• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Дакъа 61: суьрташ дохкучеран хьокъехь

Опубликовано: 12 апреля 2010

Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла: «Аса кхоьллиначу кхолламех теро цхьа хIума кхолла гIоьртиначу (стагал а) сов зуламе мила ву?! ХIета, цхьа зингат кхолла цара, я кIен буьртиг кхолла, я мекхан буьртиг кхолла!» (Бухари: 5953, Муслим: 2111).

Иштта цаьргахь ду Iайшата дийцина хьадис, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Къематдийнахь уггарех къиза Iазап лун дерш - (АллахIан) кхолларехь АллахIах тера лела гIерташ берш бу» (Бухари: 10/325, Муслим: 2106, 92). 

Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Сурт мел дуьллуш верг - жоьжагIатахь хир ву. Цо мел диллиначу суьртан цIарах цунна Iазап лун долу цхьацца са кхуллур ду жоьжагIатахь». 

Ибн Iаббаса аьлла: «Нагахь хьо дилланза Iаш вацахь - диттийн а, иштта чохь са доцучу хIуманийн а (суьрташ дахка)» (Бухари: 2225, Муслим: 2110). 

IабдуллахI бин Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), олуш хезна шена аьлла: «Дуьненахь (муьлхха а) цхьа сурт диллиначунна - къематдийнахь цунна чу са диллар декхар дина тIедожор ду, ткъа цуьнга дилла а лур дац и (цкъан-цкъа а)!».

Абу-ал-ХIаййаж Хьаййан бин Хьусайна дийцина: «(Цкъа) Абу ТIалибан кIанта Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) элира соьга: «Хьо а вахийтий аса, шен хенахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) со вахийттина йолу Iалашо эцна? Цхьа а сурт ма дита - дIадайъанза, я цхьа а (лаьтта тIехула) айделла каш а ма дита - лаьттаца дIанисданза» (Муслим: 969).

Дакъа 60: къадар харц дечеран хьокъехь

Опубликовано: 12 апреля 2010

Ибн Iумара аьлла: «Аса дуй буу ибн Iумаран са Шен карахь долучух: царех цхьаьннан муьлххачуьнан а Ухьуд ломмал дукха деши хилча, (ша боллу и бахам цо) АллахIан новкъахь харже баьккхича а - АллахIа къобалбийр болуш ма бац и цуьнгара, къадарах иза тешшалц». Цул тIаьхьа ша аьллачу оцу шен дешнашна тоьшаллина далийра цо пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлларг: «Иманан дух - хьо тешар ду: АллахIах а, Цуьнан малекех а, Цуьнан жайнех а, Цуьнан элчанех а, тIаххьарачу дийнах (эхартах) а, къадарах а, - цуьнах дика долучух а, иштта вон долучух а» (хIара хьадис Муслима дийцина).

Iубадат ибн ас-Самита шен кIанте элира аьлла, дийцина: «ХIай, сан кIант, баллане а иманан чам хаалур ма бац хьуна - хьуна хаъалц: хьайна хиллачу бохамах хьо кIелхьаравала йиш йолуш ца хилла хилар а, хьайх тIехтилла (бала) хьайга бан йиш йолуш ца хилла  хилар а. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна ву со: «АллахIа хьалхара кхоьллинарг къолам бу. «ДIаязде!» - аьлла омра дина Цо цуьнга. (Къоламо) хаьттина: «Сан Дела, хIун язде аса дIа?». (Сийлахь-Везачо) аьлла: «Дерриге хIуманан къадарш дIаязде, къематде хIутту хан кхаччалц». ХIай, сан кIант, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) иштта олуш хезна ду хьуна суна: «Шен дега тешамаш иштта а доцуш велларг [къадарах тешна а воцуш велларг] - иза соьх вац» (Абу Дауд: 4700).

Ахьмадехь долучу ривайатехь дуьйцу:

«Сийлахь-Везачу АллахIа хьалхара кхоьллинарг къолам бу. Цо цуьнга «ДIайазде!» аьлла, омра дина. Оцу сохьта цо дIаяздина къематде кхаччалц мел хиндерг».

Ибн ВахIабехь долучу ривайатехь дуьйцу, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

«Къадарах тешна воцург, цуьнан диканах а, вонах а - АллахIа цIергахь вагор ву».

«Ал-Муснад» (жайнахь) Ахьмада а, «ас-Сунан» (жайнахь) ибн Мажата а даладо ибн ад-Дайлама дийцира аьлла: «Убай ибн КаIб волучу а веана, аса элира цуьнга: «Сан дагчохь цхьа хIума дукха хьийзаш, къадарах со шек вохуш. Дийцахьа суна цхьаъ, АллахIа дIадаккха тарлора-кха и сан дагчуьра». Цо аьлла: «Ахьа АллахIан новкъахь Ухьуд лам санна дукхачу дешех харж яхь а - АллахIа хьоьгара къобал-м дийр дац хьуна иза, къадарах хьо тешшалц а, хьуна хаъалц а: хьайна хиллачу баланах кIелхьара вала хьан йиш ца хилла хилар а, хьайх тIехтилла болу бала хьайга бан йиш йолуш ца хилла хилар а. Нагахь хьан валар нисделлехь, иштта долучух (дог) тешна а доцуш, - жоьжагIатин охIлина юккъехь хир ма вара хьо». Цул тIаьхьа IабдуллахI ибн МасIуд а, Хьузайф ибн ал-Йаман а, Зайд ибн Сабит а волучу вахара со. Цара массара а изза дийцира соьга (Пайхамарера (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) «сахьихь» дарж долу хьадис ду, «ас-Сахьихь» жайнахь ал-Хьакима далийна. Ахьмад: 5/182, Абу Дауд: 4699, ибн Мажата: 77, цо «сахьихь» хьадис ду аьлла хIара).

Дакъа 59: АЛЛАХIан дешан хьокъехь

Опубликовано: 12 апреля 2010

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«АллахIан хьокъехь зуламе ойланаш йира цара, жехIалаллин хенахь санна, олуш: «ХIокху гIуллакхехь цхьа а дакъа лацар дан а дуй, ткъа, вайн?». Ала: «Дерриге гIуллакхаш – АллахIан ду». Шайлахь хьулдо цара хьуна гучадоккхуш доцург, олуш: «ХIокху гIуллакхехь тхан карахь (дакъалацар долуш) цхьа хIума делахьара, кхузахь дайъина а хир ма дацара вай». Ала: «Шу (ара ца довлуш) шайн цIахь Iийна хиллехьара а, шайна бала боьгIна берш, билггал, арабевр ма бара шайна цигахь эга яздиначу меттигашка,  АллахIа зуьйр а ма дара шун дегнашкахь дерг, цIан а дийр ма дара шун дегнашкахь дерг».  АллахI хууш ву дегнашкахь дерг» («Али-Iимран», 154).    

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«…АллахIан хьокъехь вониг моьттуш берш - кхолламан харцахьаралла йогIур ю цаьрга» («Ал-Фатхь», 6).

Хьалхарачу аятан хьокъахь ибн ал-Къаййима аьлла:  

«Цхьаболучу КъурIанан тидархошна гергахь, оцу кепара болучу мушрик нехан зуламечу хетарийн чулацам иштта бу: Сийлахь-Везачо Шен элчанна гIо а ца до, иштта цуьнан гIуллакх дайна (доьхна) дIадер долуш а ду. Кхинболучу тидархошна оцу зуламечу хетарийн чулацам иштта го: хилларг АллахIан къадарца (йозанца) а, Цуьнан хьикматаца а хуьлуш дац. Иштта а тидина: АллахIан хьикматана а, Цуьнан къадарна а инкарло яр - АллахIа Шен элчанан гIуллакх чекхдоккхург хиларна а, Ислам-дин Цо массо динел лакха доккхург хиларна а инкаре хилар ду. Уьш ю и зуламе ойланаш, «Фатхь» суратехь мунепикъашкахь а, мушрикашкахь а хилла ю аьлла юьйцуш йолу.

Боккъалаъ, уьш зуламе ойланаш лерина, хIунда аьлча дуьйцийла йоцуш, царех тера ойланаш ян хьакъ дац хастамечу АллахIан хьокъехь а, Цуьнан хьикматан хьокъехь а, Цуьнан Къамелан а, Цуьнан бакъ йолучу ваIдан хьокъехь а. Шен ойланашкахь гергадуьтуш верг - бакъонна тIехь харцо тоьлур ю, и тоьлча бакъо яйна дIа а ера ю, иштта мел хуьлуш дерг АллахIан кхиэлаца а, Цуьнан къадарца а хуьлуш хиларна инкарло еш верг а, я Цуьнан къадар и бахьанехь хастам бан хьакъ долуш кIорггечу хьикматаца дозуш хиларна инкарло еш верг а, иштта моссо хIума хьелаш нисдаларца доьзна ду бохуш, и тIечIагIдеш верг а - уьш ю уьш и керстанийн зуламе ойланаш. Ма Iазап хир ду-кха цатешначарна жоьжагIатин цIергахь!

Дукхаха болучу нехан АллахIан хьокъехь зуламе ойланаш ю - шайн дахарехь царна шайна я кхечарна тIехуьттуш долучуьнан Iаткъамца. Ишттачу зуламечу ойланех хьалхавер вац - АллахI а, Цуьнан цIераш а, Цуьнан куьцаьш а девзина верг бен, иштта Цуьнан хьикматана а, хастамна а бахьана хиларах кхеташ верг бен.

ХIора хьекъалечу стага ойла йойла-кха оцуьнан, АллахIан хьалха тоба а дойла-кха цо, шен Делах хилла йолучу шен зуламечу ойланашна Деле шена гечдар а доьхийла-кха цо…

Хьаьнгга а цхьаьнга ахьа хаьттича, хьуна цуьнгахь карор ма дара - къадарна Iоттар яр а, цунна дуьхьалтохам бар а. Массара олу: хила иштта хила дезаш дара, ткъа хилларг вуьшта ду. Къадарна латкъамаш бар дуккхаъ дерг а ву, кIеззиг дерг а ву. Цундела хьо талла ахьа, ишттачу хамталлех хьалхаваьлла вуй-те хьажа? Нагахь цуьнах хьо хьалхаваьллехь - инзаре боккхачу баланах хьалхавер ву хьуна хьо. Иштта ца валахь - хьуна кIелхьаравала гуш кхин агIо а бац суна».

 

Дакъа 58: махана сийдоцурш дийцар дихкина хилар

Опубликовано: 03 апреля 2010

Убай ибн КаIба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

«Махана сийдоцурш ма дийца (барт ма бетта).  Нагахь шайна цуьнгахь вониг (я шайна цадезарг) гахь, ткъа аша ала: «Я, АллахI, бакъдолуш, хIокху механ дика доьху оха хьоьга, цо шеца дохьуш долу дика а, цуьнга и дан омра дина хилла долу дика а. Хьоьца ларло тхо хIокху механ вонах а, цо шеца дохьуш долучу вонах а, цуьнга и дан омра дина долучу вонах а» (хIара хьадис «сахьихь» дарж долуш ду аьлла Тирмизис: 2253).

Дакъа 57: «нагахь санна…» аларан хьокъехь

Опубликовано: 03 апреля 2010

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«Цара олу: «Нагахь хIокху гIуллакхан хьокъехь вайн карахь цхьа хIума хиллехьара - кхузахь дайъина хир дацара вай»» («Али-Iимран», 154)

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«Шаьш цIахь баьхкиначу хенахь шайн вежаршка аьлла берш: «Цара тхоьга ладоьгIна хиллехьара - байъина а хир ма бацара уьш»» («Али-Iимран», 168).

Муслиман «Сахьихь» жайнахь даладо Абу ХIурайрас дийцина хьадис, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шега элира аьлла:

«Хьайна пайда бохьун долучуьнгахь - къар ца луш хила, АллахIера гIо а деха, хIуъа хилча а, вуха а ма вала. Нагахь хьоьца цхьаъ нисделлехь, ткъа ахьа ма олийла: «Нагахь ишта-вуьшта дина хиллехьара - ишта а, вуьшта а хилла хир ма дара». Иштта ала: «АллахIан кхиэл ю, Цо дан а ди Шена ма-лаъара», хIунда аьлча «нагахь санна…» (бохучо) шайтIанан хIуьмалгашна аьттонан (неIарш) схьайоьллу».

Дакъа 56: АЛЛАХIан юьхьа дуьхьа ялсамани бен еха цамагар

Опубликовано: 03 апреля 2010

Жабир бин IабдуллахIа дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

«АллахIан юьхьа дуьхьа цхьа ялсамани йоцург еха магац» (хIара хьадис Абу Дауда далийна: 1671, заьIапа хьадис ду).

 

Дакъа 55: АЛЛАХIан цIарах йоьхург вухатоха цамагар

Опубликовано: 03 апреля 2010

Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

«Нагахь шайга цхьамма АллахIан цIарах муьлхха а цхьа хIума ехахь - лолаша цунна. Нагахь шайга цхьамма АллахIан цIарах гIо дехахь - гIо делаша цунна. Нагахь шайга цхьаммма АллахIан цIарах кхайкхинехь - жоп лолаша цунна (гIолаша кхайкхиначу). Нагахь шайна цхьамма дика динехь - дуьхьал дика делаша цунна. Нагахь шайн дуьхьал дан дика ца хилахь - доIа делаша цунна, (цо шайна дина дика) декхна хир ду аьлла хетталц» («сахьихь» хьадис ду, Абу Дауда а, Насаис далийна. Абу Дауд: 1672, ан-Насаи: 5/82, Ахьмад: 2/68, 99, ибн Хьиббан: 2071, ал-Хьаким: 1/4126, «сахьихь» хьадис ду).

Дакъа 54: «сан лай», иштта «сан гIарб» ала мегарг цахилар

Опубликовано: 03 апреля 2010

Бухарин а, Муслиман а шина «Сахьихь» жайнахь даладо Абу ХIурайрас дийцина хьадис, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

«Шух цхьаммо а ма олийла (шен ялхочуьнга): «ХIума яае хьайн роббана (хьайн далла, «хьайн дена» бохучу маьIнехь лелош дош ду «роббан» бохург)», я «Ламаз эцийта хьайн роббега». Иштта ала деза: «Сан саййид» («сан эла»), я «Сан мовла» («сан гIолоцург»). Шух цхьаммо а ма олийла: «Сан лай» я «Сан гIарб». Иштта ала деза: «Сан жима стаг», «Сан жима йоI» я «Сан кIант» (ал-Бухари: 5/129 – 131, Муслим: 2249, иштта 15, Ахьмад: 2/316).

Дакъа 53: «я, АЛЛАХI, гечдехьа суна, хьайна лаахь!» аларан хьокъехь

Опубликовано: 03 апреля 2010

Бухариин «Сахьихь» жайнахь даладо Абу ХIурайрас дийцина хьадис, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

«Шух цхьаммо а ма олийла: «Я, АллахI, гечдехьа суна, Хьайна лаахь!», я иштта а: «Я, АллахI, къинхетам бехьа соьх, Хьайна лаахь!». Луург хадам боллуш дехадезаш ду, хIунда аьлча цхьана а хIумане АллахIе ца ваьлла цхьа а хIума дайталур дац» (ал-Бухари: 11/118, Муслим: 2679).

Муслимехь долучу ривайатехь дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

«Шайна луург тIедожжош доьхийла аша, хIунда аьлча АллахI дозалла дан хIуттур вац Ша шуна деллачуьнгахь».

Дакъа 52: «маршо хуьлда АЛЛАХIана!» ала мегарг цахилар

Опубликовано: 03 апреля 2010

Бухарин «Сахьихь» жайнахь даладо ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина долу хIара хьадис:

«Цкъа пайхамарца цхьаьна хIиттина ламаз деш а долуш, оха элира: «Маршо хуьлда АллахIана Цуьнан лайшкара! Маршо хуьлда хьенехана а, минехана а (оцунна а, хIокхунна а)! (И хезначу) пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тхоьга элира: «Ма ала: «Маршо хуьлда АллахIана!», хIунда аьлча, боккъалаъ, Ша АллахI Ву и маршо луш верг» (ал-Бухари: 2/266, Муслим: 402, иштта 58, Абу Дауд: 968, ибн МажахI: 899, Насаи: 2/240).

Еще статьи...

  • Дакъа 51: сийлахь-везачу АЛЛАХIан цIерийн хьокъехь
  • Дакъа 50: сийлахь-везачу АЛЛАХIан дешан хьокъехь
  • Дакъа 49: сийлахь-везачу АЛЛАХIан дешан хьокъехь
  • Дакъа 48: АЛЛАХIан цIе тIехь йолучу хIуманца а, иштта къурIанаца а, АЛЛАХIан элчанца а…
  • Дакъа 47: дакъа. сийлахь-везачу АЛЛАХIан цIерийн сий-ларам бар а, цуьнан дуьхьа цIе хийцар а
  • Дакъа 46: сийлахь цIераш тахкаран хьокъехь
  • Дакъа 45: ханна луьйш верг - АЛЛАХIана халахетар деш ву
  • Дакъа 44:«АЛЛАХIана а, хьуна а лаахь» аларан хьокъехь
  • Дакъа 43: АЛЛАХIах биъначу дуйнах кхачам цахуьлучарех дерг дуьйцу дакъа
  • Дакъа 42: АЛЛАХIан дешан хьокъехь
  • Дакъа 41: АЛЛАХIан дешан хьокъехь
  • Дакъа 40: АЛЛАХIан цхьайолучу цIерашна а, куьцашна а керстадечийн хьокъехь
  • Дакъа 39: сийлахь-везачу АЛЛАХIан дешан хьокъехь
  • Дакъа 38: АЛЛАХIа хьанал динарг хьарам деш а, хьарам динарг хьанал деш а болучу Iеламнахана а...
  • Дакъа 37: стага дуьненан диканан дуьхьа дика гIуллакхаш дар - ширк ду
  • 1
  • 2
  • 3
  • 4
  • ...
  • 6
  • 7
  • 8

Страница 2 из 8

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2025, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft