• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

139-гIа дакъа

Опубликовано: 26 июля 2010

139-гIа дакъа

Гуламера хьала а гIаьттина, шен къамелхойх я къамелхочух а къаьстина дIавоьдучо салам далар суннат хилар

869. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух муьлхха а цхьаъ гуламе веъча - (гуламехь болучаьрга) салам лойла цо, шена цигара дIаваха лиъча - (тIаккха а) салам лойла цо цаьрга, хIунда аьлча шолгIаниг хьалхарачул а кIезиг хьакъ хилла дац» (хIара хьадис дийцина Абу Давуда а: 5208, Тирмизис а: 2707, тIаьххьарчо аьлла «хьасан» даржехь хьадис ду хIара).

141-гIа дакъа

Опубликовано: 26 июля 2010

141-гIа дакъа

ХIокху декъехь кхетадо: нагахь чуван бакъо йоьхуш волучуьнга хаттахь: «Мила ву хьо?» - суннатехь догIуш ма хиллара цо жоп дала дезаш хилар: «Хьенех ву» аьлла, яьккхича (нахана) ша вевзаш йолу шен цIе а йоккхуш, я кунья а олуш, иштта деккъа цхьа «Со ву» алар а, цуьнах тера дерг алар а дика цахилар

874. Исраъ буьйсанах[1] лаьцна долучу гIарадаьллачу хьадисехь Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ТIаккха цо со лахарачу (дуьненан) стигала кхаччалц хьалаваьккхира. Ткъа цо (цуьнан неIарш) схьаеллар дехча, (цуьнга) хаьттира: «Мила ву?». Цо жоп делира: «Жабраил». (Цуьнга) хаьттира: «Ткъа хьоьца верг мила ву?». Цо жоп делира: «Мухьаммад». Цул тIаьхьа цо со шолгIачу а, кхоалгIачу а, йоьалгIачу а, кхинйолучу а стигаланашка  кхаччалц хьалаваьккхира. ХIора стигалан неIаршкахь (цуьнга) хоттура: «Мила ву?». Ткъа цо жоп лора: «Жабраил»» (Бухари: 3887, Муслим: 162).

875. Абу Заррас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа цхьана буса (цIера) араваьллера со. Лапъаьлла ша цхьаъ (цхьанхьа) воьдуш волу АллахIан элча а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гина, цунна тIаьхьаволавелира со, беттан (серлонах дIа а лечкъаш. (Лапъаьлла) вухахьаьжначу цунна, со ган а гина, цо хаьттира: «Мила ву иза?». Ткъа аса жоп делира: «Абу Зарр»»[2] (Бухари: 6443, Муслим: 94).

876. Умму ХIаниа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волуча еара со, иза луьйчуш волучу хенахь, (дуьхьал хIума а лаьцна) иза дIахьулвина лаьтташ ПетIамат а йолуш. Цо хаьттира: «Мила ю и (зуда)?». Аса жоп делира: «Со  Умму ХIаниъ ю»» (Бухари: 280, Муслим: 336).

877. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а веана, неI туьйхира аса. Цо хаьттира: «Мила ву иза?». Аса жоп делира: «Со». Юх-юха а олуш, баха хIоьттира: «Со, со!» - (суна цунна сайн жоп) цадезаделча санна (а хеталуш). (Бухари: 6250, Муслим: 2155). 



[1] Исраъ буьйса - Мухьаммад пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Маккара ал-Къудсе (Иерусалиме) вигиначу буьйсанах олуш ду.

[2] Абу Зарр (АллахI реза хуьлда цунна) пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIаьхьавахана - цунна цхьаъ хиларна кхоьруш. ДIаличкъина иза – пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша цхьаъ вуьссийла лаьий гуш хилар бахьана долуш.

142-гIа дакъа

Опубликовано: 26 июля 2010

142-гIа дакъа

Хьоршам тоьхначунна дика лаар дешнаш алар (ташмит) суннат хилар - нагахь цо Сийлахь-Везачу АллахIана хастам бинехь. Нагахь цо Сийлахь-Везачу АллахIана хастам ца бахь - и (дешнаш алар) дика цахилар. Иштта дика лаар дешнаш аларан а, хьоршам тохаран а, бага гIетторан а гIиллакхаш кхетор

878. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, АллахIана дукха деза хьоршам тохар, бага гIеттор ца деза[1]. Нагахь шух муьлххачу а цхьамма хьоршам а тоьхна, Сийлахь-Везачу АллахIана хастам бахь, - и хезначу хIора бусалбанна тIехь хьакъ ду (хьоршам тоьхначуьнга) алар: «АллахIа къинхетам бойла хьоьх!» («ЙархьамукаллахI!»). Бага гIетторах дерг аьлча - ткъа иза, боккъалаъ, шайтIанера ду. Нагахь шух муьлххачу а цхьаьннан бага гIаттон лаам хилахь - шен ницкъ мел кхочу (бага гIиттор) эшон (гIоьртийла) иза, хIунда аьлча шух муьлххачу а цхьамма бага гIаттийча[2] шайтIа доьлу цуьнах» (Бухари: 6223). 

879. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь шух муьлххачу а цхьамма хьоршам тохахь, цо олийла: «Хастам бу АллахIана!» («Алхьамду лиллахI!»). Цуьнан вашас (я цуьнан накъосто) эра ду цуьнга: «АллахIа къинхетам бойла хьоьх!» («ЙархьамукаллахI!»). Ткъа цо цуьнга аьлча: «АллахIа къинхетам бойла хьоьх!» - (оцунна дуьхьал хьоршам тоьхначо) олийла цуьнга: «АллахIа нийсачу новкъа нисдойла шу, хьал а тодойла Цо шун!» («ЙахIдикумуллахIу ва йуслихь балукум!») (Бухари: 6224).

880. Абу Мусас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Нагахь шух муьлххачу а цхьамма хьоршам тоьхча, Сийлахь-Везачу АллахIана хастам а бахь - АллахIе доIа дойла аша цунна[3]. Нагахь цо АллахIана хастам ца бахь - ма дойла аша цунна (доIа)» (Муслим: 2992).

881. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучохь шина стага хьоршам туьйхира. Цаьршиннах цхьаьнга элира цо: «АллахIа къинхетам бойла хьоьх!» («ЙархьамукаллахI!»), ткъа вукхуьнга ца элира цо иза. Шега и ца аьллачо хаьттира: «Хьенеха хьоршам тоьхча (хIунда) эли ахьа: «АллахIа къинхетам бойла хьоьх!», ткъа аса хьоршам тоьхча, соьга хIунда ца эли ахьа и?». (Цунна дуьхьал пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) аьлла: «Оцо АллахIана хастам бира, ткъа ахьа АллахIана хастам ца бира»» (Бухари: 6225, Муслим: 299I).

882. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), ша хьоршам тухучу хенахь, дуьхьал куьг я бедар лоцура, цуьнца шен аз лахдеш» (хIара хьадис дийцина Абу Дауда а: 5029, Тирмизис а: 2746, тIаьххьарчо аьлла «хьасан, сахьихь» даржехь хьадаис ду хIара).

883. Абу Мусас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Жуьгташа кест-кеста  моттуьйтура АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучохь шаьш хьоршамаш етташ ду, цо шайга аларе сатуьйсуш: «АллахIа къинхетам бойла шух!». Ва амма (цо цаьрга хIара дешнаш бен ца) олура: «АллахIа нийсачу новкъа нисдойла шу, хьал а тодойла Цо шун»» (хIара хьадис дийцина Абу Дауда а: 5038, Тирмизис а: 2740, тIаьххьарчо аьлла «хьасан, сахьихь» даржехь хьадис ду хIара).

884. Абу СаIид ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Нагахь шайх цхьаьннан бага гIетто (лаам хилахь) - шен куьйга бага дIакъовла, (хIунда аьлча и ца дахь) билггал, шайтIа чудер ду цига» (Муслим: 2995).



[1] ХIунда аьлча бага гIеттор - дукхачу хьолехь хIума тIех яар а, варстар сов далар а бахьанехь ду.

[2] Вуьшта аьлча: куьйга бага дIа а ца къовлуш, бага гIаттийча.

[3] Кхечу дешнашца аьлча, ала: «АллахIа къинхетам бойла хьоьх!» («ЙархьамукаллахI!»).

143-гIа дакъа

Опубликовано: 09 июня 2010

143-гIа дакъа

Вовшахкхетча, вовшашка куьйгаш далар суннат хилар, иштта юьхь екхаелла хилар а, дикачу стеган куьйгах барт баккхар а, (дезарна а,) къахетарна а шен берана барт баккхар а, цIавоьрзуш волучу некъахочунна мараэккхар а, амма корта таIор дика цахилар

885. Абу ал-ХаттIаба КъатIадата дийцина: «(Цкъа) аса Анасе (АллахI реза хуьлда цунна) хаьттира: «АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) асхьабаша (салам лучу хенахь) вовшийн куьйгаш лоцурий?». Цо жоп делира: «ХIаъ»» (Бухари: 6263).

886. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Тхо долучу) йеменхой баьхкиначу хенахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Йеменхой баьхкина шуна, вовшашка дуьххьара куьйгаш делларш бу уьш»» (Абу Дауд: 5213, иснад «сахьихь» йолуш хьадис ду хIара).

887. Ал-Барра а (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АлахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шина бусалба стага, вовшах а кхетта, вовшийн куьйгаш лаьцча, - церан къиношна, билггал, гечдеш ду, уьш вовшах а къастале хьалха» (Абу Дауд: 5212).

888. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цхьана стага хаьттира: «ХIай, АллахIан элча, тхоьх цхьа а охьатеIа везаш вуй шен вешина я доттагIчунна дуьхьал кхетча?». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) жоп делира: «ХIан-хIа». (Оцу стага) хаьттира: «Цунна мараэккха а, цунна барт баккха а оьший?». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) жоп делира: «ХIан-хIа». Оцу стага юха а хаьттира: «Ткъа цуьнан куьг лацар?». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) жоп делира: «ХIаъ» (Тирмизи: 2729, цо аьлла хIара «хьасан» даржехь хьадис ду).

889. Сафван бин Iассала (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «(Мухха а цкъа) цхьана жуьгтичо аьлла шен накъосте: «И пайхамар волучу вахийтахь вайша». Цул тIаьхьа шеа АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а веана, исс бIаьрла билгалонех лаьцна хаьттира цаьршимма».

890. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) цхьа хьадис дуьйцучу юккъехь  аьлла: «Тхо пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIедахара, цуьнан куьйгана барт а баьккхира оха» (Абу Дауд: 5223).

891. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) Зайд бин Хьарис Мединате вухавирзира. АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) сан хIусамехь а волуш, цо неI туьйхира. Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (неIарехьа сихвелира), шена тIехьа шен бедар а текхош, цунна мара а кхийтира иза, цунна барт а баьккхира цо» (Тирмизи: 2733, цо аьлла хIара «хьасан» даржехь хьадис ду).

892. Абу Заррас (АллахI реза хуьлда цуна) дийцина, (цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шега элира аьлла: «ХIуъа хилча а (ШарIо) магош долу цхьа а (дика) хIума тидамаза ма дуьтийла ахьа - хьайн вешина тIекеречу (елакъежначу) юьхьаца дуьхьалкхетар и делахь а» (Муслим: 2626).

893. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Хьасибан кIант АкъраI волучохь Iелин кIантана Хьасанна (АллахI реза хуьлда цаьршинна) барт баьккхича, АкъраIа аьлла: «Боккъалаъ, итт кIант ву сан, амма аса (цкъа а) царех цхьанненна а барт баьккхина бац!». ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Ша (кхечаьрца) къинхетаме воцучух къинхетам бийр болуш бац»» (Бухари: 5997, Муслим: 2319).

146-гIа дакъа

Опубликовано: 11 июня 2010

146-гIа дакъа

Цомгашчуьнан доьзале цуьнгара хьал муха ду хаттар суннат хилар

910. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Шех велла йолучу цамгарехь волу АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучуьра Iела (АллахI реза хуьлда цунна) араваьллачу хенахь наха хаьттира: «ХIай, Абу Хьасан[1], АллахIан элчанехь (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) муха хьал ду хIокху Iуьйранна?». (Оцунна) жоп делира цо: «Хастам бу АллахIана, тахана Iуьйранна товелла вогIу иза»[2] (Бухари: 2266).



[1] Абу Хьасан (Хьасанан да) - Абу ТIалибан кIантана Iелина (АллахI реза хуьлда цунна) тиллина цIе ю и (кунйат).

[2] Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) оцу кепара жоп делла хилла тарло, пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) могашаллин хьал толуш хилар гойтуш йолучу цхьацца билгалонашца куьйгалла а дина.

147-гIа дакъа

Опубликовано: 11 июня 2010

147-гIа дакъа

Дийна виса сатуьйсийла яйначо ала дезарг

911. Iайшата (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), сайна тIетевжина а волуш, олуш хезна суна: «Я, АллахI, гечдехьа суна, къинхетам бехьа сох, лакхарачу накъостех (юкъараллех) дIа а тохахьа со!» («АллахIуммагIфирли, вархьамни, ва алхьикъни биррафикъил аIла!»)[1] (Бухари: 5674, Муслим: 2444).

912. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Валарчу вирзина АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гира суна, уллохь хи чохь кад а болуш, шен куьг оцу кеда а дохуьйтий, тIаккха (и тIеда куьг) шен юьхьа тIе а хьокхуш. Циггахь олура цо: «Я, АллахI, валаран хало (Iовша) а, леш ийзош долу синош (лан) а гIо де Ахьа суна!» («АллахIумма аIинни Iала гIамаратил мовти ва сакаратил мовти!») (Тирмизи: 978).



[1] Кхузахь «аррафикъул аIла» бохучух лууш дерг - я АллахIана уллохь хилар ду, хIунда аьлча Цуьнан цIерех цхьаъ ю Рафикъ, я Далла герга долу малекаш, пайхамараш, шахIидаш, дика нах а бу. Юсупа (Делера маршо хуьлда цунна) ма-аллара: «Дикачу нахах дIатоха Ахьа со».

148-гIа дакъа

Опубликовано: 11 июня 2010

148-гIа дакъа

Цомгашчуьнан доьзале а, цуьнан гIуллакхе а хьожуш волучуьнга - цуьнца дика а хила, цуьнгара хуьлуш йолу халонаш собарца лан а ла аьлла, весет дар суннат хиларан хьокъехь, иштта диначу зуламна вен кхиэл кхайкхийначуьнан а, чIирана вен кхачийначуьнан а, муьлхха а кхечу бахьанина бала герга болучу (нехан гергарачаьрга) весет даран хьокъехь а

913. Iимран бин ал-Хьусайна (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Мухха а цкъа жухIайна (тайпанах) цхьа зуда еара АллахIан элчанна тIе (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), нахаца лелла берах а йолуш. Цо элира (цуьнга): «ХIай, АллахIан элча, таIзар дан догIуш дерг дина аса[1], ткъа (и таIзар) дехьа суна!»[2] ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), цуьнан верас ша волучу схьа а кхайкхина, (цуьнга) элира: «Дика хила цуьнца[3], ткъа бер дина яьлча, суна тIе схьаялае иза». (Оцу стага, шега ма-аллара) кхочушдира шена тIедилинарг. (Бер диначул тIаьхьа иза а ялош пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу схьавеъча), пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дан догIу буьйр дира[4]. Цуьнан духар цунна тIехь чIоггIа тIе а къевлина[5], тIаккха (элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) омрица тIулгаш туьйхира цунна. Цул тIаьхьа докъан ламаз дира цо цунна»[6] (Муслим: 1696).



[1] Сийлахьчу КъурIанехь омрица билгалдаьккхина таIзар догIуш долу зулам дина ша бохург ду оцу зудчо аьлларг.

[2] Иштта долу дехар хIокху кепара кхетош ду: шен къинойх цIанъяла а, таIзар такха а сацам бина цо хIокху дуьненахь, чаккхе йоцуш долучу эхарта а ца тоьттуш.

[3] Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) иштта омра дина: оцу зудчуьнан шегара даьллачу къинна дохкояларан сий деш, дика мах хадош. Iалаш а йина цо иза цуьнан гергарачийн оьгIазлонах а, цара цуьнца лелон тарлучу дерачу юкъаметтигах а.

[4] «ТIулгаш тоьхна ен йина йолу кхиэл кхочушъян кечъе иза» аьлла, буьйр дира  цо бохург ду и.

[5] Вуьшта аьлча: цуьнан духаран юьхьигаш чIоггIа дIайихкира, юьйчу хенахь схьа ца еллаялийта уьш.

[6] ХIара хьадис 22 лоьмар йолучу хьадисан цхьа дакъа ду.

149-гIа дакъа

Опубликовано: 26 июля 2010

149-гIа дакъа

Цомгашчунна ала мегаш хилар: «Со лазаво!», я «Со чIогIа лазаво!», я «Сан дегI дика дац!», я «АхI, сан корта!», иштта царех тера долу (дешнаш) а. Цуьнан кхетам иштта луш бу:  цуьнгахь (иштта аларехь) цхьа а ца магош хIума дац - нагахь и дешнаш эргIадвахана олуш а, собарх воьхна олуш а ца хилчахьана

914. (IабдуллахI) ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу чуваханера со, (чIогIа хорша еана) бала хьоьгуш иза а волуш. Цуьнах сайн куьг а тоьхна, аса элира: «ХIай, АллахIан элча! Ма чIогIа дегI дика доцуш (хорша йолуш) ву-кха хьо!». Цо элира: «ХIаъ, боккъалаъ, (цхьана хеннахь) шух шиъ санна цомгаш хуьлу со» (Бухари: 5647, Муслим: 2751).

915. СаIд бин Абу Ваккъаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Со цамгар чIогIа чIагIъелла, вочу хьолехь волуш, АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) веара со волучу хьажа-хIотта. Аса элира: «Боккъалаъ, хьуна ма-гарра, цамгар генаяьлла сан! Ткъа со хьал долуш (стаг) ву, цхьа йоI йоцург кхин цхьа а верас а вац сан…». КхиндIа (СаIда (АллахI реза хуьлда цунна)) чекхдаллалц дийцира хIара хьадис (Бухари: 5668, Муслим: 1628).

916. Ал-Къасим бин Мухьаммада дийцина: «(Цкъа корта лозуш хиллачу) Iайшате (АллахI реза хуьлда цунна) мохь белира: «АхI, сан корта!». Ткъа пайхамарах (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дерг аьлча, цо элира: «ХIан-хIа, аса эра ду иза: «АхI, сан корта!»». Цул тIаьхьа (ал-Къасима) чекхдаллалц дийцира хIара хьадис (Бухари: 5666).

150-гIа дакъа

Опубликовано: 11 июня 2010

150-гIа дакъа

Леш волучунна «Кхин дела вац, АллахI воцург» («Ла илахIа иллаллахI») ала дезар дагадаийтар

917. МуIаза (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шен тIаьххьара дешнаш «Кхин дела вац, АллахI воцург» («Ла илахIа иллаллахI») хилла (волу стаг) ялсамане гIур ву» (Абу Дауд: 3116, Хьаким: 1/351, цо аьлла «сахьихь» иснад йолуш хьадис ду хIара).

918. Абу СаIид ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шайн леш болучарна дагадаийта «Кхин дела вац, АллахI воцург» («Ла илахIа иллаллахI») (дешнаш) алар» (Муслим: 916).

151-гIа дакъа

Опубликовано: 11 июня 2010

151-гIа дакъа

Веллачуьнан бIаьргаш дIакъевлиначул тIаьхьа ала дезарг

919. Умму Салама (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), ша Абу Саламан бIаьрахьажар дIадайначу хенахь иза волучу чуваьлча, цуьнан бIаьргаш дIа а къевлина, тIаккха элира цо: «Боккъалаъ, са эцначу хенахь бIаьрахьажар тIаьхьадоьду цунна». (И аьлча, веллачуьнан) гергаранаш чIогIа белха хIиттира, ткъа (пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) элира: «Диканиг бен ма дехалаш шайна, хIунда аьлча шун хIора дошана тIаьхьа малекаша «Амин» ду шуна олуш». Цул тIаьхьа элира цо: «Я, АллахI, Абу Саламна гечдехьа! Нийсачу новкъа леллачарна юккъехь дарж а айдехьа цуьнан! Цунна тIаьхьа буьсуш болучарна тIаьхье[1] а хила Хьо! Тхуна а, цунна а гечде Ахьа, хIай, Iаламийн Дела! Цуьнан каш паргIат а де Ахьа цунна, серла а даккха Ахьа и!» (Муслим: 920).



[1] Вуьшта аьлча: «Цуьнан доьзалан гIайгIаярехь цуьнан метта хила Хьо».

Еще статьи...

  • 154-гIа дакъа
  • 155-гIа дакъа
  • 156-гIа дакъа
  • 157-гIа дакъа
  • 158-гIа дакъа
  • 159-гIа дакъа
  • 160-гIа дакъа
  • 161-гIа дакъа
  • 162-гIа дакъа
  • 164-гIа дакъа
  • 165-гIа дакъа
  • 166-гIа дакъа
  • 167-гIа дакъа
  • 172-гIа дакъа
  • 173-гIа дакъа
  • 174-гIа дакъа
  • 175-гIа дакъа
  • 176-гIа дакъа
  • 177-гIа дакъа
  • 178-гIа дакъа
  • 2
  • 3
  • 4
  • ...
  • 6
  • 7
  • 8
  • 9
  • ...
  • 11

Страница 7 из 19

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2021, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft