Марханаш кхабаран а, цакхабаран а хьукма
21.08.2009 г.

Хаттар:

Рамадан баттахь марханаш кхабаран хьукма хIун ду?

Жоп:

КъурIано а, Суннато а, бусалба нехан барто а тIечIагIдина: Рамадан баттахь марханаш кхабар (хIора адамна), парз а дина, тIедиллина хилар. Сийлахь-Везачо аьлла:

«ХIай Делах тешнарш! Марханаш кхабар тIедиллина шуна, шул а хьалхарачарна тIедилларе терра - Делах кхоьруш хила тарло шу» («ал-Бакъарат», 183).

ХIокху тIе кхаччалц:

«Рамадан баттахь доссийна КъурIан - нахана нийсачу куьйгаллина‚ нийсачу куьйгаллин бIаьрла тоьшаллаш довзийтарна. Ткъа шайх (оцу) батте ваьллачо кхобийла и» («ал-Бакъарат», 185).

Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

«Ислам-дин пхеа (гIорторна) тIедоьгIна ду: АллахI бен кхин дела цахиларан а, Мухьаммад АллахIан элча хиларан а тоьшаллина а, ламаз дарна а, закат даккхарна а, Рамадан беттан марханаш кхабарна а, хьаьждан хьаьжцIа вахарна а» (Бухари: 8. Муслим: 16).

Иштта пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

«Шайна и гича, марханаш кхаба доладе» (Бухари: 1900. Муслим: 1080-1081).

Берриге бусалба нехан цхьабарт бу: Рамадан бутт кхабар парз хиларна а, иштта иза Исламан арканех цхьа рукна хиларна а тIехь. Ткъа и парз хиларна инкаре хиллачо – керстаналла дина, нагахь иза цигахь Исламан бакъонаш евзаш йоцучу генарачу мехкашкахь кхиъна вацахь, ткъа иштта хьал делахь - цунна хьеха деза. Нагахь шена баххашца а довзийтиначул тIаьхьа а иза шечунна тIера вухаволуш вацахь – керстаналла дина цо.

Парз хилар хуъушехь, кIадо а йина, (Рамадан беттан марханаш кхабар) дитина верг кхерамехь ву. Цхьайолучу Iилманан охIлано муртад ваьлла керста лору иза. Делахь а, оцу хьокъехь сов нийсах дерг аьлча: муртад ваьлла керста лоруш вац иза, фесикъ нахах лоруш ву, ва-м Iаламат боккхачу кхерамехь ву иза.

Шайх ибн Iусаймийн. МажмуI фатава ва расаил (11/19). 

Гочдинарг – Турпалан кIант Фарукъ

 
« Пред.   След. »
 
 
 
 

 

 

 

Все права защищены.