1-ра дакъа
Дог цIена (ихлас) хила дезаран хьокъехь а, иштта гуш долучу а, къайлах долучу а массо гIуллакхехь, дешнашкахь, дерриге хьелашкахь а дика негат латтон дезаш хиларан хьокъехь а
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Царна тIедиллина дацара - АллахIана Iибадат дар бен: доггах Цунна гIуллакх деш, Дела цхьаъ веш (хьанифаш хилла)[1], ламазаш деш, закат доккхуш. И ду - бакъ долу дин» «ал-Баййинат» («БIаьрла билгало»: 5).
Сийлахь-Везачо аьлла:
«Я церан жижиг, я церан цIийш цкъа а АллахIе дIакхочур дац[2]. Цуьнга дIакхочуш дерг - шун АллахIах кхерар ду» («ал-Хьажж»: 37).
Иштта Сийлахь-Везачо аьлла:
«Ала: «Шайн дегнашкахь дерг аша хьулдахь а, я нахаладаккхахь а - бен а дац, АллахI и хууш ву»» («Ал-Iимран»: 29).
1. Муъма-нехан Амира Абу Хьафс Iумар бин ХаттIаба бин Нуфайла бин Iабд-ал-Iузза бин Рабахь ибн IабдуллахI бин КъуртI бин Разахь бин Iадийй бин КаIб бин Луайй бин ГIалиб ал-Къураши ал-Iадавийс (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «Боккъалаъ, Iамалш - негаташка хьаьжжина ю, хIора стагана - цо (дан) негат диннарг ду. Цундела шен махках валар хилларг АллахIан дуьхьа а, цуьнан элчанан дуьхьа а - цуьнан махках валар АллахIан а, Цуьнан элчанан а дуьхьа хир ду. Ткъа шен махках валар хилларг муьлхха а цхьана дуьненан хIуманан дуьхьа, ша гулдийр долучу, я ша ялор йолучу зудчун дуьхьа - цуьнан махках валар ша и махках ваьллачу хIуманан дуьхьа хир ду»
2-гIа дакъа
Тоба дар
Iеламнаха аьлла: «Мел латийначу къинна тоба дан дезаш ду».
Нагахь латийна долу къа лайний, Сийлахь-Везачу АллахIний юккъехь долучух хьакхалуш делахь, цхьана а тайпана адаман хьокъехь хьакхалуш а дацахь - оцу хьолехь тоба даран кхо бехкам бу:
Хьалхара: къинош леторах юхавала веза стаг.
ШолгIа: ша къинош леторна дохко вала веза стаг.
КхоалгIа: чIоггIа сацам бан беза стага - тIейогIучу ханна цкъа а и къинош ца лето.
Нагахь лакхахь хьахийначу кхаа бехкамах цхьаъ ларбанза юкъаха битахь - цо дина хилла тоба нийса лара йиш йолуш дац.
Нагахь адамо латийна долу къа хIета а, вета а кхечу адамийн хьокъехь хьакхалуш делахь - цуьнан тобанехь биъ бехкам кхочуш хила безаш бу: цIарца аьлча – лакхахь бийцина болу кхо бехкам а, (царна тIе) ша латийна долу къа бахьанехь зен хиллачунна хьалхахь бехк такхар а.
3-гIа дакъа
Собарах лаьцна
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«ХIай, иман диллинарш! Собаре хила. (МостагIашца а) чIогIа сатохаме (сатухуш) хила[1]. ГIепашкахь (тIеман) гIуллакх а де…»[2] («Али Iимран», 200).
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Билггал, зуьйр ма ду Оха шу - кIеззигчу кхерамца а, мацаллица а, бахамаш[3]‚ синош[4], стоьмаш эшорца а. Собаречаьрга кхаъ баккха» («ал-Бакъара», 155).
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Бакъдолуш, шайн ял юьззина дIалур (йолуш) ю собаречарна, цхьа-цхьа хьесап а доцуш» («аз-Зумар», 10).
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Собаре хила. Гечдина волучух дерг – ткъа иза, боккъалаъ, гIуллакхашкахь хадаме хиларах ду»[5] («аш-Шура», 43).
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«ХIай, иман диллинарш! Собарехь а, ламазехь а гIо лаха шайна» («ал-Бакъара», 153).
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Билггал, зуьйр ма ду Оха шу - шух жихIад деш болу муджахIидаш а, собаре берш а муьлш бу хаъалц»[6] («Мухьаммад», 31).
4-гIа дакъа
Бакълерах лаьцна
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«ХIай, иман диллинарш! АллахIах кхера, бакъдерг дуьйцуш болучаьрца а хила» («ат-Товба», 119).
Сийлахь-Везачу АллахIа иштта аьлла:
«…Бакълуьйчу стегаршна а, бакълуьйчу зударшна а - АллахIа царна гечдар а, сийлахь-доккха совгIат а кечдина» («ал-Ахьзаб», 35).
Сийлахь-Везачу АллахIа иштта аьлла:
«…Дера, дикаха хир ма дара - уьш АллахIаца даггара хиллехьара» («Мухьаммад», 2I).
54. Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, бакълеро - дикалле кхачаво, ткъа дикалло - ялсамане кхачаво. Иштта, боккъалаъ, стаг (даима) бакъ луьйр ву - АллахIана гергахь бакълуьйриг аьлла дIавазваллалц. Боккъалаъ, аьшпаша - волле (я къилахь долучуьнга) кхачаво, ткъа волло (я къилахь долучо) - жоьжагIате кхачаво. Иштта, боккъалаъ, стаг (даима) харц луьйр ву - АллахIана гергахь аьшпийн лежиг аьлла дIавазваллалц» (Бухари: 6094, Муслим: 2607).
55. Iелин кIанта Абу Мухьаммад ал-Хьасана (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Аса дагахь латтийна АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлларг: «Хьайна шеко туьйсург - дита, хьайн шеко йоцург - леладе. Боккъалаъ, бакъдерг - синтем бу, харцдерг - шеко ю»» (Тирмизи: 2520; цо аьлла бакъ (цIена бух болуш) хьадис ду хIара).
56. Абу Суфъян Сахр бин Хьарба (АллахI реза хуьлда цунна) ХIиракълан хьокъехь деха хьадис дийцина. (Оцу хьадисехь дуьйцу), ХIиракъла[1] хаьттира аьлла: «Ткъа хIун ду цо шуьга де бохург?» (пайхамар (АллахIера кънхетам а, маршо а хуьлда цунна) ву цо вуьйцург). Аса жоп делира: «Цо боху: «Цхьана АллахIана лолла де. Цуьнца цхьа а хIума накъост ма нисъе (я: И воцучу цхьанненна лолла ма де). Шайн дайша баьхнарг Iадда дита». Иштта цо омра до тхоьга - ламаз дарца, бакъдерг дийцарца, бакъахьара хиларца, гергарлонан уьйраш латторца» (Бухари: 7, Муслим: 1773).
5-гIа дакъа
Тергамах лаьцна (муракъаба)
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«..Хьо гуш верг ву И - хьо дIахIуттучу хенахь[1], (иштта) сужуд дечарна юккъехь хьан меттахъхьер (гуш верг а)» («аш-ШуIараъ», 219).
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Шу миччанхьа делахь а - шуьца ву И» («ал-Хьадид», 4).
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Боккъалаъ, АллахIах къайленехь цхьа а хIума дац - я лаьттахь а, я стигалахь а» («Али Iимран», 6).
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Боккъалаъ, хьан Дела - кIелонехь лаьтта» («ал-Фаджр», 14).
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Хууш ву АллахI - бIаьрийн тешнабехк а[2], дегнашкахь хьулдийриг а» («ГIафир», 19).
60. ХаттIабан кIанта Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) тхо АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гуламехь хевшина Iаш долуш, дагахь а доцуш, цхьа стаг тIевеара тхуна, бIаьрг кхулучу кIайн духарехь, кIарула-Iаьржа месаш а йолуш, цуьнга хьаьжча, иза некъаца ву ала йиш а йоцуш. Тхоьх цхьанна а вевзаш а вацара иза. Пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дуьхьал охьахиира иза. Шен голаш цуьначух хьакха а йолуьйтуш, шен куьйгаш цуьнан хенаш (вареш) тIе а дохкуш, цо элира: «ХIай, Мухьаммад! Ислам-дин довзийтахь суна». АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Исламан бух - ахьа тоьшалла дарехь бу кхин Дела цахилар, АллахI бен, Мухьаммад - АллахIан элча хилар. Иза ламаз дар а ду, закат даккхар а ду, Рамазан беттан марханаш кхабар а ду, хьаьж дан хьаьжцIа вахар а ду, нагахь хьан и дан кархдалахь». (Оцу стага) элира: «Бакъдерг дийци ахьа». Ткъа оха тамаша бира, цо, (пайхамаре) хеттарш а деш, цо аьлларг бакъдарах! (Цул тIаьхьа) цо элира: «Ткъа хIинца иман довзийтахь суна». АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Иманан бух - хьо тешарехь бу: АллахIах, Цуьнан малекех, Цуьнан Жайнех, Цуьнан элчанех, тIаххьарачу (къематан) дийнах, (иштта) хьо доьгIначух тешарехь а ду, дикачух а, цуьнах санна вончух а». Цо элира: «Бакъдерг дийци ахьа». (Цул тIаьхьа) цо элира: «Деган цIеналла (ихьсан) йовзийтахь суна». Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Деган цIеналлин (ихьсанан) бух - ахьа АллахIана лолла дарехь бу, хьайна И гуш волуш санна, нагахь хьайна И гуш вацахь, боккъалаъ, Цунна хьо гуш хилар (хаддаза дагахь а латтош)». (Цул тIаьхьа) цо элира: «(Ткъа хIинца) оцу Сохьтах дерг довзийтахь суна[3]». Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Цуьнах дерг шега хоьттуш верг-м вац хоьттуш волучул а сов хууш». Цо элира: «Делахь-хIета, цуьнан билгалонаш йовзийтахь суна». Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: («И Сахьт гергадаран билгалонех хир ду) – гIарбаш-зудчо шена эла яр, иштта хьуна гар а - (кога духа доцуш) когаш берзинарш, (тIе духа доцуш) догIмаш берзинарш, таро йоцу жаIуй шайн хIусамаш лакхаяхарехь вовшийн тIехбовла гIерташ». (Цул тIаьхьа) и стаг дIавахара. Цхьа хан яьлча[4], АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира: «ХIай, Iумар! Хьуна хаьий, и хаттарш хьан дира?». Аса жоп делира: «АллахIана а, Цуьнан элчанна а дикаха хаьа оцу хьокъехь дерг». (ТIакккха) цо элира: «Боккъалаъ, иза - Жабраил дара хьуна, шуна шайн дин Iамон деана!»» (Муслим: 8).
6-гIа дакъа
Делах кхерарах лаьцна
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«ХIай, иман диллинарш! АллахIах кхера - кхера ма-деззара» («Али Iимран», I02).
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«АллахIах кхера - шайн тароне хьаьжжина» («ат-ТагIабун», 16).
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«ХIай, иман диллинарш! АллахIах кхера, бакъ долу дош а ала» («ал-Ахьзаб», 70).
«АллахIах кхера» аьлла долу омра чулаьцна аяташ дукха а, девзаш а ду.
ХIан, Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«АллахIах кхоьручунна - (халачу хьолах кIелхьарволийла) лур ю[1], Iар-дахаран рицкъа а лур ду, цунна ца моьттиначара» («ат-ТIалакъ», 2-3).
«ХIай, иман диллинарш! Нагахь шу АллахIах кхерахь - (харц-бакъ) къастон похIма лур ду[2], шайн къинойх а цIандийр ду шу, геч а дийр ду шуна. АллахI ма вай – сийлахь-боккхачу къинхетаман Да!» («ал-Анфал», 29).
69. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) хаьттина: «ХIай, АллахIан элча! Нахах уггар диканиг мила ву?». Цо жоп делла: «Царна юккъера Делах уггар сов кхоьруш верг ву». (Наха) аьлла: «Цуьнах лаьцна ца хоьтту оха хьоьга». Цо аьлла: «ХIета, АллахIан пайхамаран кIентан, АллахIан пайхамаран кIентан кIентан, АллахIана везначуьнан кIант АллахIан пайхамар Юсуф ву-кха»[3]. (Наха юха а) аьлла: «Цуьнах лаьцна ца хоьтту оха хьоьга». Цо аьлла: «ХIета, аша соьга Iаьрбойн хIух лаьцна хоьтту-кха? Царех жехIалаллехь дикаха хилларш[4] - Ислам (дине баьхкича а, иштта) дикаха (биссина), нагахь уьш динах кхеттехь» (Бухари: 3353, Муслим: 2526).
70. Абу СаIид ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, хIара дуьне мерза а, баьццара а ду. Боккъалаъ, АллахIа верасаш дина шух цигахь - аша хIун Iамалш (гIуллакхъаш леладон) хьажархьама. Ларло, ткъа, хIокху дуьненах, (иштта) ларло зударех а, хIунда аьлча, боккъалаъ, Бану Исраилхойн хьалхара питана зударшца (дозуш) дара» (Муслим: 2742).
71. Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кест-кестта олура аьлла: «Я АллахI! Боккъалаъ, аса йоьху Хьоьга нийсо (Iилма) а, (Хьоьх) кхерар а, деган цIано (дикалла) а, токхо а»[5] («АллóхIумма иннú асъалукал хIудá, ваттукъó, валIафáфа, валгIинá») (Муслим: 2721).
72. Абу ТIарийф Iадийй бин Хьатим ат-ТIаис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «(Муьлхха а цхьаъ дан) дуй а биъна, цул тIаьхьа Делах кхерарна герга долу кхиндерг гиначо - Делах кхерарна (гергадерг) дойла» (Муслим: 1651).
73. Абу Умама Судайй бин Iажлан ал-БахIилис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дIасакъастаран хьажжехь[6] хутIба дечу хенахь олуш хезна суна: «АллахIах кхера, шайн пхи ламаз а де, шайн (мархин) бутт а кхаба, шайн бахамашна тIера закат а даккха, шайн урхалчашна (амирашна) муьтIахь а хила, ткъа (аша и дахь) - шайн Делан ялсамани чу гIур шу» (хIара хьадис Тирмизис, 616-гIа лоьмар а йолуш, «Китабус солат» декъан чаккхенехь даладо; цо аьлла «хьасан, сахьихь» даржехь ду хIара).
7-гIа дакъа
КIорггерачу тешарах а (йакъин), болх АллахIана тIебилларах а (таваккал) льцна
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Муъма нахана бартахойн (эскарш) гиначу хенахь, цара элира: «ХIара – АллахIа а, Цуьнан элчано а вайна ваIда йинарг ду-кха. АллахIа а, Цуьнан элчано а бакъдерг дийцина». Цо сов ца бехира уьш иманехь а, муьтIахь хиларехь а бен» («ал-Ахьзаб», 22).
Сийлахь-Везачу АллахIа иштта аьлла:
«Наха элира цаьрга: «Халкъ гIаьттина шуна дуьхьал - кхера цуьнах». Ва амма, иманехь сов бен ца бехира цо уьш, оцу тIе цара элира: «АллахI кхачаме ву тхуна. Мел дика Iуналхо а, Лардархо а ву-кха И! АллахIерачу къинхетамца а, комаьршаллашца а юхабирзира уьш. Зен ца хьакхаделира царех. АллахI резаварна тIаьхьа безира уьш. Сийлахь-боккха къинхетам болуш ву АллахI» («Али Iимран», 173-174).
Сийлахь-Везачо иштта аьлла:
«Таваккал де Дийначунна тIе, леш Воцучу…» («ал-Фуркъан», 58).
Сийлахь-Везачо иштта аьлла:
«Цхьана АллахIана тIе таваккал долда муъма наха!» («ИбрахIим», 11).
Сийлахь-Везачо иштта аьлла:
«Айхьа (муьлхха а цхьа) сацам бечу хенахь - АллахIана тIе таваккал де» («Али Iимран», 159).
Шайн чулацамехь «АллахIана тIе таваккал дар» омра долу аяташ дукха а, девзаш а ду.
Сийлахь-Везачо иштта аьлла:
«АллахIана тIе таваккал дечунна - тоьуш ву И» («ат-ТIалакъ», 3).
Сийлахь-Везачо иштта аьлла:
«Муъма нах – (беккъа цхьа) АллахI хьахийча шайн дегнаш кхералуш берш а, шайна Цуьнан аяташ дешча иман чIагIлуш берш а, шайн Далла тIе таваккал деш берш а бу» («ал-Анфал», 2).
АллахIана тIе таваккал даран дозаллех дуьйцу аяташ дукха а, девзаш а ду.
8-гIа дакъа
Дуьххьал дIа нисвалар (истикъама)[1]
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Нийсачу новкъа тIехь чIогIа хила[2] - хьайга омра ма-дарра» («ХIуд», 112).
Сийлахь-Везчу АллахIа аьлла:
«Боккъалаъ, аьллачарна: «Тхан Дела – АллахI ву», ткъа цул тIаьхьа нийсачу новкъа тIехь чIогIа (нисбелла севцина) хилла болу[3] тIе малекаш дуьссу: «Кхера ма кхера шу, гIайгIане а ма хила, цул а ялсаманица даккхийде (кхоэ хила) шу, шайна ваIда йина хилла йолучу». Тхо – шун гIоьнчий (лардархой) ду (хIокху) дуьненан дахарехь а, эхартахь а. Цигахь шун синошна мел дезарг ду шуна кечдина! Цигахь шуна кечдина аша доьху долу массо хIума ду! Иштта ду Гечдеш, Къинхетаме волучуьнгара шуна далар (хьошалла, рицкъа)» («Фуссилат», 30-32).
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Боккъалаъ, аьллачарна: «Тхан дела – АллахI ву», ткъа цул тIаьхьа нийсачу новкъа тIаьхьабахана болу - царна я кхера хIума а дац, я гIайгIане а хир бац уьш. Уьш бу ялсаманехь (хин болу) бахархой, абаделлац уьш оцу чохь хир болуш йолучу - цара дина хилла (дика гIуллакхаш) бахьанехь» («ал-Ахькъаф», 13-14).
85. Абу Iамр (я Абу Iамра) Суфъян бин IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) дийхира аса: «ХIай, АллахIан элча! Исламах лаций дешнаш алахьа соьга, (цул тIаьхьа) кхечуьнга цхьаьнгге а аса цуьнах лаьцна хоттур а доцуш»[4]. Цо элира: «Ала: «АллахIах теша со». Цул тIаьхьа чогIа нийсонна тIехь а саца»» (Муслим: 38).
86. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: ««ГергагIо[5], нийсачунна тIе а гIерта[6], хууш а хила шайх цхьа-цхьаъ шен (цхьана) Iамалшца кIелхьара вериг волуш цахилар». (Наха) хаьттина: «Хьо а цхьаьний, хIай АллахIан элча?». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) жоп делла: «Я со а - нагахь АллахIа соьх Шен къинхетам а, комаьршо а ца яхь»» (Муслим: 2816).
«Гергадахар» («мукъараба») бохучуьнан маьIна - барам ларбар ду, оцуьнгахь я барамна тIехдийлар а доцуш, я юкъахбитамаш а боцуш. «Нийсачунна тIегIертар» («садад») бохучуьнан маьIна - нийсачу новкъа тIехь чIагIдалар а, кхиаме кхачар а ду.
Iеламнаха боху: ««Нийсонна тIехь чIогIа хилар» бохучуьнан маьIна - даима а дIа Сийлахь-Везачу АллахIана муьтIахь волуш латтар ду».
Цара иштта боху: «Иза[7] - доца а долуш, чулаьцна дукха маьIнаш долучу дешнех цхьаъ ду («жавамиI ал-калим»), иштта уьш аларан похIма пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) делла хилла долу. Ткъа нийсоно – дерриге гIуллакхаш къепе даладо. (Оцу дерригенна) товфикъ луш верг – АллахI ву».
9-гIа дакъа
Сийлахь-Везачу АллахIа кхоьллиначу кхолламийн сийлахь-доккхаллех а, дуьне пана хир долуш хиларах а, эхартан къаьхьачу къематех а, иштта хIокху дуьненан а, эхартан а кхиндолучу гIуллакхех а, иштта синан сатийсам дукха хила безаш цахиларах а[1], са кхетош-кхион дезаш хиларах а, нийсачу новкъа тIехь латтон дезаш хиларах а лаьцна
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Ала: «Цхьана хIумане бен ца кхойкху аса шуьга: АллахIан дуьхьа шу цунна тIедолийта[2] шишша а, цхьацца а[3], ткъа цул тIаьхьа ойланашка довла…»» («Сабаъ», 46).
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Боккъалаъ, стигланийн а, лаьттанан а кхолларехь а, иштта буьйса а, де а хийцадаларехь а Iаламаташ ма ду хьекъал долучарна, АллахI хьехош болучучарна ирахь а, хевшина (болуш) а, агIонна тIехь Iуьллуш а, стигланаш а, латта а кхолларан ойла еш а болучарна: «Тхан дела! Эрна кхоьлина дац-кха Ахьа хIара. ТIехцIена (сийлахь) ву Хьо! ЦIеран Iазапах хьалха дахахь тхо»» («Али Iимран», 190-191).
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Ца го-те царна: эмкал муха кхоьллина ю, стигал муха аййина ю, лаьмнаш муха дIадоьгIна ду, латта муха дIадаржийна ду? Хьехам бе ахьа царна [хIай, Мухьаммад] - хьехамча ма вай хьо!» («ал-ГIашийа», 17-21).
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Лаьтта тIехула бевлла ца лелла-те уьш, ткъа царна га а га…?» («Йусуф», 10).
Оцу хьокъехь аяташ дуккха а ду. Хьадисех дерг дийцича, ткъа царех цхьаъ лакхахь дийцинарг ду. Оцу хьадисехь дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Хьекъале (стаг) - шен синера хьесап оьцуш верг ву…»[4]
Страница 1 из 19