«АллахIан уггаре а хаза цIераш ю. Цаьрца кхайкха аша Цуьнга, бита аша Цуьнан цIерашца керстадеш берш. Билггал, бекхам бийр бу царна цара диначунна» («ал-АIраф», 180).
«АллахIан уггаре а хаза цIераш ю. Цаьрца кхайкха аша Цуьнга, бита аша Цуьнан цIерашца керстадеш берш. Билггал, бекхам бийр бу царна цара диначунна» («ал-АIраф», 180).
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Цо шаьшшинна диканиг (бакъахьа) бер делча - шайна деллачуьнгахь Цуьнца накъостий нисбира цаьршимма… («ал-АIараф», 190).
Лакхахь далийна долу аят туьдуш, ибн Iаббаса аьлла:
«Адам (Хьаваца) дIахьулвелча, берах хилла иза цуьнах. Уьш болучу а деана, иблиса аьлла: «Со ду шуьшиъ ялсаманичуьра арадаьккхина долу шуьшиннан накъост. Ткъа суна муьтIахь хила ший а, ца хилахь - аса шун бер маIаш йолуш дийр ду, тIаккха хьан гай а датIош, ара а дера ду иза хьан кийрара».
Хаддаза цаьршинна кхерамаш туьйсура цо, цаьршимма цунна Iабд ал-Хьарис цIе тиллалц (ал-Хьарис - ма-дарра маьIнехь «ахархо» бохург ду, иблисан цIе ю и. Оцу кеппара, Iабд ал-Хьарис бохучуьнан маьIна «иблисан лай» («шайтIанан лай» а олу наггахь) бохург ду).
Амма цунна муьтIахь ца хуьлуш юхадаьлла и шиъ - тIаккха делла дуьненчу даьлла церан бер. ШолгIа а берах хилла иза (Хьава). Юха а деана схьахIоьттина иблис, ша хьалха аьлларг аьлла цо. ХIинца а юхадаьлла и шиъ - бер юха а, дала а делла, дуьненчу даьлла.
КхозлагIа а бераха хилла иза (Хьава). Юха а деана иблис. ШозлагIа хилларг а цаьршинна дагадаийтина цо. ХIинца, бер дезар совдаларна, Iабд ал-Хьарис аьлла, цIе тиллина цаьршимма цунна.
Оцу хьокъехь аьлла ду:
«…Шайна деллачуьнгахь Цуьнца накъостий нисбира цаьршимма» («ал-АIараф», 190).
ХIара хьадис ибн Абу Хьатима далийна.
Оццо дийцина Къатадатан «сахьихь» долуш хьадис, цо аьлла:
«МуьтIахьаллехь нисбина накъостий бу уьш цара Цуьнца, Iамал-Iибадатехь нисбина бац».
Сийлахь-Везачу АллахIан Дешан хьокъехь: «Нагахь Ахьа тхуна дика (бакъахьа) бер лахь, билггал, Хьуна шукар дечарех хир ма ду тхо» («ал-АIараф», 189) МужахIида аьлла:
«Иза адам цахиларна кхераделла хилла и шиъ».
Оцу маьIне дерг аьлла ал-Хьасан (ал-Басрийс) а, СаIийд (ал-Жубайрас) а, иштта кхечара а.
Ибн Хьазма аьлла:
«Церан [салафийн] цхьабарт болуш ду: муьлхха а АллахI воцучу цхьанна лолла (Iибадат) даран маьIна чулаьцна йолу цIе тиллар дихкина хилар, масала: Iабд Iумар («Iумаран лай»), Iабд ал-КаIба («КаIбан лай») и.дI.кх. Цхьа Iабд ал-МуттIалиб цIе йоцург».
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Оха цуьнга (адаме) Тхайн къинхетамах чам баккхийтича, бохам лайначул тIаьхьа, дера, цо ала-м олу: «Сан дуьхьа ду хIара, я къематде хIуттур ду аьлла а ма ца хета суна. Нагахь со сайн Деле вухаверзавахь, цхьа а шеко йоцуш, Цуьнгахь а хир ма ду суна кечдина кхин а дикаха дерг». Оха Делах цатешачарна (гаурашна), билггал, дIахоуьйтур ма ду цара динарг, къиза Iазап а Iовшуьйтур ду Оха цаьрга» («Фуссилат», 50).
МужахIида аьлла:
48-гIа дакъа. АллахIан цIе тIехь йолучу хIуманца а, иштта КъурIанаца а, АллахIан элчанца а… (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) бегаш баран хьокъехь
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Ахьа цаьрга хаьттича, цара-м, билггал, эра ду хьуна: «Бага еттар а, самукъадаккхар а бен (кхин хIуммаъ ма) дацара оха динарг». Ала: «АллахIах а, Цуьнан аятех а, Цуьнан элчанах а доьлуш (кхаьрдаш) дара шу? Бехказа дийла ма гIерта. Керстанаш хили шух, имане даьхкиначул тIаьхьа…»» («Товбат», 65-66).
Ибн Iумара а, Мухьаммад ибн КаIба а, Зайд ибн Аслама а, Къатадата а дийцина:
«Табук гIазоте баха новкъа бевллачехь цхьана стага аьлла: «ХIара вайн КъурIан дешархой санна яккхийра гайшикаш а, харцлуьйраш а, сел чIогIа тIамехь осала (кхоьруш) берш а гина а бац-кха вайна». (И олучу хенахь) цунна дагахь хилларш АллахIан элча а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), цуьнан асхьабаш а хилла - КъурIан дешархой болу.
Iавф ибн Малика аьлла цуьнга: «Хьо-м, харцлуьйриг хилла а ца Iаш, оцу тIе мунепикъ а ву! Цуьнах дерг, цхьа а шеко йоцуш, АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) довзийтанза Iийра ма вац со».
Цул тIаьхьа АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу вахана Iавф - (хилларг-лелларг) дерриге цуьнга дIадовзийта. Амма дIакхаьчначу хенахь хиъна цунна оцу хьокъехь КъурIано шел а хьалхе яьккхинийла.
Ткъа важа стаг бехказвала АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу веъначу хенахь пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), новкъа вала кечвелла, шен эмкална тIехиъна Iаш хилла. Оцу стага аьлла: «ХIай, АллахIан элча, уьш-м некъан къамелаш бен дацарий, цуьнан халонаш яйъян а, некъ бацбан а дина…».
Ибн Iумара дийцина: «Лаьцна АллахIан элчанан эмкалан бухка а бара цуьнан, тIулгех дIадетталуш когаш а дара цуьнан, ша бохуш а вара иза: «Къамелаш дар а, бегаш бар а доцург, кхин хIуммаъ ма дац оха динарг!..»».
Ткъа АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хIара (аят) доцург, кхин тIе хIуммаъ ца олура цуьнга: «АллахIах а, Цуьнан аятех а, Цуьнан элчанах а доьлуш (кхаьрдаш) дара шу?».
Цо цуьнан цхьана а кепара терго ца йора, я оцу ша аьллачунна тIе кхин хIуммаъ ца тухура».
Абу Шурайхьа дийцина шена, ал-Хьакам аьлла, тиллина цIе хилла хиларх лаьцна (ал-Хьакам - «уггаре дикаха кхиэлахо», ма-дарра гочдича: «кхиэлан да» бохург ду).
Мухха а цкъа пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла цуьнга: «Бакъонца, кхиэлахо - АллахI ву, Цуьнан ду ша доллу Iедал а». (Абу Шурайхь) кхетон хIоьттина: «Сан тайпанан (муьлхха а цхьана хIуманехь) къовсам баьлча, суна тIебогIу уьш, ткъа аса царна юкъахь, ший агIо реза а йолуш, кхиэл йо». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) хаьттина: «Ма хаза ду-кха и. КIентий буй, ткъа, хьан?». (Абу Шурайхьа) жоп делла: «Бу - Шурайхь а, Муслим а, IабдуллахI а». (Пайхамара) хаьттина: «Ткъа воккхахверг муьлха ву царех?». (Абу Шурайхьа) жоп делла: «Шурайхь ву». (ТIаккха пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) аьлла: «ХIета, хьо – Абу Шурайхь (Шурайхьан да) ву-кха».
ХIара хьадис дийцинарг Абу Давуд ву, иштта кхиберш а бу (Абу Дауд: 4955, ан-Насаи: 8/226).
Бухарин а, Муслиман а «Сахьихь» шина жайнахь ду, Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина хьадис, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, Сийлахь-Везачу а, доллучул воккхачу а АллахIана гергахь уггаре а аьшне стаг (маликул мулук) - шех паччахьийн паччахь (олий) цIе йоккхуш верг ву, хIунда аьлча АллахI воцург паччахь вац» (Бухари: 10/486, Муслим: 2143, Абу Дауд: 4961, Тирмизи: 21391).
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла: «Цара элира: «ХIара вайн хIокху дуьненчуьра дахар бен дац. Дала а ле вай, дуьненчу а довлу вай, я хIаллакдеш а ма дац вай - хено а бен». Оцу хьокъехь долучунна цхьа а хаар дац цаьргахь. Деккъа цхьана хетаршкахь бу уьш» («Саждат»: 26).
Къутайла дийцина: «(Цкъа) пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а веана, цхьана жуьгтичо аьлла: «Шу ширк деш ду, хIунда аьлча аша олу: «АллахIана а, хьуна а лаахь. КаIбах дуй а кхуллу аша». Цул тIаьхьа пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) нахе омра дира, дуй буучу хенахь хIара ала аьлла: «Хьаьжин цIийнан Делах дуй буу аса». Иштта (ала аьлла цо): «АллахIана лаахь, цул тIаьхьа хьуна» («Насаи»: 7/6, Ахьмад: 6/371, иштта 372; «сахьихь» хьадис ду).
Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шайн дайх дуйнаш ма даа! АллахIах дуй биъначо - бакъдерг ала дезаш ду, ткъа АллахIах шена дуй кхоьллинарг – резахила везаш ву. Нагахь цуьнах цунна кхачам хуьлуш бацахь - АллахIах хийра (стаг) ву иза (я цхьана а агIор АллахIаца гергарало дац цуьнан)» («хьасан» даржехь иснад йолуш хьадис ду хIара, ибн Мажата дийцина: 2101).
«Шайна хаа а хууш, АллахIаца цхьа а ма нисве» («Бакъарат»: 22).
Оцу аятан хьокъехь ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла:
«Кхинберш АллахIаца нисбар ширк ду - кIарула-Iаьржачу буьйсанан боданехь Iаьржачу тIулгана тIехула текхаш доьдучу зингатал а къайлах долу. Ишттачу ширках хир ду ахьа муьлххачу а цхьаьнга алар: «Аса дуй буу АллахIах, хьан дахарах а, сайн дахарах а!». Иштта ширк хир ду ахьа алар а: «ХIара жIаьла ца хиллехьара - вайна чу къуй бевлла хир болуш ма бара». Я иштта алар: «Кертахь бедаш ца хиллехьара - вайна чу къуй бевлла хир болуш ма бара». Цкъацкъа цхьана стага вукхуьнга олуш дерг а ду ширк: «АллахIана а, хьуна а лаахь». Иштта ширк хир ду стага алар а: «АллахI а, и цхьа хьенех а ца хиллехьара - хьоьга даделла-м хир дацара иза». Хьенех ма хьехаве оцу юккъехь. Оцу дерриге а аларшкахь - ширк ду» (ибн Абу Хьатим).
Страница 3 из 8