• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

234-гIа дакъа

Опубликовано: 11 июля 2010

234-гIа дакъа

ЖихIадан дозалла

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«Массо а мушрикашца тIом бе, цара шуьца массаьрца а тIом ма барра. Хаалаш, АллахI – (Шех) кхоьруш болучаьрца вуйла» («ат-Товба», 36).

Сийлахь-Везачу АллахIа иштта аьлла:

«ТIом бар (парз дина) тIедиллина шуна, шуна и ца безахь а. Шуна цадезадала тарло - шайна дикаха дерг, шуна деза а тарло - шайна вон (зенехь) дерг. АллахIана хаьа, ткъа шуна ца хаьа» («ал-Бакъара», 216).

Сийлахь-Везачу АллахIа иштта аьлла:

«ТIаме гIо - шайна иза атта делахь а, я хало еш делахь а[1]. АлахIан новкъахь тIом бе шайн бахамашца а, шайн синошца а» («ат-Товба», 36).

Сийлахь-Везачу АллахIа иштта аьлла:

«Боккъалаъ, АллахIа муъма нахера церан синош а, бахамаш а эцна, дуьхьал ялсамани яларца. АллахIан новкъахь тIом бо цара - уьш а бойъуш, шаьш а кхелхаш. Иштта ю Цуьнан ваIда а, тIелацам а - Товратехь а, Инжилехь а, КъурIанехь а. Хьамма кхочушйо шен ваIда АллахIачул а дика? Биначу бартана даккхийдеш хила шу. Иза ю и – сийлахь-йоккха декъалалла» («ат-Товба», 111).

Сийлахь-Везачу АллахIа иштта аьлла:

«Хало хьоьгуш[2] а боцуш, цIахь севцна болу муъма нах а, шайн даьхнешца а, догIмашца а жихIад деш болу (муджахIидаш) а цхьатерра бац. Шайн  даьхнешца а, догIмашца а жихIад деш берш айбина (базбина) АллахIа цIахь севцначарел а дийнна цхьа дарж. Делахь а, царех хIоранна а дикаха дерг (дала)[3] ваIда йина АллахIа. ЖихIад деш болу (муджахIидаш) айбина АллахIа цIахь Iачарел а, (царна) сийлахь-доккха совгIат (а кечдина) – Шегара даржаш а[4], (къиношна) гечдар а, къинхетам а. АллахI – Гечдеш а, Къинхетам беш а ву!» («ан-Нисаъ», 95-96).

Сийлахь-Везачу АллахIа иштта аьлла:

«ХIай, Делах тешнарш! Махлелор гайта Аса шуна[5], балечу Iазапах шу хьалха дохун болу? АллахIах а, Цуьнан элчанах а теша. АллахIан новкъахь тIом а бе шайн бахамашца а, шайн синошца а. Иштта гIолехь хир ду шуна, нагахь шуна хаахь! ТIаккха Цо шун къиношна а гечдийр ду шуна, лахахь лелаш хиш долучу ялсаманин бошмашка а догIуьйтур ду шу, кечйиначу бошмашкахь тIеххазачу хIусамашка а. Иза – сийлахь-йоккха декъалалла ю. Кхин а шуна дезарг хир ду: АллахIера гIо а, герггарачу (хенахь) толам а. Муъма нахе кхаъ баккха!» («ас-Сафф», 10-13).

1285. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира (цкъа): «Уггаре еза Iамал муьлха ю?». Цо жоп делира: «АллахIе а, Цуьнан элчане а иман диллар». (Цуьнга) хаьттира: «Ткъа цул тIаьхьа?». Цо жоп делира: «АллахIан новкъахь жихIад дар». (Цуьнга юха а) хаьттира: «Ткъа цул тIаьхьа?». Цо жоп делира: «Ала хIума доцуш дина хьаж»» (Бухари: 1519, Муслим: 83).

1286. Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Мухха а цкъа) аса хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! Сийлахь-Везачу АллахIана уггаре дукхаха еза Iамал муьлха ю?». Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп делира: «Шен хеннахь дина ламаз». Аса хаьттира: «Ткъа цул тIаьхьа?». Цо жоп делира: «Дена-нанна дика хилар». Аса (юха а) хаьттира: «Ткъа цул тIаьхьа?». Цо жоп делира: «АллахIан новкъахь жихIад дар»» (Бухари: 527, Муслим: 85).

1287. Абу Зарра (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Аса хаьттира (цкъа): «ХIай, АллахIан элча! Уггаре езаха Iамал муьлха ю?». Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп делира: «АллахIах тешар а, Цуьнан новкъахь жихIад дар а»» (Бухари: 2518, Муслим: 84).

1288. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Iуьйранна я суьйранна АллахIан новкъахь (гIазот) дар дикаха (дезаха) ду дуьненал а, оцу чохь долучу массо хIуманал а» (Бухари: 2792, Муслим: 1880).

1289. Абу СаIийд ал-Худрийс (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цхьана стага, АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а веана, хаьттира: «Нахах уггаре диканиг мила ву?». Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп делира: «Муъма стаг - шен дегI а, шен бахам а ца кхоош, АллахIан новкъахь жихIад деш волу». Пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) юха а хаьттира цо: «Ткъа цул тIаьхьа?». Цо жоп делира: «Муъма стаг - ламанан цхьана чIожахь[6] АллахIана гIуллакх деш волу, шегара (хила тарлучу) вонах нах хьалха а буьтуш»» (Бухари: 2786, Муслим: 1888).

1290. СахIл бин СаIда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIан новкъахь (цхьана) дийнахь юкъ а йихкина гIаролехь Iар гIоле ду дуьненал а, оцу чохь мел долучу хIуманал а. Шух муьлххачу а цхьаьннан шедо ялсаманера дIалоцуш йолу меттиг гIоле ю дуьненал а, оцу чохь мел долучу хIуманал а. Iуьйре я суьйре, Сийлахь-Везачу АллахIан новкъахь (йоккхуш йолу), гIоле ю дуьненал а, оцу чохь мел долучу хIуманал а» (Бухари: 2892, Муслим: I88I).

1291. Салмана (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «Де-буьйса (АллахIан новкъахь) гIаролехь даккхар гIоле ма ду цхьана баттахь кхобучу марханел а, буса дечу ламазел а. Нагахь (оцу хенахь) стаг лахь – цо ша (дийна волуш) еш хиллачу (Iамалийн ял - иза дийна волучу хенахь санна) тIеоьхуш хир ю[7], дакъа а билгалдоккхур ду цунна[8], (кошахь) барт хаттарах хьалха а вер ву иза» (Муслим: 1913).

1292. Фудала бин Iубайда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIора веллачу (стеган) Iамалийн тептар дIакъовлуш ду[9], АллахIан новкъахь гIаролехь Iийна воцучуьнан. Боккъалаъ, цуьнан Iамалш цунна кхуьур ю[10] къематде кхаччалц, кошан Iазапах хьалха а воккхур ву иза» (Абу Дауд: 2500, Тирмизи: 1621, Тирмизис аьлла хIара хьадис «хьасан, сахьихь» даржехь ду).

1293. Iусмана (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «(Цхьа) де АллахIан новкъахь гIаролехь даккхар (муьлхха а) кхечу меттигашкахь эзар де даккхарал а гIоле ду[11]»  (Тирмизи: 1667, цо аьлла хIара хьадис «хьасан, сахьихь» даржехь ду).

1294. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIа шена тIеоьцур ву[12] - Шен новкъахь (тIом бан) араваьлларг. (АллахIа эра ду): «(Оцу новкъа иза цхьана а хIумано) ца ваьккхина - Сан новкъахь жихIад дар (дезаро) а,  Соьх тешаро а, Сан элчанаш бакъбаро а бен!». Со юкъара хир ву - иштта волу (стаг) ялсамане вахийта, я ша араваьллачу (цуьнан) хIусаме иза вухаверзор ву Аса цунна хилла йолучу йолаца[13] я хIонсаца. Аса дуй буу Мухьаммадан са шен карахь долучух: АллахIан новкъахь муьлхха а чов йина волу (стаг) -  къематдийнахь, билггал, вогIур волуш ма ву чов хиллачу дийнахь хиллачу суьртехь: цуьнан бос - цIийн бос хир бу, ткъа хьожа – мискан хьожа хир ю. Аса дуй буу Мухьаммадан са шен карахь долучух: айса бусалба нахана хало ярна ца кхерахьара, АллахIан новкъахь тIом бан йоьдучу цхьана а тобанна юкъара ваьлла (цIахь) вуьссур волуш ма вацара со. Делахь а, таро яц сан уьш (берриге) тIеховшон[14], я шаьш а бац уьш и дан таро йолуш[15]. Ткъа со араваьлча бухабисса а хала хир ду царна. Аса дуй буу Мухьаммадан са шен карахь долчух: боккъалаъ, АллахIан новкъахь тIом беш кхалха ма лаьара суна. Цул тIаьхьа (юха а) АллахIан новкъахь тIом беш (юха а) кхалха. Цул тIаьхьа (юха а) АллахIан новкъахь тIом беш (юха а) кхалха[16]» (Муслим: 1876, Бухари: 2703).            

1295. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIан новкъахь чов йина волу муьлхха а (стаг) къематдийнахь, билггал, вогIур волуш ма ву цIий оьхучу чевнехь, бос - цIийн бос а болуш, ткъа хьожа – мискан хьожа а йолуш» (Бухари: 5533, Муслим: 1876).

1296. МуIаза (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Билггал, ялсамани яьккхина - цкъа эмкал оьзча иза юха оззалц йолучу юкъанна[17] АллахIан новкъахь тIом биначу муьлххачу а бусалба стага. Ткъа АллахIан новкъахь чов йина верг я шега бохам кхаьчна верг - къематдийнахь хIинцца йича санна йолучу шен чевнаца вогIур ву: бос цIийн а болуш, хьожа мискан а йолуш» (Абу Дауд: 2541, Тирмизи: 1657, Тирмизис аьлла хIара хьадис «хьасан, сахьихь» даржехь ду).

1297. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Мухха а) цкъа АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) асхьабех цхьаъ цхьана чIожах тIехволуш хилла. Цигахь хилла, хаза чам а болуш, жима хин хьост. (И чIож) хазделлачу цо аьлла: «(Ма дика хир дар-кха), нахах а къаьстина, со-о а ваьлла, хIокху чIожехь ваха хиъча[18]. Ва амма аса цкъа а дийр дац иза АллахIан элчанера (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) бакъо еххалц!». Цул тIаьхьа цо иза дийцира АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), ткъа цо элира: «Ма делахь (иза), хIунда аьлча, боккъалаъ, шух муьлхха а АллахIан новкъахь хилар дезаха ду цо шен цIахь кхузткъе итт шарахь дечу ламазел а! АллахIа шайна гечдойла а, Цо шаьш ялсамане дохуьйтийла а ца лаьа шунна? ГIазот де АллахIан новкъахь, (хIунда аьлча) цкъа эмкал оьзча иза юха оззалц йолучу юкъанна АллахIан новкъахь тIом биначо, билггал, ялсамани яьккхина»» (Тирмизи: 1650, Тирмизис аьлла хIара хьадис «хьасан» даржехь ду).

1298. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Мухха а цкъа цхьана наха) хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! АллахIан новкъахь дечу жихIаде нислуш йолу (Iамал муьлха ю-те)?[19]». (Жоп луш) элира цо: «Шуьга далун доцург (ду-кха)!». Цул тIаьхьа, юх-юха а луш, шозза я кхузза изза шайн хаттар делира цара. (Шега и хаьттича) хIоразза а пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп делира: «Шуьга далун доцург (ду-кха)!». Ткъа цул тIаьхьа цо элира: «АллахIан новкъахь жихIад деш верг - марханаш кхобучух а, ламазаш дечух а, АллахIан аяташ доьшучух а тера ву, АллахIан новкъахь жихIад деш волу муджахIид вухаверззалц йолучу юкъанна хаддаза марханаш а кхобуш, ламазаш а деш» (Бухари: 2785, Муслим: 1878, кхузахь далош дерг Муслиман ривайат ду).

Оцу хьадисан Бухарис далийначу ривайатехь Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Мухха а цкъа цхьана стага) хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! (Шен йозаллехь) жихIаде нислуш йолу Iамал йовзийтахьа суна?». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) жоп делира: «Суна ца карайо иштта йолу (Iамал)». ТIаккха хаьттира цо цуьнга: «МуджахIид жихIаде араваьлча, хьайн маьждигна чу а вахана, (хаддаза) гIел а ца луш, ламазаш дан а, (иштта хаддаза) доха а ца деш, марханаш кхаба а ницкъ кхочур барий хьан?[20]». Оцу (стега цеце мохь белира): «И хьаьнга далур дара?!».

1299. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нахана уггаре дикаха долу дахар - АллахIан новкъахь, чIоггIа шен говран архаш а лаьцна, Iачу стеган дахар ду: хIоразза а шена мохь хезначу метте оцу тIехь дIахьодуш[21] волучу, (цигахь) тIаме вала гIерташ а, каро йиш йолучохь шен Iожалла лоьхуш а[22]. Я стеган дахар ду иза, шен кIеззигчу уьстагIашца оцу баххьех цхьана бухьа тIехь я оцу атагIех цхьана атагIахь Iаш волучу: (цигахь шен) ламазаш а деш, закат а доккхуш, ша валлалц шен Далла гIуллакх а деш, нахаца цхьана а тайпа (вон, зене) уьйраш а ца лелош, диканехь бен[23]» (Муслим: 1889). 

1300. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, ялсаманехь бIе дарж ду АллахIан новкъахь жихIад дечарна АллахIа кечдина. Цхьана даржера вукхуьнга кхаччалц йолу юкъ - стигланний, латтанний юккъера юкъ санна ю» (Бухари: 2790). 

1301. Абу СаIид ал-Худрийс (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахI шен Дела хиларна резахиллачунна а, иштта Ислам - шен дин хиларна а, Мухьаммад - шен элча хиларна а – (цунна дуьхьал), билггал, ялсамани хир ю (цуьнан совгIат)». И (дешнаш) тайначу Абу СаIийда (АллахI реза хуьлда цунна) элира: «Юха алахь суна уьш, хIай, АллахIан элча!». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) (и дешнаш) цунна юха а аьлла, тIетуьйхира: «Кхин а ду цхьа хIума - и бахьанехь АллахIа ялсаманехь лай бIе дарж лакха воккхуш, цхьана даржера вукхуьнга кхаччалц йолу юкъ стигланний, латтанний юккъера юкъ санна а йолуш». (Абу СаIийда (АллахI реза хуьлда цунна)) хаьттира: «Ткъа хIун ду иза, хIай, АллахIан элча?». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) жоп делира: «АллахIан новкъахь жихIад дар ду, АллахIан новкъахь жихIад дар ду» (Муслим: 1884).

1302. Абу Бакр бин Абу Муса ал-АшIарийс дийцина: «Суна хезира (цкъа) мостагIчунна дуьхьал лаьттачу сан дас[24] (АллахI реза хуьлда цунна) олуш, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, ялсаманин неIарш (шун) таррийн IиндагIашкахь ю!». (Шена и дешнаш хезча, ша хиъна Iачуьра) хьала а гIаьттина, тишделла барзакъ тIехь долучу цхьана къонахчо хаьттира: «ХIай, Абу Муса! (Ма-дарра аьлча, хьайна) хезна-кха хьуна иза, хезний, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш?». Цо жоп делира: «ХIаъ, хезна». ТIаккха, шен накъосташна тIе а вахана, цо аьлла: «Маршо хуьлда шуна (ала лаьа суна шуьга)[25]». Цул тIаьхьа, шен туьран ботт каг а йина, уьш юьстах а тийсина, дIахьаьдда мостагIчунна тIе а вахана, лийтира иза ша кхалххалц» (Муслим: 1902).  

1303. Абу Iабс Iабдуррохьман бин Джабра (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIан новкъахь шен когашна тIе чан йиллиначу лайх жоьжагIатин цIе хьакхалур яц» (Бухари: 2811).

1304. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIах кхоьруш вилхина стаг жоьжагIате гIур вац - шура юханехьа тIерачу яххалц. АллахIан новкъахь шена тIе чан йиллина волучу лайна тIе (цкъа а) жоьжагIатин кIур билла йиш йолуш бац» (Тирмизи: 1633, цо аьлла хIара хьадис «хьасан, сахьихь» даржехь ду).

1305. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Шина бIаьргах жоьжагIатин цIе хьакхалур йолуш яц: АллахIах кхоьруш билхиначу бIаьргах а, АллахIан новкъахь гIарол деш буьйса яьккхиначу бIаьргах а» (Тирмизи: 1639, цо аьлла хIара хьадис «хьасан» даржехь ду).

1306. Зайд бин Халида (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIан новкъахь (гIазоте) ваха бIаьхо кечвиначо - ша а дакъалаьцна гIазотехь[26]. ГIазоте араваьллачуьнан метта, (цуьнан) доьзалан гIайгIа биначо - гIазотехь дакъалаьцна» (Бухари: 2843, Муслим: 1895).

1307. Абу Умамас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Уггаре дезаха сагIа - АллахIан новкъахь IиндагIна четар далар а[27], АллахIан новкъахь ялхо валар а[28], АллахIан новкъахь тIаьхье кхио кхиъна йогIу стен эмкал ялар а ду» (Тирмизи: 1627, цо аьлла хIара хьадис «хьасан, сахьихь» даржехь ду).

1308. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Мухха а цкъа) Аслам тайпанах волучу цхьана жимачу къонахчо элира (пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)): «ХIай, АллахIан элча! ГIазотехь дакъалаца лууш ву со, амма цхьа а цунна оьшург (тIеман гIирсах хIума) яц-кха соьгахь». (Оцу хьокъехь пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) аьлла (цуьнга): «Воло, хьенех волучу гIо. (ГIазоте) аравала кечам бина Iаш вара иза, амма цомгаш хилла иза». (Оцу жимачу къонахчо), и стаг волучу а вахана, аьлла: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) салам-маршалла а доуьйту хьоьга. Айхьа кечбина хьайн тIеман гIирс соьга схьало а боху цо хьоьга». ТIаккха оцу стага аьлла: «ХIай, хьенех![29] ДIалол цуьнга аса кечбина мел хилла болу берриге тIеман гIирс, цуьнах цхьа а хIума буха а ма йита. АллахIах дуй буу хьуна аса: цуьнах цхьа а хIума буха ма йиталахь, и бахьанехь АллахIа беркат дийр ду хьуна» (Муслим: 1894).

1309. Абу СаIид ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Бану лихьйан (тайпанна) дуьхьал тоба йохуьйтучу хенахь пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «ХIора шина стагах цхаъ араволийла, ткъа ял цаьршинна юкъахь хир ю» (Муслим: 1896).

(Оццу хьадисан) кхечу ривайатехь дийцина, (пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла): «ХIора шина стагах цхьа стаг араволийла». Цул тIаьхьа, бухабуьссучаьрга а хьаьжна, элира цо: «Шух араволуш волучуьнан муьлххачуьнан доьзална а, бахамна а диканца Iуналла дарехь метта хиллачунна - араваьллачуьнан йолах ах ял хир ю».

1310. Ал-Барраа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) аьчкан (туьтамIаьжигца) къевлина юхь а йолуш[30], цхьана стага, пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIе а веана, хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! (Хьалха) тIом бан беза аса я Ислам-дине ван веза со?». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) жоп делира: «(Хьалха) Ислам-дине вола, тIаккха тIом бе». И (стаг), Ислам-дине а веана, тIом а бина, (циггахь) дIакхелхира. ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «КIеззиг Iамал а йина, йоккха ял яьккхи цо» (Бухари: 2808, Муслим: 1900).

1311. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ялсамане ваханачух цхьаьллиг цхьаъ хIокху дуьненчу вухаван лууш хир вац, лаьтта тIехь мел дерг шена дIаделча а, шахIид воцург. Цунна луур ду хIокху дуьненчу вухаван - динна тIехула иттазза кхалхархьама, (шен) мел (доккха) сий дина (шена) гича[31]».

Оцу хьадисан кхечу ривайатехь дийцина, (пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла): «Динна тIехула кхалхаран дозалла мел доккха ду шена гича» (Бухари: 2817, Муслим: 1877).

1312. IабдуллахI бин Iамр бин ал-Iаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIа шахIидана муьлхха а къа гечдийр долуш ду, (цо такхаза диссина) декхар доцург» (Муслим: 1886).

(Оццу хьадисан) кхечу ривайатехь дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIан новкъахь кхалхаро (такхаза диссина) декхар доцучу дерриге къинойх дIацIанво».

1313. Абу Къатадас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), хьала а гIаьттина, царна хьехам бечу (хенахь)[32] элира: «Уггаре еза Iамал - АллахIан новкъахь деш долу жихIад а, АллахIе иман диллар а ю». (И хезначу цхьана) стага, (ша хиъна Iачуьра) хьала а гIаьттина, хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! Алахь соьга, гечдийр дуй суна сан къиношна, нагахь АллахIан новкъахь со кхалхахь?». АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп делира цунна: «Ду, нагахь хьо АллахIан новкъахь кхалхахь - собаре хуьлуш, АллахIера йоле сатуьйсуш, тIом бан тIегIерташ (тIамна хьалха теIаш), юха ца волуш». ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира: «Муха элира ахьа?». (Оцу стаг юхадира шен хаттар):  «Алахь соьга, гечдийр дуй суна сан къиношна, нагахь АллахIан новкъахь со кхалхахь?». ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп делира: «Ду, нагахь хьо АллахIан новкъахь кхалхахь - собаре хуьлуш, АллахIера йоле сатуьйсуш, тIом бан тIегIерташ (тIамна хьалха теIаш), юха ца волуш. (Иштта делахь-м) декхар доцучу (дерриге къиношна гечдийр ду хьан). Боккъалаъ, Жабраила (АллахIера маршо хуьлда цунна) элира соьга и (хIинцца)»[33] (Муслим: 1885).

1314. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цхьана стага хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! Нагахь со вехь[34] - мичахь хир ву со?». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) жоп делира: «Ялсаманехь». ТIаккха (оцу) стага, шен карахь йолу хурманаш охьа а кхиссина, (тIамна юкъа а иккхина), тIом бира, (керста наха) ша веллалц» (Муслим: 1885).

1315. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элча а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), цуьнан асхьабаш а новкъа бевлира. Мушрикел а хьалха Бадранга дIа а кхечира уьш. Ткъа мушрикаш схьакхаьчначу хенахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Шух цхьаммо, хIуъа хилча а, асачул хьалха хIумма а ма дойла!»[35] Мушрикаш гергабаьхкиначу хенахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Ялсамане хьалха шайна, шен шораллехь стиглане а, латтане а (нислуш) йолучу!», Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Iумайр бин ал-Хьумам ал-Ансарис (АллахI реза хуьлда цунна) хаьттина: «ХIай, АллахIан элча! Боккъалаъ, стигланаш а, латта а санна шуьйра ю-те ялсамани?!» (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) жоп делла: «Ю!». Таккха (Iумайран) мохь белира: «Исбаьхьа ду, исбаьхьа ду!». АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира: «ХIунда элира ахьа: «Исбахьа ду, исбаьхьа ду!» (боху дешнаш)?». (Iумайра) жоп делира: «АллахIах чIагIо ма йо аса, хIай АллахIан элча: со цуьнан охIланах цхьаъ хиларе сатесна (аьлла ма дара аса и)!». (Цунна дуьхьал пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) элира: «Боккъалаъ, цуьнан охIланах хир ву хьо!». ТIаккха (Iумайр), шен Iад-ботт чуьра хурманаш хьала а яьхна, уьш яа хIоьттира, (амма сихха) элира цо: «Боккъалаъ, нагахь сан дахар, со хIара сайн хурманаш кхачо а ларош, деха хилахь, ма деха дахар хир ду-кха сан дахар!». (Иза а аьлла,) шегара хурманаш охьа а тийсина, (тIамна чу а хьаьдда,) ша кхалххалц тIом бира цо» (Муслим: 1901). 

1316.  Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа дехаре цхьа) нах баьхкира[36] АллахIан элчанна тIе (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна). (Цара дехар дира цуьнга): «Нах бахкийтахьа тхоьца, тхуна КъурIан а, Суннат а Iамон болу». ТIакха цо уьш болучу ансарех кхузткъе итт стаг вахийтира, шайх «дешархой» олуш хилла болу. Царна юккъехь сан ненан ваша Хьарам а вара. КъурIан доьшура (оцу наха). Буьйсанашкахь цхьаьний Iама а дора цара и. Ткъа дийнахь, хи а дохьий, маьждиг чу охьадуьллура цара и[37]. (Цул совнаха) дечиг а доккхий, и дохка а духкий, (цуьнах даьккхиначу ахчанах) яахIума а оьций, рагIуна кIел[38] Iачарна а, мискачарна а дIайоькъура и. Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (царна хьеха) бахийтира уьш. Ткъа дIабоьлхуучу новкъахь, кхача безачу метте дIакхачале тIе а летта, байъира цара уьш[39]. (Шаьш балале хьалха) цара элира: «Я АллахI! Тхан пайхамаре дIахаийта Ахьа - тхо Хьайна дуьхьал даьхкина хилар а, Хьуна резахилла хилар а[40], Хьо тхуна резахилла хилар а![41]».

(И хьадис дийцинчо аьлла): «Цхьана стага, Анасан ненан вешина Хьарамна тIехьашхула тIе а кхиъна, Iоьттина цуьнах шен гIоьмукъ чекхъяьккхира. (Ша валале хьалха) Хьарама элира: «Хьажин цIийнан Делах дуй ма буу аса: декъала ма хили со!». АллахIан элчанах (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дерг дийцича, ткъа цо элира: «Боккъалаъ, шун вежарий байъина. Боккъалаъ, цара аьлла: «Я АллахI! Тхан пайхамаре дIахаийта Ахьа: тхо Хьайна дуьхьал даьхкина хилар а, Хьуна резахилла хилар а, Хьо тхуна резахилла хилар а!» (Бухари: 2801, Муслим: 1511, кхузахь далийнарг Муслиман ривайат ду). 

1317. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) Бадр тIамехь дакъа лацанза виссиначу сан ден вашас Анас бин Надрас (АллахI реза хуьлда цунна) пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «ХIай, АллахIан элча! Мушрикашца ахьа дуьххьара биначу тIамехь дакъа ца леци-кх аса. Амма аса дуй буу АллахIах: нагахь Цо (кхул тIаьхьа мацца а суна) мушрикашца тIом бан (аьтто баккхахь), боккъалаъ, АллахIана гур ма ду хьуна, аса ден дерг!». Ухьуд тIамехь бусалба наха шайн тIеман меттигаш дIатийсиначу хенахь мохь туьйхира цо: «Я АллахI! Сайна бехк цабиллар доьху Хьоьга кхара диначунна (асхьабаш бу цо буьйцуш берш). (Тоьшалла даре кхойкху) Хьоьга оцара (мушрикаша) диначунна со декъаха цахиларна!». (Иза а аьлла) хьалха таттавелла вогIу иза, (ведда вогIучу) СаIд бин МуIазна ша тIеIоттавелча, цо аьлла: «ХIай, СаIд бин МуIаз! Ялсамане (гIерташ ма ву со-м,) ан-Надран Деле гIерташ ма ву со-м! Боккъалаъ, Ухьуд (лам) болучу агIор цуьнан хаза хьожу ма ю суна хаалуш!». (Цул тIаьхьа) СаIда аьлла: «Соьга дан-м ца делира, хIай АллахIан элча, цо динарг!»».

Анаса дийцина: «(ТIом чекхбаьлча) кхелхина карийра тхуна иза, мушрикаша эрчаваьккхина. Ягарйича (цуьнан дегIехь) туьрах а, гIоьмукъах а, пхерчех а хилла езткъа чов яра. (Сел чIогIа эрчаваьккхина вара иза), цхьанне вовза а ца вевзаш, цуьнан йиша йоцучунна. (Цунна вевзира иза, Анасан) пIелгаш бахьанехь!».

Анаса дийцина: «ХIара аят цуьнан а, и санна болучеран а хьокъехь доьссина лоруш дара (хеташ дара) тхуна: «Муъманашна юккъехь стегарий бу - шаьш АллахIаца йина чIагIо кхочуш йина берш, кхин а, (шайн сацам) цхьана а хIуманехь хийцина а боцуш, хьоьжуш Iаш берш а бу»[42] (Бухари: 2805, Муслим: 1903)[43] 

1318. Самуратас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «(Цкъа) цхьана буса (гIенах) со волучу веана ши стаг гира суна. Цаьршимма, (оцу) дитта тIе хьала а ваьккхина, цхьа ша тайпа хазачуй, дикачуй хIусаме вигира со, шел хазаниг а, диканиг а цкъа а суна гина а йоцуш. Цаьршимма элира соьга: «ХIара шахIидийн хIусам ю»» (Бухари: 1386).

ХIара хьадис дуккха а хаамаш луш долучу доккхачу хьадисана юккъера дакъа ду. АллахIана лиънехь, дуьззина схьадалор ду иза «Аьшпаш боттар доьхкучу декъехь».[44] 

1319. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Суракъатан кIентан Хьарисан нана (а йолу), Барраан йоI (а йолу) Умм РабиIа еара пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу. Цо элира: «ХIай, АллахIан элча! Хьарисах дерг дуьйцур дацара ахьа суна?» (Бадрангахь (тIам болучу) дийнахь кхелхина вара иза). «Нагахь иза ялсаманехь велахь - собаре хир яра со, ткъа вацахь – хаддаза цунна тIаьхьа йоьлхур яра со!». (Цунна жоп а луш, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) аьлла: «ХIай, Умм Хьариса! Боккъалаъ, ялсаманехь-м дуккха а бошмаш яй! Боккъалаъ, хьан кIантана Фирдовсан (уггаре а лакхара) дакъа кхаьчна хьуна![45]» (Бухари: 2809).

1320. Жабир бин IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «(Керстанаша) вен а вийна, эрчадаьккхина сан ден (дакъа)[46], пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIе а деана, цунна хьалхха охьадиллича, со тIевахара цуьнан юьхьа тIера хIума хьалаайъян, ткъа сан тайпанхой со вухаваккха хьаьвсира[47]. Таккха пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «ХIокху сохьта (хIинца) а шайн тIемашца цунна IиндагI латтош ду-кха малекаш» (Бухари: 2816, Муслим: 2471).

1321. Бадрангахь тIамехь дакъалаьцначу Абу Сабита (цуьнан тиллина цIе Абу СаIид яра аьлла а дийцина, иштта Абу ал-Валид яра аьлла а дийцина) СахIл бин Хьунайфа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Сийлахь-Везачу АллахIе доIанехь даггара шена динна тIехула кхалха (аьтто бар) дехна волучунна - кхалхар шен (дIавуьжучу) меттахь хилахь а, дин тIехула кхелхиначу шахIидийн даржашка хьалавоккхур ву иза[48]» (Муслим: 1909).

1322. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Даггара шена динна тIехула кхалхар дехнаволучунна - кхалхар шахIидийн санна ца хиллехь а, (шахIидашна луш йоллу ял лур ю)» (Муслим: 1908).

1323. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ШахIидана кхелхачу хенахь валаран хало ца хаало - шух муьлххачу а цхьанна къовзийча[49] хаалуш ерг бен» (Тирмизи, цо аьлла хIара «хьасан, сахьихь» даржехь хьадис ду).

1324. IабдуллахI бин Абу Авфас (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша мостагIашна дуьхьал нисвеллачу цхьана дийнахь[50], малх чубузехьа таIIалц хьоьжуш а Iийна, цул тIаьхьа нахана юккъе дIа а хIоьттина (хIара дешнаш) элира: «ХIай, нах! МостагIчунна дуьхьал нисдала гIерта лаам ма хила, АллахIе хьалхадахар а деха[51]. Ва амма нагахь шаьш царна дуьхьал нисделлехь - собаре а хила, ялсамани (шайн) таррийн IиндагIашкахь юйла а хаа!». Цул тIаьхьа (пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) элира: «Я, АллахI! Жайна доссийна верг, мархаш лоьлуьйтуш верг, бартхойн тукхамаш[52] эшийна верг! Эшабехьа уьш, царна тIехь толам лохьа тхуна» (Бухари: 3025, Муслим: 1742).

1325. СахIл бин СаIда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ши (доIа) юхатухуш дац, я наггахь бен юхатухуш дац: ламазе кхойкхучу[53] хенахь дина доIа а, тIамехь (мостагIий) чучча боьлхучу хенахь дина доIа а» (хIара хьадис «сахьихь» йолучу иснадаца Абу Дауда дийцина: 3578). 

1326. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша гIазоте воьдучу хенахь даима а олура: «Я, АллахI! Хьо ву-кха сан гIодархо а, со ларвархо а! Хьан пурбанца лела со, Хьан пурбанца тIелета со, Хьан пурбанца тIом бо аса!» («АллахIумма, анта Iадзуди, ва насири, бика ахьулу[54], ва бика асулу, ва бика укъотилу») (Абу Дауд: 2632, Тирмизи: 3578, тIаьххьарачо хIара хьадис «хьасан» даржехь ду аьлла).

1327. Абу Муса ал-АшIарийс (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) муьлхха а цхьана нахах шена кхерам хIоьттича, олура: «Я, АллахI! Боккъалаъ, царна дуьхьал гIоьнна кхойкху оха Хьоьга[55]. Церан вонах а ларло тхо Хьоьца!» («АллахIумма инна нажIалука фи нухьурихIим, ва наIузу бика мин шурурихIим») (хIара хьадис «сахьихь» йолучу иснадаца Абу Дауда дийцина: 1537). 

1328. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Говрийн кIужалшкара дика хедар дац къематде кхаччалц» (Бухари: 2849, Муслим: 1871).

1329. Iурват ал-Барикъийс (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Говрийн кIужалшкара дика хедар дац къематде кхаччалц: (нахана эхартан) ял (кхоьхьуш а), (дуьненахь) хIонс (йохьуш а)» (Бухари: 2852, Муслим: 1873).

1330. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIах тешаш, Цо ваIда йиначух а тешаш АллахIан новкъахь говр кхиийначуьнан терзанахь хир ю къематдийнахь (массо а оцу говро) йиънарг а, мелларг а, цуьнан пхьаж а, хьаткъа а[56]» (Бухари: 2854).

1331. Абу МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIе цхьа стаг веана, муцIар тIехь жулар йолу стен эмкал а ялош. Цо аьлла: «(Аса) хIара (стен эмкал) АллахIан новкъахь (тIамна дIало)». Ткъа АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Къематдийнахь цунна дуьхьал ворхI бIе эмкал хир ю хьуна, царех хIораннан муцIар тIехь жулар а йолуш» (Муслим: 1892).

1332. Абу Хьаммада (цуьнан кунья Абу СуIад ю аьлла а дуьйцу, Абу Iамир ю аьлла а дуьйцу, Абу ал-Асвад ю аьлла а дуьйцу, Абу Iабс ю аьлла а дуьйцу) Iукъба бин Iамир ал-ЖухIанис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), минбар тIехь лаьтташ а волуш, олуш хезна суна: «Ницкъ кечбе царна (дуьхьал)[57], шайн ницкъ ма-кхоччу. (Ницкъах дерг дийцича), боккъалаъ, иза – кхоссарехь бу, боккъалаъ, иза – кхоссарехь бу,  боккъалаъ, иза – кхоссарехь бу!» (Муслим: 1917).

1333. Iукъба бин Iамир ал-ЖухIанис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «(Дуккха а) латтанаш (лур ду) шуна, АллахIа (мостагIех) а лардийр ду шу, ткъа шух цхьаммо а шен пхерчашца ловзар ма сацадойла![58]» (Муслим: 1918).

1334. Iукъба бин Iамир ал-ЖухIанис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «СекхаIад кхосса а Iамийна, цул тIаьхьа и дитина волу (стаг)[59] - вайх вац (Iеса хилла иза)» (Муслим: 1919).

1335. Iукъба бин Iамир ал-ЖухIанис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Боккъалаъ, цхьа пха бахьанехь АллахIа кхо (стаг) ялсамане вохуьйту: дикане сатуьйсуш[60] и кечбина верг а, и кхоьссина верг а, (пхьаьрчашка) и дIакхойдийна верг а. СекхаIад кхийса, говрахь а лела. Ткъа аша (секхаIад) кхийсар суна дукхаха деза шу (говрахь, эмкалахь) леларал а. СекхаIад кхосса а Iамийна, цул тIаьхьа (шен) лаам бахьанехь и дитина верг - къинхетамах вухаваьлла (баркалле ца хилла иза цунна)» (Абу Дауд: 2513).

1336. Саламат ибн АкваIа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша цхьана секхаIад кхоссар къуьйсуш йолучу тобанна тIех волучу хенахь элира: «Кхийса аша, хIай, ИсмаьIалан кIентий! Боккъалаъ, шун да а ма вара шуна (вуно дика) кхоссархо» (Бухари: 3373).

1337. Iамр ибн Iабасас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «АллахIан новкъахь пха кхоьссина волучунна - (и пха) цхьа лай маьршаваккхаран метта хир бу» (Абу Дауд: 3965, Тирмизи: 1638, цо аьлла хIара «хьасан, сахьихь» даржехь хьадис ду).

1338. Абу Яхья Хувайрим бин Фатика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIан новкъахь хIуъа харж йина волучунна - цунна дуьхьал ворхI бIозза сов дIаяздийр ду» (Тирмизи: 1625, цо аьлла хIара «хьасан» даржехь хьадис ду).

1339. Абу СаIийда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIан новкъахь (жихIадехь) цхьана дийнахь марха кхаьбначу муьлххачу а лайн юьхь - и де бахьанехь АллахIа, билггал, (жоьжагIатин) цIарна гена йоккхур ю кхузткъе итт шеран (некъан бохаллина)» (Бухари: 1901, Муслим: 1153).

1340. Абу Умамата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIан новкъахь (жихIадехь) (цхьана) дийнахь марха кхаьбна верг - АллахIа (шен шораллехь) стигланний, латтанний юкъ санна (шуьйрачу) саьнгаран барамехь (жоьжагIатин) цIарна гена воккхур ву» (хIара хьадис «хьасан, сахьихь» даржехь йолучу иснадаца Тирмизис дийцина: 1624).

1341. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «(АллахIан новкъахь) тIом бина а воцуш, я ша шега (цкъа а) тIом (бан безаш ву хьо) аьлла а воцуш велларг[61]  - мунепикъаллин цхьана декъах (хьалхаваланза а волуш) велла» (Муслим: 1910).

1342. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) тхо пайхамарца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьана гIазотехь а долуш[62], цо элира: «Боккъалаъ, Меднахь цхьа нах бу, муьлххачу а новкъа шу долхахь а, муьлхха а боьра аша хадабахь а - даима а шуьца цхьаьна хилла уьш[63], цамгаро совцийна (цIахь биссина хиларе ца хьоьжуш)».

Кхечу ривайатехь аьлла: «…бехказа бахьана долуш (цIахь) биссинарш бу уьш».

Кхечу ривайатехь аьлла: «… шуьца йолан юкъахь бу уьш» (Бухари: 2839, Анасан ривайат. Муслим: 1911, Жабиран ривайат). 

1343. Абу Мусас (АллахI резу хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIе а веана, цхьана акха Iаьрбочо элира: «ХIай, АллахIан элча! (Цхьа) стаг - хIонсан дуьхьа тIом беш ву, (важа - шен) цIе яккхийтаран дуьхьа тIом беш ву, ткъа (кхоалгIаниг) - куьцана тIом беш ву…[64]».

(Оцу хьадисан шина а «Сахьихь» жайнахь далош долучу) кхечу ривайатехь (дийцина, оцу акха Iаьрбочо элира аьлла): «(Цхьаъ) - шен майраллина тIом беш ву[65], (цхьаъ - шен тайпанан) сийн дуьхьа[66] тIом беш ву…».

Оцу хьадисан кхоалгIачу ривайатехь дийцина, (оцу акхачу Iаьрбочо элира аьлла): «…(Кхечу цхьаммо) - оьгIазлонна тIом бо. Ткъа АллахIан новкъахь верг муьлха ву (царех)?». (Цунна жоп луш,) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «АллахIан новкъахь тIом беш ву-кха - дерригенал лакхахь (урхалла дийриг) АллахIан дош хилийта тIом беш волу (стаг)» (Бухари: 2810, Муслим: 1904).

1344. IабдуллахI бин Iамр бин ал-Iаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ГIазоте новкъа йолуш йолу муьлхха а (тIемалойн) тоба, хIонс а йоккхуш, кIелхьараяьлла йолу[67] - билггал, (ваIда йиначу) йолан кхаа декъах шиъ хьалххе дIахир ду цунна[68]. Ткъа гIазоте новкъа йолуш йолучу (тIемалойн) тобанах дерг дийцича, аьтто а ца болуш[69], бохаме кхаьчна йолу[70] - билггал, царна юьззина дIахир ю (царна ваIда йина хилла йолу) ял» (Муслим: 1906).            

1345. Абу Умамата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (мухха а цкъа) цхьана стага элира аьлла: ««ХIай, АллахIан элча! Некъало а хилла, ваьлла лела пурба лохьа суна». (Оцу хьокъехь) пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп делла (цунна): «Боккъалаъ, сан умматехь болучеран, некъало а хилла, ваьлла лелар - доллучунна ницкъ кхочуш а, Сийлахь-Воккха а волучу АллахIан новкъахь жихIад дар ду»» (хIара хьадис, дика иснад а йолуш, Абу Дауда дийцина: 2486).

1346. IабдуллахI бин Iамр бин ал-Iаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Юхадерзар – гIазот санна ду» (Абу Дауда дийцина «сахьихь» йолчу иснадаца: 2487).

Цигахь дуьйцуш дерг - гIазот дIадирзиначул тIаьхьа вухаверзар ду. Оцу (дешнийн) маьIна – «ГIазотехь дакъалаьцначунна оцу гIазотера вухаверзарна а цхьаьна ял хир йолуш ю» (бохург ду).

1347. Саиб бин Йазида (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Табук гIазотера вухавирзиначу (цIавирзиначу) хенахь нах дуьхьал бахара цунна[71]. Ткъа со кхиндолучу берашца цхьаьна Саниййатул-вадаI[72] (олучу меттехь) вара дуьхьал вахана» (хIара хьадис оцу кепара «сахьихь» йолучу иснадаца Абу Дауда даладо: 2779).

И хьадис иштта Бухарис а даладо: 3083, (Саиб бин Йазида (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина) аьлла: «(Кхиндолучу) берашца цхьаьна АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дуьхьал даханера тхо Саниййатул-вадаIе».

1348. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ГIазотехь дакъалаьцна а воцуш, я гIазотан декъашхо кечвина а воцуш, я церан доьзална диканца гIайгIа бина а воцуш волучуьнга – къематде кхачале хьалха АллахIа бохам кхачор бу» (Абу Дауда дийцина «сахьихь» йолчу иснадаца: 2503).

1349. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Мушрикашца тIом бе шайн бахамашца а[73], шаьш а - (шайн догIмашца а)[74], шайн меттанашца а[75]» (хIара хьадис «сахьихь» йолучу иснадаца Абу Дауда дийцина: 2504).

1350. Абу Iамр (цуьнан кунья Абу Хьаким ю аьлла а дуьйцу) ан-НуIман бин Мукъаррина (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Суна гира АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), ша тIом дийнан юьххьехь дIацаболийча - малх бузехьа таIIалц а, мох баллалц а тIаьхьатоттура, ткъа хIетахь (цунна) гIо доссадора» (Абу Дауд: 2655, Тирмизи: 1613, цо аьлла хIара хьадис «хьасан, сахьихь» даржехь ду). 

1351. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «МостагIчуьнца вовшехкхетар ма лаа[76]. АллахIе шаьш хьалхадахар а деха[77]. Ва амма нагахь шаьш цаьрца тIеттаIиттаделлехь - собаре хила» (Бухари: 1742, Муслим: 3026).

1352. Абу ХIурайрас а, Жабира а (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ТIом - хIилла ду[78]» (Бухари: 3029, Муслим: 1739). 



[1] Оцу дешнаша - «Массо а гIазоте ваха везаш ву» аьлла, кхето дезаш ду: атта делахь а, хала делахь а, кегийранаш а, баккхийранаш а, лаахь, ца лаахь а, мостагI дукха велахь а, кIеззиг велахь а, и.дI.кх.

[2] Цигахь дуьйцуш дерш - гIораллин айпаш а, заьIапалла а ду, стагана гIозотехь дакъалаца новкъарло еш долу.

[3] Вуьшта аьлча: ялсамани (яла).

[4] Кхузахь дуьйцурш - кхин а лакхара дика хьал а, меттиг а ю ялсаманера.

[5] Вуьшта аьлча: «И бахьана а хIоьттина, шуна хьалхадовлар хиндерг гайта Аса шуна».

[6] Вуьшта аьлча: «Нахах а къаьстина, ша ваьлла стаг».

[7] Вуьшта аьлча: «АллахIан новкъахь гIаролехь волучу хенахь кхелхиначу стагана - оцу хенан юккъехь цо деш хиллачу гIуллакхийн а, Iамалийн а ял хаддаза тIеоьхуш хир ю».

[8] Кхузахь дуьйцург: «Ишттачу стагана, ялсаманехь лур ду аьлла, ваIда йина хилла долу рицкъа цуьнга дIакхачор ду» бохучу маьIнехь ду.

[9] Вуьшта аьлча: «ХIора веллачунна шен Iамалийн ял хуьлучуьра соцуш ю».

[10] Вуьшта аьлча: «…цуьнан ял хаддаза дебар ю, алсамъер ю».

[11] Кхечу дешнашца аьлча: «АллахIан новкъахь гIаролехь Iар муьлхха а кхечу Iамал-Iидател гIолехь ду».

[12] Вуьшта аьлча: «АллахIа оцу стеган хьокъехь цхьацца декхарш тIеоьцур ду Шена, Ша кхочуш данза дуьтун доцу».

[13] Эхартахь цуьнга хьоьжуш хин йолу ял ю юьйцург.

[14] Вуьшта аьлча: «ЖихIадехь дакъа лацийтархьама берриге бусалба нахана эмкалшца я говрашца кхачоян таро яц сан».

[15] Вуьшта аьлча: «ЖихIадехь дакъалаца шайна говраш а, эмкалш а эца таро йолуш бац уьш».

[16] Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) АллахIан новкъахь жихIадехь масийттазза а кхалха болу шен лаам гойтуш ву, динна тIехула кхелхиначарна АллахIа кечйина йолу ял мел йоккха ю гайта Iалашо йолуш.

[17] Вуьшта аьлча: хенан вуно йоца юкъ ю и.

[18] Вуьшта аьлча: оцу стагана ваха лиъна хилла дерриге дуьненан хIуманна геннахь - АллахIана Iамал-Iибадат дархьама.

[19] Вуьшта аьлча: «Тхан ял АллахIан новкъахь дечу жихIаде нислуш йолу (Iамал муьлха ю-те)?».

[20] «МужахIид вуханехьа цIаверззалц и дерриге дан дезар ду» бохург ду цуьнан маьIна.

[21] Вуьшта аьлча: сихо еш.

[22] Кхечу кепара аьлча: «…динна тIехула тIаме вала лууш - шахIид а хилла, ялсамане кхачаран дуьхьа».

[23] Вуьшта аьлча: цо цаьрца дакъа лоцу - цара дан леринарг дика гIуллакх делахь, дика доцучу цхьана гIуллакхехь декъашхо а ца хуьлуш.

[24] Вуьшта аьлча: Абу Муса ал-АшIарис (АллахI реза хуьлда цунна).

[25] Вуьшта аьлча: оцу стагана шен накъосташца Iодикаян лиъна.

[26] «Оцу стагана гIазотехь дакъалаьцначунна санна йолу ял хир ю» бохург ду и.

[27] Вуьшта аьлча: «ЖихIадехь дакъалоцург кечван сагIа далар а».

[28] Вуьшта аьлча: «ГIазотехь дакъалоцуш волчунна ялхо лацар а».

[29] Шен зудчуьнга кхойкхуш ву иза.

[30] «И стаг ша верриге а аьчкан гIагIанах вухавелла хилла» бохург ду иза.

[31] Вуьшта аьлча: «Ялсаманехь шахIиде хьоьжуш мел йоккха ял ю (шена) хиъча».

[32] «Асхьабашна хьехам бечу хенахь» бохург ду иза.

[33] Вуьшта аьлча: «Жабраила (АллахIера маршо хуьлда цунна) сан Делера хаам беа суна».

[34] Оцу хьадисехь дуьйцург Ухьуд гIазотехь хилларг ду.

[35] Кхечу дешнашца аьлча: пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хIуммаъ ма де аьлла, ша делла омра а доцуш.

[36] Кхузахь дуьйцург Нажд тайпанах цхьана векалийн тобанех лаьцна ду.

[37] Кхечу дешнашца аьлча: «Маьждиге маьхза хи кхоьхьура цара - бусалба нахана муьлхха а цхьа дика дан лууш. Ткъа маьждиге оьхучу бусалба наха и хи мала а молура, цуьнца ламаз а оьцура».

[38] РагIуна кIел Iаш берш - иштта олуш хилла таро йоцучу пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) асхьабех, Меднахь шайн гергара нах а боцуш, маьждиган лабанна кIел Iаш хилла болучу.

[39] Новкъа боьлхучу хенахь КъурIан дешархошна тIелетта хилла кхайкхиначу тайпанах цхьа тоба, Iамр бин ат-ТIуфайл коьртехь а волуш.

[40] Вуьшта аьлча: «Тхо Ахьа тхайх биначу сийлахь-боккхачу къинхетамна резахилла хилар а!».

[41] Цуьнан маьIна: «Ахьа тхуна Хьайн совгIат делла».

[42] «Ал-Ахьзаб» сурат, 23.

[43] 109 лоьмар йолучу хьадисе а, цунна беллачу кхетаме а хьажа.

[44] 1546 лоьмар йолучу хьадисе хьажа.

[45] Кхечу дешнашца аьлча: «Ялсаманехь дикаха йолу меттиг кхаьчна хьуна!».

[46] Жабиран да (АллахI реза хуьлда цаьршинна) 625-чу шарахь Ухьуд гIазотехь кхелхина.

[47] Веллачуьнан юхь чIогIа эрчаяьккхинера: маккахоша мара а, лергаш а даьхнера цуьнан.

[48] Кхечу дешнашца аьлча: негат цIена хилар бахьана долуш, АллахIа иштта волу стаг ялсамане вохуьйту, кхинболу шахIидаш санна.

[49] Кхузахь дуьйцург - дайн къовзор ду: зингато къовзийча, стагана хаалуш дерг санна долу.

[50] Вуьшта аьлча: цхьана гIазотехь.

[51] Кхузахь дуьйцург - массо а бала хьоьгуьйтучу, динан а, дуьненан а барт эгIош долучу массо а гIуллакхех хьалхаваккхар дехар ду.

[52] Кхузахь дуьйцурш - 627-чу шарахь Меднина голаьцна хилла долу бартхойн тукхамаш ду.

[53] Кхузахь дуьйцург - моллалла кхайкхар а, иштта къамат дар а ду.

[54] Вуьшта аьлча: «Цхьана меттера вукхунхьа волу со, цхьана гIуллакхера вукхуьнга волу со!».

[55] Вуьшта аьлча: «…церан мекарлонашна а, хIуьмалгашна а дуьхьал тхайна гIодар доьху оха Хьоьга».

[56] Вуьшта аьлча: диканаш узучу кеда диллина хир ду и дерриге а къематдийнахь.

[57] Вуьшта аьлча: керстанашна (дуьхьал).

[58] Оцу дешнех – «секхаIад кхуьйсуш белхаш даран» маьIнехь кхета везаш ву.

[59] Вуьшта аьлча: «…карла а ца йоккхуш, шен говзалла йицйина волу (стаг)».

[60] Кхечу дешнашца аьлча: «АллахIана а, Цуьнан йоланна а гергакхача гIерташ…».

[61] Вуьшта аьлча: «…шен дагчохь АллахIан новкъахь тIом бар декхар хетта а воцуш велларг».

[62] Табук гIазот ду дуьйцург.

[63] Цуьнан маьIна: оцу гIазотехь цIеначу негатца дакъалаца лаар бахьана долуш, цигахь дакъалаьцначарна санна ял хир ю царна.

[64] Кхечу дешнашца аьлча: «…кхечарна шен майралла гайтаран дуьхьа тIом беш ву».

[65] Ма-ярра йолу майралла ю юьйцург, моттаргIане йолу майралла а йоцуш.

[66] «Хьамийа» - оьгIазло; даггара хилар; деза деттар. И дешнаш тайп-тайпана маьIна дан йиш йолуш ду. Цигахь вуьйцург стаг хила а тарло, шен гергаранаш ларбаран дуьхьа тIом беш волу.

[67] Вуьшта аьлча: «…могаш-маьрша юхайирзина йолу».

[68] Кхузахь юьйцург - АллахIа Шен новкъахь тIом бечарна эхартахь хир ю аьлла, ваIда йина хилла йолу ял ю. Ткъа гIазотехь дакъа а лаьцна, могаш-маьрша цIабирзиначарна - кхаа декъах ши дакъа ял хIокху дуьненахь дIахир ю, ткъа диссина цхьа дакъа – эхартахь хир ю.

[69] Вуьшта аьлча: «…цхьана а тайпана хIонс каракхаьчна а йоцуш».

[70] Кхечу дешнашца аьлча: «…я кхелхина, я лазийна хилла болу».

[71] Кхузахь буьйцуш болу нах - гIазотехь дакъа ца лаьцна болу мунепикъаш а, иштта бехказа бахьана долуш цIахь биссинарш а бу, пайхамарна а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), цуьнца Меднахь гIазотехь дакъалаьцначу кхинболучучарна а дуьхьал бахана хилла болу.

[72] Саниййатул-вадаI - Меднина уллохь йолучу метиган цIе ю.

[73] ГIазотехь дакъалаца бIаьхой кечбан сагIа далар ду иза.

[74] «Шаьш а дакъа лаца тIамехь».

[75] И бохург: «Емалбе уьш - церан керстаналла а, ширкалла а бахьанехь. Бух болучу тоьшаллин гIоьнца дIагайта царна церан тилар а, церан бух боцу гIуллакхаш а».

[76] Кхузахь дуьйцург - массо а бала хьоьгуьйтучу, динан а, дуьненан а барт эгIош долучу массо а гIуллакхех хьалхаваккхар ду.

[77] 1324 лоьмар йолучу хьадисе хьажа.

[78] Тайп-тайпана кийтарлонаш а, хIилланаш лелор а ду иза.

235-гIа дакъа

Опубликовано: 30 сентября 2010

235-гIа дакъа

Эхартахь шайна шахIидашна санна ял (кечйина болучу нахах) лаьцна, делахь а, тIамехь керстанех летта беллачарех къастийна лийчор бу уьш, докъан ламаз а дийр ду царна

1353. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ШахIид пхиъ ву: Iаьржачу уьнах велларг, чолазарх велларг, хин буха вахана велларг, хаьрциначу (гIишлонна) кIел вахана велларг, АллахIан новкъахь воьжнарг» (Бухари: 2829, Муслим: 1914).

1354. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «(Цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (шен асхьабашка) хаьттира: «Шайх шахIидаш муьлаш лору аша?». Цара жоп делира: «ХIай, АллахIан элча! АллахIан новкъахь вийнарг - иза ву-кха шахIид». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) элира: «Иштта хилча-м - сан умматехь шахIидаш кIезиг хир бу!». Цара хаьттира: «Ткъа муьлаш бу уьш тIаккха, хIай, АллахIан элча?». (Цунна) жоп делира цо: «АллахIан новкъахь вийнарг шахIид ву, АллахIан новкъахь велларг[1] шахIид ву, Iаьржа уьнах велларг шахIид ву, чоьнан (лазарах) велларг шахIид ву, хин буха вахана (велларг) шахIид ву» (Муслим: 1915).

1355. IабдуллахI бин Iамр бин ал-Iаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Муьлхха а шен бахам ларбеш дуьхьало еш вийнарг – шахIид хуьлуш ву» (Бухари: 2480, Муслим: 141).

1356. (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) ялсаманица шайга кхаъ боккхуш хезначу иттаннах цхьаъ хиллачу Абу ал-АIвар СаIид бин Зайд бин Iамр бин Нуфайла (АллахI реза хуьлда царна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Шен бахам ларбеш дуьхьало йина велларг – шахIид хуьлуш ву, шен са лардеш дуьхьало йина велларг – шахIид хуьлуш ву, шен дин лардеш велларг – шахIид хуьлуш ву, шен доьзал ларбеш дуьхьало йина велларг – шахIид хуьлуш ву» (Абу Дауд: 4772, Тирмизи: 1421, цо аьлла хIара «хьасан, сахьихь» даржехь хьадис ду).

1357. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цхьана стага АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а веана, хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! Дийцахь суна, (хIун дан деза аса) нагахь (со волучу) цхьа стаг вагIахь, сан бахам соьгара дIабакха дагахь?». Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп делира: «ДIамало хьайн даьхний цунна». (Оцу стага) хаьттира: «Нагахь иза суна тIелатахь?». Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп делира: «Лата хьо цуьнах». (Оцу стага) хаьттира: «Алахь соьга, ткъа цо со вехь?». Цо жоп делира: «ТIаккха хьох шахIид хир ву-кха». (Оцу стага) хаьттира: «Нагахь аса иза вехь?». Цо жоп делира: «Иза жоьжагIате гIур ву-кха» (Муслим: 140).



[1] Кхузахь вуьйцуш верг - шен валар нисделла волу стаг ву, масала: говрана тIера чу а кхетта.

236-гIа дакъа

Опубликовано: 30 сентября 2010

236-гIа дакъа

Лайш маьршабахаран дозалла

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«Амма иза ца хIоьтти (некъан) хало эшон! Ткъа мичара хиира хьуна: хIун ю и хало? Иза - лай маьршаваккхар ду» («ал-Балад», 11-13).

1358. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира соьга: «(Нагахь) шух цхьамма бусалба лай маьрша витахь - АллахIа жоьжагIатех хьалхайоккхур ю (лайн) дегIан хIора меженна дуьхьал (иза маьршавитиначуьнан) меже, цуьнан бехке меттиг а цхьана - (цо маьршавитиначу лайн) бехкечу меттигна дуьхьал» (Бухари: 6715, Муслим: 1509).

1359. Абу Заррас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) аса (пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! Муьлхарш ю уггаре а еза Iамалш?»[1] Цо жоп делира: «АллахIах тешар а, АллахIан новкъахь жихIад дар а ю». Аса хаьттира: «(Маьршабитар) уггаре а дикаха (долу) лайш муьлхарш бу?»[2] Цо жоп делира: «Уьш долахь болучу дайшна доллучул мехала берш а, царна гергахь доллучул а механа безаха берш а бу» (Бухари: 2518, Муслим: 84).



[1] Вуьшта аьлча: «Муьлха Iамалш бахьанехь хир йолуш стагана уггаре а йоккха ял?».

[2] Кхечу дешнашца аьлча: Абу Заррас (АллахI реза хуьлда цунна) хоьтту: «ЦIарца аьлча, стагана муьлха лайш маьршабахарна хир йолуш ю уггаре а йоккха ял?».

239-гIа дакъа

Опубликовано: 06 апреля 2010

239-гIа дакъа

Синтемазечу а, питанечу а, царех тера хьелаш хIиттиначу а (заманашкахь) Iибадат даран дозалла

1366. Ясаран кIанта МаIкъила (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Синтем боцучу (хьовр-зIовранечу) заманахь (АллахIана) Iибадат дар - со волучу кхалхар (хIижрат дар) санна (дезаха) ду[1]» (Муслим: 2948).



[1] Вуьшта аьлча: цхьатерра ял йолуш ду.

 

243-гIа дакъа

Опубликовано: 23 мая 2010

243-гIа дакъа

АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) салават дилларан дозалла

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«Боккъалаъ, АллахI а, Цуьнан малекаш а пайхамарна салават дуьллуш ду. ХIай, иман диллинарш! Салават дилла, (кест-кеста) маршо а еха» («ал-Ахьзаб», 56).

1397. IабдуллахI бин Iамр бин ал-Iаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «Суна (цкъа) салават диллиначунна - и бахьанехь АллахIа итт салават дуьллур ду» (Муслим: 384).

1398. Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Къематдийнахь (массо) адамал суна гергаха хир ву - суна салават дукха дуьллуш хилларг» (хIара хьадис Тирмизис далийна: 484. Цо аьлла «хьасан» даржехь хьадис ду хIара).

1399. Авс бин Авса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, шун денойх уггаре а дезаниг - пIерасканан де ду. Ткъа оцу дийнахь кест-кеста салаваташ дахка суна, хIунда аьлча, боккъалаъ, аша дехкина салаваташ хьалха ухьуш (гойтуш) хир ду суна». (Наха) хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! Хьуна хьалха муха ухьур ду тхан салаваташ - оцале хьо вахкавелла хир волуш хилча?». (Оцуна жоп луш пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) элира: «Боккъалаъ, доллучунна ницкъ кхочуш а, Сийлахь-Воккха а волучу АллахIа лаьттана хьарам дина пайхамарийн догIмаш» (хIара хьадис «сахьихь» йолучу иснадаца даладо Абу Дауда: 1047).

1400. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Сийсаз хуьлда – ша волучохь со хьахийча, суна салават ца диллина волу стаг!» (ХIара хьадис Тирмизис далийна: 3539. Цо аьлла «хьасан» даржехь хьадис ду хIара).

1401. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Сан кошах дазден меттиг ма е. Суна салават дилла, хIунда аьлча шун салават суна тIекхочуш ду шу хиллачу муьлххачу а меттера» (хIара хьадис «сахьихь» йолучу иснадаца Абу Дауда дийцина: 2042).

1402. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Милла велахь а, (со веллачул тIаьхьа) соьга салам делларг - билггал, АллахIа сан са юхадерзор долуш ма ду суна (чу), (цо делла) салам соьга схьаэцийта» (хIара хьадис «сахьихь» йолучу иснадаца даладо Абу Дауда: 2041).

1403. Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «БIаьрмециг (адам) ду-кха - ша волучохь со хьахийча, суна салават ца дуьллуш дерг» (хIара хьадис Тирмизис далийна: 3540. Цо аьлла «хьасан» даржехь хьадис ду хIара).

1404. Фадалат бин Iубайда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хезна, цхьана стага ша ламаз дечу хенахь АллахIе доIанаш деш - (доIа дан волавалле хьалха) Сийлахь-Веза АллахI хастийна а воцуш, пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) салават диллина а доцуш. Ткъа АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Оцу (стага) сихо йина!». Цул тIаьахьа и (стаг) шена тIе а кхайкхина, элира цо (я кхечу цхьаьнга): «Муьлхха а шух цхьанна АллахIе доIа дан лиъча - шен Сийлахьчу Далла хастам барна тIера дIадоладойла цо и. Цул тIаьхьа пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) салават а диллий, тIаккха шена луъург деха» (хIара хьадис Абу Дауда: 1481, Тирмизис: 3475 далийна. Тирмизис аьлла «хьасан» даржехь хьадис ду хIара).

1405. Абу Мухьаммад КаIб бин Iужрата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тхо долучу чуваьлча, оха хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! Хьоьга салам муха дала деза хIинцале а хиънера тхуна, ткъа хьуна салават муха дилла деза оха дийцахьа?». (Оцу хьокъехь пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) элира: «Ала: «Я, АллахI! Мухьаммадах а, цуьнан доьзалах а къинхетам бе Ахьа - Айхьа ИбрахIиман доьзалах къихетам баре терра. Хастам бан хьакъ верг, Сийлахьниг ву Хьо! Я, АллахI! Мухьаммадана а, цуьнан доьзална а беркат де Ахьа - Айхьа ИбрахIиман доьзална беркат даре терра. Хастаме, Сийлахь ву Хьо! («АллахIумма солли Iала Мухьаммадин ва Iала али Мухьаммадин, кама соллайта Iала али ИбрахIима, иннака Хьамидун, Мажид, ва барик Iала Мухьаммадин ва Iала али Мухьаммадин кама соллайта Iала али ИбрахIима, иннака Хьамидун Мажид)» (Бухари: 4797, Муслим: 406).

1406. Ибн МасIуд ал-Бадрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) веанера тхо долучу, тхо СаIд бин Iубада (АллахI реза хуьлда цунна) волучохь хевшина Iаш долуш. Башир бин СаIдас хаьттира цуьнга: «Сийлахь-Везачу АллахIа хьуна салават дилла аьлла омра дина тхоьга, хIай, АллахIан элча! Ткъа муха дилла деза оха хьуна салават?». (Цул тIаьхьа) АллахIан элча, (сел веха) вист ца хуьлуш, соцунгIа хилира, хаттанза хилла делара-кха цо и цуьнга (аьлла, тхуна дагахьбаллам а буьсуш). Ткъа цул тIаьхьа  АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп делира: «(Иштта) ала аша: «Я, АллахI! Мухьаммадах а, цуьнан доьзалах а къинхетам бе Ахьа - Айхьа ИбрахIиман доьзалах къихетам баре терра. Мухьаммадана а, цуьнан доьзална а беркат де Ахьа - Айхьа ИбрахIиман доьзална беркат даре терра. Боккъалаъ, хастам бан хьакъ верг, Сийлахьниг ву Хьо!» («АллахIумма солли Iала Мухьаммадин ва Iала али Мухьаммадин, кама соллайта Iала али ИбрахIима, ва барик Iала Мухьаммадин ва Iала али Мухьаммадин кама соллайта Iала али ИбрахIима, иннака Хьамидун Мажид»). Салам (даларах дерг аьлча - цуьнах дерг) шуна хIинцале а хууш ду» (Муслим: 405).

1407. Абу Хьумайд ас-СаIидис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа наха) хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! Хьуна салават муха дилла оха?». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) жоп делира: «Ала: «Я, АллахI! Къинхетам бе Ахьа Мухьаммадах а, цуьнан зударех а, цуьнан тIаьхьенах а - Айхьа ИбрахIиман доьзалах къихетам баре терра. Беркат де Ахьа Мухьаммадана а, цуьнан зударшна а, цуьнан тIаьхьенна а - Айхьа ИбрахIиман доьзална беркат даре терра. Боккъалаъ, хастам бан хьакъ верг, Сийлахьниг ву Хьо!» («АллахIумма соли Iала Мухьаммадин, ва Iала азважихIи, ва зурриййатихIи, кама соллайта Iала али ИберахIима, ва барик Iала Мухьаммадин, ва Iала азважихIи, ва зуррийййатихIи, кама баракта Iала ИбрахIима, иннака хьамидун Мажид») (Бухари: 3369, Муслим: 407).

245-гIа дакъа

Опубликовано: 07 апреля 2010

245-гIа дакъа.

Ирахь, хиъна, Iуьллуш, (иштта) ламаз карахь доцуш а, лийчар тIедоьжна волуш а, цIано йоьхначу зудчунна а Сийлахь-Веза АллахI хьехоран (дозалла), КъурIан дешар доцург, хIунда аьлча и деша магош дац лийчар тIедоьжначунна а, цIано йоьхначу (зудчунна) а

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«Боккъалаъ, стигланаш а, латта кхолларехь а, иштта буьйса-де хийцарехь а хьекъал долучарна Iаламаташ ду - АллахI хьехош болу ирахь а, хевшина а, агIонаш тIехь Iуьллучехь а» («Ал-Iимран», 190, 191).

1444. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) даима а хьехавора Сийлахь-Веза АллахI» («Муслим»: 373).

1445. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух муьлххачо а, шен зудчуьнца вижаран гIуллакх даита лиъча, алахь: «АллахIан цIарца! Я, АллахI! ШайтIа генадаккха Ахьа тхоьх! Айхьа тхуна лундолучух а генадаккха Ахьа шайтIа!» - шайтIане цхьа а зен далур дац берана, нагахь шуна иза хила доьгIна хиллехь» (Бухари: 3271, Муслим: 1434).

246-гIа дакъа

Опубликовано: 07 апреля 2010

246-гIа дакъа

ДIадуьйшуш а, самадевлча а ала дезарг

1446. Абу Хьузайфа а, Абу Зарра а (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша дIавижа воьдучу хенахь гуттар а олуш вара аьлла: «Хьан цIарца, я АллахI, лан а ле со, (цуьнца) ден а ло со!» («Бисмика, АллахIумма, амуту ва ахьйа»). Ткъа ша самаваьлча олуш вара иза: «Хастам бу АллахIана - вай деллачул тIаьхьа дендина волучу1[1]. Цуьнга доьрзур долуш а ду вай!» («Алхьамду лиллáхIиллазú ахьйанá баIда мá амáтанá ва илайхIиннушýр») (Бухари, 6312).



[1] Вуьшта аьлча: вайна Iожаллин ваша лоруш йолу наб яийтина волучу. 

257-гIа дакъа

Опубликовано: 07 апреля 2010

257-гIа дакъа

Эладитанаш хьарам хиларан хьокъехь, иза - барт эгIоран Iалашонца цхьана нехан къамелаш вукхарех дIатохар ду

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«ТIаьхьашха луьйчунна, эладиттанаш дIасакхоьхьучунна» («ал-Къалам», 11).

«(Стага) дош эра ма дац - цунна уллохь (и дIаяздеш) сема гIарол волуш бен» («Къаф», 18).

1536. Хьузайфа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Эладиттанча ялсамане гIур вац» (Бухари: 6055, Муслим: 105).

1537. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, (цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шина кошах тIех волучу хенахь элира аьлла: «Боккъалаъ, цаьршинна Iазап ду луш. Доккха къа бахьанехь дац царна луш долу Iазап, делахь а (хIораннан) къа доккха дара: цаьршиннах цхьаьннах дерг алча - иза эладиттанаш даржош вара, шолгIачух дерг аьлча - иза шен хьоткъах ларлуш вацара» (Бухари: 216, Муслим: 292. Кхузахь далош дерг Бухарин ривайатех цхьаъ ду).

Iеламнаха аьлла:

«Доккха къа бахьанехь дац царна луш долу Iазап» (бохучу дешанийн) маьIна: цаьршинна хетарехь, доккха (къа) дацара и.

Иштта а аьлла: «Боккханиг - цаьршинна тIе болу Iаткъам бу. 

1538. Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: ««Ал-IадхI» хIун ду ала аса шуьга? Иза – эладиттанаш, нахана юккъехь (лелош долу) къамелаш ду» («Муслим», 2606).

258-гIа дакъа

Опубликовано: 07 апреля 2010

258-гIа дакъа

Нехан къамелаш хьаькамашна тIекхехьар дихкина хиларан хьокъехь, нагахь иза тIекхачонза цадаьллачу цхьана бахьанех доьзна дацахь – бохам (баржарна) кхерам хIоттар санна дерг а, иштта дIа кхин цуьнах тераниг санна дерг а

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«…Амма гIо ма де вовшашна къинехь а, мостагIаллехь а» («ал-МаидахI», 2).

ХIокху декъана догIуш долу хьадисаш ду хIокхул а хьалхарачу декъехь далийна.

1539. Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Сан цхьана а асхьаба суна ма дуьйцийла кхечу (асхьабех) лаьцна долу цхьа а хIума, хIунда аьлча, боккъалаъ, синтемечу дагца шуна дуьхьал араволийла лаьа суна» (Абу Дауд: 4860, Тирмизи: 3893).

262-гIа дакъа

Опубликовано: 07 апреля 2010

262-гIа дакъа

(Стага ша) эриг а, дуьйцург а бакъ хилар талла дезаш хиларан хьокъехь

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«Хьайна цахууш долучунна тIаьхьа ма хIотта» («ал-Исраъ», 36).

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«(Стага) дош эра ма дац - цунна уллохь (и дIаяздеш) сема гIарол волуш бен» («Къаф», 18).

1547. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Стаг аьшпашбуттург хила кхачам болуш ду - (цо) шена мел хезнарг кхечуьнга дIадийцар» (Муслим: 5).

1548. Самурата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Соьх лаьцна цхьа хIума дийцина верг, цо ша а цхьаьна аьшпаш лоруш долу, ткъа иза – аьшпашбуттучарех цхьаъ ву» (Муслим: 1-9).

1549. Асмаа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, цхьана зудчо элира аьлла: ««ХIай, АллахIан элча, сан майрачун кхин а цхьа зуда ю. Къа хир дуй-те суна, нагахь аса сайн майрачо сайна совгIат  дина моттийтича, ма-дарра аьлча цо суна дина а доцу?». (Цунна дуьхьал жоп луш) пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «(Ма-дарра аьлча) шена цаделларг делла моттуьйтуш верг (муташаббиI) - шена тIе аьшпийн ши духар доьхначух тера ву»» (Бухари: 5219, Муслим: 2130).

«МуташаббиI» - ша вуьзна моттуьйтуш волу стаг ву, ма-дарра аьлча вуьзна а воццушехь. (ХIокху гIуллакх тIехь болу) цуьнан чулацам: шегахь муьлхха а цхьа дикалла ю моттуьйтуш, кеп хIиттайо стага, ма дарра аьлча шегахь ян а йоцу. ХIара «шена тIе аьшпийн ши духар доьхначух тера ву» боху дешнаш - «аьшпаш буттург» бохучу маьIнехь ду, ткъа иза – нах тиларчу бигаран дуьхьа (эхартан дуьхьа) дуьне дIатесначу я Iилма долучу, я хьал долучу стеган куц эцначу духарах вухаваьлларг ву, ма-дарра аьлча иштта ван а воцуш. Кхин а ду оцу хьокъехь аьлла хетарш, ткъа цуьнах дерг дикаха хуург АллахI ву.

Еще статьи...

  • 267-гIа дакъа
  • 270-гIа дакъа
  • 284-гIа дакъа
  • 287-гIа дакъа
  • 289-гIа дакъа
  • 292-гIа дакъа
  • 293-гIа дакъа
  • 295-гIа дакъа
  • 297-гIа дакъа
  • 298-гIа дакъа
  • 300-гIа дакъа
  • 305-гIа дакъа
  • 306-гIа дакъа
  • 307-гIа дакъа
  • 208-гIа дакъа
  • 308-гIа дакъа
  • 311-гIа дакъа
  • 312-гIа дакъа
  • 313-гIа дакъа
  • 318-гIа дакъа
  • 8
  • 9
  • ...
  • 11
  • 12
  • 13
  • 14
  • ...
  • 16
  • 17

Страница 13 из 19

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft