267-гIа дакъа
Бакъо а йоцуш, ШарIо магочу маслаIатана а доц уш, беллачарна лер хьарам хилар
Оцу (веллачо) бидаIатехь а, цуьнан Iесаллехь а, иштта дIа кхиндолучуьнгахь а лелийна хилла долучунна тIаьхьабазарах (нах) ларбар ду и. Кхул а хьалхарачу декъехь долу аяташ а, хьадисаш а ду оцу хьокъехь дуьйцуш.
1564. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Беллачарна ма лоьйла шу, хIунда аьлча шаьш хьалха (дуьненахь болуш мел) диначунна тIебаьхкина уьш» (Бухари: I393).

