• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

200-гIа дакъа

Опубликовано: 12 марта 2011

200-гIа дакъа

Малхбузан парз-ламазал хьалха тIедеш долу суннат-ламазаш

1119. Iалий ибн Абу ТIалиба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Малхбузан ламазал хьалха пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цуна) гуттар а (тIедеш долу) диъ ракаIат (суннат-ламаз) дора, (АллахIа Шена) гергаоьзначу малекашка а, царна тIаьхьабогIучу бусалбанашка а, муъманашка а салам даларца[1], уьш вовшех а къастош» (ХIара хьадис ат-Тимизис далийна: 429. Цо аьлла «хьасан» даржехь хьадис ду хIара).

1120. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, (цкъа) Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIа къинхетам бойла-кх - малхбузан ламазал хьалхара диъ ракаIат (суннат) ламаз деш волучу стагах!» (Абу Давуд: 1271, Тирмизи: 430. Цо аьлла хIара дарж «хьасан» долуш хьадис ду).

1121. Iалий ибн Абу ТIалиба (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) малхбузан парз-ламазал хьалха гуттар а ши ракIат (суннат) ламаз дора» (хIара хьадис бакъ йолучу зIенаца Абу Дауда далийна: 1272).



[1] Вуьшта аьлча: хьалхара ши ракаIат диначул тIаьхьа, «Ассаламу Iалайкум варахьматуллахI» («АллахIера маьршо а, къинхетам а хуьлда шуна») олуш.

202-гIа дакъа

Опубликовано: 23 мая 2010

202-гIа дакъа

Парз пхьуьйра-ламазана тIаьхьа а, хьалха а тIедеш долу суннат-ламазаш

ХIокху декъана догIуш хIинцале а дийцина ибн Iумаран хьадис ду. (Оцу хьадисехь, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршщо а хуьлда цунна) элира аьлла, дийцина): «Пайхамарца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьаьна пхьуьйра-ламазана тIаьхьа ши ракаIат (ламаз) дар нисделира сан[1]».

Иштта IабдуллахI бин МугIаффалан хьадис а ду. (Оцу хьадисехь дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршщо а хуьлда цунна), элира аьлла): «ХIора шина моллалла кхайкхарна юккъехь ламаз ду[2]» (Бухари: 627, Муслим: 729).



[1] 1098 лоьмар йолучу хьадисе хьажа. 

[2] 1099 лоьмар йолучу хьадисе хьажа.

203-гIа дакъа

Опубликовано: 22 апреля 2010

203-гIа дакъа

Рузбанан ламазал хьалха а, тIаьхьа а деш долу суннат-ламазаш

ХIокху декъан хьокъехь долу хьадис хIинцале а далийна (лоьмар 1098 йолуш). (Оцу хьадисехь) ибн Iумара (элира аьлла, дийцина): «Пайхамарца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьаьна рузбанан ламаз диначул тIаьхьа ши ракаIат (суннат-ламаз дар) нисделира сан» (Бухари, Муслим).

1126. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух муьлххачу а цхьамма рузбанан ламаз дича - цунна тIаьхьара диъ ракаIат (суннат-ламаз) дойла» (Муслим: 881).

1127. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) рузбанан ламаз диначул тIаьхьа (маьждигехь) ламаз ца дора - дIа а воьдий, шен цIахь ши ракаIат (суннат) ламаз дора цо» (Муслим: 882).

206-гIа дакъа

Опубликовано: 23 мая 2010

206-гIа дакъа

Зуьхьа-ламазан дозалла а, цуьнан уггаре кIезиг а, уггаре дукха а, юккъера а барам кхетор а, хаддаза и дар дагаийтар а

1139. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Сан доттагIчо (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) весет дина соьга - хIора баттах кхаа дийнахь марха кхабарца, ши ракаIат зуьхьа-ламаз дарца, со дIавижале хьалха витар-ламаз дарца» (Бухари: 1178, Муслим: 721).

1140. Абу Заррас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «(ХIора дийнахь а) Iуьйре хиларца шух хIора а сагIа дала дезаш ву - (шен дегIана тIехь) хуттаргаш йоллучул. ХIора «субхьаналлахI» дош алар - сагIа ду,  хIора «алхьамду лиллахI» дош алар - сагIа ду, хIора «лаилахIа иллаллахI» дош алар - сагIа ду, хIора «АллахIу Акбар» дош алар - сагIа ду, диканна тIехьоьгIуш омра дар - сагIа ду, вочух сацор - сагIа ду. Амма оцу дерригенан а метта хIуттуш ду Iуьйренан ши ракаIат ламаз» (Муслим: 720).

1141. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Гуттара АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) диъ ракаIат зуьхьа-ламаз дора, АллахIана лиъначул царна тIе (кхин) сов а дохура (ракаIаташ)» (Муслим: 720).

1142. Умм ХIаниъ Фахитат бинт Абу ТIалиба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) Макка йоккхучу шарахь АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу яханера со, ткъа иза луьйчуш (хилла) карийра суна. Ша лийчина ваьлча, бархI ракIат ламаз дира цо, иза – Iуьйранан (зуьхьа) дара» (Бухари: 116, Муслим: 1497. Кхузахь яцйиначу кепехь далийнарг Муслиман ривайат ду).

212-гIа дакъа

Опубликовано: 11 июля 2010

212-гIа дакъа

Буса дечу ламазан дозалла

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«Буьйсанах цхьа дакъа тIедечу ламазна хьажаде - хьайн Деле хьо хастамечу меттиге кхачавайтаран дуьхьа» («ал-Исраъ», 79).

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«Шайн агIонаш (буьйшучу) меттанех къестайо цара» («ас-Саждат», 16).

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«Буса кIеззиг бен наб ца йора цара…» («аз-Зарият», 17).

1160. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гуттар бус-буса (сел деха) ламазаш дора, цуьнан ши ког (берриге) этIа а этIаш бузуш. Мухха а (цкъа) аса хаьттира цуьнга: «И хIунда до ахьа, хIай АллахIан элча, хIунда аьлча хIинцале а гечдина ма дай хьуна  дIадаханачуй, хиндолучуй (дерриге) къиношна?». (Оцу хьокъехь) цо жоп делира: «Баркалле (шукаре) лай хила ца вогIу со?!» (Бухари: 4847, Муслим: 2820. Цаьршиммо дийцина чулацам цхьатера болу хьадис, МугIира бин ШурёIас дийцина долу).  

1161. Iелас (АллахI реза хуьлда цуна) дийцина. Цкъа цхьана буса пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), иза волучу а, ПетIамат йолучу а веана, хаьттира: «Ламаз ца до ашшима?» (Бухари: 1127, Муслим: 775).

1162. Салим бин IабдуллахI бин Iумар бин ал-ХаттIаба (АллахI реза хуьлда царна) дийцина, (цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Мел дика стаг ву-кха IабдуллахI[1]. Ма дика хир дар-кха иза бус-буса ламаз деш велахьара». Салима аьлла: «Оцул тIаьхьа IабдуллахI кIеззиг бен наб еш вацара буса» (Бухари: 3739, Муслим: 2479).

1163. IабдуллахI бин Iамр бин ал-Iаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, (цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (шега) элира аьлла: «ХIай, IабдуллахI! Хьенехах тера ма хилалахь, (хьалха) гуттар бус-буса ламазаш дан гIуьттуш хила волучу, ткъа цул тIаьхьа ламазашна гIаттар дитина хилла волучу» (Бухари: 1152, Муслим: 1159).

1164. Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа), пайхамар а волуш (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), цхьамма цхьа стаг вийцира: «Iуьйре хиллалц вижина Iиллина волу[2]». (И хезначу пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) элира: «ШайтIано шен лергашна чу (я лергана чу) хьатIкъа тоьхна стаг ву иза» (Бухари: 1144, Муслим: 774).

1165. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух муьлхха а цхьаъ дIавижича, цуьнан кIесаркIаг тIехь кхо шад бо шайтIано, царех хIоранна тIе тохар а деш[3], (ала а олуш): «Ехха ю хьуна хьан буьйса, наб е ахьа!». Ткъа нагахь (стага) сама а ваьлла, Сийлахь-Веза АллахI хьахавахь - цхьа шад схьабасталур бу, нагахь цо ламаз эцахь - (шоллагIа) шад схьабасталур бу, нагахь цо ламаз дахь - (кхоалгIа шад) схьабасталур бу. Цул тIаьхьа стаг Iуьйранна хIайтъаьлла а, резаволуш а хир ву. Амма цо и (дагарадинарг) ца дахь - иза самавер ву, вочу хьолехь са а долуш, маргIалвоьлла а волуш» (Бухари: 1142, Муслим: 776).   

1166. IабдуллахI ибн Салама (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIай, нах! Салам даржаде, (хьеша-дена а, таро йоцучунна а) хIума а яае[4], буьйсанца ламазаш а де, (кхинболу) нах бийшина Iачу хенахь - и бахьанехь ялсамане гIур ду шу (Iазапах) маьрша» (Тирмизи: 2487, цо аьлла: «хьасан, сахьихь» даржехь хьадис ду хIара).

1167. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Рамадан (баттал) тIаьхьа марха кхабар уггаре дезаха дерг - АллахIан Мухьаррам бутт бу. Парз-ламазал тIаьхьа уггаре дезаха дерг - буса ден ламаз ду» (Муслим: 1163).

1168. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Буса деш долу ламазаш - шишша ракаIат ду. Нагахь хьайна Iуьйра-ламазан хан тIекхачарна кхерам хIоттахь - цхьа ракIат вуьтар а дай (дерзаде ахьа буса ден хьайн ламазаш)» (Бухари:990, Муслим: 749).

1169. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) буса ден ламазаш шишша ракаIат хуьлура, ткъа (тIаьххьара) цхьа ракIат вуьтар а дой (дерзадора)» (Бухари: 995, Муслим: 749).

1170. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) буьззина бутт, марха а ца кхобуш, тIехболуьйтуш нислора[5], тхуна цо (оцу баттах) кхаббане а марха кхобур долуш а дац-кха аьлла а хеталуш. Ткъа цкъацкъа марханаш кхобура цо, тхуна цо (оцу баттахь) марха кхабар юкъаха дуьтур долуш а дац-кха аьлла а хеталуш. Хьуна иза буса ламазаш деш ган лиъча - билггал, гур ма вара хьуна иза (буьйсанан ламазаш деш). Хьуна иза вижина ган лиъча - (вижина) ган таро а хир ма яра хьан иза» (Бухари: 1441).

1171. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гуттар а (буса) цхьайтта ракаIат ламаз дора. И дечу хенахь цуьнан (хIора) сужда а цо шен корта хьалаайбале шух муьлххачунна а шовзткъе итт аят деша тоьур йоллучу ханна дахлора. Цул совнаха, Iуьйра парз-ламаз дале хьалха (тIедеш долу) ши ракаIат (ламаз) дора цо. Цул тIаьхьа шен аьтту агIонна тIе дIавужуьра иза, ша волучу ламазе дIакхойкхуш волу (муаззин) валлалц» (Бухари: 995, Муслим: 749). 

1172. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) я мархин баттахь, я кхечу беттанашкахь (бус-буса) цхьайтта ракаIатал сов ламаз деш вацара. Хьалха диъ ракаIат ламаз дора цо. Ткъа ахьа ма хетта (соьга) уьш мел хаза дара а, мел деха дара а! ТIаккха кхин диъ ракаIат ламаз дора цо. Ахьа ма хетта (соьга) уьш мел хаза дара а, мел деха дара а! Цул тIаьхьа кхин кхо ракаIат ламаз дора цо. (Цкъа) аса хаьттира цуьнга: «ХIай, АллахIан элча! Вуьтар-ламаз дале хьалха дIавуьжий хьо?!». Цо жоп делира: «ХIай, Iайшат! Сан бIаьргаша наб йо, амма сан даго наб ца йо» (Бухари: 1147, Муслим: 738).

1173. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гуттар а буьйсанан юххьехь дIавуьжура, ткъа цуьнан чаккхенгахь хьалагIоттура иза - ламаз даран дуьхьа» (Бухари: 1146, Муслим: 739).

1174. (Цкъа) ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Мухха а цкъа) цхьана буса пайхамарца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьаьна буьйсанан ламаз деш волуш, сел веха лаьттира иза, цхьа вониг дан ойла а кхоллалуш сан». (Цуьнга) хаьттира: «ХIун дан ойла хиллера хьан?». Цо жоп делира: «(Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) ша цхьаъ лаьтташ а витина, охьахаа ойла хиллера сан» (Бухари: 1136, Муслим: 773).

1175. Хьузайфас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа цхьана буса пайхамарца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хIоьттина ламаз динера аса. Иза «Бакъарат» сурат деша волавелча[6] (сайлахь) ойла хилира сан: «БIе (аят) дешначул тIаьхьа рукуI дийра ду-кха цо (аьлла)». Ва амма кхин а (дIавахара иза доьшуш). ТIаккха ойла кхоллаелира сан: «ХIокху ракаIатехь дерриге дIадоьшур ду цо и (сурат)» аьлла. Цо-м и кхиндIа а (ца сацош) дIадийшира. (Сайллахь) элира аса: «И дерриге дешна ваьлча рукуIе гIура ву-кха иза». Оцул тIаьхьа «Нисаъ» сурат деша волавелира иза. И (дерриге) дешна а ваьлла, оцунна тIаьххье «Али Iимран» (сурат деша) волавелира иза. Иза а (иштта, чекхадаллалц дерриге) дийшира цо. ХIора элп дика къаьсташ а доьшура цо. «АллахI сийлахь ве!» аьлла долучу аятна тIе (мосазза кхечи) «Сийлахь ву АллахI!» («СубхьаналлахI!») боху дешнаш олура цо. (АллахIе) дехар (хьахош долу аят) доьшучу хенахь – доьхура цо.  (АллахIе) кIелхьарваккхар (дехар хьахош долу аят) доьшучу хенахь – кIелхьараваккхар (доьхуш) доIа дора цо Цуьнга. Цул тIаьхьа (пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) рукуIе охьавахара. (Цигахь) ала хIоьттира иза: «Сийлахь ву сан Воккха Дела!» («Субхьана роббил Iазим!»). Герггарачу хьесапца цуьнан рукуI дахделира ирахь лаьттиначул деха. ТIаккха элира цо: «АллахIана хезийла, Шена хастам бинарг, тхан Дела, хастам бу Хьуна!» («СамиIаллахIу лиман хьамидахI, роббана лакал хьамд!»). Цул тIаьхьа, хьала а нисвелла, ирахь лаьттира иза, герггарачу хьесапца рукуIехь ма латтара веха. Цул тIаьхьа суждане а вахана элира цо: «Сийлахь ву сан Лекха-Лекха Дела!» («Субхьана роббиял-АIла!»). Сужда а дахделира цуьнан, герггарачу хьесапца иза ирахь лаьттиначул деха» (Муслим: 772).      

1176. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «(Цкъа) АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира: «Уггаре дезаха дерг муьлха ламаз ду?». Цо жоп делира: «Вехха лаьтташ дерг ду»» (Муслим: 756).

1177. IабдуллахI бин Iамр бин ал-Iаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIана уггаре а дукха деза ламаз – Даудан ламаз ду, АллахIана уггаре а дукха деза марха – Даудан марха ду. Гуттар ах буса наб а еш, (тIаккха) цуьнан кхоалгIачу декъехь ламазаш а деш, ткъа (юха а) буьйсанан ялхалгIа дакъа наб а еш, дедда юкъа марханаш кхобуш а вара иза» (Бухари: 1331, Муслим: 1159).  

1178. Жабира (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Боккъалаъ, буса цхьа мур бу - бусалба стага (оцу хенахь) Шега доIа дича, Сийлахь-Везачу АллахIа муьлхха а цо дехна долу хIокху дуьненан я эхартан дика, билггал, луш, ткъа иза хIора буса а (хуьлуш) ду» (Муслим: 757).

1179. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух буса хьалагIаьттиначо муьлххачо - ламаз дIадоладойла, (цул а) хьалха дайн ши ракаIат (суннат-ламаз) а дай» (Муслим: 768).

1180. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «АллахIан элчано (АллахIера къинхтам а, маршо а хуьлда цунна) буса ша хьалагIаьттича - шен ламаз дайн ши ракаIат (ламаз дарна) тIера дIадоладора» (Муслим: 746).

1181. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), цамгар я муьлхха а кхин бахьана долуш, шен буса ден ламаз юкъахдиссича, гуттар а (тIедеш долу) шийтта ракаIат дора дийнахь сарралц» (Муслим: 746).

1182. Iумар ибн ал-ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь муьлхха а шух цхьаъ гуттаренна а ша КъурIанера бус-буса доьшуш дерг я цуьнах цхьа дакъа дешанза виссахь, наб а кхетта, тIаккха цо (юкъахадиссинарг) Iуьйра-ламазний, делкъа-ламазний юккъехь дешахь - буса дешча санна дIаяздийр ду и цунна[7]» (Муслим: 747).

1183. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIа къинхетам бойла стагах - буса хьала а гIаьттина, ламаз деш волучу, шен зуда а сама а яьккхина, нагахь иза хьала ца гIаттахь, цуьнан юьхьа тIе цинцаш тоьхначу! АллахIа къинхетам бойла зудчух - буса хьала а гIаьттина, ламаз деш йолучу, шен майра сама а ваьккхина, нагахь иза хьала ца гIаттахь, цуьнан юьхьа тIе цинцаш тоьхначу!» (ХIара хьадис «сахьихь» иснад а йолуш Абу Дауда дийцина: 1308). 

1184. Абу СаIийда (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь стага шен зуда буса сама а яаьккхина, цара цхьаьний ламаз дахь (я: цо цуьнца цхьаьна ши ракIат ламаз дахь) - уьш дIаязбийр бу (АллахI) хьехочу стегаршна а, зударшна а юккъе» (хIара хьадис, «сахьихь» иснад» а йолуш, Абу Дауда дийцина: 1309).

1185. Iашайта (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух муьлххачунна а цхьанна ламазехь наб озаяхь - дIавуьжийла иза, шена наб (ийзор) дIадаллалц, хIунда аьлча, боккъалаъ, нагахь шух муьлххачо а цхьамма, наб ийзош а волуш, ламаз дахь - АллахIе шена гечдар деха (а воьлла, цуьнан метта) ша-шена сардам болла (я неIалт ала) тарло цо» (Бухари: 212, Муслим: 786).       

1186. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух муьлхха а цхьаъ буса гIаьттича, ша бохург хIун ду а ца кхеташ, КъурIан деша хала хилахь - (кхин тIе наб ян) дIавуьжийла иза» (Муслим: 787).



[1] Кхузахь вуьйцург - хIара хьадис дийцина волучуьнан да Iумаран кIант IабдуллахI ву.

[2] Цуьнан чулацам иштта бу: и стаг ерриге буса вижина Iийна хилла, буса тIедеш долу суннат-ламазаш дан хьала а ца гIоттуш.

[3] Я шад чIогIа хилийта, я стагана хIумма а ца хаадалийта деш ду иза.

[4] Вуьшта аьлча: «Хьешана кхача хIоттабе, таро йоцучарна хIума яае».

[5] Иштта а хууш ду: кхузахь къамел Рамадан беттан хьокъехь доцийла, муьлхха а цхьана кхечу баттах лаьцна ду дуьйцург. Парз-марха дац дуьйцург, тIекхобуш долу суннат-марха ду.

[6] Кхузахь дуьйцучуьнан чулацам: «Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) «Бакъарат» сурат деша волавелира «Фатихьа» сурат дешначул тIаьхьа» бохург бу.

[7] Вуьйшта аьлча: «…буса дешча хуьлуш ерг санна йолу ял хир ю цунна».

213-гlа дакъа

Опубликовано: 13 июля 2013

213-гlа дакъа
Рамадан баттахь буса тlедеш долу (таравихь) ламазаш дар суннат хилар

1187. Абу Хlурайрас (Аллахl реза хуьлда цунна) дийцина, Аллахlан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира   аьлла: «Ийманехь а    волуш, Аллахlера йоле сатуьйсуш а  волуш, мархинн-беттан буьйсанаш ламазашкахь яьхначунна,цул а хьалха летийна долчу къиношна гечдийр ду».(Бухари: 2008, Муслим: 759).

1188. Абу Хlурайрас (Аллахl реза хуьлда цунна) дийцина, Аллахlан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)Рамадан баттахь т1едеш долу ламазаш дар (пайдехь ду олий) марздора (нахана), амма и диэ аьлла, сацаме омра ца дора, ткъа цо олура: «Ийманехь а волуш, Аллахlера йоле сатуьйсуш а волуш,мархин-беттан буьйсанаш ламазашкахь яьхначунна, цул а хьалха летийна долчу къиношна гечдийр ду».(Муслим: 759

215-гIа дакъа

Опубликовано: 23 мая 2010

215-гIа дакъа

Цергаш цIанйийриг (сивак) хьакхаран дозалла а, ламасте долучуьнца догIуш дерг а

1196. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Со сайн умматана иза даздаларна (хала хиларна) ца кхерахьара - хIора ламазал хьалха сивак хьакха (аьлла), билггал, омра дийр ма дара аса цаьрга» (Бухари, 887; Муслим, 252). 

1197. Абу Хьузайфа (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), ша набарха ваьлча, даима а сивакаца шен бага цIанйора » (Бухари, 889; Муслим, 255).

1198. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчанна гуттара цергаш цIанйийриг (сивак) а, ламаз эца хи а кечдора оха. Ткъа (самаваккха) лиъначу хенахь - АллахIа буса хьалагIаттавора (самавоккхура) иза. ТIаккха, сивак а хьокхий, ламаз а оьций, ламазе (хIуттура) иза» (Муслим: 746).

1199. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Аса дукха баьхна шуьга: сиваках пайда эца (сивак лелае)» (Бухари, 888).

1200. Шурайхь бин ХIаниа дийцина: «(Цкъа) Iайшате (АллахI реза хуьлда цунна) хаьттира аса: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен хIусаме вирзича доллучул а хьалха хIун дора?». Цо жоп делира: «Сивак (хьокхура)» (Муслим: 253).

1201. Абу Муса ал-АшIарис (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «(Цкъа) со пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу чуваьлча, цуьнан меттан буьххьехь сивакан юьхьиг гира суна» (Бухари: 244, Муслим: 254. Кхузахь далийнарг Муслимехь долу ривайат ду).

1202. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Сивак цергаш цIанъеш а, Дела реза веш а ю» (Насаи: 2334, ибн Хузаймата а шен «Сахьихь» жайнахь «сахьихь» йолучу иснадаца: 686).

1203. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «(Массо а адамна) чудиллина пхи (хIума) ду: суннат дар, Iовратана гонахара чоьш дIадашар, мIараш дIахедор, пхьаьрсана кIеллара чоьш бухдахар, мекхаш хедор (дацдар)» (Бухари: 5889, Муслим: 257).

1204. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «(Массо а адамна) чудиллина итт хIума ду: мекхаш хедор (дацдар, тодар, дIадашар), маж ялийтар, цергаш цIанйийриг (сивак) хьакхар, (кхарза ма деззара) мерчу хи кхарзар, мIараш дIахедор, пIелгийн хуттургаш йилар, пхьаьрсана кIеллара чоьш бухдахар, Iовратана гонахара чоьш дIадашар, (аравахча) цIано яр». ХIара хьадис дийциначо аьлла: «ИтталгIачунна вицвелла-кха со: бага хи кхарзарах лаьцна хилла хила тарлуш ду къамел» (Муслим: 26I).

1205. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Мекхаш дIадаша, мажош ялийта» (Бухари: 5893, Муслим: 259).

218-гIа дакъа

Опубликовано: 09 июля 2010

218-гIа дакъа

Рамадан баттахь комаьрша хиларан а, (ШарIо) магийнарг даран а, диканаш дарехь сов вала (гIертаран) а хьокъехь, къаьсттина цуьнан тIаьххьарачу итт дийнахь

1222. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) нахах комаьрша (верг) вара. Рамадан баттахь Жабраил (малекаца) вовшахкхеттачу хенахь гуттар а комаьрша хуьлура иза. Ткъа Жабраил (малек) Рамадан баттахь хIора буса кхетара цуьнца вовшах, цуьнца цхьаьна КъурIан а Iамош[1]. Боккъалаъ, АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша Жабраилца цхьаьнакхетча, массо а диканна боуьйтучу мехал а чIогIа комаьрша хуьлура»[2] (Бухари: 6, Муслим: 2307).

1223. Iайшата  (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Рамадан) беттан (тIаьххьара) итт де тIекхаьчча, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламазашкахь буьйсанаш денйора, шен доьзал сама а боккхура, къовллуш шен изар а къовлура»[3] (Бухари: 2024, Муслим: 1174).



[1] Цигахь дуьйцург: цхьаммма хьалхара а доьшуш, вукхо тIаьхьара КъурIан дешар ду, пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дагахь латтар тешам боллуш тIечIагIдеш.

[2] Вуьшта аьлча: АллахIа нахана диканна боуьйтуш болу мох. Цуьнан чулацам: «Рамадан беттан деношкахь пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) диканаш дарехь сихо еш хуьлура» бохург ду.

[3] 1193 лоьмар йолучу хьадисе а, цунна беллачу кхетаме а хьажа.

219-гIа дакъа

Опубликовано: 09 июля 2010

219-гIа дакъа

ШаIбан беттан хьалхара ах дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа Рамадан баттал хьалха марханаш кхабар (массарна а) дихкина хиларан хьокъехь - ша хьалха кхаба долийна долу марханаш кхиндIа а кхобуш воцучунна а, я ша гуттар а кхобуш долу марханаш оцу ханчохь нисделла воцучунна а, нагахь цуьнан оршот дийнахь а, еарин дийнахь а марханаш кхобуш Iадат хиллехь

1224. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух цхьаммо а Рамадан (бутт) болабалале цхьа де я ши де хьалха марханаш кхаба дола ма дойла, нагахь стаг шен Iадатехь кхобуш хилла долу марханаш лардеш вацахь: ткъа цо дIакхобуьйла оцу дийнахь шен марха» (Бухари: 1914, Муслим: 1082).

1225. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Рамадан бутт (тIекхачале) марханаш ма кхобуьйла аша. Шайна и гича[1] - марханаш кхаба (дуьйлало), шайна и ца гича - марханаш кхабар саца а де. Нагахь и ган тар ца луш, стигал мархаша дIакъевлина елахь - дуззий ткъе итт де (кхаба)» (хIара хьадис Тирмизис далош ду: 688, ша аьлла волучу «хьасан, сахьихь» хьадис ду).

1226. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ШаIбан (бутт) ах биссиича марханаш ма кхаба» (Тирмизи: 738, цо аьлла хIара «хьасан, сахьихь» даржехь хьадис ду).

1227. Абу ал-Йакъзан Iаммар бин Ясира (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Шен шеко йолучу дийнахь марха кхаьбна верг - Абу ал-Къасимна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Iеса хилла ву» (Абу Дауд: 2334, Тирмизи: 686, цо аьлла хIара «хьасан» даржехь хьадис ду).



[1] Вуьшта аьлча: «Шайна схьакхетта бутт гича».

222-гIа дакъа

Опубликовано: 09 июня 2010

222-гIа дакъа

Ницкъ ма-кхоччу чехка марха дастар деза хиларан хьокъехь, марха стенца даьстича гIолехь ду а, марха даьстиначул тIаьхьа ала дезаш дерг а дийцар

1233. СахIл бин СаIда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нах хаддаза диканехь хир бу - марха дастарехь сихо еш мел бу» (Бухари: 1957, Муслим: 1098).

1234. Абу IатIыййас дийцина: «(Цкъа) Масрукъаца цхьаьна Iайшат (АллахI реза хуьлда цунна) йолучу ваханера тхойшиъ. Масрукъа элира цуьнга: «Мухьаммадан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) асхьабех ши стаг ву, диканаш дарехь цхьана а кепара кIадо тIеюьтур йолуш а вац и шиъ. Делахь а, цхьа хIума ду: цаьршиннах цхьаъ - маьркIажан ламаз дар а, марха дастар а ницкъ ма-кхоччу сиха деш ву, ткъа важа - маьркIажан ламаз дар а, марха дастар а тIаьхьатоьттуш ву». Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) хаьттира: «Муьлха ву ламаз дарехь а, марха дастарехь а ницкъ ма-кхоччу сихо (ян гIерташ верг)?». (Масрукъа) жоп делира: «IабдуллахI» (вуьйцург ибн МасIуд ву). ТIаккха цо элира: «АллахIан элчано а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дора-кха иштта»» (Муслим: I099).

1235. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Доллучунна ницкъ кхочуш а, Сийлахь-Воккха а волучу АллахIа аьлла: «Суна уггаре дукхаха безаш болу Сан лайш - массарел а хьалха марха даста буьйлалуш берш бу»» (Тирмизи: 700, цо аьлла хIара «хьасан» даржехь хьадис ду).

1236. ХаттIабан кIанта Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIоккхузехула буьйса тIе а гIоьртича, хIоккхузехула дийно букъ а тоьхча, малх чу а буьзича[1] – марха долучо (шен марха) даста деза» (Бухари: 1933, Муслим: 1155).

1237. Абу ИбрахIим IабдуллахI бин Абу Авфас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) марха долуш волучу АллахIан элчанца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьаьна новкъахь дара тхо. Малх чубуьзча, (цхьана стаге) элира цо: «ХIай, хьенех, сихо а яй, (кхача) хьакхабехьа вайна[2]». Оцу (стага) элира: «ХIай, АллахIан элча, суьйре йоллалц (собар дича дикаха хир дацара ахьа)?». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) юха а) элира: «Сихо а яй, (кхача) хьакхабехьа вайна». Оцу (стага) элира: «ХIай, АллахIан элча, дерриге а дийнахь кхаба дезаш ма ву хьо марха![3]». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кхозлагIа а) элира: «Сихо а яй, (кхача) хьакхабехьа вайна». Ткъа оцу стага катоьхна шайна кхача хьакхийра. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), хIума а йиъна, цул тIаьхьа элира: «Шуна кхузара тIегIоьртина буьйса гича - марха долучо марха даста деза» - малхбалехьа шен пIелг а хьажош» (Бухари: 1955, Муслим: 1101).

1238. Асхьаб волучу Салман бин Iамир ад-Диббийс (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шаьш марха достучу хенахь - хурманашна тIехь достуьйла аша, нагахь хурманаш ца караяхь - хина тIехь достуьйла, хIунда аьлча цIанвеш ду иза» (Абу Дауд: 2355, Тирмизи: 658, цо аьлла хIара хьадис «хьасан, сахьихь» даржехь ду).

1239. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гуттар а ламаз дале хьалха марха достура керлачу хурманашна тIехь, керла хурманаш ца хилча - якъийначу (кха а) хурманнна тIехь, ткъа якъийна хурманаш а ца хилча - масех хин къурд бора цо» (Абу Дауд: 2356, Тирмизи: 694, цо аьлла хIара хьадис «хьасан» даржехь ду).



[1] Вуьшта аьлча: малхбалехьара буьйса тIетаьIча, малхбузера дийно букътоьхча, ана тIехьа малх къайлабаьлча.

[2] Кхузахь буьйцург - «савикъ» олуш, сиха кечбеш болу некъан кхача бу. Баале хьалха тIе хи тоха дезаш хилла цунна.

[3] ЧIогIа сирла де хилла хила тарлуш ду иза. Цунденла оцу стагана моттаделла: малх лома тIехьа баьлла бу, амма ана тIехьа къайлабаьлла бац.

Еще статьи...

  • 223-гIа дакъа
  • 224-гIа дакъа
  • 225-гIа дакъа
  • 226-гIа дакъа
  • 227-гIа дакъа
  • 228-гIа дакъа
  • 229-гIа дакъа
  • 230-гIа дакъа
  • 231-гIа дакъа
  • 232-гIа дакъа
  • 234-гIа дакъа
  • 235-гIа дакъа
  • 236-гIа дакъа
  • 239-гIа дакъа
  • 243-гIа дакъа
  • 245-гIа дакъа
  • 246-гIа дакъа
  • 257-гIа дакъа
  • 258-гIа дакъа
  • 262-гIа дакъа
  • 6
  • 7
  • 8
  • 9
  • ...
  • 11
  • 12
  • 13
  • 14
  • ...

Страница 11 из 19

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft