• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

179-гIа дакъа

Опубликовано: 26 июля 2010

179-гIа дакъа

Зудчунна ша цхьаъ новкъаялар хьарам дина хилар

989. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIах а, эхартан дийнах а тешаш йолучу зудчунна магош дац, де а, буьйса а юкъ йолучу новкъаялар, шеца цхьаьна шена юххера гергараниг (махьрам)[1] а воцуш» (Бухари: 1088, Муслим: 1339).

990. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, (цкъа) пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «ХIуъа хилча а стаг (хийра) зудчуьнца ша ма вуьссийла - нагахь цуьнца цхьаьна цуьнан юххера гергараниг (махьрам) вацахь, зуда некъа а ма йолийла - шеца цхьаьна шен юххера гергараниг (махьрам) воцуш!» (И аьлларг хезначу) цхьана стага элира (цуьнга): «ХIай, АллахIан элча! Сан зуда хьаж дан (кечлуш ю), ткъа со хIоккху-эцца гIазотехь (дакъалаца эскарна юккъе) дIаязвина ву». (Оцу хьокъехь пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «ДIавало, хьайн зудчуьнца цхьаьна хьаж де»» (Бухари: 1862, Муслим: 1341).  



[1] Кхузахь вуьйцуш волу «махьрам» – сел цунна гергараниг ву, ШарIехь шена зуда йина иза ялон магош а доцуш волу.

180-гIа дакъа (риядус-салихьийн)

Опубликовано: 14 декабря 2014

180-гIа дакъа

Къуръан дешаран дозалла

991. Абу Умамас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Къуръан дешалаш, хIунда аьлча, боккъалла а, къематдийнахь догIур долуш ду и - ша дешначарна гIо дан (шапаIат дан)» (Муслим: (804).

992. Ан-Наввас бин ас-СамIана (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Къематдийнахь схьадалор ду Къуръан а, дуьнен чохь цуьнца Iамал йинарш а. Цунна хьалха даьлла догIуш хир ду «ал-Бакъарат» а, «Али Iимран» а ши сурат, шаьшшиъ доьшуш, Iамал йиначаьргахьа гIо даккха»  (Муслим: (805)).

993. Iусман ибн Iаффана (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шуна юккъехь гIолехьверг – Къуръан шена Iама дина, кхечарна и дIахьоьхуш верг ву» Бухари: (5027).

994. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Хаза, говзза Къуръан доьшуш верг – дикачу, муьтIахьчу геланчашца* хир ву, ткъа Къуръан тийсалуш, халла доьшучунна – ши ял хир ю» (Бухари: (4937), Муслим: (798)).

* геланчашца: Далла муьтIахь маликаш ду уьш, Делера хаамашца элчанашна тIе дуьссуш долун дела аьлла царех геланчаш.

995. Абу Муса ал-АшIарис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Къуръан доьшуш волу муъма стаг – мерзачу лимонах тера ву, хаза хьожа а, тамехь чам а болуш йолчу, ткъа Къуръан ца доьшуш волу муъма стаг – хурманах тера ву, хьожа яцахь а, чам мерза болуш йолчу. Къуръан доьшуш волу мунепакъ – хаза хожа йолчу бецах тера ву, хьожа хаза елахь а, чам къаьхьа болуш йолчу, ткъа Къуръан ца доьшуш волу мунепакъ – хьерчаш йолчу бецах (колоквинтах) тера ву, я хьожа а йоцуш, оцу тIе чам къаьхьа а болуш йолчу» (Бухари: (5059), Муслим: (797)).

996. ХаттIабан кIанта Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалла а, хIокху Жайнин гIоьнца цхьаболу нах АллахIа базбийр бу, ткъа кхиберш – сийсазбийр бу» (Муслим: (817)).

997. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Аддамах а хьега ца оьшу, шиннах бен - АллахIа шена Къуръан хаар деллачу стагах а, буса а, дийнахь а и доьшуш волчу; АллахIа шена бахам беллачу стагах а, буса а, дийнахь а и сагIийна дIабоькъуш волчу» (Бухари: (73), Муслим: (815)).

998. Ал-Бараъ ибн Iазиба (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «(Цкъа) цхьа стаг «ал-КахIф» сурат доьшуш волуш, юххехь шина чуханца дIайихкина говр а йолуш, (цIеххьашха еана) цхьа марха хьаьвзина цунна тIехула. И (марха йогI-йогIуш) юххе ян йолаелира цунна, ткъа цуьнан говрах дерг аьлча, иза а хилла кхераелла, цуьнах къахка йоьлла. (Оцу стага) Iуьйранна Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волчу а веана, хилларг цуьнга дIадийцича, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Синтем хилла иза хьуна тIе (боьссина), Къуръан (дешар) бахьана долуш»» (Бухари: (5011), Муслим: (795)).

999. Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIан Жайнара (Къуръанара) цхьа элп дешначунна цхьа дика дар дIаяздо, ткъа (хIора) диканан ял уьттазза сов йоккхуш ю. Аса ца боху шуна, «Алиф, Лам, Мим» цхьа элп ду. ХIан-хIа, «Алиф» - ша элп ду, «Лам» - ша элп ду, ткъа «Мим» - ша элп ду» (Тирмизи: (2912), цо аьлла хIара «хьасан, сахьихь» шина даржехь хьадис ду). 

1000. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шен кийрахь (дагчохь) Къуръанах хIумма а доцу адам – доьхначу цIийнах терра ду» (Тирмизи: (2914), цо аьлла хIара «хьасан, сахьихь» шина даржехь хьадис ду).

1001. IабдуллахI ибн Iамр ибн ал-Iаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Къуръан хууш хиллачуьнга аьр ду (къематдийнахь): «ДIадеша, хьалавала! ДIадеша мукъамехь, дуьнен чохь волуш айхьа ма дешшара! Боккъалла а, (ялсаманера) хьан меттиг - ахьа тIаьххьара аят дешначехь хир ю» (Абу Дауд: (1664), ат-Тирмизи: (2915), цо аьлла хIара «хьасан, сахьихь» дарж долу хьадис ду).

88-гIа сурат «ал-гIашийа»

Опубликовано: 07 мая 2010

 

::: Сийлахьчу КъурIанан маьIна а, цуьнан тидар а :::

 
 

 

88-гIа сурат

 

«ал-ГIашийа» («ДIахьулдийриг»)

 

(Маккахь доссийна, ткъе ялх аят ду)

 

Къинхетамечу, Къинхетам бечу АллахIан цIарца!

 

1. Хабар кхаьчний хьоьга [хIай, Мухьаммад] - дIахьулдечух [къематдийнах]?

 

2. Оцу дийнахь цхьайолу яххьаш сийсазъевлла хир ю,

 

3. кIадъелла, хIиттина.

 

4. Йовхачу цIергахь богур бу уьш.

 

5. Кхехкачу хьостана чуьра (хи) мийлор ду царна.

 

6. ДIаьвшен кIохцалгаш бен даар хир дац царна -

 

7. Цара я то а ца веш, я мацалла дIа а ца йоккхуш.

 

8. Кхин яххьаш хир ю оцу дийнахь самукъане.

 

9. Дуьненахь болуш шаьш йиначу Iамалшна резахилла,

 

10.  лекхачу бошмашкахь хир бу уьш.

 

11.  Деса хабарш хезара дац царна цигахь.

 

12. Охьаоьхуш шовда ду цигахь.

 

13. Айдина маьнгеш ду цигахь,

 

14. иштта дIахIиттийна кедаш а,

 

15. могIаршкахь дIанисдина гIайбеш а,

 

16. кIелтийсина кузаш а.

 

17. Ца го-те царна: эмкал муха кхоьллина ю,

 

18.  стигал муха аййина ю,

 

19.  лаьмнаш муха дIадоьгIна ду,

 

20.  латта муха дIадаржийна ду?

 

21. Хьехам бе ахьа [хIай, Мухьаммад] царна - хьехамча ма вай хьо!

 

22.  Царна тIехь олалча вац хьо!

 

23.  Амма [АллахIан динна] букътоьхнарш, керстаналла динарш -

 

24.  тIехдоккхачу Iазапе лоцур бу АллахIа.

 

25. Тхоьга юхабоьрзур болуш бу уьш -

 

26. тIаккха Оха жоьпе озор бу уьш.

__________________

 

1. Хабар кхаьчний хьоьга [хIай, Мухьаммад] - дIахьулдечух [къематдийнах]?

 

Сийлахь-Везчо къематдийнахь хинболу хиламаш а, цигахь хиндолу даккхийра Iадораш а хьахийна. Оцу дийно шен баланашций, гIайгIанашций, халонашций голоцур бу массо а кхолламашна, ткъа хIора синна а ша диначунна дуьхьал боггIу бекхам хир бу. ХIан, тIаккха адамаш декъалур ду шина тобане: ялсаманина чу боьлхучаьрга а, жоьжагIатина чу боьлхучаьрга а. АллахIа, хаам беш, дийцина оцу шина а тобанан хинболучу беснех лаьцна. Цо аьлла, жоьжагIатехь Iазап хьоьгуш берш муьлхачу суьртехь хир болуш бу дуьйцуш:    

 

2. Оцу дийнахь цхьайолу яххьаш сийсазъевлла хир ю,

 

3. кIадъелла, хIиттина.

 

Яххьаш ягийна, юьхьIаьржа хIиттийна, таIзаро холчухIиттийна хир бу уьш. Яххьашна тIехь дIатекхор болуш бу уьш. ЦIаро дIахьулйина хир ю церан яххьаш.

 

«Оцу дийнахь цхьайолу яххьаш сийсазъевлла хир ю» боху АллахIан дешнаш - хIокху дуьненахь дуккхаъ Iамалш йина а, Iибадаташ дина а хиллачийн хьокъехь ду. Амма цара уггаре а коьрта болу бехкам кхочуш цабарна а, Ша цхьаъ бен воцучу АллахIах цатешар бахьана долуш а - къематдийнахь церан Iамалш мохо дIасахьоькху чан а хилла дIахIуьттур ю.

 

Боккъалаъ, маьIнехь нийса делахь а, хIокху суратехь къамел оцу хьокъехь дац. Оцу хьокъехь цхьаъ бен доцу нийсадерг - дуьххьарлера маьIна ду, хIунда аьлча цо буьйцу хиламаш - къематдийнахь хинболу хиламаш бу. Иштта шен чулацамехь массо а жоьжагIатехь хинболучарех лаьцна дуьйцуш а ду и. Ткъа шоллагIа хьахийначу хетаро хьахош дерг - жоьжагIатерачу Iазапхойн кIеззиг дакъа а бен дац.

 

Цул а сов, оцу аятехь Сийлахь-Везачу АллахIа биначу хаамехь довзийтинарг - къематдийно дуккхаъчу бохамашца нах дIа муха хьулбийр болуш бу хаийтар ду. Ткъа церан хIокху дуьненчуьрачу хьелех лаьцна хьахийна а, къадийна а хIуммаъ дац.  

 

4. Йовхачу цIергахь богур бу уьш.

 

5. Кхехкачу хьостана чуьра (хи) мийлор ду царна.

 

6. ДIаьвшен кIохцалгаш бен даар хир дац царна -

 

7. Цара я то а ца веш, я мацалла дIа а ца йоккхуш.

 

ЖоьжагIатин цIаро массо агIор голоцур бу къиношдечарна. Сийлахь-Везачо аьлла:

 

«Нагахь уьш гIо деха болахь - хица гIодийр ду царна, лалийначу эчигах терачу, яххьаш ягош долучу» («ал-КахIв»: 29). 

 

Иштта хир долуш ду церан малар! Церан даарах дерг дийцича - ткъа иза дIаьвшен къохцалгаш хир ду. Кхача шина Iалашонна бу: я мацалла дIайоккху цо, цуьнан Iазапах адам хьалха а доккху цо, я озачу стагана товала гIодо цо. Делахь а, жоьжагIатерачу кIохцалгаша оцу шиннах я хьалхараниг а дохьур дац, я шолгIаниг а дохьур дац. Мелхо а, иза – чIогIа къаьхьа  а, дегаза а, боьха хьожа йолуш а кхача хир бу. Я, АллахI, цуьнах ларде Ахьа тхо!

 

8. Кхин яххьаш хир ю оцу дийнахь самукъане.

 

9. Дуьненахь болуш шаьш йиначу Iамалшна резахилла,

 

Ткъа дикачу нехан яххьашна тIехь къематдийнахь ирсе къегар хир ду. Башхачу ниIматашкахь бохкур бу уьш. Церан догIмаш исбаьхьа, тайна хир ду, ткъа церан яххьаш нуьрах йогуш, тIех доккхачу ирсах юьзна хир ю. Дуьненахь болуш шаьш АллахIан лайшна дина хилла долучу шайн дикачу гIуллакхашна а, шаьш диначу диканашна а резаболуш хир бу уьш. Резахир бу уьш - шайга хьоьжуш долу, Iалашдина, дебийна долу совгIат шайна схьагича. Хастаме, сийлахь тIаьхье хир ю царна. Шайна мел дезнарг а хир ду царна. 

 

10.  лекхачу бошмашкахь хир бу уьш.

 

ХIунда аьлча ялсаманехь хир болуш бу уьш, шена чохь кечдина массо а тайпанара диканаш долучу. Ткъа и бошмаш - ялсаманин бохь-лакхенехь ю. Царна юккъехь – лекха Iойлаш ю. Оцу Iойлашна тIехула а ю тIек-тIекала йина чоьнаш. Оцу лакхенашкара зовкхехь болу дика нах хьоьжур бу АллахIа шайна кечдина долучу комаьршачу диканашка. Оцу бошмашкахь дитташ карор ду царна, тIеххазачу, чомехьчу стоьмийн шортонех дуьзна долу. Лохха царна охьасаттийна хир ду церан генаш - къа а ца хьоьгуш, тIекхача а, стоьмаш схьадаха а йиш хилийтаран дуьхьа, шаьш уьш муьлххачу хьолехь белахь а. Царна тIера стоьмаш схьабаха гIерташ, дитташна тIе хьалабийла а, цхьана а кепара къахьега а оьшур дац царна.   

 

11.  Деса хабарш хезара дац царна цигахь.

 

Ялсаманехь царна хезар дац кхетам боцу а, маьIна доцу а, пайденна доцу а, деса а къамелаш, къилахь къамелаш-м хIеттале а. Муххале а, церан къамелаш тIеххаза а, пайдехь а хир ду. Церан къамелашкахь - АллахI хьехор хир ду, Цо шайх бина йист йоцу къинхетам, Цо шайна хаддаза луш долу ниIматаш дийцар а. Вовшашца долу къамелаш хаза хир ду церан. Вовшашца гIиллакхе хир бу уьш - и бахьаница церан садекъалуш, дегнаш деллалуш. 

 

12. Охьаоьхуш шовда ду цигахь.

 

13. Айдина маьнгеш ду цигахь,

 

14. иштта дIахIиттийна кедаш а,

 

15. могIаршкахь дIанисдина гIайбеш а,

 

16. кIелтийсина кузаш а.

 

Ялсаманахь дуккха а охьаоьху шовданан хьосташ ду - ялсаманерачу бахархоша, шайна ма-лаъара, кIеж йохуьйтуш, бухдуьйлуьйтуш, шайна лиъначухула татолашлахь лоьлуьйтуш хин долу. Аййина охьаховшийлаш ю цигахь. ДоьгIна гаьънаш ду цигахь, кIелдаржийна кIеда меттанаш а долуш.

 

Цигахь дIахIиттйина - дикачу нахана кечйина, царна хьалххахь, церан лаамехь пхьегIаш ю, тайп-тайпанарачу тIеххазчу, чомехьчу маларех юьзна йолу. Гуттаренна а кегийра лаьттан долучу бераша царна тIе дIасакхоьхьур ду и маларш. Ялсаманин бахархоша муьйлур ду царех шайна луъучул.

 

Цигахь охьадехкина дарин а, махмаран а, кхечу кIадин а гIайбеш хир ду, царех дерг цхьана АллахIана бен хууш а доцуш. Царна тIеховша я тIе дIатовжа аьттонехь, магIаршкахь Iохкуш хир ду уьш. Цундела ирсе хилла болу дика нах хьалха бехна бу – уьш тегарах а, дIахIитторах а, дIанисдан дезарах а.

 

Царна кIелтийсина тIеххаза кузаш хир ду, массо агIор а гаьънаш дIахьулдеш, церан охьаховшийлаш дIахьулъеш долу.

 

КхиндIа Сийлахь-Веза АллахI къамеле ваьлла Шен элчанашка, иман цадиллиначаьрга, иштта массаьрга а - АллахIан кхолламийн ойла ян, уьш сама бохуш, АллахI-Дела цхьаъ хилар тоьшалла деш долу.         

 

17. Ца го-те царна: эмкал муха кхоьллина ю,

 

18.  стигал муха аййина ю,

 

19.  лаьмнаш муха дIадоьгIна ду,

 

20.  латта муха дIадаржийна ду?

 

Сийлахь-Везчо дагадоуьйту элча бакъ цавечарна а, иштта массо нахана а - АллахIа кхоьллиначу кхолламийн ойла ян езаш хилар, И Цхьаъ хилар гойтуш долу. Ткъа ойла муха йийр яц наха - сел исбаьхьа кхоьллиначу эмкалийн а, АллахIа уьш Шен лаьшна муьтIахь муха йина а? Хьовсийша, цкъа, оцу тамашийначу дийнате - нахана доккха гIолоцуш долучу, сел чIогIа царна оьшуш долучу!

 

Хьовсийша, цкъа, оцу чIогIачу, хазачу лаьмнашка! Уьш бахьана долуш, латта меттах ца хьуьйш лаьтта, техка ца техка иза, АллахIа шайлахь кхобуш яккхийра мехалаллаш йолу.

 

Хьовсийша, цкъа, оцу йист йоцучу латтане! Сел чIогIа атта дина и: АллахIан лайшна оцу тIехь баха а, лела а, совца а аьтто болуш хилийта, царна аьтто хилийта латта лелон а, ораматаш кхион а, цIенош догIа а, некъашкаухла лела а.

 

АллахIа латтанан хьокъехь «дIадаржийнарг» аьлла. Амма и аьлларг дуьхьал нислуш дац - иза (латта) глобус санна горга а ду, массо агIор стиглано голаьцна а ду бохучунна.  Цунна тоьшалла до - сийлахьчу аяташа а, адамийн хьекъало а, вайн хаадаларан меженаша а, вайна гонаха хуьлучу хиламаша а. И доллу бакъдерг - дуьйцуш а, хууш а ду дуккхаъчу нахана, къаьсттина вайн деношкахь - АллахIа царна геннара долучунна тIекхача елла таронаш бахьанехь, нах лаьттан ерриге маьIигашка кхаьчна хиларехь.

 

Къамел жимачу дегIан хьокъехь дечу хеанахь, иза «нийса а, чIапа а ду» бохучо - «горгалех тера» ду бохург юкъара доккху. Ва амма, латта доккха ду. Цундела цхьана хеннахь горга хила а, нийса хила а йиш йолуш ду иза. Оцу хьокъехь цхьана а агIор цхьаьна ца дан а, я цхьаъ вукхунна дуьхьал догIуш а хIума дац. Дешначу нахана оцу хьокъехь дерг дика хууш ду.        

 

21. Хьехам бе ахьа [хIай, Мухьаммад] царна - хьехамча ма вай хьо!

 

22.  Царна тIехь олалча вац хьо!

 

ХIай, Мухьаммад! Хьехам бе нахана, довзийта царна! Хаза кхаъ дIакхачабе нахе, Iазапах ларло ала цаьрга! Нах АллахIан дине кхайкха а, уьш нийсачу новкъа нисбан а, царна хьехам бан а вахийтина ма вай хьо! Царна тIетесна вац хьо! Я олалла а дац хьоьгахь царна тIехь! Я цара диначух жоьпаллехь а вац хьо! Ахьа хьайна тIедиллинарг дерриге а кхочушдахь - цхьа а бехк баккха хIуттур вац хьоьгара. Сийлахь-Везачо ма аьлла:

 

«Тхуна дикаха хаьа цара олуш дерг. Нуьцкъашха уьш (имане балор) дац хьуна тIехь - КъурIанца хьехам бе сан кхерамах кхоьруш волучунна» («Къаф»: 45).

 

23.  Амма [АллахIан динна] букътоьхнарш, керстаналла динарш -

 

24.  тIехдоккхачу Iазапе лоцур бу АллахIа.

 

АллахIана муьтIахь хиларна дуьхьал ваьлла, керста мел ваьлларг - АллахIа баланечу а, абадаллалц хиндолучу а Iазапехь латтор ву.

 

25. Тхоьга юхабоьрзур болуш бу уьш -

 

26. тIаккха Оха жоьпе озор бу уьш.

   

Къематдийнахь берриге а кхолламаш цхьаьний Тхайга дIагулбийр бу оха. Цара мел диначу диканах а, вонах а жоп доьхур ду Оха цаьргара.

 

181-г1а дакъа (риядус-салихьийн)

Опубликовано: 24 декабря 2014

181-г1а дакъа

Гуттар къуръан доьшуш хила аьлла дина омра а, и дицдарах ларвала везаш хилар а

1002. Абу Муса ал-АшIарис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Къуръан кест-кеста (даима а) деша, хIунда аьлча аса дуй ма буу Мухьаммадан са Шен карахь долучух, боккъалла а, карара чехка долуш ма ду и – шен барголах хецаелла эмкал санна» (Бухари: (5033), Муслим: (791)).

1003. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалла а, Къуръан дагахь хууш волу стаг шайн когех барголаш тоьхна эмкалш йолучух тера ву: нагахь цо уьш гуттар а оцу хьолехь латтаяхь - (шен) карахь латтор ю цо уьш, амма нагахь цо уьш (когаш а даьстина) дIахецахь - йовдур ю уьш» (Бухари: (5031), Муслим: (782)).

182-г1а дакъа (риядус-салихьийн)

Опубликовано: 24 декабря 2014

182-г1а дакъа

Къуръан хазчу озаца дешар а, хаза аз долучуьнга Къуръан деша аьлла дехар дар а, цуьнга ладохар а дика хилар

1004. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «АллахIа цхьана а хIумане ла ца дугIу, хаза аз долчу Пайхамаре санна, хозуьйтуш мукъамехь (хаза) Къуръан доьшуш волчу» (Бухари: 5023, Муслим: 792).

1005. Абу Муса ал-АшIарис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шега элира аьлла: «(ХIай, Муса!) Даудан доьзалан шедагех шедаг делла хьуна» (Бухари: 5048, Муслим: 793).

Оцу хьадисан Муслима далийначу ривайатехь дуьйцу, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), (Абу Мусага (АллахI реза хуьлда цунна)) элира аьлла: «Гина велира хьуна со, селхана ахьа доьшучуьнга ладоьгIуш!».

1006. Ал-Бараъ ибн Iазиба (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Пайхамара  (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) пхьуьйра-ламазехь «Дуй буу Аса инжирах а, зайтах а…»* доьшуш хезна суна, ткъа цуьнан санна хаза аз долуш хезна а вац суна цхьа а» (Бухари: 769, Муслим: 464). 

* дуьйцург «ат-Тин» сурат ду.

1007. IабдуллахI Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийхира соьга: «Къуръан дешахь суна». Аса элира: «ХIай, АллахIан элча! Аса муха доьшур ду и хьуна, хьуна тIе доьссина и хилча?!». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) элира: «Боккъалла а, кхечуьнгара хаза лаьа суна и». ТIаккха аса цунна «Нисаъ» сурат деша долийра. Со х1окху аятна тIе кхаьчначу хенахь: (ХIун хир ду, Оха хIора умматера цхьацца теш валийча, хIокхарна дуьхьал теш хьо а валийча?)*, цо элира: «ХIинца тоьар ду». ХIетахь со цуьнгахьа дIавирзича, бIаьрхих дуьзна гира суна цуьнан бIаьргаш» (Бухари: 5050, Муслим: 800).

* «ан-Нисаъ», 41 аят.

184-гIа дакъа

Опубликовано: 26 июля 2010

184-гIа дакъа

КъурIан деша цхьаьнакхетар суннат хилар

1023. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Мацца а АллахIан хIусамех цхьана хIусамехь адамаш вовшахкхетахь, цхьаьний АллахIан Жайна а доьшуш, шайна юккъехь и Iама а деш, - царна тIе, билггал, синтем буссу[1], къинхетамо дIа а лоцу уьш. Малекаш гонаха довлу царна, АллахIа хьаха а бо уьш Шена хьалха болучарна юккъехь[2]» (Муслим: 2699).



[1] КъурIанехь аьлла: «Иза – муъма нехан дегнашка синтем боссийнарг ву, церан иман долучу тIе а сов далийта» («ал-Фатхь», 4).

[2] Цуьнан чулацам: «АллахIа хастабо уьш стигаларачу малекашна хьалха, церан Iамалш къобал а йо, даржехь лакха а боху уьш».

185-гIа дакъа

Опубликовано: 23 мая 2010

185-гIа дакъа

Ламаз эцаран дозалла

Сийлахь-Везчу АллахIа аьлла:

«ХIай, иман диллинарш! Шаьш ламазе хIуьттучу хенахь - шайн яххьаш йила, голашка кхаччалц шайн куьйгаш а, шайн кортошна мосхьа а де, хьоркашка кхаччалц когаш а дила. Нагахь шаьш жунуб[1] хиллехь - цIанло. Нагахь шаьш цомгаш хиллехь я новкъахь делахь, (иштта) нагахь шух муьлхха а цхьаъ хьаштагIанера схьавеанехь я шу зударшна гергахь хиллехь, (оцул тIаьхьа) шуна хи а ца карийнехь, - цIеначу лаьтте а дерзий, шайн яххьашна а, куьйгашна а хьакха иза. АллахI шуна хало ян лууш вац, амма шу цIандан а, Шен къинхетам шуьга буьззина дIакхачон а (лууш ву) И - шу шукаре хилийта» («ал-Маида», 6).

1024. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «Боккъалаъ, сан уммате къематдийнахь «гIурран мухьажжалин»[2] (олуш) бевр бу къамеле, ламаз эцна ларраш бахьана долуш[3]. Цундела шен седа боккха бан луучо - боккха бойла и» (Бухари: 136, Муслим: 246).

1025. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, шена уггаре а дукха везначу доттагIчо[4] (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «(Ялсаманехь) муъма стеган хазаллаша (дIалоцур ю - ламаз оьцучу хенахь) цо йилина хин йолу меттигаш[5]» (Муслим: 250).

1026. Iусман бин Iаффана (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Къинош дIадевр ду - хьакъ долучу кепара ламаз эцначунна тIера, цуьнан мIарашна бухара а цхьаьна ара а дуьйлуш» (Муслим: 245).

1027. Iусман бин Iаффана (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хIинца хIара аса ма эццара ламаз оьцуш гира суна[6]. Цул тIаьхьа цо элира: «ХIокху кепара ламаз эцначунна - хьалха летийначу къиношна гечдийр ду[7], ткъа цуьнан ламаз а, иза маьждиге вахар а - кхин а тIе (ял хуьлуш) хир ду» (Муслим: 229).

1028. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцира аьлла: «Бусалба (я муъма) лайно ламаз эцча - цо шен юьхь ма йиллина, хица а, я оцу хих тIаьххьарачу тIадамца а цхьаьна цуьнан юьхь дIацIанло, шен ши бIаьрг а хьежош, цо летийначу массо къинойх а. Цо шен ши куьг дилича - хица а, я оцу хих тIаьххьарачу тIадамца а цхьаьна цуьнан ши куьг дIацIанло, цо шен шина куьйга летийначу массо къинойх а. Цо шен ши ког билача - хица а, я оцу хих тIаьххьарачу тIадамца а цхьаьна цуьнан когаш дIацIанло, уьш (когаш) а дохуш, цо летийначу массо къинойх а. Иза массо а къинойх дIацIанвелла валлалц[8]» (Муслим: 244).

1029. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Мухха а цкъа) кешнашка веаначу АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Маршо хуьлда шуна, хIай, муъма нехан Iойлехь дерш! Тхо а, АллахIана лаахь, шуна тIедогIур долуш ду (Ассаламу Iалайкум, дара къовмин муъминийн, ва инна инша АллахIу бикум лахьикъуна). Суна-м вайна вешан вежарий гойла ма лаьара!». (Наха) хаьттира: «Тхо дац, ткъа, хьан вежарий, хIай, АллахIан элча?». (Царна жоп луш пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) элира: «Шу – сан асхьабаш ду[9], ткъа вайн вежарий - хIинца а (хIокху) дуьненчу бахканза берш бу». Цара хаьттира: «ХIинца а (хIокху дуьненчу) бахканза болу хьайн вежарий муха бевзар бу хьуна, хIай, АллахIан элча?». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) хаьттира: «Хьовсал шу, стеган говраш хилча, хьаьжа тIехь кIайн седарчий а, когашна тIехь кIайдаргийн хIазарш а долуш, (и говраш) беккъа цхьана Iаьржачу басахь йолучу говрашна юккъехь а хилча, шен говраш евзар яцара цунна?». Цара жоп делира: «Дера евзар яра, хIай, АллахIан элча!». (ТIаккха пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) аьлла: «Боккъалаъ, ламаз эцар бахьана долуш, хьаьжа тIехь лепаш кIайн седарчий а, куьйгашна а, когашна а тIехь хIазарш а долуш, богIур бу уьш. Ткъа со оцале, уьш ларбеш, хьаьвданна уллохь хир ву» (Муслим: 249).  

1030. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Мухха а цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира (нахе): «Аса дийца шуна и бахьанехь АллахIа къиношна гечдеш а, даржаш айдеш а дерг?»[10]. Цара элира: «Дера дийца, хIай, АллахIан элча!». Цо дийцира: «Иза – халонашка а ца хьоьжуш[11], дуьззина ламаз эцар ду, маьждигашка (оьхуш) дуккха а гIулчаш яхар ду[12], (хьалхара) ламаз дина даьлча (тIахьадогIучу) ламазе хьежар ду, ткъа иза – шун рибатI ду шуна, ткъа иза – шун рибатI ду шуна[13]» (Муслим: 251).

1031. АшIарерчу Абу Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ЦIано - иманан ах ю[14]» (Муслим: 223).

ХIара хьадис дуьззина схьадалош ду «Собар» дуьйцучу декъехь[15].

Иштта хIокху декъана догIуш ду Iамр бин Iабаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина «Догдохийла» юьйцучу декъехь долу хьадис а[16]. Масех тайпа диканаш цхьаьний чулоцуш, чIогIа ладаме хьадис ду иза. 

1032. ХаттIабан кIанта Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух муьлххачо а, эца ма деззара ламаз а эцна[17], цул тIаьхьа (хIара доIа) дешча: «Аса тоьшалла до АллахI воцург кхин дела цахиларца. Ша цхьаъ ву И, Шеца накъост а воцуш. Аса юха а тоьшалла до Мухьаммад Цуьнан лай а, элча а хиларца» («АшхIаду ан лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIу лá шарúка лахIу, ва ашхIаду анна Мухьаммадан IабдухIу ва расýлухI») - цунна хьалха, билггал, ялсаманин бархI неI схьайоьллур ю - иза чувахийта царех шена лиъначу неIарехула» (234).  

Оцу хьадисан Тирмизис далочу ривайатехь дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Я АллахI! Тоба дечарех ве Ахьа со, цIано ечарех а ве Ахьа со» («АллóхIуммажIалнú минаттаввáбúна важIалнú минал мутатIаххIирúн»).



[1] «Жунуб» - шен зудчуьнца майрачуьнан цхьана меттахь догIуш долу гIуллакх даийтар ду, дегIан лаам кхочуш беш долу.

[2] Вуьшта аьлча: хьаьжа тIехь гучудевлла кIайн седарчий а, куьйгашна а, когашна а тIехь кIайн хIазарш а долуш берш.

[3] «И меттигаш лепаш хир ю» бохург ду иза.

[4] Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна), «Халил» олий, цIе йоккху пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршщо а хуьлда цунна).

[5] Кхечу агIор аьлча: «Оцу хазаллийн йоккхалло дIалоцур ю муъма наха ламаз дале хьалха а, иштта кхечу хьелашна а ламазаш оьцучу хенахь сов йилина хилла йолу меженийн меттигаш».

[6] Iусман бин Iаффан (АллахI реза хуьлда цунна) уьш болучохь ша ламаз эцна болучу нахе къамел деш ву.

[7] Кхузахь дуьйцуш дерш - кегийра къинош ду.

[8] 129-гIа лоьмар йолучу хьадисе хьажа, цунна беллачу кхетаме а.

[9] Пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) уьш шен вежарий а, асхьабаш а хилар хаийта лиъна, ткъа кхинболу берриге бусалба нах - вежарий бен ца хуьлу.

[10] Вуьшта аьлча: «ялсаманехь хин долу даржаш» ду уьш.

[11] Кхузахь юьйцурш - ламаз оьцучу хенахь нислуш йолу, царна тIехь толам баккха стагана хала хуьлуш йолу тайп-тайпанара халонаш ю, масала, шело.

[12] Вуьшта аьлча: боккхачу некъан бохалла хадор ду - жамаIатан ламазехь дакъа лацаран дуьхьа.

[13] «РибатI» - дозанехь чIагIонаш яр ду. ХIокху гIуллакхна тIехь цуьнах лууш дерг - ЖихIад а, тIом а бу, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ягарйиначу Iамалшца стагана даима а шен син дуьхьал латтон безаш болу, вочунна иза карзахвохуш болу, иштта шайтIано хьоьхучу хIуьмалгашна дуьхьал а.

[14] Кхузахь «иман» бохучух лууш дерг - ламаз ду, ткъа цIано лелорна - ламаз дича хуьлучу мелан ах мел хир бу бохург ду, хIунда аьлча, хила йогIуш йолу цIано а йоцуш, дина ламаз - ламаз лоруш дац.

[15] 25-гIа лоьмар йолчу хьадисе хьажа.

[16] 438-гIа лоьмар йолчу хьадисе хьажа.

[17] Кхечу агIор аьлча: «дуьззина а, рогIаллехь нийса а ламаз а эцна».

186-гIа дакъа

Опубликовано: 01 мая 2010

186-гIа дакъа

Моллалла кхайкхаран дозалла

1033. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нахана хиъча моллалла кхайкхаран а, (жамаIат-ламазехь) хьалхарачу могIаре хIоттаран а (ял мел йоккха ю) - пхерчашкахула кхажтасар боцург кхин некъ ца карийча а (моллалла кхайкхарехь а, хьалхарачу могIарера меттиг дIалацарехь а хьалхе яккха), билггал, и дийр ма дара цара! Царна хиъча хьалххе ламазе вахарехь (йолу ял) - билггал, хьалхабовларах къуьйсуш, сихлур ма бара уьш цига! Царна хиъча суьйренан а, Iуьйренан а ламазашкахь (дакъалоцучунна хуьлуш йолу ял) - билггал, богIур ма бара уьш (и ламазаш маьждигехь дан), шаьш (цига) текхаш бахка безаш хилча а!» (Бухари: 615, Муслим: 437).

1034. МуIавийата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Къематдийнахь массо нехачул еха вортанаш хир ю муаззинийн» (Муслим: 387).

1035. IабдуллахI бин Iабдуррохьман бин Абу СаIсаIата дийцина, Абу СаIид ал-Худрис элира шега аьлла: «Боккъалаъ, жа а, гIум-аре а езаш гуш ву суна хьо. Хьо жехь (я гIум-аренгахь) волучу хенахь, хьо ламазна моллалла кхойкхуш - чIоггIа аз а айдеш, кхойкхуьйла хьо моллалла, хIунда аьлча, боккъалаъ, моллалла кхойкхучуьнан аз хезар долуш ма дац я жинна а, я адамна а, я муьлххачу кхечу (кхолламна) а - оцу хьокъехь цара къематдийнахь тоьшалла дийр долуш бен» (Бухари: 609).

1036. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ламазе кхайкхам болабелча - кхойкху (моллалла) цахазархьама шайтIа юхадолу, маьхьарца мехаш ара а хоьцуш. Моллалла кхайкхина ваьлча - (юха а) тIегIоьрта иза. Ламазна къамат дечу хенахь - (юха а) юхадолу иза, къамат дина даьлча - (юха а) тIегIоьрта иза. Стагана а, цуьнан синна а юккъе а хIуттий - цунна тIе хIусдаран дуьхьа, цо олу: «Дагадаийта хьайна хIара-иза, дагадаийта хьайна хIара-иза» - вукхо (ламазе хIоттале хьалха) и дагадаийта (ойла йина а) йоцуш долу. (И хIума леладо шайтIано) - стаг, воха а вина, ша мел (ракаIат) ламаз дина а ца хууш, виссийтаран дуьхьа» (Бухари: 608, Муслим: 389).

1037. IабдуллахI Iамр бин ал-Iаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Шайна моллалла кхойкхуш хезча - аша а ала моллалла кхойкхучо олуш дерриг. Цул тIаьхьа къинхетам беха суна АллахIе (я салават дилла суна). Боккъалаъ, суна цхьа салават диллина волучунна - АллахIа цунна дуьхьал иттазза салават дуьллур ду. Цул тIаьхьа АллахIе доIа де суна - со «василе» кхачавар (доьхуш), АллахIан лайх цхьана лайна а бен хила йиш йоцуш йолучу. Ткъа и лай со хиларе догдогIуш а ву со. Суна «василат» дехначунна - билггал, сан шапаIат хир ду» (Муслим: 384). 

1038. Абу СаIийд ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шайна ламазе беш кхайкхам хезча - муаззина олуш дерриг тIаьхьара ала» (Бухари: 611, Муслим: 383).

1040. СаIд бин Абу Ваккъаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Моллалла кхойкхуш хезча (хIара дешнаш) аьллачунна: «Аса тоьшалла до: цхьа АллахI воцург кхин дела цахиларца, Шеца накъост а воцуш, Мухьаммад Цуьнан лай а, Цуьнан элча а хиларца. Со резахили: АллахI сайн Дела хиларна, Мухьаммад сайн элча хиларна, Ислам сайн дин хиларна» («АшхIаду ан ла илахIа иллаллохIу вахьдахIу ла шарика лахI, ва анна Мухьаммадан IабдухIу ва расулухIу. Родийту биллахIи роббан, ва би Мухьаммадин расулан ва бил ислами динан») - цуьнан къиношна гечдийр ду» (Муслим: 386).

1041. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Моллалла кхайкхарний, къамат дарний юккъехь дина доIа - жоп даланза юхатухуш дац» (Абу Дауд: 521, Тирмизи: 212, цо аьлла хIара «хьасан» дарж долуш хьадис ду).

192-гIа дакъа

Опубликовано: 23 мая 2010

192-гIа дакъа

Iуьйра а, пхьуьйра а ламазаш жамаIатехь дар дагадаийтар

1071. Iусмана бин Iаффана (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Пхьуьйра-ламаз жамаIатехь диначунна - ах буьйса ламазаш деш яьккхича санна (дIаяз)до, ткъа Iуьйра-ламаз жамаIатехь диначунна - ерриге буьйса ламазаш деш яьккхича санна (дIаяз)до» (Муслим: 656).

Оцу хьадисан Тирмизис (221) Iусман бин Iаффанера (АллахI реза хуьлда цунна) далочу ривайатехь дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ЖамаIатехь пхьуьйра-ламаз деш хиллачунна - ах буьйсанна ламазаш дар дIаяздо, жамаIатехь пхьуьйра а, Iуьйра а ламазаш деш хиллачунна - ерриге буса ламазаш дар (дIаяздо)» (Тирмизис аьлла хIара «хьасан» сахьихь хьадис ду).

1072. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьда цунна) элира аьлла: «Пхьуьйра а, Iуьйра а (ламазаш жамаIатехь диначаьрга хьоьжуш йолу ял шайна хиъча) - билггал, текхаш баьхкина а, оцу ламазашка (маьждиге) богIур ма бара уьш» (Бухари: 615, Муслим: 437. ХIара хьадис хьалхо дуьззина далийна: 1033).

1073. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьда цунна) элира аьлла: «Мунепикъашна Iуьйра-ламазал а, пхьуьйра-ламазал а халоха цхьа а ламаз дац. И ши ламаз бахьанехь (нахе хьоьжуш йолу ял шайна хиъча) - билггал, текхаш баьхкина а, оцу ламазашка богIур ма бара уьш» (Бухари: 657, Муслим: 651).

197-гIа дакъа

Опубликовано: 09 июня 2010

197-гIа дакъа

Парз Iуьйра-ламазна (хьалхара деш долу) ши ракаIат дайдаран[1] хьокъехь, оцу шина ракаIатехь доьшуш дерг а, и шиъ деш йолу хан а

1104. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Iуьйра-ламазна моллалла кхайкхарний, къамат дарний юккъехь гуттар а дайн ши ракаIат (ламаз) дора» (Бухари: 619, Муслим: 724).

Оцу хьадисан Бухарис а, Муслима а далош долучу кхечу ривайатехь дийцина, (Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) элира аьлла): «Гуттар (парз) Iуьйра-ламазна (хьалхара) ши ракаIат дора цо, (сел) и шиъ дац а деш, (сайлахьа) аса аллал: «Оцу шингахь «Жайнин нана»[2] мукъане а дийшина-те цо?».

Оцу хьадисан цхьана Муслима далош долучу кхечу ривайатехь (дийцина, Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) элира аьлла): «Моллалла кхойкхуш хезча, (парз) Iуьйра-ламазал (хьалха) гуттар а ши ракаIат дора цо, и шиъ дай а дора цо».

1105. Хьафсас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Моллалла кхойкхург Iуьйра-ламазна моллалла кхайкхина а ваьлла, арахь серла яла йолаелча, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дайн ши ракаIат ламаз дора» (Бухари: 618, Муслим: 723).

Оцу хьадисан цхьана Муслима далош долучу кхечу ривайатехь (дийцина, Хьафсас (АллахI реза хуьлда цунна) элира аьлла): «Сатесча, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьа а (тIедеш долу суннат) ламаз ца дора, дайн ши ракаIат (ламаз) доцург».

1106. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) бус-буса деш долу ламазаш шишша (ракаIат) цхьаьна (нисдеш) дора. Буса тIаьххьара цхьа (ракаIат а дой) дерза а дора цо[3]. Ша Iуьйра-ламаз дале хьалха тIедеш долу ши ракаIат а дора цо, азан деш хезча санна[4]» (Бухари: 995, Муслим: 749).

1107. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Iуьйра-ламазан шина ракаIатах хьалхара ракаIат дечу хенахь гуттар а «Бакъарат» суратера (136-гIа аят) доьшура: «Ала: «АллахIах тешна тхо, Цо тхайна доссийначух а»». Цаьршиннах шолгIа (ракаIат дечу хенахь, «Али Iимран» суратера 52-гIа аят) доьшура цо: «АллахIах тешна тхо, ткъа тоьшалла дехьа тхо бусалба хиларца».

Оццу хьадисан кхечу ривайатехь (дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) шолгIа ракаIат дечу хенахь «Али Iимран» суратера (хIара аят) доьшура аьлла: «Ала: «Дашна къерахила вай, тхуна а, шуна а цхьабосса долучу…» (оцу хьадисан ши а ривайат Муслима далийна: 727).

1108. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Iуьйра-ламазал хьалха (шен лаамехь деш долучу шина) ракаIатехь (хIара ши сурат) дошуьра: «Ала: «ХIай, гаураш!»»[5]; «Ала: «И – АллахI - Цхьаъ ву»»[6] (Муслим: 726).

1109. Ибн Iумара  (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Аса (буьззина цхьана) баттахь АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тидам бира. (Оцу ерриге хенахь а, парз) Iуьйра-ламазал хьалхара ши ракаIат (суннат ламаз) дечу хенахь (хIара ши сурат) доьшуш вара иза: «Ала: «ХIай, гаураш!»»; «Ала: «И – АллахI - Цхьаъ ву»» (Тирмизи: 417, «хьасан» дарж долуш хьадис ду хIара).



[1] КъурIан тIера доьшург доцца дешар бохучу маьIнехь ду иза

[2] «Жайнин нана» - «Фатихьа» суратан цхьа цIе ю.

[3] Вуьшта аьлча: буса шен лаамехь тIедеш долу суннат-ламазаш дечу хенахь пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хIора ши ракаIат мосазза ди а салам лора. Оцу ламазийн чаккхенехь кхин а цхьа ракаIат тIедора цо. И ламаз гуттар а цхьайтта ракаIат нислора.

[4] И бохург – пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) и ламаз сел чехка дора, оцале шена къамат деш хезча санна.

[5] КъурIанера 109-гIа сурат - «ал-Кафирун» («Гаураш»).

[6] КъурIанера 112-гIа сурат - «ал-Ихлас» («[Динан] цIоналла»).

Еще статьи...

  • 200-гIа дакъа
  • 202-гIа дакъа
  • 203-гIа дакъа
  • 206-гIа дакъа
  • 212-гIа дакъа
  • 213-гlа дакъа
  • 215-гIа дакъа
  • 218-гIа дакъа
  • 219-гIа дакъа
  • 222-гIа дакъа
  • 223-гIа дакъа
  • 224-гIа дакъа
  • 225-гIа дакъа
  • 226-гIа дакъа
  • 227-гIа дакъа
  • 228-гIа дакъа
  • 229-гIа дакъа
  • 230-гIа дакъа
  • 231-гIа дакъа
  • 232-гIа дакъа
  • 5
  • 6
  • 7
  • 8
  • 9
  • 10
  • 11
  • 12
  • 13
  • 14

Страница 10 из 19

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft