• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

330-гIа дакъа

Опубликовано: 09 июля 2010

330-гIа дакъа

Кемсех «карм» ала цамагарах лаьцна

1740. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Кемсех «карм» ма олийла аша, хIунда аьлча, боккъалаъ, «карм» - бусалба ву» (Бухари: 6182, Муслим: 2247. Кхузахь далориг Муслиман ривайат ду).

Оцу хьадисан Муслима далош долучу кхечу ривайатехь дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «…хIунда аьлча, «карм» - муъма стеган дог ду».

Оцу хьадисан Бухарис а, Муслима а далош долучу кхоалгIачу ривайатехь дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «…цара «карм» олу, ва амма «карм» - муъма стеган дог ду».

1741. Ваил бин Хьужра (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: ««Карм» ма олийла аша, ва амма «Iинаб»[1], «хьабала»[2] ала» (Муслим: 2248).



[1] «Iинаб» - кемсаш ю.

[2] «Хьабала» - кемсийн таьллинг (хутал) ю.

331-гIа дакъа

Опубликовано: 20 июня 2010

331-гIа дакъа

Зудчун исбаьхьаллаш стаге йийцар дихкина хиларан хьокъехь, нагахь ШарIан Iалашонаш кхочушъян цаьрга хьаште вацахь, масала: зуда ялон а, и.дI.кх.

1742. Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Цхьа зуда кхечу зудчух дIа ма хьакхалойла[1], тIаккха шен майрачунна иза йийца а юьйцуш, ша иза цуьнга хьоьжуш волуш санна» (Бухари: 4220).



[1] Масала: барт баккхар, и бахьанехь шен дилха кхечу зудчун дилханах дIа а хьакхадолуьйтуш, цуьнан кIедалла а, хазалла а хаалуш.

332-гIа дакъа

Опубликовано: 28 апреля 2010

332-гIа дакъа

«Я, АллахI, гечдехьа суна, хьайна лаахь!» - ала мегаш цахилар, хIунда аьлча стага ша доьхург хадам боллуш деха деза

 

1743. Бухариин «Сахьихь» жайнахь даладо Абу ХIурайрас дийцина хьадис, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух цхьаммо а ма олийла: «Я, АллахI, гечдехьа суна, Хьайна лаахь![1]», я иштта а: «Я, АллахI, къинхетам бехьа соьх, Хьайна лаахь!». Луург хадам боллуш деха дезаш ду, хIунда аьлча цхьана а хIумане, АллахIе ца ваьлла, цхьа а хIума дайталур дац» (ал-Бухари: 11/118, Муслим: 2679).

 

Муслимехь долучу ривайатехь дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шайна луург - тIедожжош доьхийла аша, хIунда аьлча АллахI дозалла дан хIуттур вац Ша шуна деллачуьнгахь». 

 

1744. Анасас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух муьлхха а цхьаъ АллахIе доIа дан хIоьттича - (айхьа доьхург) хадам боллуш доьхийла ахьа, хIуъа хилча а (ала а) ма олийла ахьа: «Я, АллахI, нагахь хьайна лаахь, (хIара-иза) ло ахьа суна». ХIунда аьлча, боккъалаъ, аддаме а ца ваьлла (нуьцкъаха, цхьа а хIума) дайталур долуш дац Цуьнга» (Бухари: 6338, Муслим: 2678).


 

[1] Оцу кеппара, пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гойтуш ву: АллахIан хьокъехь «…нагахь Хьайна лаахь» боху дешнаш лелон йиш йоцуш хилар, хIунда аьлча Сийлахь-Веза АллахI ишта а ву Шена луъург деш.

333-гIа дакъа

Опубликовано: 28 апреля 2010

333-гIа дакъа

«АллахIана ма лаъара а, хьенехана ма лаъара а» ала мегаш цахилар

1745. Хьузайфа бин ал-Йамана (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Аша ма олийла: «АллахIана ма лаъара а, хьенехана ма лаъара а». (Алахь иштта) ала аша: «АллахIана ма лаъара, ткъа цул тIаьхьа - хьенехана а»» (хIара хьадис «сахьихь» йолучу иснадаца далийна Абу Дауда: 4980).

334-гIа дакъа

Опубликовано: 09 июля 2010

334-гIа дакъа

Пхьуьйра-ламаз диначул тIаьхьа къамелаш дар дика цахилар

Кхузахь дуьйцуш долу къамелаш - и хан а йоцуш, кхечу хенашкахь дан хьанал (мубахь) долу къамелаш ду. (Ткъа и бохург - оцу кепара къамелаш) дар а, дитар а цхьабосса дерш ду (бохург ду). Кхечу хенашкахь цхьанна хьарам долу я ца оьшуш долу къамелаш дарах дерг дийцича - и къамелаш оцу хенахь дар кхин а чIогIа хьарам а, ца оьшуш а ду. Ва амма дикачу къамелех дерг аьлча – Iилма Iамош ден къамелаш а, дикачу нахах лаьцна дийцарш дийцар а, оьздачу гIиллакхех лаьцна къамелаш дар а, иштта хьешаца, я ехархочуьнца, я царех тера долу къамелаш дарехь а ца мага хIума дац, муххале а, уьш дар бакъахьара (мустахьаб) ду. Иштта дихкина лоруш дац - (оцу хенахь) бехказа бахьана долуш а, (оцу стеган лаамехь доцуш) цIеххьана нисделларг бахьанехь а къамел дар. Аса дийцинарг бакъ хилар тIечIагIдеш (дукха а) бакъ хьадисаш ду.

1746. Абу Барзас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дезаш вацара пхьуьйра-ламаз дале хьалха дIавижар а, цул тIаьхьа къамелаш дар а» (Бухари: 568, Муслим: 647). 

1747. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «(Цкъа) шен дахаран чаккхенехь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) пхьуьйра-ламаз дира. Ша салам деллачул тIаьхьа цо элира: «ХIара хIун буьйса ю алалур дарий шуьга? Боккъалаъ, хIокху буьйсанал тIаьхьа бIе шо даьлча - тахана[1] лаьтта тIехь бехаш болучарех цхьа цхьаъ (дийна) хир вац» (Бухари: 116, Муслим: 2537).

1748. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) тхо[2] пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хьоьжуш Iийра. Буьйса юккъе гергга яханачул тIаьхьа, тхо долучу схьа а веана, тхоьца цхьаьна (пхьуьйра) ламаз дира цо. Цул тIаьхьа тхуна хутIба деша воьллачу цо элира: «Боккъалаъ, (биссиначу берриге) наха ламазаш дина, цул тIаьхьа дIа а бийшина уьш, ткъа шу, ламаз дIадоладалале, хьоьжуш (яьккхиначу оцу ерриге) хенахь хаддаза ламазехь лаьттина[3]» (Бухари: 572, Муслим: 640).



[1] Кхетамашкахь гучудолу: пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) асхьабех тIаьххьараниг - Абу ТIуфайл Iамир бин Ваил (АллахI реза хуьлда цунна) нисса и къамел диначул тIаьхьа бIе шо даьлча велла.

[2] Вуьшта аьлча: асхьабаш (АллахI реза хуьлда царна).

[3] И бохург: цара хьоьжуш яьккхина йолу и ерриге хан - цара ламазехь яьккхинча санна дIалерина царна бохург ду. Цунна дуьхьала оццул ламазехь Iарна йогIуш йолу ял хир ю царна.

335-гIа дакъа

Опубликовано: 20 июня 2010

335-гIа дакъа

ШарIо къобалъеш бехказло а йоцуш, зудчунна шен майрачо метта дIакхайкхича юхаялар хьарам хилар

1749. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Стага шен зуда шен  метта дIакхайкхича, иза юхаялахь, цунна оьгIаза ваханчохь (майрачо) буьйса а яккхахь - Iуьйре хиллалц малекаша неIалт бохур ду оцу (зудчунна)» (Бухари: 3237, Муслим: 1436).

Цхьана Бухарис далочу оцу хьадисан кхечу ривайатехь дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «…иза юхаерззалц…».

336-гIа дакъа

Опубликовано: 20 июня 2010

336-гIа дакъа

Зудчунна шен майра цIахь (уллохь) волучу хенахь, цуьнан пурба а доцуш, марха кхабар хьарам хиларан хьокъехь

1750. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Зудчунна шен майра цIахь волуш марха кхаба магош дац - цуьнан пурбанца бен, (цхьа цхьаъ) цуьнан хIусаме вита магош а дац цунна - цуьнан пурбанца бен» (Бухари: 5195, Муслим: 1926).

337-гIа дакъа

Опубликовано: 20 июня 2010

337-гIа дакъа

Имамана тIаьхьа а хIоьттина ламаз деш волучунна - сужданера а, рукуIера а корта цочул а хьалха хьалаайбар хьарам хиларан хьокъехь

1751. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух имамал хьалха шен корта хьалаайбеш верг кхера ца кхоьру-те - АллахIа шен корта виран корта барна, я ша виран куьцехь дIатарварна?!» (Бухари: 691, Муслим: 427).

338-гIа дакъа

Опубликовано: 30 сентября 2010

338-гIа дакъа

Ламаз дечу хенахь ши куьг хаьнтIа диллар дика цахилар

1752. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) агIонаш тIе куьйгаш а дехкина ламаз дар ца магийра» (Бухари: 1219, Муслим: 545).

339-гIа дакъа

Опубликовано: 20 июня 2010

339-гIа дакъа

Нагахь яахIума кийча елахь, стеган са и езаш а делахь, иштта  жимачу а, доккхачу а гIуллакхна иза араваха дог долуш а велахь – ламаз дар дика цахиларан хьокъехь

1753. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Ламаз (дан дезаш дац стага) - юург кийча йолуш а, (жима а, доккха а аравахар г1уллакхан) къийлалуш велахь а» (Муслим: 560).

Еще статьи...

  • 340-гIа дакъа
  • 341-гIа дакъа
  • 342-гIа дакъа
  • 343-гIа дакъа
  • 344-гIа дакъа
  • 345-гIа дакъа
  • 346-гIа дакъа
  • 347-гIа дакъа
  • 348-гIа дакъа
  • 349-гIа дакъа
  • 351-гIа дакъа
  • 357-гIа дакъа
  • 358-гIа дакъа
  • 359-гIа дакъа
  • 362-гIа дакъа
  • 363-гIа дакъа
  • 366-гIа дакъа
  • 368-гIа дакъа
  • 10
  • 11
  • 12
  • 13
  • 14
  • ...
  • 16
  • 17
  • 18
  • 19

Страница 17 из 19

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft