• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

Риядус-салихьийн

Опубликовано: 10 марта 2010

1-ра дакъа:  Дог цIена (ихлас) хила дезаран хьокъехь а, иштта гуш долучу а, къайлах долучу а массо гIуллакхехь, дешнашкахь, дерриге хьелашкахь а дика негат латтон дезаш хиларан хьокъехь а

2-гIа дакъа:  Тоба дар

3-гIа дакъа:  Собарах лаьцна

4-гIа дакъа:  Бакълерах лаьцна

5-гIа дакъа:  Тергамах лаьцна (муракъаба)

6-гIа дакъа:  Делах кхерарах лаьцна

7-гIа дакъа:  КIорггерачу тешарах а (йакъин), болх АллахIана тIебилларах а (таваккал) льцна

8-а дакъагI:  Дуьххьал дIа нисвалар (истикъама)

9-гIа дакъа:  Сийлахь-Везачу АллахIа кхоьллиначу кхолламийн сийлахь-доккхаллех а, дуьне пана хир долуш хиларах а, эхартан къаьхьачу къематех а, иштта хIокху дуьненан а, эхартан а кхиндолучу гIуллакхех а, иштта синан сатийсам дукха хила безаш цахиларах а, са кхетош-кхион дезаш хиларах а, нийсачу новкъа тIехь латтон дезаш хиларах а лаьцна

10-гIа дакъа:  Диканашка сихо ян гIерта дезаш хиларах а, иштта дикачунна тIевирзинарг оцу тIе доггаха а, шен ойла ца керчуьйтуш гIерта сутаре варах а лаьцна

11-гIа дакъа:  Доггаха къахьегар

12-гIа дакъа:  Дахаран чаккхенехь дуккха а диканаш дан иракарахIотторах лаьцна дуьйцу дакъа

18-гIа дакъа:  Керла юкъадаьхнарш (бидаIаташ) а, керла хIуманаш (кхоллар) а дихкина хилар

22-гIа дакъа:  Дика хьехар дар (насихьа)

27-гIа дакъа:  Бусалба нехан бехкаллаш ларъяр а, церан бакъонаш кхетор а, царех доглазар а, цаьрца къихетаме хилар а

28-гIа дакъа:  Бусалба нехан кхачамбацарш хьулдарах а, оьшуш а доцуш уьш даржор дихкина хиларах а лаьцна

29-гIа дакъа:  Бусалба нехан хьашташ кхочушдар

30-гIа дакъа:  ГIо даккхаран хьокъехь

39-гIа дакъа:  Лулахочуьнан бакъонаш а, оцу хьокъехь дина весет а

42-гIа дакъа:  Ден а, ненан а, гергарачеран а, зудчун а, доттагIийн а, иштта массо а лара магош волучуьнан а сий-ларам бар

48-гIа дакъа: Дикачу нахана а, гIийлачарна а, мискачарна а новкъарло ян цамагаран хьокъехь

52-гIа дакъа:  Догдохийлан дикаллех лаьцна

58-гIа дакъа:  (Стагана ша) ехна а йоцуш, (шен агIор) цунна тIе гIиртина а воцуш (кховдийнарг, кхаьчнарг) схьаэца бакъо хиларан хьокъехь

59-гIа дакъа:  Шен къинхьегамца, болх а бина хене вала хIума яккхарна тIехьехар. Оцунна тIе а тевжина ехарах юхавалар а, лушьерг схьаэца (цагIертар) а

61-гIа дакъа:  БIаьрмецигалла а, сутаралла а йихкина хилар

68-гIа дакъа:  Догдикалла а, шеко йолучух юхавалар а

76-гIа дакъа:  Баланаш, цатемаш лар

78-гIа дакъа:  lедалехь болчаьрга, шайн lедал кlел долчу халкъаца кlеда мерза хила, дика хила, царех дог лозуш хила аьлла, дина омра дуьйцу дакъа а; ткъа иштта уьш lехор, цаьрца тlех буьрса хилар, царна маслаlате дерг тергам боцуш дитар, цаьрца а, иштта церан хьашташца а бала боцуш хилар дихкина хилар дуьйцу дакъа а

81-гIа дакъа:  Iедале (эмиралле) кхача гIертар дихкина хилар а, урхаллашка кхача цагIертар бакъахьа хилар а, нагахь (стаг муьлхха а цхьана гIуллакхе) хIоттийна вацахь я цхьана хьашто цунна и тIедожош дацахь

82-гIа дакъа:  Урхалча а, къеда а, иштта кхинболу Iедал карахьдерш а шайна дика гIоьнча (вазир) харжарна тIехьехар а, вочу накъостех а, церан хьехамех а уьш ларбар а

83-гIа дакъа:  Урхалле а, кхеле а, (царах тера долу) гIуллакхашка а, и доьхуш верг а, и дезаш верг а, оцу гIуллакхна ша хьалха тоьттуш верг а хIоттор дихкина хилар

91-гIа дакъа:  Хьехамашкахь барам ларбанбезаш хилар дуьйцу дакъа

92-гIа дакъа:  Эсала, синтеме хиларан хьокъехь а, дикаллех лаьцна а дуьйцу дакъа

97-гIа дакъа:  Диканиг дехар а, дагадовлар а

100-гIа дакъа: (ХIума юуш) юьххьехь «АллахIан цIарца» («БисмиллахI») алар, чаккхенгахь (АллахIана) хастам бар

101-гIа дакъа:  Юург емалъян цамагар а, иза хастор бакъахьа хилар а

102-гIа дакъа: ХIума юучохь нисвелча марха долучо ала дезарг, нагахь ша шен марха даста дагахь вацахь

103-гIа дакъа: Шуьне кхайкхиначу стага ала дезачуьнан хьокъехь, нагахь цунна кхин цхьаъ тIаьхьахIоьттинехь

104-гIа дакъа:  Шена хьалххараниг яаран а, (иштта) хIума нийса яа ца хууш волучунна хьехам бар а, иза кхетош-кхиор а

105-гIа дакъа:  Тобанехь хIума юуш волучунна, шен накъостийн пурба а доцуш, ши хурма я муьлхха а кхечу хIуманах (ши юьхк) схьаэца мегаш цахилар

106-гIа дакъа:  ХIума мел яарах а вуза ца вузучо ала дезарг а, дан дезарг а

107-гIа дакъа:  ХIума шуьнан (бошхепан) йистошкара яа аьлла дина омра, цунна юккъера яар дихкина хилар

108-гIа дакъа:  (Муьлхха а цхьана хIуманна) тIе а тевжина хIума яар дика цахилар

110-гIа дакъа:  ЯахIуманна тIе алссам куьйгаш кхийдор (дика хилар)

113-гIа дакъа:  Хина тIе хIуп бахар дика цахилар

114-гIа дакъа:  Ирахь хи мала магар, амма охьахиъна малар дикаха а, бакъахьара хилар а кхетор

115-гIа дакъа:  Нахана хи малош волучу стага ша тIаьххьара малар суннат хилар

120-гIа дакъа:  Мадаре хиларан дуьхьа (тIехдеза я кураллин) духарш лелор дитар суннат хилар

121-гIа дакъа:  Духар хоржучу хенахь юккъера барам ларбар суннат хилар - нах кхаьрда болучунна тIехь кхачам а ца беш, нагахь иза цхьана хьаштанна я ШарIо лоьхучу Iалашоне кхача дацахь

122-гIа дакъа:  Стегаршна дарин бедарш лелор, (дарин хIуманна) тIе охьаховшар, цунна тIетовжар хьарам хилар а, зударша (дарин духарш) лелон мегаш хилар а

123-гIа дакъа:  Гирзашна бала хьоьгучо дари лелон мегаш хилар

124-гIа дакъа:  ЦIоькъалоьман цIоканаш меттанашна тIетасар а, (уьш тIетесна нуьйра йолучу муьлххачу а) тIехуучу дийнатана тIехаар а дихкина хилар

133-гIа дакъа:  Салам даларан гIиллакхаш (бакъонаш)

132-гIа дакъа: Салам муха дала деза

134-гIа дакъа:  Стагана ша масийттазза вовшахкхеттачаьрга (вовшах мосазза кхета) юха а салам далар суннат хилар: царна уллохь волуш, ша (цхьанхьа) чувеъча, ара а ваьлла юха чувеъча, я шинна юккъехула дитт даьлча, я муьлхха а цхьа кхин дуьхьало яьлча

135–гIа дакъа:  Шен цIа чу ваьлча салам далар суннат хилар

136-гIа дакъа:  Берашка салам далар

137-гIа дакъа:  Стага шен зудчуьнга салам муха дала деза а, шен юххера гергарачу (махьрам йолучу) зудчуьнга а, иштта питанах тешам белахь цхьана хийрачу зудчуьнга а, дуккха а болучу зударшка а (салам муха дала деза) а, оццу бехкамца зударша (стегаршка салам муха дала деза) а

138-гIа дакъа:  (Бусалба наха) гаурашка салам хьалха дIадалар хьарам хилар а, цара делла салам схьа муха эца дезаш ду хаар а, юккъехь бусалбанаш а, керстанаш а болучу гуламе салам далар суннат хилар а

139-гIа дакъа:  Гуламера хьала а гIаьттина, шен къамелхойх я къамелхочух а къаьстина дIавоьдучо салам далар суннат хилар

141-гIа дакъа:  ХIокху декъехь кхетадо: нагахь чуван бакъо йоьхуш волучуьнга хаттахь: «Мила ву хьо?» - суннатехь догIуш ма хиллара цо жоп дала дезаш хилар: «Хьенех ву» аьлла, яьккхича (нахана) ша вевзаш йолу шен цIе а йоккхуш, я кунья а олуш, иштта деккъа цхьа «Со ву» алар а, цуьнах тера дерг алар а дика цахилар

142-гIа дакъа:  Хьоршам тоьхначунна дика лаар дешнаш алар (ташмит) суннат хилар - нагахь цо Сийлахь-Везачу АллахIана хастам бинехь. Нагахь цо Сийлахь-Везачу АллахIана хастам ца бахь - и (дешнаш алар) дика цахилар. Иштта дика лаар дешнаш аларан а, хьоршам тохаран а, бага гIетторан а гIиллакхаш кхетор

143-гIа дакъа:  Вовшахкхетча, вовшашка куьйгаш далар суннат хилар, иштта юьхь екхаелла хилар а, дикачу стеган куьйгах барт баккхар а, (дезарна а,) къахетарна а шен берана барт баккхар а, цIавоьрзуш волучу некъахочунна мараэккхар а, амма корта таIор дика цахилар

146-гIа дакъа:  Цомгашчуьнан доьзале цуьнгара хьал муха ду хаттар суннат хилар

147-гIа дакъа:  Дийна виса сатуьйсийла яйначо ала дезарг

148-гIа дакъа: Цомгашчуьнан доьзале а, цуьнан гIуллакхе а хьожуш волучуьнга - цуьнца дика а хила, цуьнгара хуьлуш йолу халонаш собарца лан а ла аьлла, весет дар суннат хиларан хьокъехь, иштта диначу зуламна вен кхиэл кхайкхийначуьнан а, чIирана вен кхачийначуьнан а, муьлхха а кхечу бахьанина бала герга болучу (нехан гергарачаьрга) весет даран хьокъехь а

149-гIа дакъа:  Цомгашчунна ала мегаш хилар: «Со лазаво!», я «Со чIогIа лазаво!», я «Сан дегI дика дац!», я «АхI, сан корта!», иштта царех тера долу (дешнаш) а. Цуьнан кхетам иштта луш бу:  цуьнгахь (иштта аларехь) цхьа а ца магош хIума дац - нагахь и дешнаш эргIадвахана олуш а, собарх воьхна олуш а ца хилчахьана

150-гIа дакъа: Леш волучунна «Кхин дела вац, АллахI воцург» («Ла илахIа иллаллахI») ала дезар дагадаийтар

151-гIа дакъа: Веллачуьнан бIаьргаш дIакъевлиначул тIаьхьа ала дезарг

154-гIа дакъа: Веллачуьнан тIехулара вочу агIор хийцаделла долу куц, даржа а ца деш (къайла дахьар)

155-гIа дакъа: Веллачуннна докъан ламаз дар, иза новкъа ваккхар, иза дIавуллучохь хилар, велларг тIаьххьарачу новкъа воккхуш зударий тIаьхьа база оьшуш цахилар

156-гIа дакъа:  Докъан ламазехь алссам наха дакъалацар суннат хилар, уьш кхаа могIаре а, кхин сов а дIахIиттор

157-гIа дакъа:  Докъан ламазехь доьшуш долучуьнан хьокъехь

158-гIа дакъа:  Велларг дIаволла вуьгуш болу барам чехкка дIабахьа безаш хилар

159-гIа дакъа:  Веллачунна тIера сихха декхар дIадала дезаш хилар, (велларг дIаволла кечван) сихо ян езаш хилар - нагахь иза дагахь а доцуш цIеххьашха велла вацахь, ткъа ишттачу хьолехь - иза велла хиларехь цхьа а шеко ца йиссалц вуьтур ву

160-гIа дакъа:  Кошана уллохь хьехам баран хьокъехь

161-гIа дакъа: Велларг дIавоьллиначул тIаьхьа цунна АллахIе доIа дар а, цунна доIа дан а, гечдар деха а, КъурIан деша а цхьана ханна цуьнан кошана уллохь хиъна Iар а

162-гIа дакъа:  Веллачунна тIера сагIадаккхар а, цунна доIа дар а

164-гIа дакъа:  Кегийра бераш делларг тоьлуш хилар

165-гIа дакъа:  Зуламхойн кешнашна а, уьш хIаллакьхиллачу меттигашна а тIехдовлучу хенахь делхаран а, кхераран а, Сийлахь-Везачу АллахIе хьаште хилар гучудаккхаран а, церан хьокъехь тидамаза хиларах лардала дезаран а хьокъехь

166-гIа дакъа:  Еарин дийнахь Iуьйранна новкъа валар суннат хилар

167-гIа дакъа:  Некъан накъостий лахар а, цара, цунна муьтIахь хила, шайх цхьаъ воккханиг (амир) балгалваккхар а суннат хилар

172-гIа дакъа:  Новкъа (ваьллачо) АллахIе доIанаш дар суннат хилар

174-гIа дакъа:  Муьлххачу а цхьана хIусамехь сецначу (стага) ала дезарг

176-гIа дакъа:  Шен доьзална тIе дийнахь цIаверзар суннат хилар, хьашт а доцуш буса цIаверзар дика цахилар

173-гIа дакъа:  Нахах я кхечу цхьаннах кхеравелча дан деза доIа

175-гIа дакъа:  Некъахо катоьхна сихха шен доьзална тIе вухаверза везаран хьокъехь, нагахь иза ша арадаьккхина долу гIуллакх кхочушдина ваьллехь

177-гIа дакъа:  Стага (ша шен махка) вухавоьрзуш а, шена шен гIала гича а ала дезарг

178-гIа дакъа:  Шен цIа юхавирзиначо - доллучул а хьалха, уггаре а уллехь долучу маьждигна чу а вахана, цигахь ши ракаIат ламаз дар суннат хилар

179-гIа дакъа:  Зудчунна ша цхьаъ новкъаялар хьарам дина хилар

180-гIа дакъа:  Къуръан дешаран дозалла

181-гIа дакъа:  Гуттар къуръан доьшуш хила аьлла дина омра а, и дицдарах ларвала везаш хилар а

182-гIа дакъа:  Къуръан хазчу озаца дешар а, хаза аз долучуьнга Къуръан деша аьлла дехар дар а, цуьнга ладохар а дика хилар

184-гIа дакъа:  КъурIан деша цхьаьнакхетар суннат хилар

185-гIа дакъа:  Ламаз эцаран дозалла

186-гIа дакъа: Моллалла кхайкхаран дозалла

192-гIа дакъа:  Iуьйра а, пхьуьйра а ламазаш жамаIатехь дар дагадаийтар

195-гIа дакъа:   Парз ламазел хьалха а, тIаьхьа а дечу (раватиб) суннат ламазийн дозалла а, церан уггар кIезиг болу а, уггар дукха болу а, юккъера болу а барам бовзийтар а

197-гIа дакъа:  Парз Iуьйра-ламазна (хьалхара деш долу) ши ракаIат дайдаран хьокъехь, оцу шина ракаIатехь доьшуш дерг а, и шиъ деш йолу хан а

200-гIа дакъа:  Малхбузан парз-ламазал хьалха тIедеш долу суннат-ламазаш

202-гIа дакъа:  Парз пхьуьйра-ламазана тIаьхьа а, хьалха а тIедеш долу суннат-ламазаш

203-гIа дакъа:  Рузбанан ламазал хьалха а, тIаьхьа а деш долу суннат-ламазаш

206-гIа дакъа:  Зуьхьа-ламазан дозалла а, цуьнан уггаре кIезиг а, уггаре дукха а, юккъера а барам кхетор а, хаддаза и дар дагаийтар а

208-гIа дакъа:  Маьждиган хьурматан ламаз дар дагадаийтар а, (маьждиг чу ваьлларг) ши ракаIат ламаз данза охьахаар дика цахилар а: башхалла а яц иза оцу чу мацца веанехь а, иштта цо муьлхха а ши ракаIат ламаз дан негат динехь а - хуьлда и маьждиган хьурматан ламаз, я парз-ламаз, я тIечIагIдина (ратиб) суннат-ламаз, я муьлхха а кхиниг

212-гIа дакъа:  Буса дечу ламазан дозалла

213-гlа дакъа:  Рамадан баттахь буса тlедеш долу (таравихь) ламазаш дар суннат хилар

215-гIа дакъа: Цергаш цIанйийриг (сивак) хьакхаран дозалла а, ламасте долучуьнца догIуш дерг а

218-гIа дакъа:  Рамадан баттахь комаьрша хиларан а, (ШарIо) магийнарг даран а, диканаш дарехь сов вала (гIертаран) а хьокъехь, къаьсттина цуьнан тIаьххьарачу итт дийнахь

219-гIа дакъа:  ШаIбан беттан хьалхара ах дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа Рамадан баттал хьалха марханаш кхабар (массарна а) дихкина хиларан хьокъехь - ша хьалха кхаба долийна долу марханаш кхиндIа а кхобуш воцучунна а, я ша гуттар а кхобуш долу марханаш оцу ханчохь нисделла воцучунна а, нагахь цуьнан оршот дийнахь а, еарин дийнахь а марханаш кхобуш Iадат хиллехь

220-гIа дакъа:  Бутт цIинбелла гича олуш дерг

221-гIа дакъа:  Iуьйкъанна хIума яаран дозалла а, сатаса кхерам боццучу хене и тIаьхьататтар а

222-гIа дакъа:  Ницкъ ма-кхоччу чехка марха дастар деза хиларан хьокъехь, марха стенца даьстича гIолехь ду а, марха даьстиначул тIаьхьа ала дезаш дерг а дийцар

223-гIа дакъа:  Марха долучуьнга - Iеса хиларах шен мотт а, кхинйолу дегIан меженаш а сацае, иштта багалеярах а, цуьнах тера долучух а юха а вала аьлла дина омра

224-гIа дакъа:  Марханех хьакхалуш долу цхьацца гIуллакхаш

225-гIа дакъа:  Мухьаррам а, ШаIбан а, иштта сийлахь-безачу беттанашкахь а марханаш кхабаран дозаллех кхетор

226-гIа дакъа:  Зул-хьижжат (беттан) хьалхарачу итт дийнахь марханаш кхабаран дозалла

227-гIа дакъа:  Iарафат а, иштта «Iашураъ» а, «тасуIаъ» а деношкахь марханаш кхабаран дозалла

228-гIа дакъа:  Шаввал баттахь ялх де марханаш кхабар суннат хилар

229-гIа дакъа:  Оршотан а, еарин деношкахь а марханаш кхабар суннат хилар

230-гIа дакъа:  ХIора баттахь кхоккха де марханаш кхабар суннат хилар

231-гIа дакъа:  Марха долучуьнга марха дастийтаран дозалла а, марха долучуьнан дозалла а – иза волучохь кхечара хIума юууш волучу, хIума юуш волучо хIусамдена доIа дар а

232-гIа дакъа:  Маьждигехь иIтикаф даран дозалла

234-гIа дакъа:  ЖихIадан дозалла

235-гIа дакъа:  Эхартахь шайна шахIидашна санна ял (кечйина болучу нахах) лаьцна, делахь а, тIамехь керстанех летта беллачарех къастийна лийчор бу уьш, докъан ламаз а дийр ду царна

236-гIа дакъа: Лайш маьршабахаран дозалла

239-гIа дакъа: Синтемазечу а, питанечу а, царех тера хьелаш хIиттиначу а (заманашкахь) Iибадат даран дозалла

243-гIа дакъа:  АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) салават дилларан дозалла

245-гIа дакъа:  Ирахь, хиъна, Iуьллуш, (иштта) ламаз карахь доцуш а, лийчар тIедоьжна волуш а, цIано йоьхначу зудчунна а Сийлахь-Веза АллахI хьехоран (дозалла), КъурIан дешар доцург, хIунда аьлча и деша магош дац лийчар тIедоьжначунна а, цIано йоьхначу (зудчунна) а

246-гIа дакъа: ДIадуьйшуш а, самадевлча а ала дезарг

257-гIа дакъа:  Эладитанаш хьарам хиларан хьокъехь, иза - барт эгIоран Iалашонца цхьана нехан къамелаш вукхарех дIатохар ду

258-гIа дакъа:  Нехан къамелаш хьаькамашна тIекхехьар дихкина хиларан хьокъехь, нагахь иза тIекхачонза цадаьллачу цхьана бахьанех доьзна дацахь – бохам (баржарна) кхерам хIоттар санна дерг а, иштта дIа кхин цуьнах тераниг санна дерг а

262-гIа дакъа:  (Стага ша) эриг а, дуьйцург а бакъ хилар талла дезаш хиларан хьокъехь

267-гIа дакъа:  Бакъо а йоцуш, ШарIо магочу маслаIатана а доц уш, беллачарна лер хьарам хилар

270-гIа дакъа:  ХьагI лацар хьарам хиларан хьокъехь

275-гIа дакъа:  ШарIо даредина долу (нехан) тайпанаш емалдар хьарам хиларан хьокъехь

284-гIа дакъа:  Хьал долучу стага догIуш волчу дас дIадоьхуш долу декхар дIацалуш хьедар хьарам дина хилар

287-гIа дакъа:  Риба чIогIа хьарам хиларан хьокъехь

289-гIа дакъа:  МоттаргIанна ду а мотталуш, ва амма моттаргIанах доцучуьнан хьокъехь

292-гIа дакъа:  Стегаршна а, зударшна а духарехь а, меттахахьерашкахь а, кхиндолучу гIуллакхашкахь а вовшех тарбала (гIертар) хьарам дина хилар

293-гIа дакъа:  ШайтIанех а, керстанех а тарвалар дихкина хилар

295-гIа дакъа:  Коьртах цхьаберг дIа а баьшна, важаберг башанза битар ца магош хиларан а, зударшна корта баша мегаш ца хиларан а, стегаршна берриге корта баша мегаш хиларан а хьокъехь

297-гIа дакъа:  Можана тIера а, коьртара а, кхечухьара а къоьжа чоьш  схьадахар дихкина хиларан а, иштта уьш тIедовла дуьйладеллачу хенахь жимачу стагана шен можана тIера чоьш схьадахар дихкина хиларан а хьокъехь

298-гIа дакъа:  Бехказа бахьана а доцуш, аьтту куьйга цIано ян цамагар а, цIано ечу хенахь стен-боьршаллин бехкечу меттигех аьтту куьг хьакхадалийта цамагар а

300-гIа дакъа:  ДIадуьйшучу хенахь а, цуьнах терачу хьелашкахь а чохь йогуш цIе йитар дихкина хилар, башхалла а яц: я къуьданна чохь, я миччанхьа кхечу цхьанахьа и хилча а

305-гIа дакъа: Кузана а, тIулгана а, бедарна а, дирхIамна а, гIайбина а, динарна а, кхинйолучу хIуманашна а тIехь дийнатийн суьрташ дахкар хьарам хиларан хьокъехь, иштта пенна а, тхевнна а, кирхьанна а, чалбанна а, духарна а, царех терачу кхечу хIуманашна а тIехь суьрташ дахкар хьарам хиларан хьокъехь, иштта суьрташ хIаллакде аьлла дина долучу омрин хьокъехь а

306-гIа дакъа:  ЖIаьла кхабар хьарам хилар дуьйцу дакъа, нагахь иза талларан дуьхьа я даьхнина, я ялташна ха дан кхобуш дацахь

307-гIа дакъа:  Эмкалийн а, кхиндолучу (цIерачу) дийнатийн а вортанашна тIе горгалеш охка а, иштта шеца цхьаьна жIаьла а, горгалеш а новкъа даха а оьшуш цахиларан хьокъехь

308-гIа дакъа:  Боьхаллаш юуш йолучу боьршачу эмкалшкахь а, стечу эмкалшкахь а лелар дихкина хилар. Нагахь цара цIена докъар а диънехь, церан жижиг чомехь хийца а деллехь – тIаккха (тIеховша) цамагар дIадолу

311-гIа дакъа:  Саьрмасекх, хох, (иштта) вон хьожа йолу муьлхха а хIума йиъначунна, нагахь ваханза ца волуш чIогIа оьшуш хьал дацахь, маьждигна чувахар дихкина хилар, (йиъначунан вон) хьожа хаалучуьра дIаяллалц

312-гIа дакъа:  ПIерасканан дийнахь имам хутIба доьшуш волучу хенахь - айдина когаш мара а доьхкина, хиъна Iар дика цахилар, хIунда аьлча оцо наб тIейоуьйту, (и бахьанехь) хутIбане ладогIар тIехтила а тарло, ткъа хьан ламаз карара дала а тарло

313-гIа дакъа:  Зул-хьижжат беттан (хьалхара) итт де тIекхаьчча, гIурба дан лууш волучу стагана месаш хедор а, мIараш хедор а доьхкуш хилар, гIурба дина даллалц

318-гIа дакъа:  Мах бечу хенахь дуйнаш даар дика цахилар, бакъ луьйш дууш дуйнаш уьш делахь а

319-гIа дакъа:  Адамо АллахIан юьхьан дуьхьа, ялсамани йоцург, хIуммаъ еха цамагар а, Сийлахь-Везачу АллахIан дуьхьа (муьлхха а цхьа хIума) йоьхуш верг а, Цуьнан дуьхьа дехар дийриг а вухатохар дика цахилар а

320-гIа дакъа: Паччахьан а, иштта кхинболучу урхалчийн а «шахIиншахI» (аьлла) цIе яккхар дихкина хилар, хIунда аьлча иза - «паччахьийн паччахь» («маликул мулук») бохучу маьIнехь ду, ткъа оцу кепара башхаллаш цхьанненна а билгалъяккха мегаш дац - Сийлахь-Везачу цхьана АллахIана а бен, хастам бу Цунна!

321-гIа дакъа:  Хьарамчу стаге а, бидаIатан агIонче а, цаьршиннах терачуьнга а «эла» алар а, иштта цуьнан маьIнехь долу дешнаш алар а магийна цахилар

324-гIа дакъа:  БоргIална лер дихкина хиларан хьокъехь

325-гIа дакъа:  Стагана дихкина хилар: «Вайна деана догIа хIара-иза дуьне (планета) бахьанехь деана ду» бахар

326-гIа дакъа:  Бусалбане «ХIай, керста!» алар хьарам хилар

327-гIа дакъа:  Бакъахьара (гIиллакхе) доцург а, боьха багалеяр а дихкина хилар

329-гIа дакъа:  «Со вон ву» ала цамагаран хьокъехь

330-гIа дакъа:  Кемсех «карм» ала цамагарах лаьцна

331-гIа дакъа:  Зудчун исбаьхьаллаш стаге йийцар дихкина хиларан хьокъехь, нагахь ШарIан Iалашонаш кхочушъян цаьрга хьаште вацахь, масала: зуда ялон а, и.дI.кх.

332-гIа дакъа:  «Я, АллахI, гечдехьа суна, хьайна лаахь!» - ала мегаш цахилар, хIунда аьлча стага ша доьхург хадам боллуш деха деза

333-гIа дакъа:  «АллахIана ма лаъара а, хьенехана ма лаъара а» ала мегаш цахилар

334-гIа дакъа:  Пхьуьйра-ламаз диначул тIаьхьа къамелаш дар дика цахилар

335-гIа дакъа:  ШарIо къобалъеш бехказло а йоцуш, зудчунна шен майрачо метта дIакхайкхича юхаялар хьарам хилар

336-гIа дакъа:  Зудчунна шен майра цIахь (уллохь) волучу хенахь, цуьнан пурба а доцуш, марха кхабар хьарам хиларан хьокъехь

337-гIа дакъа:  Имамана тIаьхьа а хIоьттина ламаз деш волучунна - сужданера а, рукуIера а корта цочул а хьалха хьалаайбар хьарам хиларан хьокъехь

338-гIа дакъа:  Ламаз дечу хенахь ши куьг хаьнтIа диллар дика цахилар

339-гIа дакъа:  Нагахь яахIума кийча елахь, стеган са и езаш а делахь, иштта  жимачу а, доккхачу а гIуллакхна иза араваха дог долуш а велахь – ламаз дар дика цахиларан хьокъехь

340-гIа дакъа:  Ламазехь бIаьргаш стигала хьалахьежор дихкина хилар

341-гIа дакъа:  Бехказа бахьана а доцуш, ламазехь дIасахьежар дика цахилар

342-гIа дакъа:  Кешнашна тIе а вирзина ламаз дар дихкина хилар

343-гIа дакъа:  Ламаз дечунна хьалхашхула валар хьарам хилар

344-гIа дакъа:  Моллалла кхойкхуш верг къамат дан волавеллачул тIаьхьа имамана тIехьа лаьтташ волучунна тIедеш долу ламаз (нафила) дан волавалар бакъахьа цахилар - башхалла а яц и суннат оцу ламазаца деш дерг хилча а, ца хилча а

345-гIа дакъа:  Марха кхаба (кхиндолучу деношна юккъера) пIерасканан де а, ламазаш дан кхинйолучу буьйсанашна юккъера пIерасканан буйса а къастор дика цахиларан хьокъехь

346-гIа дакъа:  Хаддаза (марханаш) кхабар хьарам хилар (висал) - иза (стага) шина дийнахь я кхин а сов марханаш кхабар ду, царна юккъехь хIума а ца юуш

347-гIа дакъа:  Кошана тIе охьахаар хьарам хиларан хьокъехь

348-гIа дакъа:  Кошана белхьам (гипс) биллар а, цунна тIехь гIишло йогIар а хьарам дина хиларан хьокъехь

349-гIа дакъа:  Ша долахь волучу дех лай вадар чIогIа дихкина хилар

351-гIа дакъа:  Нах лелачу новкъахь, (уьш садаIа совцуш долучу) IиндагIехь, хин хьосташкахь, иштта дIа царех терачу меттигашкахь а аравахар дихкина хилар

357-гIа дакъа:  Бусалба волучу агIор герз а, цуьнах тера хIуманаш а хьажор дихкина хилар - бен а дац иза боккъала делахь а, я бегашна делахь а, иштта дихкина ду кхечуьнга баттара даьккхина тур дIадалар а

358-гIа дакъа:  Бехказа бахьана а доцуш, моллалла кхайкхиначул тIаьхьа, парз-ламаз а ца деш, маьждигера аравалар дика цахиларан хьокъехь

359-гIа дакъа:  Бехказа бахьана а доцуш, райхьан схьа ца оьцуш, юхатохар дика цахиларан хьокъехь

362-гIа дакъа: Бозбуунчалла чIогIа хьарам дина хилар

363-гIа дакъа:  КъурIан а эцна керста нехан мехкашка вахар дихкина хиларан хьокъехь, нагахь и мостагIийн каракхачарна кхерам белахь

366-гIа дакъа:  Буьйса тIекхаччалц дерриге дийнахь вист ца хуьулш Iар дихкина хиларан хьокъехь

368-гIа дакъа:  Доллучунна ницкъ кхочуш а, Сийлахь-Воккха а волучу АллахIа а, Цуьнан элчано а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дихкинарг дарах лардалар

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft