Тафсир: 109-гIа сурат: ал-Кафирун
09.03.2020 г.

109-гIа сурат

 

«Керстанаш» («ал-Кафирун»)

 

(Маккахь доссийна, ялх аят ду)

 

Къинхетамечу а, Къинхетамбечу а АллахIан цIарца!

 

1. Ала: «ХIай, керстанаш!

 

2. Ас Iибадат ца до - аш Iибадатдечарна,

 

3. аш а ца до Iибадат - ас Iибадатдечунна.


4. Ас дийр а дац Iибадат - аш Iибадатдечарна,

 

5. аш а дийр дац Iибадат - ас Iибадатдечунна.

 

6. Шуна - шайн дин ду, суна а ду - сайн дин!».

___________


«Керстанаш» («ал-Кафирун»)

 

(1) ХIай, Пайхамар! АллахIаца а, Цуьнан Пайхамарца а керстаналладиначаьрга ала: «ХIай, АллахIаца керстаналладинарш!

 

(2) Ас Iибадат ца до аш Iибадат дечу жаIарашна а, шайггара аш кхоьллинчу харц деланашна а.

 

(3) Аш а ца до Iибадат ас Шена Iибадат деш волчу цхьана Далла. И цхьаъ ву – Шена Iибадат дан хьакъ верг.

 

(4) ТIейогIачу ханна а дийр дац ас Iибадат аш Iибадат дечу жаIарашна а, харц деланашна а.

 

(5) Аш а дийр дац Iибадат тIейогIучу ханна а ас Iибадатдечунна.

 

(6) Шуна - шайн дин ду, юха ца довлуш шу цунна чIогIа тIаьхьадозуш долу, ткъа суна - сайн дин ду, и доцург ас лоьхуш доцу, и доцург суна дезаш а доцу!».

 
« Пред.   След. »
 
 
 
 

 

 

 

Все права защищены.