: материн мIоданех а, бохаман, тиларан орамех а.

- Хьан молханаш а, хьан дарба а хIун ду?

Сан молханаш – марха, таравихь, Iуьйкъе яр, Дела хьехор ду. Рахьманна муьтIахь хила Iамал яр а ду.

- Ахьа нахана Iамориг хIун ду?

Аса нахана Iамориг - нийсачу новкъа нисбалар ду. Аса уьш болуьйту: комаьршаллех, дикаллех, къинхетамах, къинтIера бовларах, гечдарах, аманат лардарах, дош кхочуш дарах, бакълерах, собаре хиларах, вовшашна гIодарах, деган цIоналлех…

- ХIинца тхуна девзи хьан дуккха а дика белхаш а, хаза куьцаш а. Хьан пайдечу къамеле ладегIаре а, хьан нийса хабарш хазаре а йолу шовкъ совъели тхан. Хьайгахь долучух - хьайн Iилманах а, хьайна хуучух а дуьйцур дацара ахьа тхуна? Кхин а сов хьайн пайданаш а бовзуьйтур бацара ахьа тхуна?

Дера дуьйцур ду. Аса боху, хIора, Делах а тешаш, Цуьнгарачу йоле са а туьйсуш, Рамадан беттан марха кхаьбначуьнга: АллахIа беркате дойла хьан марха! Яханачу хенахь летийначу хьан къиношна а гечдойла Цо! Диканиг рицкъа а лойла Цо хьуна - шайгахь долучу диканна тIе диканехь а, беркатна тIе беркатехь а шу сов довлийта. Амма шу, хIай сутара бIаьрмицигаш, бен доцу хьолахой, даккхий рицкъанаш кегош болу саяхархой, марха доцу забарчаш! Шун хIусамашка хIоьттира со, шуьга хьошалгIа беара со. Амма шун наьIарш дIакъевлина карийра суна, шун хIусамаш догIанаш тоьхна карийра суна, шун дегнаш деса карийра суна - сутаралла, писалла, бIаьрмецигалла йоцучух, дуьне, бохам, тилар доцучух. Цкьа а хайра хир ма дац шуна - аша гулдечуьнгахь. Цкьа а беркат хир ма дац шуна - аша IаIочуьнгахь…

Гочдинарг: Турпалан кIант Фарукъ

 
« Пред.   След. »
 
 
 
 

 

 

 

Все права защищены.