• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

42-гIа дакъа

Опубликовано: 09 июля 2010

42-гIа дакъа

Ден а, ненан а, гергарачеран а, зудчун а, доттагIийн а, иштта массо а лара магош волучуьнан а сий-ларам бар

341. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Уггаре лакхара дика - стага шен дена безначаьрца гергаралонан уьйраш латтор ду».

342. IабдуллахI бин Динара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Мухха делахь а, цкъа) Макка боьдучу новкъахь Iумаран кIантана IабдуллахIана (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дуьхьалкхетта хилла цхьа акха Iаьрбо. IабдуллахI бин Iумара, цуьнга салам а делла, иза шен вирана тIе а хаийна, ша шен коьртахь лелош йолу чалба цунна дIаелла». Ибн Динара дийцина: «Цул тIаьхьа оха элира цуьнга: «АллахIа хьекъале валаве хьо, кIеззиг (хIума) делча а реза хуьлуш болу акха Iаьрбой бай, ткъа, уьш-м!». (Оцу хьокъехь иштта) жоп делира IабдуллахI бин Iумара: «Боккъалаъ, (оцу) стеган да дукха везара Iумар бин Хаттабана (АллахI реза хуьлда цунна). Бакъдолуш, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна ву со: «Уггаре лакхара дика - стага шен дена безначаьрца гергаралонан уьйраш латтор ду»»

(Иштта ибн Динара дийцира аьлла, Муслима далош долучу оцу хьадисан) кхечу ривайатехь дийцина: «IабдуллахI бин Iумар (АллахI реза хуьлда цаьршинна) Макка ваха новкъа ваьллачу хенахь, шеца цхьаьна вир а йигинера цо, эмкална тIехь хиъна Iан (некъ бан) шена кIордийча, садаIаран дуьхьа цунна тIехууш хилла йолу, (иштта) шен корта къовлуш йолу чалба а. Цкъа цхьана дийнахь иза оцу вирахь воьдуш волуш цунна уллохула тIехвелира цхьа акха Iаьрбо. (IабдуллахI бин Iумара) хаьттира цуьнга: «Хьо вуй, ткъа, и хьенехан кIант минех?». Вукхо жоп делира: «Дера ву-кха». ТIаккха шен вир дIаелира цо цунна, (хIара дешнаш а) олуш: «ХIокхунна тIехаа». Шен чалба а дIаелира цо цунна, (хIара дешнаш а) олуш: «ХIара хьайн коьртах хьарчае». Цуьнца цхьаьна болучу некъахойх цхьаболучара элира цуьнга: «АллахIа гечде хьуна, данехь! Оцу акха Iаьрбочунна дIа ма ели ахьа айхьа садаIа лелош йолу вир а, айхьа корта къовлуш хилла йолу чалба а!». (Дуьхьал) элира цо: «Боккъалаъ, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна суна: «Боккъалаъ, уггаре лакхара дика - стага шен дена безначаьрца гергаралонаш лелор ду, иза веллачул тIаьхьа а. Ткъа оцу стеган да Iумаран (АллахI реза хуьлда цунна) доттагI вара»» (и дерриге ривайаташ Муслима дийцина: 2552).    

343. Абу Усайда Малик бин РабиI ас-СаIидийс (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) тхо АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучохь долуш, иза волучу веара бану-саламан (тайпанах) цхьа стаг. Цо хаьттира (цуьнга): «ХIай, АллахIан элча! Сайн да-нана деллачул тIаьхьа цхьана а кепара цаьршинна дика дан агIо буй сан?». Цо жоп делира: «ХIаъ. Цаьршинна доIа дар, АллахIе цаьршинна гечдар дехар, и шиъ деллачул тIаьхьа цаьршиннан ваIданаш (весеташ) кхочушдар, цаьршимма гергарало тесначу нахаца долу гергаралонаш дIалелор, цаьршиннан хилла доттагIий ларар»» (Абу Дауд: 5142).

344. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамаран зударех цхьанненна а  Хадиштана (АллахI реза хуьлда цунна) санна сел чIогIа эмгаралла лелийна дацара аса, сайн дахарехь сайна иза цкъа а гина а йоццушехь! Делахь а, кест-кеста хьахайора цо иза. Кест-кеста уьстагIна урс хьокхура цо. Иза дакъошка бекъа а боькъий, тIаккха (и жижиг) Хадиштан доттагIашна дIадохьуьйтура цо. Аса элира цуьнга: «Дуьненчохь Хадишт йоцург кхин зуда йоцуш санна!». (И аьллачу хенахь) цо жоп делира суна: «Боккъалаъ, иштта а, вуьштта а яра иза[1]. Цуьнах бераш дара сан»» (Бухари: 3816, Муслим: 2435).

(Оцу хьадисан) кхечу ривайатехь (дийцина, Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна)) элира аьлла: «Ша уьстагIна урс хьаькхча, кхачам боллучул (жижиг) совгIатана цуьнан (Хадиштан) доттагIашна дохьуьйтура цо».

(Оцу хьадисан Муслима далош долучу) кхечу ривайатехь (дийцина, Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна)) элира аьлла: «Ша уьстагIна урс хьаькхча, цо олура: «Хадиштан доттагIашна (жижиг) дахьийта цуьнах».

Оцу хьадисан шина а «Сахьихь» жайнахь долучу ривайатехь (дийцина, Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна)) элира аьлла: «(Цкъа) Хадиштан йишас Хувайлдан йоIа Халас бакъо йийхира АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу чуян. (Цо бакъо ехча) Хадишта бакъо ехар дага а деана, цунна и хазахетта, цо элира: «Я, АллахI! Хувайлидан йоI Хала ма яй иза!».

Цо «и хазахетта» («фартахьа») боху дош чаккхенехь «хьа» элп долуш далийна. Оцу дешан метта шина а «Сахьихь» жайнара хьадисаш юкъадалош гулдина долучу ал-Хьумайдин гуламехь «вартаIа» аьлла ду, «хьа» элпан метта «Iайн» элп а долуш. Цуьнан маьIна – «Синтем байра цуьнан» ду.

345. Анас бин Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) Жарир бин IабдуллахI ал-Бажалица (АллахI реза хуьлда цунна) новкъа ваьллера со. (Оцу новкъахь йоккухчу) ерриге хенахь суна жималла лелош хуьлура иза. Аса элира цуьнга: «Ма леладехьа иза!». (Дуьхьал) элира цо: «Боккъалаъ, суна гина ду ансараша АллахIан элчанца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьа (доккха, хаза) хIума лелош. ХIетахь ас дуй биира: нагахь со царех муьлххачуьнца а цхьаьнца некъахо нислахь, билггал, цунна жималла лелор ма ду аса (аьлла)!»» (Бухари: 2888, Муслим: 2513).



[1] «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хестош хилла Хадишт (АллахI реза хуьлда цунна)» боху чулацам бу цуьнан.

68-гIа дакъа

Опубликовано: 09 июля 2010

68-гIа дакъа

Догдикалла а, шеко йолучух юхавалар а

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«…Ладам боцуш хета шуна иза, ткъа АллахIана гергахь – тIехдоккха (къа) ду иза» («ан-Нур»: 15).

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«…Боккъалаъ, хьан Дела - тергамхо ву» («ал-Фажр»: 14).

588. Баширан кIанта НуIмана (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «Боккъалаъ, магийнарг - хууш ду, цамагийнарг а - хууш ду, ткъа царна юккъехь шеконаш ерг ду, дуккха а нахана цуьнах дерг ца хууш. Цундела шеко йолучух ларлуш верг - шен дин а, шен сий а цIандеш ву. Амма шеконехь дерг лелош верг - хьарам дерг (лело) а вера ву, йихкиначу меттигна гонаха (шен жа) дажочу жаIух терра, (иза) хIинций-хIинций оцу тIе долу-кха (бохуш). Боккъалаъ, хIора паччахьан (шен) йихкина меттиг ю. Боккъалаъ, АллахIан йихкина меттиг – иза Цо царна цамагийнарш ду. Боккъалаъ, (адаман) дегIехь дилханан кийсиг ю: нагахь и нисъелла хилахь - дерриге дегI а нисдеш, нагахь и телхина хилахь - дерриге дегI а талхош. Боккъалаъ, иза - дог ду» (Бухари: 52, Муслим: 1599).

589. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) новкъахь хурма карийначу пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «СагIанах хиларна ца кхерахьара, билггал, юуур ма яра аса иза» (Бухари: 2055, Муслим: 1071).

590. СамIанан кIанта Навваса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Дикалла - гIиллакхийн хазалла ю, ткъа къилахь дерг - хьан дагчохь шеко хьийзориг ду, цуьнах дерг хьуна а, нахана а хаа а ца лууш» (Муслим: 2553).

591. МаIбадан кIанта Вабисас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу веара со). Цо хаьттира (соьга): «Дикаллех (лаьцна) хатта веаний хьо?». Аса жоп делира: «ХIаъ». Цо элира: «Хьайн даге хатта (цуьнах дерг), (хIунда аьлча) дикалла - хьан сино а, даго а тешам хьоьхург ду, ткъа къилахь дерг - хьан са хьийзориг а, хьан дагчохь (шеконе ойла) керчориг а ду, наха хьоьга алахь а: «Ахьа нийса дина и»» (Ахьмад бин Хьанбал, ад-Дарамий).

592. Абу СирваI Iукъбат бин ал-Хьариса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина. Iукъбас Iазизан кIентан Абу ИхIабан йоI ялийначу хенахь, иза волучу а еана, цхьана зудчо элира цуьнга: «Боккъалаъ, накха белла ю со Iукъбанна а, цо ялийначу зудчунна а!»[1] (Цунна дуьхьал) Iукъбас элира: «Суна-м ца хаьара ахьа суна накха баийнийла, я (кхул хьалха) ахьа соьга хаийтина а дацара иза!». Цул тIаьхьа тIехиъна[2], Меднахь волу АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а вахана, цуьнга хаьттира цо (оцу хьокъехь дерг). АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп делира: «(Хьан зуда) муха хуьлу цуьнах, «Нанас якхийна хьан йиша ю» аьлла хилча?!». Цул тIаьхьа Iукъба дIакъаьстира цуьнах, ткъа иза кхечу стаге маре яхара (Бухари: 88).

593. Iелин кIанта Абу Мухьаммад ал-Хьасана (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Аса дагахь латтийна АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлларг: «Хьайна шеко туьйсург - дита, хьайн шеко йоцург - леладе. Боккъалаъ, бакъдерг - синтем бу, харцдерг - шеко ю»» (Тирмизи: 2520. Тирмизис аьлла: «Бакъ (цIена бух болуш) хьадис ду хIара»).

594. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Абу Бакар Сиддикъан (АллахI реза хуьлда цунна) цунна ясакх йохьуш цхьа лай хилла, ткъа Абу Бакара юууш хилла цо еанарг. Цхьана дийнахь йохьуш веара и лай цунна, ткъа Абу Бакара йиира иза. Цул тIаьхьа оцу лайно элира цуьнга: «И хIун яра хаьий хьуна?». Абу Бакара хаьттира: «ХIун яра и?». Цо элира: «ЖехIалаллин заманахь цхьана стагана (хиндерг хуург волучух) хиндерг дийцинера аса, со хиндерг дуьйцург воццушехь. Делахь а, иза Iехош (динера аса и). Ткъа хIинца суна дуьхьал кхетначу цо суна оцунна дуьхьал ахьа йиънарг елира». (И хезначу) Абу Бакара, шен куьг легашка а дахийтина, шен кийрахь мел дерг охьаIеттийра[3] (Бухари: 3742).

595. НафиIа дийцина: «ХаттIабан кIанта Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) юьххьехь хIижрат диначу мухIажарашна диъ эзар дирхIам хIоттийра, ткъа шен кIантана – кхо эзаррий пхи бIей хIоттийра. Цуьнга хаьттиначу хенахь: «Иза а ма вай дуьххьара хIижрат диначу мухIажарех, ткъа цуьнан (алапа) кIезиг хIунда дина ахьа?» - цо жоп делира: «Цо шен деца а, ненаца а[4] цхьаьна дина хIижрат. Цундела хIижрат ша диначуьнца нисвала йиш йолуш вац иза» (Бухари: 3912).

596. Асхьаб волучу IатIыййа бин Iурва ас-СаIдис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «(АллахIан) лай АллахIах кхийрина хиллачеран (дарже, могIаре) кхачалур вац - бохам бан (вониг хила) (тарлучух) ларваларан дуьхьа вон доцучух (и лай) юхаваллалц» (Тирмизис дийцина: 3453, цо аьлла хIара «хьасан даржехь хьадис» ду).



[1] Оцу кеппара, оцу зудчо Iукъбе (АллахI реза хуьлда цунна) дIахаийтина: цо ялийна йолу зуда цуьнан нанас якхийна йиша хилар, ткъа Исламехь оцу кепара стаг-зудий вовшахкхетар дихкина ду.

[2] Ша Iукъба (АллахI реза хуьлда цунна) Маккахь ваьхна ву.

[3] Абу Бакара (АллахI реза хуьлда цунна) ша йиънарг шен лайно хьарамчу новкъахь яьккхина лерина, хIунда аьлча Ислам-дино хьарам дина ду - пал тийсар а, хиндерг дуьйцу бохуш, хIума лелор а.

[4] Iумаран кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цаьршинна) хIижрат дина шен цхьайтта шо хан йолуш.

48-гIа дакъа

Опубликовано: 01 октября 2010

48-гIа дакъа

Дикачу нахана а, гIийлачарна а, мискачарна а новкъарло ян цамагаран хьокъехь

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«Гуьнахь доцуш муъма стегаршна а, муъма зударшна а (сийсазабарца, зенаш дарца) вас ечара - шайн ги эладиттанан (мохь) а, ган а гуш къинан мохь а буллуш бу» («ал-Ахьзаб», 58).

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«Цундела боберана гIело ма е[1]! Йоьхуш верг эккха а ма ве!» («ад-Духьа», 9-10).

ХIокху декъана догIучу хьадисех дерг аьлча, ткъа уьш дагардан дуккха а ду. Царех цхьаъ ду кхул хьалхарачу декъехь, 95-гIий, 386-гIий лоьмарш а йолуш, далийна долу Абу ХIурайрин (АллахI реза хуьлда цунна) хьадис.

Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Сайн гергарачуьнца (велийца) мостагIалла лелош волучунна - тIом дIакхайкхабо Аса!»[2]

Иштта царех ду «Боберашца кIеда-мерза хила везар дуьйцучу декъехь»[3] далийна долу СаIд бин Ваккъаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина 260-гIа лоьмар йолу хьадис а: «ХIай, Абу Бакар! Боккъалаъ, нагахь ахьа уьш оьгIаза бахийтинехь, - хIета, ахьа хьайн Дела а вахийтина-кха оьгIаза»[4]

489. Жундуб бин IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Iуьйра-ламаз деш верг - АллахIа (Шен) гIоьнна кIел лаьцна ву. Ткъа АллахIа шен гIоьнна кIел лацарна дуьхьал шуьгара доьхур долуш хIумма а дац, хIунда аьлча, боккъалаъ, нагахь Цо Шен гIоьнна кIел лацарна дуьхьал муьлххачу а цхьаьнгара хIуъа а цхьаъ дIадехахь - И тIе а кхуьур ву цунна, ткъа тIаккха юьхьа тIе жоьжагIатин цIерга а вуллур ву Цо иза» (Муслим: 657).



[1] Вуьшта аьлча: «Иза гIийла дара алий, боберан бахам шайн  дола ма берзабе».

[2] 386-гIа лоьмар йолучу хьадисе хьажа.

[3] 33-гIа лоьмар йолучу декъе хьажа, хьадисан лоьмар 260-гIа ю.

[4] 26I-гIа лоьмар йолучу хьадисе хьажа.

52-гIа дакъа

Опубликовано: 01 октября 2010

52-гIа дакъа

Догдохийлан дикаллех лаьцна

Сийлахь-Везачу АллахIа дийцина, Шен дикачу лайх цхьамма элира аьлла: «Сайн болх АллахIан кера ло аса[1]. АллахI гуш ву (Шен) лайшкара (мел дерг)» («ГIафир», 44, 45).

440. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Сийлахь-Веза, Сийлахь-Воккха волучу АллахIа аьлла: «Сайн лайца - Со хеттачу кепара хир ву Со цуьнца[2]. Цуьнца хир ву Со - цо хьахийнначу хенахь. АллахIах дуй буу аса: боккъалаъ, АллахI Шен лайно тоба дича сов воккхавевеш ма ву - гIум-аренгахь яйна йолу шен эмкал кайрийначу шух муьлххачул а! Оцу тIе, нагахь муьлхха а цхьаъ цхьа ше Суна герга гIортахь - цхьа дол герга гIур ву Со цунна. Нагахь цхьаъ цхьа гола барамехь Суна герга вагIахь - Со цунна цхьа сажа герга гIур ву. Нагахь муьлхха а цхьаъ боларехь Соьгахьа схьаволалахь - Со цунна чухьодур ву ведда» (кхузахь далийнарг оцу хьадисан масех ривайатех Муслиман «Сахьихь» жайнахь долу цхьа ривайат ду) (Бухари: 7405, Муслим: 2675).

Шина а «Сахьихьехь» даладо хIокху кепара аьлла долу ривайат: «…Со цуьнца цхьаьна хир ву - цо Со хьахийча». Шиа ривайат «сахьихь» ду.

441. Жабир бин IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, ша валале кхо де хьалха пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Цхьаьллиг цхьаъ вала ма лойла шух - Сийлахь-Веза, Сийлахь-Воккха волучу АллахIера дикане догдохуш бен» (Муслим: 2877).

442. Анаса, АллахI реза хуьлда цунна, дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла: «ХIай, Адаман кIант! Боккъалаъ, Аса гечдийр ду хьуна, ахьа хьерчийначу къинойн (дукхалле) ца хьоьжуш, - хьо соьга кхойкхуш мел ву, Соьга сатуьйсуш мел ву. ХIай, Адаман кIант! Хьан къинош (шайн дукхаллина) стигалан мархашка хьала кхачахь - тIаккха а, ахьа Соьга гечдар дехахь, Аса гечдийр ма ду хьуна. ХIай, Адаман кIант! Нагахь хьо суна дуьхьал вагIахь, ша дерриге латта дуьззина къинош а дохьуш, амма хьо Суна хьалха хIоттахь, Соьца накъост нисйина цхьа хIума а йоцуш, - Аса хьуна, билггал, гечдар лур ма ду, и дерриге къинош дIахьулден долу»» (хIара хьадис дийцина Тирмизис: 3534, цо аьлла «хьасан» даржехь хьадис ду хIара).



[1] Вуьшта аьлча: «Сайн болх а, гIуллакх а - дерриге АллахIах тешийна ву со. Оцу цхьанна тIе болх буьллуш ву со».

[2] Цуьнан чулацам иштта бу: АллахIа Шен лайна лур ду - деккъа цхьа цо Цуьнгара лардеш а, хиларе хьоьжуш а хилларг.

58-гIа дакъа

Опубликовано: 01 октября 2010

58-гIа дакъа

(Стагана ша) ехна а йоцуш, (шен агIор) цунна тIе гIиртина а воцуш (кховдийнарг, кхаьчнарг) схьаэца бакъо хиларан хьокъехь

538. Салим бин IабдуллахI бин Iумара дийцина, шен дас IабдуллахI бин Iумара дийцира, Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцира аьлла: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кест-кеста совгIат дора суна[1], ткъа аса олура: «Соьл а чIогIа цуьнга хьашт волучунна дIалохьа иза». (Амма) цо элира: «Схьаэца ахьа хIара. Нагахь хьан лаамца а доцуш, хьо (иза) йоьхуш а воцуш хIокху бахамах хьайна муьлхха а цхьа хIума кхачахь - схьа а эций, хьайн дола яккха и. Цул тIаьхьа, нагахь хьайна лаахь, – харжий яккха (яа) ахьа и, нагахь хьайна лаахь – хьашт долучарна дIало ахьа и. (КхиндIа) дерг аьлча[2] - цуьнга кхача ма гIерта!»

Салима аьлла: «(Iумаран кIант) IабдуллахI цкъа а цхьа а хIума йоьхуш вацара, я шена елла цхьа а хIума юха тухуш а вацара» (Бухари: 1473, Муслим: 1045).



[1] Кхузахь дуьйцуш долу совгIат - тIеман хIонсан дакъош ду, пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шена хетачу кепара Iуналла дан йиш йолуш хилла долу.

[2] Вуьшта аьлча: «Хьан лаам боцуш хьуна карацадогIуш дерг».

59-гIа дакъа

Опубликовано: 01 октября 2010

59-гIа дакъа

Шен къинхьегамца, болх а бина хене вала хIума яккхарна тIехьехар. Оцунна тIе а тевжина ехарах юхавалар а, лушьерг схьаэца (цагIертар) а

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«Ламаз дина даьлча - лаьтта тIехула дIаса а гIой, АллахIан къинхетам лаха…» («ал-ЖумуIа», 10).

539. Абу IабдуллахI Зубайр бин ал-Iаввама (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, шух муьлххачунна а, шен чуханаш схьа а эцна, тIаккха лаьмнашка а вахана, шен букъана тIехь[1] дечиган цIов а беана, и дIабохкар, и бахьанехь АллахIа иза (хьаштах, къоьллах) ларвен долу, - нахе йоьхучул а иза гIолехь хир ма ду цунна, цунна (цхьаъ) яла (а, иштта хIуммаъ) ца яла (а тарлуш болучу)» (Бухари: 1471).

540. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, шух муьлххачунна а (цхьаъ) яла (а, иштта хIуммаъ) ца яла (а тарлуш волучу) цхьаьнга йоьхучул а - шен букъана тIехь баьккхина дечиган цIов бар гIолехь хир ма ду!» (Бухари: 1470, Муслим: 1042).

541. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Дауд (пайхамар) (АллахIера маршо хуьлда цунна) шен куьйга къахьегна яьккхинарг бен юуш вацара»[2] (Бухари: 2379).

542. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Закари (АллахIера маршо хуьлда цунна) дечиган пхьар вара» (Муслим: 2379).

543. Ал-Микъдам бин МаIдийакриба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Цхьаммо а цкъа а шен куьйга къахьегна яьккхиначул дикаха хIума ма ца йиъна. Боккъалаъ, Дауд а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хилла шен куьйга къахьегна яьккхинарг юуш» (Бухари: 2072).



[1] «Шен мохь лелочу дийнатана тIехь» боху маьIна хила а тарлуш ду цуьнан.

[2] Цуьнан маьIна: Дауд пайхамара (АллахIера маршо хуьлда цунна) шена харж йора - шен куьйгашца деш хилла долу гIагIанаш доьхкина даьккхиначух, ша Израилан паччахь хиллашехь а.

61-гIа дакъа

Опубликовано: 01 октября 2010

61-гIа дакъа

БIаьрмецигалла а, сутаралла а йихкина хилар

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«Ва амма, бIаьрмециг а ваьлла[1], ша-шех тоам биначунна а[2], уггаре диканиг [Дела цхьаъ варан тоьшалла я ялсамани] харц диначунна а - Оха цунна байбийр бу халаха долучуьнга [воне, жожагIате] боьду некъ[3]. Хьоло кIелхьара воккухур вац иза [жоьжагIатина чу] вужучу хенахь) («ал-Лайл», 8-11).

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«Декъала хилларш бу-кха - шайн бIаьрмецигаллех ларбинарш» («ал-Хьашр», 9, «ат-ТагIабун», 16).

(ХIокху декъана догIуш долучу) хьадисех дерг аьлча, ткъа царех цхьадерш кхул а хьалхарачу декъехь далийна.

563. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Харцонах кхера - хIунда аьлча, боккъалаъ, къематдийнахь харцо (буькъа) бода хилла (дIахIуттур) ю. БIаьрмецигаллех а кхера - хIунда аьлча, боккъалаъ, бIаьрмецигалло хIаллакбина шул хьалха хилларш, цо уьш тIехьехна (вовшийн) цIийш Iенорна а, шайна хьарам динарг магорна а[4]» (Муслим: 2578).



[1] Вуьшта аьлча: «АллахIа шена делларг шена а, кхечарна а диканна хир долучу новкъа харже ца даьккхи цо, дан ма-деззара АллахIана лолла а ца ди цо».

[2] Кхечу дешнашца аьлча: «АллахIан диканашка хьаште ца лерина цо ша. Дуьненан диканийн гIоьнца чекх вер ву ша аьлла а хетта цунна».

[3] Кхечу дешнашца аьлча: «АллахIа хала дийр ду цунна массо а дика хIума дар. Массо вон дерг дан некъ а бийр бу цунна атта, эххара тIаьхьа иштта волу стаг жоьжагIате кхачон долу».

[4] 203-гIа лоьмар йолучу хьадисе а, бухахь цунна беллачу кхетаме а хьажа.

76-гIа дакъа

Опубликовано: 05 августа 2014

76-гIа дакъа

Баланаш, цатемаш лар

Сийлахь-везачу АллахIа аьлла:

(…оьгIазлонехь сатухуш берш, нахана къинтIера бовлуш берш, бакъдолуш, АллахIана диканиг дийриш дукхабеза) (Ал-Iимран: 134).

Сийлахь-везачу АллахIа аьлла:

(Нагахь цхьаъ собаре а хилахь, къинтIера а валахь,ткъа оцу гIуллакхашкахь чIогIа хадаме хилар оьшу)(аш-Шура: 43).

648. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, цхьана стага пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:«ХIай, АллахIан элча! Бакъдолуш, цхьа гергара нах бу сан, ас цаьрца гергарлонаш дIахуьттуш, ткъа цара соьца гергарло хедош; ас царна дика деш, ткъа цара суна зе деш; со цаьрца эсала, кIеда-мерза хуьлуш, ткъа цара соьца эндаже наха санна юкъаметтиг лелош.» Оцу хьокъехь пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира цуьнга: «Бакъдолуш, нагахь и  (гIуллакх) ахь ма-дуьйццу делахь, йовхачу овкъарех церан багош юзуш санна ву-кх хьо. И дечуьра хьо саццалц, АллахIан гергара гIоьнча хир ву хьоьца царна дуьхьал». (Муслим: 2558).

78-гIа дакъа (риядус-салихьийн)

Опубликовано: 24 декабря 2014

78-гIа дакъа

lедалехь болчаьрга, шайн lедал кlел долчу халкъаца кlеда мерза хила, дика хила, царех дог лозуш хила аьлла, дина омра дуьйцу дакъа а; ткъа иштта уьш lехор, цаьрца тlех буьрса хилар, царна маслаlате дерг тергам боцуш дитар, цаьрца а, иштта церан хьашташца а бала боцуш хилар дихкина хилар дуьйцу дакъа а

 Сийлахь-везачу АллахIа аьлла:

(КIеда хила хьайна тIаьхьахIиттина болчу муъминашца) (аш-ШуIараъ: 215).

Сийлахь-везачу Аллах1а аьлла:

(Боккъала а, АллахIа омра до (шуьга) нийсо лелорца а, дика гIуллакхаш дарца а, гергарчарна дакъа дарца а. Цо доьхку шуна боьха гIуллакхаш а, дийцаме хIуманаш а, къилахь мел дерг а. Хьехам бо Цо шуна - (шайна бина хьехам) дIалаца тарлора-кха аша) (ан-Нахь: 90).

653. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «Шух хIора а Iу ву, шух хIора а шен Iуналлех жоп дала дезаш а ву: урхалча -иза Iу ву, шен Iуналлех жоьпаллехь а ву; стаг - иза шен доьзалехь Iу ву, шен Iуналлех жоьпаллехь а ву; зуда - иза шен майрачун хIусамехь Iу ю, шен Iуналлех жоьпаллехь а ю;лай - иза шен элан бахаман Iу ву, шен Iуналлех жоьпаллехь а ву. (Иштта) шух хIора а Iу ву, (шух хIора а) шен Iуналлех жоьпаллехь а ву» (Бухари: 893, Муслим: 1829).

654. Абу ЙаIла МаIкъил бин Йасара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан  элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «АллахIа,цхьа а шеко йоцуш, Ялсамане хьарам йийр ю муьлххачу а урхалчана,  нахана тIехь урхалла а лелийна, уьш лебеш велла волчу». Бухари: 7150, Муслим: 142.

Оцу хьадисан, Бухарис далочу цхьана ривайатехь дийцина: пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)элира аьлла:«…нагахь иза массо а хIуман тIехь церан даггара терго еш ца хилахь, цунна ялсаманин хьожа а йог1ур яц.»

Оцу хьадисан, Муслима далочу цхьана  ривайатехь дийцина:          пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Муьлхха а урхалча, бусулба нехан гIуллакхаш лелош,царна тIехь урхалла деш волу,нагахь цо боллучу ницкъаца (царна маслаIате долчун тIехь) къа а ца хьеггехь, (цу кеппара, нагахь и) даггара царах доглозуш а ца хиллехь, иза цаьрца Ялсамане гIур вац».

655. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) сайн кхерчахь хIара (дешнаш) олуш хезна суна: «Я, АллахI! Буьрса хила Хьо, сан уммат тIехь муьлхха а цхьана Iедалехь а лаьттина, цаьрца буьрса хиллачуьнца. (Я, АллахI!) дика хила Хьо, сан уммат тIехь муьлхха а цхьана Iедалехь  а лаьттина, цаьрца дика хиллачуьнца». (Муслим: 1828).

656. Абу Хiурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «(Цкъа хьалха) израилхошна тIехь куьйгалла деш пайхамараш хилла, цхьа пайхамар д1а мосузза кхелхи,цуьнан меттиг кхечу пайхамара д1а а лоцуш. (Ткъа соьх дерг аьлча) боккъала а, сол тIаьхьа кхин пайхамар хир волуш вац, амма дуккха а халифаш хир бу сол тIаьхьа». (Наха) хаьттина: «Ткъа, хIун дарца ( я стенна тIехь) омра до ахь тхоьга?» Пайхамара   (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Хьалх-хьалхарчунна (хьалх-хьалхарчухалифана) динчу  байIатна тешаме хила (шу), церан хьаккъаш ларде (аш), шайна догIург(я оьшург) АллахIе а деха.Ткъа уьш (халифаш) АллахIа жоп деханза буьтур болуш бац, Ша царех тешийначух». (Бухари: 3455, Муслим: 1842).

657. (Цкъа) Iаиз бин Iамра, IубайдуллахI бин Зийад волчу а веана, цуьнга аьлла: «Бакъдолуш, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна ву со: «Уггаре вон Iуй –уьш къизанаш бу. Варе, ларлолахь хьуо царех хиларх.» (Муслим: 1830).

658. Цкъа Абу-Маръям ал-Аздис (АллахI реза хуьлда цунна) МуIавега (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена: «Нагахь АллахIа шен кара бусалба нахана тIехь муьлхха а тайпа  хьаькамалла дар деллачо,церан хьаштийн а, царна оьшучун а, цаьргахь йолчу къоьллин а терго ца еш, (царех дIакъаьстина)тесна битахь,къемат дийнахь АллахI а къаьстар ву цунах дIа, (цхьа а терго йоцуш,) цуьнан хьаштийн а, цунна оьшучун а, цуьнгарчу къоьллин а». (Абу Давуда: 2948, ат-Тирмизис:1332).

82-гIа дакъа

Опубликовано: 23 марта 2010

82-гIа дакъа

Урхалча а, къеда а, иштта кхинболу Iедал карахьдерш а шайна дика гIоьнча (вазир)[1] харжарна тIехьехар а, вочу накъостех а,  церан хьехамех а уьш ларбар а

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«Оцу [къематан] дийнахь вовшийн мостагIий хир бу - (дуьненчохь болуш) юххера доттагIий (хилларш), Делах кхийрина хилла боцурш» («аз-Зухруф», 67).

678. Абу СаIийд ал-Худрис а, Абу ХIурайрас а (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIа (нахе) цхьа а пайхамар ваийтина ма вац, цо шел тIаьхьа цхьа а сардал (халиф) витина а ма вац - (оцу сардална) гергаоьзна шина тайпана гIоьнчий хуьлуш бен: (царех цхьаберш) цуьнга диканиг дайта гIерташ а, иза оцу тIе хьоьхуш а, (важаберш) - цуьнга вониг дайта гIерташ а, иза оцу тIе хьоьхуш а. Ткъа (гIалат ца волуш) ларвелларг (маIсум)[2] - АллахIа ларвинарг хир ву» (Бухари: 7198).

679. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIана куьйгалхочунна (амирана) диканиг лиъча, Цо цунна бакъ луьйн вазир (гIоьнча) ло: нагахь иза вицвеллехь - цунна дага а доуьйтуш, нагахь иза дагадогIуш велахь - цунна гIо а деш волу. (АллахIа), Шена цунна и доцур кхиниг лиъча, цунна вон вазир ло: нагахь иза вицвеллехь - цунна дага а ца доуьйтуш, нагахь иза дагадогIуш велахь - цунна гIо а ца деш волу» (хIара хьадис Муслиман бехкамашца йогIучу «жаййид» даржехь йолучу иснадаца Абу Дауда далийна: 2932).



[1] «вазир» - министар, хьехамча ву.

[2] «маIсум» - къинойх цIенаверг, АллахIа къинойх ларвинарг ву.

Еще статьи...

  • 84-гlа сурат «ал-иншикъакъ»
  • 86-гIа сурат «ат-тIарикъ»
  • 87-гIа сурат «ал-аIла»
  • 92-гIа дакъа
  • 97-гIа дакъа
  • 100-гIа дакъа
  • 101-гIа дакъа
  • 102-гIа дакъа
  • 103-гIа дакъа
  • 104-гIа дакъа
  • 105-гIа дакъа
  • 106-гIа дакъа
  • 107-гIа дакъа
  • 108-гIа дакъа
  • 110-гIа дакъа
  • 113-гIа дакъа
  • 114-гIа дакъа
  • 115-гIа дакъа
  • 120-гIа дакъа
  • 121-гIа дакъа
  • 1
  • 2
  • 3
  • 4
  • ...
  • 6
  • 7
  • 8
  • 9
  • 10

Страница 3 из 19

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft