Нанас бохург дар
05.12.2008 г.

Нанас бохург дар

Хаттар:

Майрачунна шен зудчо коьрта йовлакх тилла лаьа, ткъа  марнанас шен к1анте ша рези йолуш туьллийтар дац ахь и боху, нагахь ахь и тиллийтахь хьо сан к1ант вац бог1уш чур яьлла хьийзаш марнана хилча, ишштачу хьолехь йовлакх тиллийта деза йа цадеза? цунах жоп лохьа суна?

Жоп:

Х1ай хоьттуш верг! Аллах1ана хьалха хьуна т1ехь декхар дерг - хьайн ненаца к1еда хилар, собаре хилар, цунна дика дар, цуьнга уггаре хазачу дешнашца къамел дар, цуьнах дог лазар ду хьуна. Х1унда аьлча, ненан хьакъ доккха ду, цунна дика хилар - Аллах1а т1едехкинчу декхарех уггаре коьрта а, доккха а декхар ду.

Амма хьан бакъо яц цунна муьт1ахь хила хьанал доцучу х1уманехь.

Пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) боху:

«Боккъалаъ, муьт1ахь хилар магочу х1уманехь ду».  

Пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) юха а боху:

«Кхолламна муьт1ахь хилар дац, Кхоьллиначунна 1еса а хуьлуш». 

Дена а, нанна а, майрачунна а, паччахьана а, амирана а, уьш боцчарна а муьт1ахь хила магийна дац Аллах1ана 1еса хилар долчу г1уллакхашкахь.

Муьт1ахь хилар - магийна долчу а, хьанал долчу а г1уллакхашкахь ду, Далла 1еса долчу х1уманашкахь дац.

Нагахь нанас хьоьга Аллах1ана 1еса хилар долчу х1уманца омра динехь - хьан зудчуьнга коьртара йовлакх д1адаккхийтарца, бусалба духар ца леладайтарца, эшаршка ладег1ийтарца, кхидолу къилахь х1уманаш дайтарца а - хьан бакъо яц оцу т1ехь цунна муьт1ахь хила. 

Хьехар ду хьуна, лараме ваша! Декхар ду хьуна т1ехь нене хаза алар - к1едачу дешнашца, хазачу некъаца, мерзачу къамелаца, хьастарца.

Аллах1ана 1еса а хуьлуш, Цуьнан кхолламна муьт1ахь хила бакъо цахилар хаийтар, йовлакх д1адаккхаран хьокъехь долу 1елимнехан жоьпаш довзийтар, 1илманан ох1лано жайнашкахь цуьнан хьокъехь яздинарг д1акхетор - нийса дерг цунна галлалц, бакъдерг билгал даллалц.

Нагахь хьайна вевзаш 1елимстаг велахь, цуьнга хьайн нанна хьехар дар деха а мегар ду: т1еван йиш ялахь – т1евеъна а, яцахь - тилпонехула дина а.

Коьрта х1ума тилларх лаьцна хьехамаш т1ехь болчу касеташка ладог1ийта а мегар ду цуьнга.

Мухха делахь а, дика а, к1еда а хилар ду хьуна т1ехь хьайн ненаца, хьайца иза шога хилахь а - к1еда хилар декхар дуьсуш ду хьуна т1ехь.

Берта ян а, реза хила а мега иза ахьа бохучунна. Хьоьца Аллах1 реза воцу къовсам бар, хьуна весаш яр дита а мега цо Аллах1ан г1оьнца.   

      Аллах1а кхетам лойла вайна нийса дерг ган а, цунна т1аьхьа даза а.

Турпалан к1ант Фарукъ

 
« Пред.   След. »
 
 
 
 

 

 

 

Все права защищены.