Дакъа 13: АллахI воцучуьнгара шена доладар (я ша Iалашвар) лехар ширк ду
14.01.2009 г.

Дакъа 13: АллахI воцучуьнгара шена доладар (я ша Iалашвар) лехар ширк ду

АллахIа (Лекха ву И) аьлла: 

«…Адамех болучу стегарша шайна доладар лехира жинех болучу стегаршкахь, ткъа цара мелхо а (кхерамехь) харцонехь алсамбехира уьш» («Жинаш»: 6).

Хьакиман йоIа Ховлата дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла:

«Ша цхьана меттехь сецча, аьллачунна: «Со ларло АллахIан кхачамечу дешнашца - Цо кхоьллиначу массо хIуманийн вонах» - цуьнах цхьана а тайпана зен хьакхалур дац, иза оцу меттехь мел ву» (Муслим).

Гочдинарг: Турпалан к1ант Фарукъ.

 
« Пред.   След. »
 
 
 
 

 

 

 

Все права защищены.