ГIеметтахIоьттиначунна тIехь ламаз важиб хилар
24.08.2008 г.

ГIеметтахIоьттиначунна тIехь ламаз важиб хилар

Фатван лоьмар: 4321

Хаттар:

Нийса дуй, стага я зудчо, ша ламаз дан хьакъ цахетар аьлла, ламаз дитар? Иштта ламаз-м до цо, делахь а, оцу юккъехула АллахIа дихкинарг а деш - гIалат дуй и? Я массо хьелашкахь а ламаз дан йиш ю цуьнан?

Жоп:

ХIора гIеметтахIоьттиначу стагана а, зудчунна а тIехь важиб ду ламаз дар - хIора дийнахь-буса пхоьазза. И хилар тIечIагIделла аятаций, хьадисаций, Iеламнехан бартаций (ижмаI).

Ламаз – Ислам динан гIортор ю, цуьнан уггаре йоккхаха йолу рукна а ю и, шина шахIадатана тIаьхьа йогIуш.

Башхо яц, цхьа къинош дина иза велахь а, я къинош летийна иза вацахь а. Муххале а къинош динарг гуттар чIогIа хьаште ву-кха и бахьана долуш АллахIа шен къиношна гечден долучу хIумане - вочунна тIаьххье диканиг дарца, масала: ламаз дар, марха кхабар, сагIа далар, уьш санна кхийолу дика Iамалш а яр.

АллахIа, Лекха ву И, аьлла:

«Ламаз де, дийнан юьххьехь а, чаккхенехь а, буьйсанан цхьайолучу хенашкахь а. Боккъалаъ, дика гIуллакхаша вониш (къинош) дIадоху. ХIара – дагадаийтар ду (хьехам бу) дагалоцучарна (хьехам къобалбечарна)» («ХIуд»: 114).

Бусалба стаг шен дегI лардан декхарийлахь ву – АллахI хьехорца, И тергамехь латторца, Цуьнан сийлахь долу КъурIан дешарца, чIоггIа И къинтIера валаре а, Цо гечдаре а сатийсарца – шен дагна тIе (Цуьнан къинхетамах) догдиллар ца кхачийтархьамма. Цо деш долу къинош бух ца лору, цуьнан ламаз, марха, закат, кхидолу Iибадаташ а доьхна хиларна.

Цхьайолчу хенахь адамехь цхьанакхета иман а, дика Iамалш а, АллахIа хьарам динарг а деш – уьш АллахIаца накъост нисвар, кхидолу бусалбаналлех вохош долу хIуманаш а ца хилчахьанна.

Лекхачу АллахIе доьху вай: тхайна а, хьуна а динехь кхетам балар, оцу тIехь чIагIалла а ялар.

ГIо дийриг - АллахI ву. ГIодар - АллахIехь ду.

АллахIан къинхетам а, маршо а хуьлда вайн пайхамарна Мухьаммадана, цуьнан доьзална а, цуьнан асхьабашна а!

Iилманан талламашна а, фатва даларна а кхоьллина, хаддаза болх дIахьуш йолу Iеламнехан комитет:

Iабдул-Iазиз бин IабдуллахI бин Баз - комитетан куьйгалхо,

Iабдул-Iазиз Iафифи - комитетан куьйгалхочуьнан меттаниг,

IабдуллахI бин КъаIуд - комитетан декъашхо.

 Гочдинарг – Турпалан кIант Фарукъ

 
« Пред.   След. »
 
 
 
 

 

 

 

Все права защищены.