351-гIа дакъа
Нах лелачу новкъахь, (уьш садаIа совцуш долучу) IиндагIехь, хин хьосташкахь, иштта дIа царех терачу меттигашкахь а аравахар дихкина хилар
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Гуьнахь доцуш муъма стегаршна а, муъма зударшна а зенаш деш берш - шайн ги эладиттин мохь а, билггал, къа а дуьллуш бу» («ал-Ахьзаб», 58).
1771. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «НеIалт олучу шина хIуманах ларло!»[1] (Наха) хаьттира: «ХIун ду, ткъа, и неIалт олуш долу ши хIума?». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) жоп делира: «Нах лелачу новкъахь а, (уьш совцуш долучу) IиндагIехь а араваханачунна (олуш дерг ду)» (Муслим: 269).

