223-гIа дакъа
Марха долучуьнга - Iеса хиларах шен мотт а, кхинйолу дегIан меженаш а сацае, иштта багалеярах а, цуьнах тера долучух а юха а вала аьлла дина омра
1240. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шаьш марха кхобуш долучу дийнахь сийдоцурш ма дийца, тIе а ма чийха. Нагахь цхьаъ цуьнга багалеян хIоттахь я довдаккха волалахь, (ишттачуьнга) олийла: «Бакъдолуш, сан марха ду»» (Бухари: 1933, Муслим: 1155).
1241. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь (марха долучу хенахь стага) аьшпаш боттар а, муьлхха а дийриг аьшпашца дар а дита ца дитахь - АллахIана а дац оьшуш цо шен юург-мерг йитар» (Бухари: 1903).
1242. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь (цхьамма багахь марха а долуш) вицвалар бахьанехь (цхьа хIума) яахь я малахь - шен марха кхиндIа дуьззина дIакхобийла цо, хIунда аьлча, боккъалаъ, цунна яийнарг а, цунна малийнарг а АллахI ву» (Бухари: 1933, Муслим: 1155).

