Цергашна юккъера цIий даларо марха дохадой?
16.09.2008 г.

Цергашна юккъера цIий даларо марха дохадой?

Фатван лоьмар: 6132.

Хаттар:

Ца хууш цергашна юккъехула догIучу цIийно марха дохадо я ца дохадо? Стаг ша бахьана а доцуш, вуьшта аьлча: кхечо ца хууш тоьхна и даийтинехь? Нийсах дерг довзийтар доьху шуьга. АллахIа диканца бекхам бойла шуна!

Жоп:

Цергашна юккъеула догIучу цIийно марха дохош дац - ша-шах догIийла и я кхечу адамо цунна тохар бахьанехь догIийла и.

ГIодар - АллахIехь ду.

АллахIан къинхетам а, маршо а хуьлда вайн пайхамарна Мухьаммадана, цуьнан доьзална а, цуьнан асхьабашна а!

Iилманан талламашна а, фатва даларна а кхоьллина, хаддаза болх дIахьуш йолу Iеламнехан комитет:

Iабдул-Iазиз бин IабдуллахI бин Баз - комитетан куьйгалхо,

Iабдур-Раззакъ Iафифи - комитетан куьйгалхочуьнан меттаниг,

IабдуллахI бин ГIадйан - комитетан декъашхо,

IабдуллахI бин КъаIуд - комитетан декъашхо.

(Гочдинарг – Турпалан кIант Фарукъ)

 
« Пред.   След. »
 
 
 
 

 

 

 

Все права защищены.