• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

154-гIа дакъа

Опубликовано: 09 июня 2010

154-гIа дакъа

Веллачуьнан тIехулара вочу агIор хийцаделла долу куц, даржа а ца деш (къайла дахьар)

928. АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) азатхочо Абу РафиI Аслама дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIа шовзткъаза гечдийр ду - велларг лийча а вина, шена цуьнах хиъна дерг хьулдиначунна» (Хьаким: 1-354, цо аьлла, Муслиман бехкамашца цхьаьна догIуш, «сахьихь» даржехь хьадис ду хIара).

155-гIа дакъа

Опубликовано: 09 июня 2010

155-гIа дакъа

Веллачуннна докъан ламаз дар, иза новкъа ваккхар, иза дIавуллучохь хилар, велларг тIаьххьарачу новкъа воккхуш зударий тIаьхьа база оьшуш цахилар

Велларг новкъа ваккхаран дозаллех лаьцна хIинцале а дийцина.

929. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Докъан ламаз даллалц тезетахь хиллачунна - цхъа къиратI ял хир ю, (велларг) дIаволлалц Iийначунна – ши къиратI». (Наха) хаьттира: «Ши къиратI хIун ю?». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) жоп делира: «ТIехбоккхачу шина ломах терра ю»» (Бухари: 1325, Муслим: 945).

930. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, АллахIах тешна а волуш, АллахIера йоле сатуьйсуш а волуш, бусалба стеган тезетахь, цунна докъан ламаз даллалц а, иза дIаволлалц а дакъа лаьцнарг – ши къиратI ял яьккхина вухавоьрзур ву, цаьршиннах хIора къиратI Ухьуд лам санна (йоккха) а йолуш. Ткъа цунна докъан ламаз а дина, иза дIаволлалц а ца соцуш юхавирзинарг - цхьа къиратI ял яьккхина вухавоьрзур ву» (Бухари: 47).

931. Умму IатIыййата (IатIыййатан нанас) (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Тхуна дихкина дара докъан барамаш новкъа дахар (я барамашна тIаьхьахIиттар), амма чIогIа чIагIдина дацара и» (Бухари: 1278, Муслим: 938).

156-гIа дакъа

Опубликовано: 09 июня 2010

156-гIа дакъа

Докъан ламазехь алссам наха дакъалацар суннат хилар, уьш кхаа могIаре а, кхин сов а дIахIиттор

932. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Муьлхха а - бусалба нехан шайн дукхаллехь бIенна тIе кхочуш йолучу тобано шена (докъан) ламаз дина верг, цара массара а цунна тIе а хIиттина (шапаIат) доьхуш верг – билггал, кхочушдийр ду церан цунна тIе а хIиттина доьху дехар (шапаIат)» (Муслим: 947).

933. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Нагахь муьлхха а бусалба стаг веллачул тIаьхьа цуьнан докъан барамна тIе шовзткъа стаг хIоттахь[1] - АллахIаца цхьа а хIума ширк ца деш болу (АллахI воцучунна цхьанненна а Iибадат ца деш болу) - цара цунна тIе а хIиттина дехна долу дехар (шапаIат), билггал, къобалдийр ду» (Муслим: 948).

934. Марсад бин IабдуллахI ал-Йазаннис дийцина: «Малик бин ХIубайрас (АллахI реза хуьлда цунна) ша докъан ламаз дечу хенахь, ламазе (хIиттон) нах кIезиг хилча, даима а уьш кхаа декъе боькъура. Цул тIаьхьа олура цо: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Кхаа могIано шена докъан ламаз дина волу (стаг), билггал, (ялсамане кхочур ву)» (хIара хьадис даладо Абу Дауда: 3166, иштта Тирмизис а: 1028, ша аьлла волучу хIара «хьасан» даржехь хьадис ду). 



[1] Вуьшта аьлча: уьш цунна докъан ламазе хIиттахь.

157-гIа дакъа

Опубликовано: 30 сентября 2010

157-гIа дакъа

Докъан ламазехь доьшуш долучуьнан хьокъехь

(Докъан ламаз дечу стага) доьазза «АллахI Воккха ву!» («АллахIу Акбар!») ала деза. Хьалхараниг аьллачул тIаьхьа - ларвар доьхуш долу доIа дийр ду АллахIе, цул тIаьхьа - «Фатихьат» деша деза. Цул тIаьхьа шолгIа а «АллахI Воккха ву!» ала деза, тIаккха – пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) салават дилла деза. (Салават) хIокху кепара (доьшур ду): «Я АллахI! Къинхетам бехьа Мухьаммадах а, Мухьаммадан доьзалах а…» («АллахIумма солли Iала Мухьаммадин, ва Iала али Мухьаммадин…»). Доллучул а дикаха хир ду цо иза хIокху дешнашца дерзийча: «…Айхьа ИбрахIимах а, ИбрахIиман доьзалах а къинхетам баре терра» («…кама соллайта Iала ИбрахIима ва Iала али ИбрахIима»). ТIаьххьара а тIе хIара (дешнаш) а олуш: «Боккъалаъ, Хьо ву-кха - хастамна хьакъ верг, Сийлахь верг!» («Иннака хьамидун мажид!»).

Дуккхаъчу юкъарачу наха дийриг дан ца оьшу, (деккъа хIара) аят а доьший, тоам беш болучу: «Боккъалаъ, АллахI а, Цуьнан малекаш а пайхамарна салават дуьллуш бу» («Ал-Ахьзаб», 56). ХIунда аьлча, боккъалаъ, деккъа и цхьа аят а дешна тоам беш волучуьнан ламаз нийса хир дац.

Цул тIаьхьа кхоалгIа а «АллахI Воккха ву!» боху дешнаш ала деза, ткъа цул тIаьхьа – веллачунна а, бусалба нахана а доIа дийр ду. АллахIана лаахь вай дуьйцур ду (цигахь догIу) хьадисаш.

Цул тIаьхьа доьалгIа а «АллахI Воккха ву!» боху дешнаш ала деза, ткъа тIаккха – АллахIе доIа дан деза. Дича доллучул а дикаха (долу доIа, хIара ду): «Я АллахI! Цуьнан йолах ма даха Ахьа тхо. Цул тIаьхьа тиларна чу ма эгаде Ахьа тхо! Тхуна а, цунна а геч а де Ахьа!» («АллахIумма ла тахьримна ажрахIу, ва ла тафтинна баIдахIу, вагIфир лана!»).

Дуккхаъчу наха гуттар а дийриг а ца деш, доьалгIа (Акбар аьлча), доIа дехха дар бакъахьара лоруш ду. Ибн Абу Авфас дийциначу хьадисан чулацамна, Сийлахь-Везачу АллахIана лаахь, вай дуьйцун долу.

Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кхоазлагIа «АллахI Воккха ву!» аьллачул тIаьхьа деш хиллачу доIанех дерг дийцича, царех ду (тIаьхьадогIу доIанаш): 

935. Абу Iабдуррахьман Iавф бин Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) докъан ламаз дира, ткъа цо (оцу веллачунна) дина хилла долу доIа аса дагахь латтийра. Цо элира: «Я АллахI! Гечде Ахьа цунна! Къинхетам бе Ахьа цуьнах! Хьалхаваккха Ахьа иза![1] КъинтIера вала Хьо цунна![2] ТIеэцар хаза де Ахьа иза! (я: Веза хьаша ве Ахьа цуьнах!)[3] ЧугIойла[4] паргIат е Ахьа цуьнан! ДогIанца а, лайца а, къоранца а цIанве Ахьа иза![5] Айхьа кIайн бедар мIодех ма цIанъярра[6] къинойх дIацIанве Ахьа иза! Цуьнан хиллачу хIусамал кхин а тоьлуш йолу хIусам а ло Ахьа цунна! Цуьнан доьзалал кхин а тоьлуш болу доьзал а, цуьнан хиллачу зудчул кхин а дика йолу зуда а (ло Ахьа цунна)! Ялсамане а вахийта Ахьа иза! Кошан Iазапах а, ЦIеран Iазапах а хьалха а ваккха Ахьа иза!» («АллахIуммагIфир лахIу, вархьамхIу, ва IафихIи, ваIфу IанхIу, ва акрим нузулахIу, ва вассиI мадхалахIу, вагIсилхIу билмаи, вассалжи, валбаради, ва наккъихIи минал хатIайа кама наккъайтас совбул абйад минадданаси, ва абдилхIу даран хайран мин дарихIи, ва ахIлан хайран мин ахIлихIи, ва завжан хайран мин зовжихIи, ва адхилхIул жаннахI, ва аIизхIу мин Iазабил къабри, ва мин Iазабин нари»). (Оцу) веллачуьнан метта со велар-кха аьлла, ма хеттера суна» (Муслим: 963).

936. Абу ХIурайрас а, Абу Къатадас а, Абу ИбрахIим ал-АшхIала а, шен дас олуш хезначунна тIе а тевжаш (цуьнан да а ву иштта асхьаб хилла (АллахI реза хуьлда царна)) дийцина. (Царна хезна, цкъа) докъан ламаз дан хIоьттиначу пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш: «Я АллахI! Гечдехьа тхан дийначарна а, беллачарна а, кегийрачарна а, къеначарна а, стегаршна а, зударшна а, (цIахь) болучарна а, (новкъахь) болучарна а! Я АллахI! Айхьа тхоьх бахар делларш - Исламан (динна тIехь) бахабе Ахьа! Айхьа тхоьх дIакхалхош верг - иманехь кхалхаве Ахьа! Я АллахI! Цуьнан йолах ма даха Ахьа тхо! Цул тIаьхьа тиларшка а ма эгаде Ахьа тхо!» («АллахIуммагIфир лахьаййина ва маййитина, ва сагIирина ва кабирина, ва закарина ва унсана, ва шахIидина ва гIаибина. АллахIумма, ман ахьйайтахIу минна, фа ахьйихIи Iалал ислами, ва ман таваффайтахIу минна, фатаваффахIу Iалал иймани. АллахIумма ла тахьримна ажрахIу, ва ла тафтинна баIдахIу!»)

(Тирмизи (1024), Абу Давуд (3201). Тирмизис далош дерг - Абу ХIурайрас а, ал-АшхIалис а дийцина хьадис ду, ткъа Абу Дауда далориг - Абу ХIурайрас а, Абу Къатадата а дийцинарг ду. Хьакима аьлла: «Абу ХIурайрин хьадис «сахьихь» а ду, Бухарин а, Муслиман а бехкамашца догIуш а ду». Тирмизис аьлла, Бухарис элира аьлла: «Оцу хьадисан ривайатех «асахь» («уггаре а бакъ дерг») ал-АшхIалис дийцина хьадис ду». Бухарис кхин а аьлла: «Оцу декъан хьокъехь мел долучух «асахь» («уггаре а бакъ дерг») Iавф бин Малика дийцина хьадис ду).

937. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Шаьш веллачунна докъан ламаз дечу хенахь - доггаха АллахIе доIа де цунна» (Абу Дауд: 3199).

938. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша докъан ламаз деш элира: «Я АллахI! Хьо ву-кха цуьнан Дела! Хьо ву-кха иза кхоьллинарг! Хьо ву-кха иза Ислам (дине) нисвинарг! Хьо ву-кха цуьнан са эцнарг!  Хьо ву-кха цо хьулдинарг а, хьуламаза динарг а массарначул дика хууш верг! Тхо цунна тIехIиттина дехаре даьхкина Хьоьга: гечдехьа цунна!» (Абу Дауд: 3200).

939. Васила бин ал-АскъаIа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тхоьца цхьаьна цхьана бусалба стагана докъан ламаз дира. Ткъа суна цо олуш хезира: «Я АллахI! Боккъалаъ, хьенехан кIант минех - Хьан гIоьнна а, доланна а кIел ву-кха! Кошан питанах а, ЦIеран Iазапах а ларве Ахьа! Хьо ву-кха ваIда кхочуш йийриг а, хастамна хьакъ верг а! Я АллахI! Геч а дай, къинхетам бехьа цуьнах! Хьо ма вуй – Гечдийриг а, Къинхетам бийриг а!» («АллахIумма инна фулана бин фулан фи зимматик, ва хьабли жаварихьик, факъихIи фитнатал къабри, ва Iазабаннари, ва анта ахIлул вафаи вал хьамди, АллахIумма фагIфир лахIу, вархьамхIу, иннака антал гIафуру-р-рохьим!») (Абу Давуд: 3202).

940. (Шен хенахь) IабдуллахI бин Абу Овфас (АллахI реза хуьлда цаьршинна), шен йоIана докъан ламаз дечу хенахь, доьазза «Такбир» дош[7] элира. ДоьазлагIа уьш олучу хенахь - (ламаз деш) шина Такбирана юккъехь яьккхиначу хеннал хан яьккхира, АллахIе (шен йоIанна) гечдар доьхуш а, (цунна) доIанаш деш а. Цул тIаьхьа элира цо: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) а дора иштта гуттар а».

(Оцу хьадисан кхечу) ривайатехь дийицина (и дийицначо элира аьлла): «Доьазза «АллахI Воккха ву!» элира цо. Цул тIаьхьа ша воллучохь сел веха (лаьтташ) Iийра иза, суна цо пхоьазлагIа а «АллахI Вокха ву!» боху дешнаш ала тарлора-кх аьлла а хеталуш. Делахь а, цо салам делира аьтту агIор а, аьрру агIор а дIасавоьрзуш. (Ламаз) дерзийна иза ваьлча, оха цуьнга хаьттира: «ХIара хIун ду?». Тхуна (жоп луш) цо элира: «Боккъалаъ, сайн бIаьра хьалхха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) деш сайна гиначул а совнаха дерг деш вац-кха со шуна (хьалхахь)! (я: АллахIан элчано а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) а дора иштта!)» (Хьаким: 1/360, цо аьлла «сахьихь» даржехь хьадис ду хIара).   



[1] Кхузахь дуьйцург - Iазапах а, кошан боданах а хьалхаваккхар ду.

[2] Кхузахь дуьйцург - Ислам-динан декхарш кхочуш ца деш дийлийтиначу тайп-тайпанарачу кхачамбацаршна гечдар дехар ду.

[3] Вуьшта аьлча: «Ялсаманехь дика а долуш дакъа де Ахьа цунна! Лакхарачу меттиге а кхачаве Ахьа иза!».

[4] Кхузахь дуьйцург - каш ду.

[5] Кхузахь динарг - дустаршца пайда оьцуш дехар ду: веллачунна массо а тайпа къинхетамаш бар а, цо мел летийначу къиношна а, дийлийтиначу кхачамбацаршна а гечдар доьхуш.

[6] Цуьнан маьIна – гуттар а цIена къинойх цIанвар дехар ду.

[7] «Такбир» дош - «АллахI Воккха ву!» («АллахIу Акбар!») бохучу дешнех олуш ду.

158-гIа дакъа

Опубликовано: 26 июля 2010

158-гIа дакъа

Велларг дIаволла вуьгуш болу барам чехкка дIабахьа безаш хилар

941. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ницкъ ма-кхоччу сихха велларг дIахьо. Нагахь иза дика (адам) хиллехь - (чехкка) диканна тIевуьгу аша иза, нагахь иза иштта ца хиллехь - (чехкка) шайн вортанашна тIера вон охьадуьллу аша» (Бухари: 1315, Муслим: 944).

Оццу хьадисан Муслима далочу ривайатехь дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «...фа хайрун тукъаддимунахIа IалайхIи...»[1].

942. Абу СаIид ал-Худрис  (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) алара аьлла: «Барамна тIе а виллина, цул тIаьхьа стегарша шайн белшашна тIехь дIахьуш волу велларг, нагахь иза дика (стаг) хиллехь, цо олу: «ДIахьалха, (сихха дIакхачаве) со!». Нагахь (велларг) дика (адам) ца хиллехь, (шен барам хьуш болучаьрга) олу цо: «Сан докъазалла! Мича вуьгу аша со?!». Адам доцучу массарна а хезаш ду цуьнан и аз, ткъа цунна и хезча – инзар дера ма дара иза» (Бухари: 1314). 



[1] Шина а хьадисехь аьллачуьнан цхьа маьIна ду.

159-гIа дакъа

Опубликовано: 30 сентября 2010

159-гIа дакъа

Веллачунна тIера сихха декхар дIадала дезаш хилар, (велларг дIаволла кечван) сихо ян езаш хилар - нагахь иза дагахь а доцуш цIеххьашха велла вацахь, ткъа ишттачу хьолехь - иза велла хиларехь цхьа а шеко ца йиссалц вуьтур ву

943. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Муъма стеган са цуьнан декхарах дехкаделла (доьзна лаьтта) - иза дIатаккхалц»[1] (Тирмизи: 1078, цо аьлла: «хьасан» даржехь хьадис ду хIара).

944. Хьусайн бин Вахьвахьа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «ТIалхьа бин ал-Бараъ цомгаш хиллачу хенахь, иза волучу гучувала веаначу пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Боккъалаъ, суна хетарехь, Iожалла герга ю цуьнан. Хаийта суна (и хилча). Ницкъ ма-кхоччу чехка (дIа а волла иза), хIунда аьлча бусалбан дакъа (деха) латтон ца деза цуьнан доьзална юккъехь» (Абу Давуд: 3159). 



[1] Цуьнан маьIна: Иза я шена кечйина йолучу ларамечу метте кхача йиш йоцуш хуьлу, я цуьнан кIелхьарваларан, я хIаллакъхиларан хьокъехь болу сацам тIаьхьатоттур бу - веллачунна тIера цхьамма декхарш дIатаккхалц.

160-гIа дакъа

Опубликовано: 30 сентября 2010

160-гIа дакъа

Кошана уллохь хьехам баран хьокъехь

945. Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) тхо БакъиI ал-ГIаркъадехь[1] велларг дIавуллуш долучу хенахь, АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), тхуна тIе а веана, охьахиъча, тхо а хевшира цунна гонаха охьа. (Цуьнан карахь) гIеххьа гIаж яра. Корта охьа а бахийтина, оцу гIожаца (латта) дIасахьекха хIоьттира иза. Ткъа (цхьа хан яьлча) элира цо: «Шуна юккъехь цхьа-цхьаъ (стаг) ма вац - хIинцале а ялсаманахь йолу шен меттиг я жоьжагIатехь йолу шен меттиг билгалъяккханза». (Наха) хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! ХIета, тхайна хIинцале а билгалдиначух теший Iей тхо?»[2] (Оцунна жоп луш пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «(Шайга омра динарг) де[3]. Ткъа (шух) хIоранна а атта дина цунна дуьхьа и кхоьллина дерг (дар)» (КхиндIа Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) хIара хьадис чекхдаллалц дийцина) (Бухари: 1362, Муслим: 2647).



[1] Меднарчу кешнийн кертан цIе ю и.

[2] Вуьшта аьлча: «ХIинцале а массо хIума билгалдина хилча - хIун маьIна ду оха дика Iамалш ярехь? Йита оха уьш, ян а ца еш?».

[3] И бохург: «ШарIо шайна тIедиллинарг де, цо шайна цамагийнарг дарах ларло».

161-гIа дакъа

Опубликовано: 26 июля 2010

161-гIа дакъа

Велларг дIавоьллиначул тIаьхьа цунна АллахIе доIа дар а, цунна доIа дан а, гечдар деха а, КъурIан деша а цхьана ханна цуьнан кошана уллохь хиъна Iар а

946. Абу Iамра (цуьнан кунья – Абу IабдуллахI ю аьлла а дуьйцу, иштта цуьнан кунья – Абу Лайла ю аьлла а дуьйцу) Iусман бин Iаффана (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), велларг дIавоьллиначул тIаьхьа, гуттар а (цхьана ханна) цуьнан (кошана) уллохь лаьттара. (Цигахь) элира цо: «Шайн вешина гечдар деха (АллахIе), чIагIвар а деха иза (Цуьнга), хIунда аьлча, боккъалаъ, хIинца хаттарш ду цуьнга луш (хIинца барт хоттуш бу цуьнга)» (Абу Дауд: 3221).

947. Iамр бин ал-Iаса (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «…Шаьш со коша виллича, эмкална урс а хьаькхна, цуьнан жижиг дIасадекъа оьшшучу хенан барамехь сан кошана гонаха латта - шух сайн дог эца а, сан Делан геланчашна айса хIун жоп ло хьажа а» (Муслим: 711. ХIара хьадис хьалхо дуьззина далийна 711 лоьмар йолучу хьадисехь).

ШафиIис (АллахIа къинхетам бойла цуьнах) аьлла: «Иштта бакъахьара хир ду - (веллачуьнан кошана тIехь) КъурIанера цхьаъ дешча, нагахь (кошана) тIехь дерриге КъурIан дешахь – тIехдика а хир ду».

162-гIа дакъа

Опубликовано: 11 июня 2010

162-гIа дакъа

Веллачунна тIера сагIадаккхар а, цунна доIа дар а

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«Царна тIаьхьа богIу болучара эра ду: «Тхан дела! Гечдехьа тхуна а, иманехь хьалхабевлла болучу тхан вежаршна а…[1]») («ал-Хьашр»: 10).

948. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цхьана стага элира пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна): «Нана елла сан цIеххьана. Суна хетарехь, иза йист хилалуш хиллехь[2], сагIа доккхур дара цо. Ял хир юй-те цунна, цуьнан метта аса сагIа даьккхича?». (Цунна жоп луш) цо элира: «ХIаъ»» (Бухари: 1388, Муслим: 1004).

149. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Адам делча, цуьнан (ерриге) Iамалш совцуш ю[3], кхоъ йоцург: хаддаза лела сагIа а[4], (кхечу наха цуьнах) пайда эца йиш йолуш долу Iилма а[5], цунна доIа ден долу дика бераш а» (Муслим: 1631).



[1] Вуьшта аьлча: «Тхол а хьалха иман диллина хилла болучу тхан вежаршна а...».

[2] Кхечу агIор аьлча: «…иза дийна елахьара».

[3] Ша диначу гIуллакхашна а, Iамалшна а ял хуьлучуьра стаг соцу бохург ду и.

[4] Кхузахь дуьйцуш дерг - веллачо ша велча къечарна дIасадекъа аьлла весет динарг ду, гIоьналлин Iалашонашна цо вакхф бина бахам а бу.

[5] Цуьнан чулацам - веллачо яздина а, весет дина а жайнаш, хьехамхочун метта кхечарна цо дIахьехна долу Iилма а, и.дI.кх.

164-гIа дакъа

Опубликовано: 26 июля 2010

164-гIа дакъа

Кегийра бераш делларг тоьлуш хилар

952. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Муьлхха а бусалба стеган гIеметтахIоттанза кхо бер лахь - царех Ша биначу къинхетамна АллахIа, билггал, ялсамане вохуьйтур ву иза» (Бухари: 1248, Муслим: 2634).

953. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шен кхо бер деллачу муьлххачу а бусалбанах - чIагIо кхочушъяран дуьхьа йоцург, цIе хьакхалур яц» (Бухари: 1251, Муслим: 2632).

«ЧIагIо кхочушъяр» бохучух дерг дийцича - (иза) Сийлахь-Везачу АллахIан къамелан хьокъехь ду: «Шуна юккъехь вац (жоьжагIатана) тIевалон воцург…»[1] «ТIевалор» («вуруд») бохучуьнан кхетам - сиратI тIехула валар ду, ткъа иза – жоьжагIатина тIехула диллина тIай ду. АллахIа цуьнах хьалхадохуьйла вай!  

954. Абу СаIид ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) цхьана зудчо, АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а еана, (цуьнга) элира: «ХIай, АллахIан элча! Беккъа цхьа стегарий бу хьоьца къамелехь берш[2]. Тхуна а диллахьа цхьа де - оцу (дийнахь) тхо хьо волучу догIур долуш. Ткъа ахьа тхуна Iамор ду АллахIа хьайна Iамийнарг!». (Цунна дуьхьал пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) элира: «ХIокху-оцу дийнахь дIагулло». (Зударий) дIагулбелира. Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), уьш болучу а веана, АллахIа шена Iамийнарг царна дIахьийхира. ТIаккха элира цо цаьрга: «Шух кхо бер делла йолу муьлхха а зуда – билггал, жоьжагIатах Iалашйийр ю цара»[3]. Цхьана зудчо хаьттира: «Уьш шиъ делахь?». АлахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп делира: «Шиъ делахь а»» (Бухари: 1249, Муслим: 2633).



[1] «Маръям» сурат, 71.

[2] Вуьшта аьлча: «Уьш даима а хьуна гонаха бу».

[3] Нагахь зуда шен бераш даларна собарх а ца юхуш, АллахIера йоле са а туьйсуш, чекхъялахь хир долуш ду цунна оцу хьадисехь дийцинарг.

Еще статьи...

  • 165-гIа дакъа
  • 166-гIа дакъа
  • 167-гIа дакъа
  • 172-гIа дакъа
  • 173-гIа дакъа
  • 174-гIа дакъа
  • 175-гIа дакъа
  • 176-гIа дакъа
  • 177-гIа дакъа
  • 178-гIа дакъа
  • 179-гIа дакъа
  • 180-гIа дакъа (риядус-салихьийн)
  • 88-гIа сурат «ал-гIашийа»
  • 181-г1а дакъа (риядус-салихьийн)
  • 182-г1а дакъа (риядус-салихьийн)
  • 184-гIа дакъа
  • 185-гIа дакъа
  • 186-гIа дакъа
  • 192-гIа дакъа
  • 197-гIа дакъа
  • 3
  • 4
  • ...
  • 6
  • 7
  • 8
  • 9
  • ...
  • 11
  • 12

Страница 8 из 19

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft