• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

300-гIа дакъа

Опубликовано: 01 мая 2010

300-гIа дакъа

ДIадуьйшучу хенахь а, цуьнах терачу хьелашкахь а чохь йогуш цIе йитар дихкина хилар, башхалла а яц: я къуьданна чохь, я миччанхьа кхечу цхьанахьа и хилча а

1652. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шаьш охьадуьйшучу хенахь шайн хIусамашкахь (летта) цIе ма йита» (Бухари: 6293, Муслим: 2015).

1652. Абу Муса ал-АшIарис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «(Цкъа цхьана) буса, чохь Iаш берш а богуш, Меднахь цхьа цIа даьгна хилла. Царна хилларг пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) довзийтиначу хенахь цо аьлла: «Боккъалаъ, и цIе – шун мостагI ю. Цундела шаьш дIадуьйшучу хенахь дIаяйъе и» (Бухари: 6294, Муслим: 2016).

1654. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ПхьегIа дIакъовла, китан (бертиг) дIаехка, неI дIакъовла, къуьда дIабайбе, хIунда аьлча, боккъалаъ, шайтIане китан (бертиг) схьацаястало, неI схьацаеллало, пхьегIа схьацаеллало. Нагахь пхьегIина тIе йилла, коржам йоцург, шайна кхин хIуммаъ ца караяхь, и (тIеюьллучу хенахь), АллахIан цIе а яккхина, тIеюьллийла аша. Боккъалаъ, оцу хIусамна чохь болучарна дехко цIе тосуш а нисло[1]» (Муслим: 2012).



[1] Кхузахь дуьйцург: дехко догуш долу къуьданаш херцор а, охьатохар а ду.

305-гIа дакъа

Опубликовано: 09 июня 2010

305-гIа дакъа

Кузана а, тIулгана а, бедарна а, дирхIамна а, гIайбина а, динарна а, кхинйолучу хIуманашна а тIехь дийнатийн суьрташ дахкар хьарам хиларан хьокъехь, иштта пенна а, тхевнна а, кирхьанна а, чалбанна а, духарна а, царех терачу кхечу хIуманашна а тIехь суьрташ дахкар хьарам хиларан хьокъехь, иштта суьрташ хIаллакде аьлла дина долучу омрин хьокъехь а

1678. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, и  суьрташ дечарна къематдийнахь Iазап лур долуш ду. Цаьрга эра ду: «Денде (хIинца) шаьш кхоьллинарг»» (Бухари: 4951, Муслим: 2108).

1679. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьана новкъа ваьлла ваханачуьра (Медине) вухавирзинера, ткъа аса сайн чIоьн-цIа (сахIва) тIеоьллина тIехь суьрташ долу дуткъа кирхьа дара. АллахIан элчанна ((АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), и кирхьа) гиначу хенахь, юьхьа тIера бос хийца белира цуьнан. Цо элира: «ХIай, Iайшат, къематдийнахь АллахIана хьалха шайна уггаре а луьра Iазап лун дерш - кхолларехь АллахIах тарвала (гIерташ) верг ма ву!»» (Бухари: 5954, Муслим: 2106).

1680. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: ««Сурт мел дуьллуш верг - жоьжагIатахь хир ву. Цо мел диллиначу суьртан цIарах цунна Iазап лун долу цхьацца са кхуллур ду жоьжагIатахь». Ибн Iаббаса аьлла: «Нагахь хьо дилланза Iаш вацахь - диттийн а, иштта чохь са доцучу хIуманийн а (суьрташ дахка)»» (Бухари: 2225, Муслим: 2110).

1681. IабдуллахI бин Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), олуш хезна шена аьлла: «Дуьненахь (муьлхха а) цхьа сурт диллиначунна - къематдийнахь цунна чу са диллар, декхар а дина, тIедожор ду, ткъа цуьнга дилла а лур дац и (цкъан-цкъа а)!» (Бухари: 5963, Муслим: 2110).

1682. Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Боккъалаъ, къематдийнахь массо нахал уггаре а доккха Iазап шайна лун дерш - суьрташ деш (дохкуш) берш бу» (Бухари: 5950, Муслим: 2109).

1683. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла: «Аса кхоьллиначу кхолламех теро цхьа хIума кхолла гIоьртиначу (стагал а) сов зуламе мила ву?! ХIета, цхьа зингат кхолла цара, я кIен буьртиг кхолла, я мекхан буьртиг кхолла!»» (Бухари: 5953, Муслим: 2111).

1684. Абу ТIалхьас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Чохь жIала я суьрташ долучу хIусаме ца догIу малекаш» (Бухари: 5958. Муслим: 2106).

1685. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «(Цкъа) Жабраил (малека) АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ваIда йина хилла, иза волучу догIур ду ша аьлла, амма (дуккха а ханна ца догIуш) хьеделла иза. (Хьоьжуш Iар) холчу даьлла волу АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (хIусамера) араваьлла, (ткъа арахь) Жабраилна дуьхьал кхетта иза. (Ша цунна дуьхьал кхетча, цуьнга) латкъийна цо (и цадар), (ткъа цо) аьлла: «Боккъалаъ, чохь жIаьла я сурт долу цIачу ца доьлху тхо» (Бухари: 5960).

1686. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) Жабраил (малеко) (IалайхIис салам) АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ваIда йина хилла - йиллиначу хенахь иза волучу догIур ду ша аьлла. Амма йиллина хан тIехIоьттича, ца деана иза». (Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна)) дийцина: «(Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) карахь Iаса яра. Шен (карара и Iаса) агIор дIа а ластийна, цо элира: «Ойн, АллахIа а, Цуьнан геланчаша а йина ваIда йоха ма ца йо!». Ткъа цул тIаьхьа схьавирзиначу цунна цIеххьана шен маьнгин кIеллахь долу кIеза гира. Цо хаьттира: «Iайшат, хIара жIала хIокху чу маца деана?!». Цо жоп делира: «Аса дуй буу АллахIах! Суна-м ца хаьа!». Цуьнан омрица чуьра и кIеза арадаьккхира. Цул тIаьхьа иза волучу деана схьакхечира Жабраил (IалайхIис салам). ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (цуьнга) элира: «Ахьа суна ваIда йинера, ткъа со хиъна Iийра (хьо догIу лардеш), ткъа хьо дан ца деара со волучу!». (Цунна жоп луш, Жабраила) аьлла: «Хьан хIусамехь хиллачу жIаьло ца доуьйтура со, хIунда аьлча, боккъалаъ, чохь жIаьла я сурт долучу цхьана а цIачу доьлхуш дац тхо!»» (Муслим: 2104).

306-гIа дакъа

Опубликовано: 01 мая 2010

 

306-гIа дакъа

 

ЖIаьла кхабар хьарам хилар дуьйцу дакъа, нагахь иза талларан дуьхьа я даьхнина, я ялташна ха дан кхобуш дацахь

 

1688. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «ЖIаьла кхобуш волучу стеган (дикачу Iамалшна) дуьхьал догIу совгIат - хIора дийнахь ши къиратI кIезиглуш ду, нагахь цо иза я талларан дуьхьа, я даьхний лардайта (кхобуш дацахь)» (Бухари: 5480, Муслим: 1574).

 

1689. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, жIаьла долучуьнан дикачу Iамалшна дуьхьал догIу совгIат - хIора дийнахь къиратI кIезиглуш ду, нагахь цо и жIаьла я кха, я даьхний (лардайта кхобуш дацахь)» (Бухари: 2322, Муслим: 1575).

 

Оццу хьадисан (Муслима далош долучу цхьана ривайатехь дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла): «Я хадарна, я латта я даьхний (лардаран Iалашонна а) доцуш, жIаьла кхобучуьнан ял - хIора дийнахь ши къиратI кIезиглуш ю».

307-гIа дакъа

Опубликовано: 26 марта 2010

307-гIа дакъа

Эмкалийн а, кхиндолучу (цIерачу) дийнатийн а вортанашна тIе горгалеш охка а, иштта шеца цхьаьна жIаьла а, горгалеш а новкъа даха а оьшуш цахиларан хьокъехь

1690. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шайца цхьаьна жIаьла я горгали болучу нахаца цхьаьна малекаш ца хуьлу» (Муслим: 2113).

1691. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Горгали - шайтIанан шедаг (зурма) ю» (Муслим: 2114).

208-гIа дакъа

Опубликовано: 22 апреля 2010

208-гIа дакъа

Маьждиган хьурматан ламаз дар дагадаийтар а, (маьждиг чу ваьлларг) ши ракаIат ламаз данза охьахаар дика цахилар а: башхалла а яц иза оцу чу мацца веанехь а, иштта цо муьлхха а ши ракаIат ламаз дан негат динехь а - хуьлда и маьждиган хьурматан ламаз, я парз-ламаз, я тIечIагIдина (ратиб) суннат-ламаз, я муьлхха а кхиниг

1144. Абу КъатIадата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух муьлхха а цхьаъ маьждиг чу ваьлча - охьа ма хоийла ши ракаIат ламаз даллалц» (Бухари: 444, Муслим: 714).

1145. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) маьждигехь а волуш, (иза) волучу веара со. Цо элира (соьга): «Ши ракаIат ламаз де»» (Бухари: 443, Муслим: 715).

308-гIа дакъа

Опубликовано: 11 июня 2010

308-гIа дакъа

Боьхаллаш юуш йолучу боьршачу эмкалшкахь а, стечу эмкалшкахь а лелар дихкина хилар. Нагахь цара цIена докъар а диънехь, церан жижиг чомехь хийца а деллехь – тIаккха (тIеховша) цамагар дIадолу

1692. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), муьлхха а цхьа боьхалла йиъна йолучу эмкална тIехаар дихкира» (хIара хьадис бакъ иснадаца Абу Дауда даладо: 2558).

311-гIа дакъа

Опубликовано: 11 июня 2010

311-гIа дакъа

Саьрмасекх, хох, (иштта) вон хьожа йолу муьлхха а хIума йиъначунна, нагахь ваханза ца волуш чIогIа оьшуш хьал дацахь, маьждигна чувахар дихкина хилар, (йиъначунан вон) хьожа хаалучуьра дIаяллалц

1701. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIокху ораматан (вуьшта аьлча, саьрмасекхан) стом биънарг– хIуъа хилча а вайн маьждигна герга ма вохуьйла» (Бухари: 853, Муслим: 561).

Оцу хьадисан цхьана Муслима далош долучу ривайатехь дийцина (пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла): «…вайн маьждигашна…».

1702. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIокху ораматан стом биънарг - хIуъа хилча а тхуна герга а ма вохуьйла я тхоьца цхьаьна ламаз а ма дойла цо» (Бухари: 856, Муслим: 562).

1703. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Саьрмасекх а, хох а биънарг - тхох гена волуьйла (я тхан маьждигех гена волуьйла)!» (Бухари: 854, Муслим: 546).

Оцу хьадисан цхьана Муслима далош долучу ривайатехь дийцина (пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла): «Хох, саьрмасекх, жовхIар-хох биънарг - хIуъа хилча а тхан маьждигна герга ма вохуьйла, хIунда аьлча, боккъалаъ, Адаман тIаьхьенна навкъарло хуьлуш долучух малекашна а хуьлу новкъарло!».

1704. (Цкъа) Iумар бин ал-ХаттIаб (АллахI реза хуьлда цунна) пIерасканан дийнахь (нахана) хутIба доьшуш волуш, шен хутIбана юккъехь элира цо: «КхиндIа, хIай нах, боккъалаъ, шина ораматан стом бууш ду шу, аса боьха лоруш болу: цIарца аьлча – саьрмасекх а, хох а. АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьана стагера схьаоьху (оцуьнан а, вукхуьнан а) хьожа хааеллачу хенахь, омра а дой, цо и стаг  ал-БакъиIе аравоккхуш (хилла) хилар гина ма вай со![1] Ткъа и шиъ бууш волучо - кхехка а бай, цаьршиннан (хьожа) йойуьйла» (Муслим: 567). 



[1] ал-БакъиI - Меднахь пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гергахьо долучу кешнийн цIе ю.

312-гIа дакъа

Опубликовано: 20 июня 2010

312-гIа дакъа

ПIерасканан дийнахь имам хутIба доьшуш волучу хенахь - айдина когаш мара а доьхкина, хиъна Iар дика цахилар, хIунда аьлча оцо наб тIейоуьйту, (и бахьанехь) хутIбане ладогIар тIехтила а тарло, ткъа хьан ламаз карара дала а тарло

1705. МуIаз бин Анас ал-ЖухIанис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), ши ког (гайна тIе) хьала а озийна[1], и шиъ мара а боьллина хиъна Iар дихкира, пIерасканан дийнахь имам хутIба  деш волучу хенахь» (Абу Дауд: 1110, Тирмиз: 514, цо аьла хIара «хьасан» даржехь хьадис ду).



[1] Ши ког гайна тIе хьала а озийна - и шиъ шен куьйга мара а боьллина, хиъна Iар ду иза.

313-гIа дакъа

Опубликовано: 20 июня 2010

313-гIа дакъа

Зул-хьижжат беттан (хьалхара) итт де тIекхаьчча, гIурба дан лууш волучу стагана месаш хедор а, мIараш хедор а доьхкуш хилар, гIурба дина даллалц

1706. Умму Салама (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ГIурбанна урс хьакха (лууш) дийнат долучо - зул-хьижжат (баттахь) цIена бутт гучубаьлча, хIуъа а хилча а гIурба даллалц месаш я мIараш ма хедайойла» (Муслим: 1977).

318-гIа дакъа

Опубликовано: 11 июня 2010

318-гIа дакъа

Мах бечу хенахь дуйнаш даар дика цахилар, бакъ луьйш дууш дуйнаш уьш делахь а

1720. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Дуй бааро хIума (дIайохкарна тIехь) гIо до, амма са хIаллакйо цо» (Бухари: 2087, Муслим: 1606).

1721. Абу Къатадас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «ХIуъа хилча а мах бечу хенахь дукха дуйнаш ма доуьйла аша, хIунда аьлча, боккъалаъ, (юьхьанца, хIума) дIайохка гIо а лоций, тIаккха (са) хIаллакйо цо» (Муслим: 1607).

Еще статьи...

  • 319-гIа дакъа
  • 220-гIа дакъа
  • 320-гIа дакъа
  • 221-гIа дакъа
  • 321-гIа дакъа
  • 324-гIа дакъа
  • 325-гIа дакъа
  • 326-гIа дакъа
  • 327-гIа дакъа
  • 329-гIа дакъа
  • 330-гIа дакъа
  • 331-гIа дакъа
  • 332-гIа дакъа
  • 333-гIа дакъа
  • 334-гIа дакъа
  • 335-гIа дакъа
  • 336-гIа дакъа
  • 337-гIа дакъа
  • 338-гIа дакъа
  • 339-гIа дакъа
  • 10
  • 11
  • 12
  • 13
  • 14
  • 15
  • 16
  • 17
  • 18
  • 19

Страница 15 из 19

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft