ДегIаца лагжайнаш а, хIайкалш а долуш, ламаз дан мегаш дуй?
06.03.2009 г.

Фатван лоьмар: 4503

Хаттар: 

ДегIаца лагжайнаш а, хIайкалш а долуш, ламаз дан мегаш ду я дац?

Жоп: 

Iеламнехан цхьабарт болуш ду: лагжайнаш а, хIайкалш а охкар хьарам хилар, нагахь оцу жайнахь яздинарг КъурIанах дацахь. Амма, нагахь оцу жайнахь яздинарг КъурIанах делахь, цуьнан хьокъехь бекъабелла Iеламнах: цхьаболчара ишттаниг лелон мегаш лерина, вукхара лелон ца магийна иза.

 

Оцу шина агIонах бакъахьара ерг ца магош йолу агIо ю: муьлхха а жайна лелор (доьхкуш долу) юкъара хьадисаш бахьанехь - цхьаъ делахь, (кхин вочу ширкашна тIебоьду) некъ дIакъовларан дуьхьа - шиъ делахь. Оцу (дагардиначу) бахьанашца уьш (дегIаца) лелон мегаш дац, ламазехь-м мелхо а.

Iилманан талламашна а, фатва даларна а кхоьллина, хаддаза болх дIахьуш йолу Iеламнехан комитет: 

Iабдул-Iазиз бин IабдуллахI бин Баз - комитетан куьйгалхо,

IабдуллахI бин ГIадйан - комитетан декъашхо,

IабдуллахI бин КъаIуд - комитетан куьйгалхочуьнан меттаниг.


 

 
« Пред.   След. »
 
 
 
 

 

 

 

Все права защищены.