• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

165-гIа дакъа

Опубликовано: 30 сентября 2010

165-гIа дакъа

Зуламхойн кешнашна а, уьш хIаллакьхиллачу меттигашна а тIехдовлучу хенахь делхаран а, кхераран а, Сийлахь-Везачу АллахIе хьаште хилар гучудаккхаран а, церан хьокъехь тидамаза хиларах лардала дезаран а хьокъехь

955. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийицна: «Уьш ал-Хьижр[1] (олучу метте) кхаьчначу хенахь, (мацах цигахь) самудахой баьхна хилла йолучу[2], АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен асхьабашка элира: «Iазапехь баллош болу уьш болучу чу ма гIойла шу[3] - доьлхуш бен. Нагахь шаьш доьлхур дацахь - ма гIо уьш болучу чу: цаьрга деанарг шайга а ца даийта!» (Бухари: 433, Муслим: 2980). 

(Оцу хьадисан Бухарис далош долучу) кхеча ривайатехь (дийцина, Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна)) дийцира аьлла: «Ал-Хьижрана тIехволучу хенахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Шаьш-шайна зулам диначийн[4] хIусамашка ма гIойла шу - доьлхуш бен: цаьрга деанарг шайга а ца даийта!». Цул тIаьхьа АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен корта дIахьулбира (бедарца), болар сихдира цо, ша и боьра хадийна валлалц».  



[1] ал-Хьижр – меттиган цIе ю, Хьижазана къилбаседехьа йолучу. Кхузахь буьйцуш берш - 630-чу шеран гурахь Табук гIазоте боьлхучу хенахь хилла болу хиламаш бу.

[2] Самудахой – шира къам ду, КъурIано ма-бохху, шайга Салахь пайхамар (АллахIера маршо хуьлда цунна) вахийтина хилла долу. И къам хIаллакдина - АллахIе иман дилларе кхойкхуш хилла волучу Салахь пайхамарна (АллахIера маршо а хуьлда цунна) муьтIахь ца хилча.

[3] Кхузахь дуьйцург - церан хIусамашка я кешнашка бахар ду.

[4] Кхечу дешнашца аьлча: къинош летийначийн.

166-гIа дакъа

Опубликовано: 11 июня 2010

166-гIа дакъа

Еарин дийнахь Iуьйранна новкъа валар суннат хилар

956. КаIб бин Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Табук тIаме ваха велира еарин дийнахь. Гуттар а вара иза еарин деношкахь новкъа валар дезаш» (Бухари: 2949).

Шина а «Сахьихь» жайнахь далош долучу оццу хьадисан кхечу ривайатехь дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) наггахь бен ца волура еарин доцучу дийнахь (новкъа)».

957. Сахр бин ВадаI (цIе йолучу) Асхьаба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Я, АллахI, сан умматана Iуьйренашкахь беркат де Ахьа!» («АллахIумма барик ли уммати фи букурихIа»). Ша бIо я эскар новкъа доккхучу хенахь дийнан юьххьехь дIахьаждора цо и»  (Абу Дауд: 2606, Тирмизи: 1212, цо аьлла «хьасан» даржехь хьадис ду хIара).

167-гIа дакъа

Опубликовано: 22 апреля 2010

167-гIа дакъа

Некъан накъостий лахар а, цара, цунна муьтIахь хила, шайх цхьаъ воккханиг (амир) балгалваккхар а суннат хилар

958. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь нахана хаахьара ша цхьаъ (новкъаваларах) лаьцна суна хууш дерг - цхьа а бере буса ша цхьаъ новкъа вера ма вацара» (Бухари: 2998).

959. Iамр бин ШоIайба дийцина, шен дас дийцира, шен дендас[1] (АллахI реза хуьлда цунна) дийцира, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Цхьа бере - шайтIа ду, ши бере - ши шайтIа ду[2], ткъа кхо (бере) - ковра (къепал) ю» (хIара хьадис, иснадаш «сахьихь» а йолуш, далийна Абу Дауда: 2607, Тирмизис: 1674, Насаис. Тирмизис аьлла хIара «хьасан» даржехь хьадис ду).

960. Абу СаIийда а, Абу ХIурайрас а (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь кхоъ новкъа валахь - шайх цхьаъ амир хIоттавойла цара» (хIара хьадис «хьасан» даржехь иснад а йолуш, Абу Дауда далийна: 2608).

961. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Доллучул а дикаха ду - некъан накъост (некъахой) виъ хилар. Уггаре дикаха (тIемалойн) тоба - виъ бIе ю, уггаре дикаха эскар - диъ эзар ду, ткъа шийтта эзар (тIемало) - цкъа а кIеззиг хиларан бахьанина оьшур вац[3]» (Абу Дауд: 2611. Трирмизи: 1555, цо аьлла хIара «хьасан» даржехь хьадис ду).



[1] Кхузахь хьехориг - Iамр бин ШуIайбан ден ден да Iамр бин ал-Iас ву (АллахI реза хуьлда цунна).

[2] Оцу кепара цхьа бере, ши бере шайтIанах тарваран. ШайтIанна шена а дукха деза шадалар, нахана а хаздо цо и, бохучу маьIне ду.

[3] Кхечу дешнашца аьлча: нагахь уьш эшахь а - кIеззиг хиларна оьшур бац, муьлхха а цхьана кхечу бахьанина оьшур бу.

172-гIа дакъа

Опубликовано: 22 апреля 2010

172-гIа дакъа

Новкъа (ваьллачо) АллахIе доIанаш дар суннат хилар

980. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Кхаа доIанна жоп лург хиларехь цхьа а шеко яц: гIело йиначу (стеган) доIанна а, некъахочуьнан доIанна а, дас шен кIантана аьллачу (неIалтана) а» (Абу Дауд: 1536. Тирмизи: 3442, цо аьлла хIара «хьасан» даржехь хьадис ду. Абу Дауда далийначу ривайатехь дац «шен кIантана аьллачу (неIалтана)» бохург).

173-гIа дакъа

Опубликовано: 26 июля 2010

173-гIа дакъа

Нахах я кхечу цхьаннах кхеравелча дан деза доIа

981. Абу Муса ал-АшIарис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьана нахера кхерам хаабелча олура аьлла: «Я АллахI! Боккъалаъ (гIоьне кхойкху) оха Хьо царна (дуьхьал)[1], Хьан гIоьнца ларло тхо церан вонех!» («АллахIумма, инна нажIалука фи нухьурихIим, ванаIузу бика мин шурурихIим!») (хIара хьадис, «сахьихь» иснад а йолуш, Абу Давуда а: 1537, Насаис а даладо).



[1] Вуьшта аьлча: «Церан хIуьмалгаш, мекарлонаш царна шайнна духьал яхарехь гIодар доьху оха Хьога».

174-гIа дакъа

Опубликовано: 10 мая 2010

174-гIа дакъа

Муьлххачу а цхьана хIусамехь сецначу (стага) ала дезарг

982. Хьакиман йоIа Ховлата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Ша цхьана меттехь сецча, хIара аьллачунна: «Со ларло АллахIан кхачамечу дешнашца Цо кхоьллиначу массо хIуманийн вонах!» («АIузу бикалиматиллахIиттамати мин шарри ма холакъа!») - цуьнах цхьана а тайпана зен хьакхалур дац, иза оцу меттехь мел ву» (Муслим: 2708).

981. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, ша новкъахь а волуш, буьйса гергаеача, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кест-кеста олура: «ХIай, латта! Сан Дела а, хьан Дела а – АллахI ву! АллахIан гIоьнца ларло со хьан вонах, хьоьгахь (хьулделла долучу) вонах, хьуна чохь кхоьллина долучу вонах, хьуна тIехь лелаш (хьийзаш) долучу вонах! АллахIан гIоьнца ларло со лоьмах а, Iаьржачу текхаргах а[1], (ма-барра болучу) текхаргах а, сту лоцучу гезигах а, кхузахь дехаш долучарах а[2], (иштта) дех а, цуьнах девллачарах а[3]» («Я, арду, рабби ва раббукиллохI, аIузу биллахIи мин шаррика ва шарри ма фика, ва шарри ма хуликъа фика, ва шарри ма йадиббу Iалайки! АIузу биллахIи мин шарри асадин ва асвадин, ва минал хьаййати вал Iакъраби, ва мин сакинил балади, ва мин валидин ва ма валад») (Абу Дауд: 2603).



[1] Кхузахь буьйцуш берг - боккха а, чIогIа дIаьвше а саьрмак бу.

[2] Кхузахь дуьйцуш дерш жинаш ду.

[3] Вуьшта аьлча: иблисах а, шайтIанех а.

175-гIа дакъа

Опубликовано: 26 июля 2010

175-гIа дакъа

Некъахо катоьхна сихха шен доьзална тIе вухаверза везаран хьокъехь, нагахь иза ша арадаьккхина долу гIуллакх кхочушдина ваьллехь

984. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Некъ – бала (хьоьгуьйтучух) дакъа ду, хIунда аьлча цо шух муьлхха а (оьшучу барамехь) кхачанах а, молучух а, наб ярах а вухаветта. Цундела сихха шен доьзална тIе вухавоьрзийла шен некъан Iалашо кхочуш хилларг муьлхха а» (Бухари: 1804, Муслим: 1927).

176-гIа дакъа

Опубликовано: 10 мая 2010

176-гIа дакъа

Шен доьзална тIе дийнахь цIаверзар суннат хилар, хьашт а доцуш буса цIаверзар дика цахилар

985. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Еххачу хенахь цIахь цахилларг - хIуъа хилча а, буса ма гIойла шен цIа».

(Оцу хьадисан) кхечу ривайатехь дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (еххачу хенахь цIахь цахиллачунна) буса шен доьзале вар дихкира» (Бухари: 1801, Муслим: 715).

986. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) генара цIа вогIучу хенахь шен доьзале (хIусаме) буса ца верзара - я Iуьйранна, я суьйранна верзара иза» (Бухари: 1800, Муслим: 1928).

177-гIа дакъа

Опубликовано: 26 июля 2010

177-гIа дакъа

Стага (ша шен махка) вухавоьрзуш а, шена шен гIала гича а ала дезарг

ХIокху декъан хьокъехь ибн Iумара дийцина хьадис ду, хIинцале а лаьмнийн ирхонашка хьалаволучу хенахь некъахочо «АллахIу акбар» алар дезар дуьйцучу декъехь далийна долу[1].

987. Анаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «(Цкъа) пайхамарца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тхо юхадоьрзуш[2], Медна гучу кхаьчначу хенахь, цо элира: «(Вай) юхадоьрзу, тоба до вай, вайн Далла лолла до вай, Цунна хастам бо вай!» («Аййибуна, таибуна, Iабидуна, лироббина хьамидуна!»). И (дешнаш) бехира цо тхо Медна чукхаччалц» (Муслим: 1345).



[1] 977 лоьмар йолучу хьадисе хьажа.

[2] Хайбар гIазотера Медне юхабоьрзуш хилла уьш.

178-гIа дакъа

Опубликовано: 26 июля 2010

178-гIа дакъа

Шен цIа юхавирзиначо - доллучул а хьалха, уггаре а уллехь долучу маьждигна чу а вахана, цигахь ши ракаIат ламаз дар суннат хилар

988. КаIб бин Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), муьлхха а цхьанхьа ваханачуьра ша юхавоьрзучу хенахь, доллучул а хьалха маьждигна чу а воьдий, ши ракаIат ламаз дора» (Бухари: 3088, Муслим: 2769).

Еще статьи...

  • 179-гIа дакъа
  • 180-гIа дакъа (риядус-салихьийн)
  • 88-гIа сурат «ал-гIашийа»
  • 181-г1а дакъа (риядус-салихьийн)
  • 182-г1а дакъа (риядус-салихьийн)
  • 184-гIа дакъа
  • 185-гIа дакъа
  • 186-гIа дакъа
  • 192-гIа дакъа
  • 197-гIа дакъа
  • 200-гIа дакъа
  • 202-гIа дакъа
  • 203-гIа дакъа
  • 206-гIа дакъа
  • 212-гIа дакъа
  • 213-гlа дакъа
  • 215-гIа дакъа
  • 218-гIа дакъа
  • 219-гIа дакъа
  • 222-гIа дакъа
  • 4
  • ...
  • 6
  • 7
  • 8
  • 9
  • ...
  • 11
  • 12
  • 13

Страница 9 из 19

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2021, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft