21. Барамал тIех а даьккхина дикачу нехан кешнаш даздар - царех цIунаш яр ду, АллахIан метта шайна лолла деш йолу.
Имам Малика шен «МуваттIаъ» жайнахь тIаьхьадогIу хьадис дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцина аьлла:
«Я АллахI! Сан кошах цIу ма е Ахьа, шена лолла деш йолу. Боккъалаъ, АллахIан оьгIазалла чIогIа чIагIъелла шайн пайхамарийн кешнех зихIарташ (маьждигаш) деш болучу нахана» (Малик, Ахьмад).