• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Кхо бух а, церан тоьшаллаш а

Опубликовано: 22 сентября 2018

 

Къинхетамечу а, Къинхетамбечу а АллахIан цIарца!

 

ثلاثة الأصول وأدلتها

 

Кхо бух а, церан тоьшаллаш а

 

 

 

90 سؤال وجواب

 

Дезткъе итт хаттар-жоп

 

 
 

 

إعداد

 

إبراهيم عبده الشرفاوي المصري

 

إبراهيم فرح محمد خير السوداني

 

Кечдинарш:

 

ИбрахIим IабдахI аш-Шарфави ал-Масри

 

ИбрахIим Фарахь Мухьаммад Шайр ас-Судани

 

 

 

ترجمة: فاروق بن تربال الشيشاني

 

Гочдинарг: Фарукъ Турпал аш-Шишани

 

Подробнее...

Йиъ бакъо

Опубликовано: 29 августа 2018

ЙИЪ БАКЪО

 

[нохчийн маттахь]

 

القواعد الأربع

 

[باللغة الشيشانية]

 

تأليف: محمد بن سليمان التميمي

 

Яздинарг: Мухьаммад ибн Сулайман ат-Тамими

 

ترجمة: فاروق بن تربال

 

Гочдинарг: Турпалан кIант Фарукъ

 

IsIamannur.org

 

Къинхетамечу а, Къинхетамбечу а АллахIан цIарца!

 

Комаьршачу АллахIе доьху ас, сийлахь-йоккхачу Iаьршан Дела волчу, хьан доладар дуьненахь а, иштта эхартахь а.

 

Миччахьа велахь а, хьо беркате вар а, шайна делча - шукардечарех вар а, тIе бала-зер деъча - собарехиллачарех вар а, къа латийча - гечдардоьхучарех вар а доьху ас. ХIунда аьлча, боккъалла а, и кхо куц – ирсан хьоста ду.

 

Хаалахь (хIай, АллахIа Шена муьтIахь хиларан новкъа нисварг) ИбрахIиман дин - Дела цхьаъвар, ахь цхьана АллахIана Iибадатдар дуйла, цIенна Цуьнан дуьхьа лелорца, хьайн дин а цIандеш. Сийлахь-Везачу АллахIа ма-аллара: 
Подробнее...

Кхо бух а, церан тоьшаллаш а

Опубликовано: 13 мая 2012

Кхо бух а, церан тоьшаллаш а

[Нохчийн маттахь]

ثلاثة الأصول وأدلتها

[ باللغة الشيشانية ]

 

محمد بن سليمان التميمي

Мухьаммад бин Сулайман ат-Тамими

 

Гочдархо: Iаббасан кIентан Турпалан кIант Фарукъ

 

ترجمة: فاروق ابن تربال ابن عباس

 

1433 - 2012

Islamannur.org

Кхо бух а, церан тоьшаллаш а

Мухьаммад бин Сулайман ат-Тамими

 

Къинхетамечу а, Къинхетам бечу а АллахIан цIарца!

Хаалахь, АллахIа къинхетам бойла хьоьх, вайх хIора а диъ хаттар Iамон декхарийлахь хилар.

1. Iилма: цо чулоцу АллахI вовзар, Цуьнан Пайхамар вовзар, Ислам-дин довзар тоьшаллин баххашна тIехь.

2. Оцу Iилмано ма-бохху Iамал яр.

3. Нах оцунна тIекхайкхар.

4. Оцу гIуллакхехь тIеIитталучу халонашна собаре хилар.

 

Подробнее...

Имам ат-тIахьавис гулдина суннатхойн дегнаш тешнарг

Опубликовано: 09 сентября 2011

Имам ат-ТIахьавис гулдина суннатхойн дегнаш тешнарг

[ الشيشاني- Нохчийн маттахь]

 

Жайна гочдинарг: Турпалан кIант Фарукъ

 

2011 – 1432

 

ТIахьавин Iакъидат

Хастам бу Iаламийн Дела волучу АллахIна!

Мисарарчу гIараваьллачу воккхачу Iилманчас, къуьйсийла йоцуш, Ислам-динан лоруш волучу говзанчас Абу ЖаIпар ал-Варракъ ат-ТIахьавис (АллахIа къинхетам бойла цуьнах) аьлла:

«ХIара - АхIлу ас-Cунна вал-ЖамаIан Iакъидат йовзийтар (кхетор) ду, динан фикъхI Iилманчийн Абу Хьанифат ан-НуIман ибн Сабит ал-Куфийн а, Абу Юсуф ЯIкъуб ибн ИбрахIим ал-Ансарин а, Абу IабдуллахI Мухьаммад ибн ал-Хьасан аш-Шайбанин а (АллахI реза хуьлда царна массарна а) мазхIабан баххашца цхьаьна йогIуш йолу, динан баххех церан дегнаш тешарг а, Iаламийн Делан дуьхьа лелош долу церан дин а ду хIара». 

Подробнее...

Дакъа 67: АЛЛАХIан дешан хьокъехь

Опубликовано: 12 апреля 2010

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«АллахI ца лери цара хьакъ долучу кепара, ткъа дерриге латта Цуьнан цхьа кана хир ду къематдийнахь, стигланаш Цуьнан аьтту куьйгахь хьарчийна хир ю. Цара Цуьнца нисбечу накъостех тIехцIена а, сийлахь а ву И» («ал-Ахьзаб», 67). 

Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа цхьана жуьгтийн Iилманчо, пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а веана, аьлла: «ХIай, Мухьаммад! АллахIа стигланаш цхьана пIелга тIе дIатарйийр ю аьлла ма ду тхан, латтанаш – вукхунна тIехь, дитташ – кхоалгIачунна тIехь, хиш – боьалгIачунна тIехь, хьал-бахам – пхоьалгIачунна тIехь, берриге а бухабиссина Шен кхолламаш – ялхалгIачунна тIехь. ТIаккха эра ду Цо: «Со ву – Паччахь». Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)  велавелира, кхетаман кхела гуча а йолуш, оцу Iилманчо аьллачунна реза хилла. Цул тIаьхьа (хIара аят) дийшира цо: «АллахI ца лери цара хьакъ долучу кепара, ткъа дерриге латта Цуьнан цхьа кана хир ду къематдийнахь …» (Бухари: 8/423, иштта 13/397, Муслим: 2786, Ахьмад: 1/457, Тирмизи: 3239).  

Подробнее...

Дакъа 66: пайхамара (АЛЛАХIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тавхьидан бехкалла лардарах а,

Опубликовано: 12 апреля 2010

IабдуллахI ибн аш-Шиххира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Бану Iамир тайпанан тобанехь пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу вахара со. Оха элира цуьнга: «ХIай, тхан эла!». (Оцунна жоп луш пайхамара) элира: «Эла – Сийлахь-Веза а, Беркате а волу АллахI ву». ТIаккха оха элира: «ХIай, тхоьх уггаре а ларамениг, уггаре а сийлахьниг!». Пайхамара элира: «Шайн дешнаш-м ала (я цхьадолу шаьш эриг-м ала), амма шайтIане шаьш тила ца дайта шайн аларшкахь (чIогIа) тергаме хила» (ХIара хьадис Абу Дауда «жаййид» лоруш йолучу иснадаца дийцина. Абу Дауд: 4806, Ахьмад: 4/25; «сахьихь» хьадис ду).

Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цхьана наха элира: «ХIай, АллахIан элча! ХIай, тхоьх уггаре диканиг, тхоьх уггаре дикачуьнан кIант! ХIай, тхан эла, тхан элан кIант!». Пайхамара элира: «ХIай, нах! Шайн дешнаш-м ала, амма шайтIано Iехорах ларлойла-кх шу! Со – Мухьаммад, АллахIан лай а, Цуьнан элча а ву. Дезац суна аша со вазвар (хестор), Сийлахь-Веза а, доллучунна ницкъ кхочуш а волучу АллахIа суна еллачу меттигал а сов даьккхина» (ХIара хьадис «жаййид» лоруш йолучу иснадаца ан-Насаис дийцина. Ахьмад: 3/I53, иштта 241; «сахьихь» хьадис ду).

Дакъа 65: шен кхолламашна хьалха АЛЛАХIе юкъара хилар деха цамагар

Опубликовано: 12 апреля 2010

Жубайр ибн МутIIима (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа цхьана Iаьрбичо, пайхамарна тIе а веана, элира: «ХIай, АллахIан элча! Адамийн гIора дайна, бераша а мацалла хьоьгу, берриге бахамаш а хилла хIаллак. Хьайн Деле догIа дехахьа вайна. Оха, боккъалаъ, АллахI юкъарлонча во тхуна а, хьуна а юккъехь - хьоьга тхуна Цуьнга доIа дайтаран дуьхьа, хьо а юкъарлонча во оха тхайна а, Цунна а юккъехь - хьоьга тхайна Цуьнга доIа дайтаран дуьхьа». Пайхамара мохь туьйхира: «СубхьаналлахI! СубхьаналлахI! [Массо а кхачамбацарех цIена ву АллахI]». Юх-юха а олуш, бехира цо и, цуьнан резавацар асхьабийн яххьашкахь гучудаллалц. ТIаккха элира цо: «Дакъаза ма вала хьо! АллахI мила ву мукъа а хаьий хьуна?! АллахIан вокхалла-м тIехдоккха дай, муьлхха а Цуьнан кхолламашна хьалха Цуьнан дехар дехарал» (хIара хьадис дийцинарг Абу Дауд ву: 4726, гIийла иснад а йолуш).

 

Дакъа 64: АЛЛАХIан цIарах чIагIо яр

Опубликовано: 12 апреля 2010

Жундаб ибн IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Цхьана стага мохь туьйхира: «АллахIах дуй ма буу аса: хьенахана (иштта оцунна) АллахIа гечдийр ма дац!». ТIаккха Сийлахь-Воккха а, доллучуна ницкъ кхочуш а волчу АллахIа аьлла: «Мила ву и Сох дуй кхуллуш верг: Аса хIенехана гечдийра дац аьлла? ХIинцале а гечди Аса цунна, хьан ерриге Iамалш йоха а йи Аса» (Муслим, 2621).

Абу ХIурайрас дийциначу хьадисехь аьлла: «И (дешнаш) аьлларг Iабид - (Далла дуккха а гIуллакх деш стаг) хилла ву». Цул тIаьхьа ша аьллачунна тIетуьйхира Абу ХIурайрас: «Цхьа дош бен дацара цо аьлларг, амма цо хIаллакдира цуьнан дуьненара дахар а, эхарт а».

Дакъа 63: АЛЛАХIан а, цуьнан элчанан а (АЛЛАХIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гIоьнна кIе

Опубликовано: 12 апреля 2010

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«АллахIаца биначу бартана тешаме хила. Шаьш и барт биначу хенахь, чIагIонаш а ма йохае, шаьш уьш йиначул тIаьхьа: АллахI ма виний аша шайн юкъархо. Боккъалаъ, АллахI хууш ву аша дийриг!» («ан-Нахьл», 91).  

Бурайдас дийцина:

«Эскарна я тобанна тIе буьйранча хIотточу хенахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цунна весет дой тIедуьллура: АллахIах кхерар а, шеца цхьаьна болучу бусалба нахаца дика хилар а. Цо элира цуьнга:

«Новкъа довла шайна гIазоте АллахIан цIарца. АллахIаца керстаналла диначарна дуьхьал тIом бе аша. ГIазоте новкъа довла шайна, ва амма массарна а юккъехь нийсонца дIаеккъалц - хIонсаш дола а ма ерзае, барташ а ма дохаде, байъиначеран декъий сийсаз а ма даха, бераш а ма дайъа.

Мушрикех болучу хьайн мостагIашна хьо дуьхьал кхетча, кхаа хIумане кхайкха беза ахьа уьш. Нагахь царех муьлхха а цхьаъ цара къобалдахь - цаьргара и къобал а дай, паргIат бита ахьа уьш.

Цкъа хьалха Ислам-дине кхайкха ахьа уьш - нагахь цара и тIеэцахь, маьрша бита ахьа уьш.

Цул тIаьхьа мухIажарш (Iаш) болучу дIакхалхаре кхайкха ахьа уьш - нагахь цара и дахь, уьш мухIажарийн йоллу ерриге бакъонаш йолуш хирг хилар а, иштта мухIажарашна тIехь доллу дерриге декхарш долуш хирг хилар а дIадовзийта царна.

Нагахь уьш цига дIакхалхарна дуьхьал хилахь - дIадовзийта царна: церан хьал кхинболучу могIарерачу бусалба Iаьрбийн санна хир дуйла, вуьшта аьлча: Сийлахь-Везачу АллахIан хьукма лелаш хир ду царна. ХIонсах а, файъах а дакъа а кхочур дац царна, нагахь цара бусалба нахаца цхьаьна жихIад ца дахь. Нагахь уьш (цунна а) дуьхьал хилахь - жизйат [син цIарах а, лаьттах а ясакх] еха цаьргара. Нагахь уьш цунна берта багIахь - цаьргара и къобал а дай, паргIат бита ахьа уьш. Нагахь уьш цунна а дуьхьал хилахь - тIом бе цаьрца, АллахIера гIо а доьхуш.

Нагахь айхьа гIопанна чохьа болучу мостагIашна го лаьцнехь, ткъа царна шаьш ахьа АллахIан а, Цуьнан элчанан а гIоьнна кIел лацар а лаахь - ма ло ахьа царна АллахIан а, Цуьнан элчанан а гIоьнна кIел лацаран чIагIо. Хьайн а, хьайца болучу нехан а гIоьнна кIел лаца ахьа уьш, хIунда аьлча, нагахь ахьа а, хьоьца болучу наха а царна дан хьакъ доллу дола ца дахь - иза жимоха къа хир ду, АллахIан а, Цуьнан элчанан а доланна кIел лацаран чIагIо цаларъярал а.

Нагахь ахьа го лаьцначу гIопанна чохь болучу мостагIашна шаьш АллахIан хьукманна кIел балор лаахь - АллахIан хьукманна къел ма балабе ахьа уьш. Хьайн хьукма даржаде ахьа царна тIехь, хIунда аьлча хьуна ма ца хаьа хьоьга царна тIехь АллахIан хьукма хIотталур ду я дац» (Муслим: 1731). 

Дакъа 62: дуйнаш дукха дааран хьокъехь

Опубликовано: 12 апреля 2010

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«Шайн дуйнаш ларде» («ал-МаидахI», 89).

Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Дуйно юхку хIума дIаоьцуьйту (дIадйохуьйту), амма цуьнах тIедогIург хIаллакдо [цуьнгара беркат дIадоккху]» (Бухари: 4/266,  Муслим: 1606, Абу Дауд: 3335, Насаи: 7/246). 

Салмана дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Кхаа (тайпана) адамашца АллахIа къамел дийр дац [къематдийнахь], цIан а бийр бац Цо уьш [къинойх], лазош долу Iазап а хир ду царна. Уьш бу: зина дина волу воккха стаг а, кура волу къехо а, шен махлелоран гIуллакхехь АллахIан цIе йохург а» (АллахIах дуй биъна а бен хIума эца а ца оьцу цо, АллахIах дуй биъна а бен хIума йохка а ца юхку цо) (ХIара хьадис «сахьихь» иснад йолуш ТIабарис дийцина. «Ал-Кабир» ТIабари, «ШуIаб ал-Ийман» БайхIакъи, ХIайсами: 4/78, «сахьихь» хьадис ду).

Iимран бин ал-Хьусайна (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Сан умматах диканиш - сан заманхой хир бу, тIаккха - царна тIаьхьараниш хир бу, ткъа тIаккха – царна тIаьхьараниш хир бу». Iимрана аьлла: «Билггал, дага догIуш вац со, и дешнаш пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) юх-юха а мосазза элира – шозза я кхузза. (Цул тIаьхьа элира цо): «Царел тIаьхьа цхьа нах хир бу, тоьшаллаш деш - тоьшаллина тIеозийна а боццушехь, тешам боцуш тешнабехке а хир бу уьш, нузарш а дийр ду цара - амма (уьш) кхочушдийр дац цара. Берстина а хир бу царна юккъехь дуккха а» (Бухари: 2651, Муслим: 2535).

Оцу хьокъехь ибн МасIуда а дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нахах диках берш – сан нийсархой (заманхой) бу, тIаккха – царна тIаьхьабогIурш, ткъа тIаккха – царна тIаьхьабогIурш. Царел тIаьхьа цхьа нах гучабевр бу - церан тоьшалла дуй баарал хьалха а лелхаш, церан дуйнаш тоьшаллел хьалха а лелхаш» (Бухари: 13/16).

ИбрахIим [ан-НахаIис] дийцина:

«Тхо кегийра долучу хенахь тхуна юккъера тоьшалла диначунна а, ваIда йиначунна а еттара».    

Еще статьи...

  • Дакъа 61: суьрташ дохкучеран хьокъехь
  • Дакъа 60: къадар харц дечеран хьокъехь
  • Дакъа 59: АЛЛАХIан дешан хьокъехь
  • Дакъа 58: махана сийдоцурш дийцар дихкина хилар
  • Дакъа 57: «нагахь санна…» аларан хьокъехь
  • Дакъа 56: АЛЛАХIан юьхьа дуьхьа ялсамани бен еха цамагар
  • Дакъа 55: АЛЛАХIан цIарах йоьхург вухатоха цамагар
  • Дакъа 54: «сан лай», иштта «сан гIарб» ала мегарг цахилар
  • Дакъа 53: «я, АЛЛАХI, гечдехьа суна, хьайна лаахь!» аларан хьокъехь
  • Дакъа 52: «маршо хуьлда АЛЛАХIана!» ала мегарг цахилар
  • Дакъа 51: сийлахь-везачу АЛЛАХIан цIерийн хьокъехь
  • Дакъа 50: сийлахь-везачу АЛЛАХIан дешан хьокъехь
  • Дакъа 49: сийлахь-везачу АЛЛАХIан дешан хьокъехь
  • Дакъа 48: АЛЛАХIан цIе тIехь йолучу хIуманца а, иштта къурIанаца а, АЛЛАХIан элчанца а…
  • Дакъа 47: дакъа. сийлахь-везачу АЛЛАХIан цIерийн сий-ларам бар а, цуьнан дуьхьа цIе хийцар а
  • 1
  • 2
  • 3
  • 4
  • ...
  • 6
  • 7
  • 8

Страница 1 из 8

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2025, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft